Хьалха Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу Гуьржийчохь ши грамм марихуана йолуш, Iедалийн кара водахь цхьа шо туху набахтехь даккха. Я, юкъараллин белхаш бойту кхаа баттахь.
ХIинцалера гуьржийн президентан Саакашвили Михаилан президенталлин нуьцкъаллин урхалла долчу 2006-чу шарахь низам хилира цу луьрачу гIулчех. Амма хIинца урхалла деш йолу коалици, шен куьйгаллехь Иванишвили Бидзина а волуш, мелла а кIеда кеп лохуш ю марихуана лелочарна. ХIара бутт боьрзуш мехкан парламенте кховдор долуш ду, марихуаница доьзна керла низам.
Гуьржийчоьнан Къинхьегаман а, Могушаллин а, Социалан а ГIуллакхийн Министро Сергеенко Давида даханчу кIирнахь дIахьедар динера, «йихкина наркотикашца» йоьзначу политикан «рикошетан маьIна» хуьлу. Цо низамехь доцу наркотикаш йохкар-эцар эвсар доккху, аьлла.
Дикка ойла йина стратеги хила еза цуьнца йоьзна. Ткъа марихуана таIзарза яьккхар, цу стратегин цхьа дакъа хир дара, элира Сергеенкос.
Цул сов, урхалла дечу коалицин декъашхочо, депутата Давиташвили Кобас бахарехь, марихуана лелош берш чубохкарна метта, царна даккхий гIуданаш тоха деза.
Отиашвили Давид Тбилисера, наркоманашна дарба лелош волу лор ву. Марихуана таIзарза яккхар ца хилча ца долуш хIума ду.
Отиашвили: «Суна хетарехь, цхьана агIора, хIара гIуллакх дуьненаюкъара норма хилла догIуш ду. Гуьржийчоьно тIеэца дезаш нисло иза.»
Iедалх йозуш йоцчу, наркомани таллааман «Кхин Гуьржийчоь» центран куьйгалла дечу Отиашвилис элира, Бехк-такхаман кодексера марихуана лелорна хан тухуш долчу низамца йоьзна проект, хIара бутт чекхбалале парламенте кховдор долуш ду, аьлла. Амма цо тIетуьйхира, бийр болу муьлхха а хийцамаш, хIинцале болуш болу наркоманийн терахь лахдийр долуш хила беза, аьлла. КIеда наркотикаш таIзарза яхар, Гуьржийчура реабилитацин центрш чIагIъярца цхьаьна дан деза.
Отиашвили: «Гуьржийчохь дуккха а шерашкахь ондда къийсам а, дуьхьало а латтийнера низамехь йоцу наркотик юхкучарца а, оьцучарца а, иштта, ишта лелочарца а. Цу кепо ши жамI дира. Урамашкара тIепаза байна наркотикаш лелош берш. Тхан юкъараллин цхьана декъана паргIат садаьккхина цундела. И хIинцалера хьал къобал а до цо. Вукху агIора, проблема ерзийна а, я цуьнан орам дIабаьккхина а бац. Эзарнаш нах бу набахтешка боьхкина. Уьш юкъараллина юьстах баьхна, ткъа лацаза бисинарш – кхин а къайлабевлла."
Амма хийцамаш баре кхойкхучара а ларлуш хиларе кхойкху.
Маградзе Гугулис, парламентерчу Могушаллина ТIехьожучу Комитетан куьйгалхочо бахарехь, «хьалхалера шога политика» хийца еза, амма низаман «профилактикан агIо», «наркотикаш лелор къобал ца даран агIо», йиса езаш ю. Маградзес тIетуьйхира, марихуанех дохучу гIуданех, юханехьа «наркоманашна дарба лелош пайда эца деза».
Оццу хенахь, Гемкрелидзе Ираклийс, наркоманин профилактикан а, синIаткъаман могушаллин а Тбилисерчу Центран инарла директоро варе дира, хIинцалера низам хуьйцучу хенахь, и марихуана лелочарна харц билгало яла ца еза, аьлла.
Гемкрелидзе: «Марихуана лелор зулам санна кхин лорург ца хилар нийса ду. Амма иза лелор эвсара даккха ца деза вай, цунах цхьа а зулам ца долуш санна.»
Амма Гуьржийчоьнан массо бахархой бац пачхьалкхан наркоманица доьзна луьра низамаш паргIат даха деза аьлла хеташ.
Имеретехь аьхкенан хIусам йолчу, Тбилисехь ехачу цхьана зудчо элира Маршо радиога, Iедало наркоманица доьзна низамаш шаьш ма-дарра дита дезара.
"Марихуана таIзарза йоккхучу хенахь, суна хетарехь, луьра бакъонаш хила еза наркотикаш лелоран. Имеретехь йолчу эвланашна гонаха цара мел дукха и кIомалла кхиайо хаахьара шуна. Со аьхкенна тIехь цига йоьдучу хIокху тIаьхьара шина шарахь низамех кхерарна, эвлахоша къийла а луш узу марихуана. Нагахь санна царна и магадой, аса боху-кх шуьга, Имеретера мел волу стаг хир ву и узуш».