ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германера нохчий - тIамах бевдда пекъарш я Кремлан кхераме герз?


Берлин -- Нохчийн меттан школа, 2015 шо.
Берлин -- Нохчийн меттан школа, 2015 шо.

МухIажарш а бевлла, Европе схьаоьхучу нохчашна тIехь лаьтташ бу тIаьхьарчу кIирнашкахь немцойн юкъараллин а, хаамийн гIирсийн а тидам. Нохчи тIеэцар кхераме ду я нохчи шаьш а кхерамех бевдда уьдуш бу? И хаттар дийцаре до меттигерчу тергамхоша.

Иттех де хьалха немцойн коьртачу пачхьалкхан телеканалех цхьаъ йолчу ЦДФ каналехь оьрсийн къайлахчу сервисийн лакхара эпсар ву ша бохуш хиллачу цхьана стеган дагардийцарш гойтуш, нохчийн мухIажаршна юккъехь оьрсийн агенташ хилар дуьйцуш филм гайтинчул тIаьхьа рогIерчу гонехь гIаьттина Германехь а, кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь а нохчийн хаттар.

ТIеIаткъамечу газеташкахь а, телевизионехь а дийцаре до, нохчашкара схьаболуш болу я бала там болу кхерам. Иштта вайнах эзарнашкахь Нохчийчуьра уьдуш, Европе схьабахкар деккъа цIена уьш шайн даймахкахь гIело ца лалуш богIуш бу-те, я Оьрсийчуьйрчу Iедалша герз санна, царех шена санехь долчу мIаьргонехь Малхбузенна дуьхьал гибридан тIамехь пайдаэцархьама схьахьежош бу-те бохург а до дийцаре.

Иштта оршот дийнахь Европехь уггаре а тIеIаткъамечех Франкфуртер Алгемайне Цайтунг газетано араяьккхина „Нохчи Германехь – миграци герз санна“ цIе йолу артикл.

Цуьнан тIедигарехь иштта яздина ду, хьалхарчу могIаршкахь дуьйна схьа башха дикадерг нохчех лаьцна деша карор доцийла гойтуш санна: „Эзарнаш нохчи легале а доцуш схьаоьху Германе.

Царех дукхахберш нахана ницкъ бан гуьнахь бу, кхузарчу юкъаралле интеграци ян лууш а бац. Ткъа цу хьолах шена пайда оьцу Москохано,“ - аьлла.

Кхин дIа артиклехь дуьйцу, къона нохчи тIаьхьарчу шерашкахь Германерчу салафитийн тобанех дIабетталуш хиларх а, царех цхьаберш шаьш немцойн махка а кхачале радикале исламхой хилла хиларх а, ткъа вуьшберш схьакхаьчначул тIаьхьа цу хьежамашка боьрзуш хиларх а.

Нохчийн къомах болу божарий къиза а, кхечарна ницкъ беш хиларх а, уьш кест-кеста мухIажарийн лагершкахь кхечу къаьмнех болчу мигрантех леташ хиларх а.

Ур-атталла шайна лата кхечу къомах болу нах боцучу метте тховкIелонаш а, петарш а елла, шаьш Iедалша охьаховшийча а, тIаккха уьш шайн зударех а, берех а леташ хиларх а. Цул сов, Германерчу тобанийн этнокриминалитетехь нохчийн зуламхоша тоххарехь шайн цхьа меттиг схьалаьцна хиларх а.

Артиклехь лохха хьахийна дуьту, эзарнашкахь нохчи шайн махкара бовлар мича бахьанашца доьзна ду бохург – масех дош бен дац итт эзар сов хьаьрк йолчу цу йозанехь Нохчийчохь долчу хьолах а, нах цIерабовларан бахьнех а.

Цхьанна а дашца хьахийна дац иштта мухIажарш а бевлла, Европе схьаоьхучарна юккъехь шайн лаамца махках бевлла а боцуш, Iедалхоша а, юьртахоша а неIалташ а кхайкхош, дийна доьзалца арабаьхна, баха меттиг йоцуш мухIажарш бевлларш хиларх а. Амма юх-юха а буьйцу нохчийн мухIажарех схьабогIучу потенциалечу кхерамах.

Буй-те Европехь тховкIело лоьхучу вайнахах меттигерчу юкъараллашна а, Iедалшна а кхерам? Боккъал а ша шена тешнабехк кечбеш ю-те Европа, нохчи биттане а чубитарца?

Я оьрсийн Iедалша, олуш ма-хиллара, шайна кхоьссина йолу информацин даьIахка „цIубйеш“, нохчийн репутаци иштта сийдоцу аьлла, царна хIуъу аьлча а хIинца кхин царна тIера дожа сир а ца дисина бохучу принципца яздеш ду -те и хIумнаш сенсацех хьегначу журналисташа?

Адамийн бакъонашларйархочунна Гисаев Ахьмадна Европина – я Германина а, я кхечу мехкашна а цхьанна а тайпана кхерам бац аьлла хета нохчашкара. Мелхо а, шаьш цу кхерамах бевдда богIучу мисканех хIун кхерам хила йиш ю Малхбузенна, боху цо.

Гисаев Ахьмад: „Нохчийн мухIажаршкара европахошна цхьанна а кепара кхерам бу аьлла ца хета суна. Уьш оьрсийн Iедалша дуьйцуьйтуш, даржош хIумнаш ду аьлла тешна ву со. Оьрсашкахь гIодоккхуш нохчийн мухIажарша европахошна зулам дийр ду аьлча со ца теша.

Ткъа Европин Iедалша цу хаттарна тIехь лелош дерг суна мунепакъалла хета – царна шал шера хаьа, Германехь, масала,урамашка а буьйлуш, Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санцеш дIаяха бохуш кхайкхамаш а беш лелаш болу нах муьлш бу а, цара хIун леладо а.

Царна тIе тидам бахийта дезаш долу Германера Iедал мухIажаршкара болу кхерам буьйцуш ду. Шайн махкара бевдда, баьхкинчу мухIажарех Европина хIу кхерам хила йиш ю? Я нохчи маца хилла Европина кхераме?

Хетарехь, карарчу хенахь Европехь нохчи санна сийдоцучу яьлла репутаци йолуш цхьа а къам хир дац, ша цхьа овхIанхойнарг дацахь. Цу уггаре а къиза а, зуламе а дуьйцуш долчу шина къоман векалш кест-кеста вовшах леташ хилар а ша-башха символикалла шеца йолуш хIума ду.

Амма нохчийн Европехь мел маьттаза цIе яьржинехь а, бакъдерг иштта ду – Малхбузе схьаоьхуш болу вайнах шайн да амал кхачийна оьхуш бу доккхачу декъехь. Ткъа цхьанна а Европерчу махкахь нохчийн къомахчу наха дина цхьа а тIеIаткъаме зулам я террорхойн тIелатар дац.

ТIелатарш динарш Тунисера а, Мароккора а, ОвхIанера а, Шемара а мухIажарш бара. Цхьа а нохчо вацара цаьрца декъа.

XS
SM
MD
LG