ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алапах лаьцна низам тIеэцна Германехь


Эххар а цхьа барт хилла немцойн урхаллин а, Бундестаган депутатийн а махкахь уггаре а лахара алапа мел магийта йиш ю бохучунна тIехь. ТIедогIучу 2015-чу шарахь дуьйна иза Германехь 8,5 евро сохьтехь хир ду.

Вуно боккха кхиам лоруш, даздеш ду и керла минимала алапех долу низам немцойн юкъараллехь. ХIунда аьлча, советийн заманчохь а, цул тIаьхьа а Оьрсийчохь бехачарна Европехь, ткъа къаьстина Германехь, массо а стаг вехаш а, баккхий бахамаш а, таронаш а йолуш ву аьлла хеташ хиллехь а, амма сохьтехь 4-5 евронах дийнахь сарралц къахьоьгуш дукха нах бу цу дуьненчохь уггаре а кхиинчу пачхьалкхех цхьаъ йолчу махкахь. ХIунда аьлча, хIинцалц схьа шена болх бечу белхахошна шена бакъахьа хеташ долу алапа хIоттон аьтто бар белхан дайн.

ТIехьажарехь, башха йоккха хIума а ма яц цу низамо алапана тIетухуш ерг аьлла хетадала там белахь а, амма баттахь 2-3 я кхин а совнаха бIе евро хуьлуьйту цу сацамо бIеннаш эзарнаш нахана. И хийцамаш хьакхалур бу иштта дуккха Германехь бехачу вайнахах а, дукхахьолехь, лакхара алапаш лучу белхашкахь боцучу. Масала, хаъалла дика кхаъ а, дика гIортор а хир ю цунах Берлинерчу берийн бешахь болх бечу Тарамова Луизина. ХIинцачул I евро 30 цент сохьтехь алсамох оьцур ду цуо. КIирнахь 35 сохьтехь болх бечу цунна 45,5 евро сов хуьлу, ткъа баттахь 200 евро герга совдолу.

Тарамова Луиза: „ХIинцалца сан 7,20 дара сохьтехь. Изаъ сайнарг наха дикаъ лоруш хьал дара кхузахь. Юург ечу меттигашкахь болхбечеран а, цомгаш а, баккхий а нах лелош болчеран а, официантийн чIогIа кIеззиг ду алапа, сохьтехь 4-5 евро бен хуьлуш а дац. И низам доккхур ду боху дуккхаъ хан яра, амма хIорш сиа ма баций, кхеран министрийн шортта даккхий алапаш ду, I2-I3 эзар баттахь оьцуш Iаш болчу. Тхаьшна 8,5 евро лур ду аьлча а гIаддахана Iаш ду тхо-м“.

„Болх хIунда беш бу, иза цабар мелхо а санехь а хилча? Сахилле хьала а гIаьттина, ваца хIунда воьдуш ву, делкъа хан хиллалца бийшина Iоьхкучарна Iедало луш долу ахча болх бечунна лучу алапал дукхаха хилча?“ - и санна долу къамелаш социалан система кхиина йолчу пачхьалкхаш сих-сиха хеза, шайн малонна кийтарлонаш лоьхучу нахера. Уьш, цхьаболрчарна хета ма-маггара, кхин хIара аьлла тIебаьхкинчара, масала, нохчийн мухIажарша, деш а ца хуьлу, - доккхачу декъехь шаьш меттигерчу бахархошна юккъехь даьржина хуьлу.

Цхьана агIор, бехк а бац нехан иштта ойланаш кхоллаелча а. ХIунда аьлча, нагахь санна цхьана доьзалехь, масала, 2- 3 бер а, да-нана а делахь, церан болх ца бечарна луш долу пособи а, берашна луш долу ахча а вовшахтоьхча, баттахь 800-900 еврох къахьоьгучеран алапел чул а дуккхаъ алсамох ахча кхочу цаьрга. Вуно мехала а, адамашна аьхна а кхоьллина йолчу социалан пачхьалкхан системин эшаме агIо ю иза – болх бар нахана санехь ца хилар а, болх ца баро нахана рицкъ алсам далар а.

ХIетте а, муьлхачу а болхбечуо Германехь а, Австрехь а, Скандинаверчу социалан система кхиинчу пачхьалкхашкахь а эр дара – алапа кIеззиг делахь а, болх бар сийлахьох ду, аьлла.

Иштта хеташ ю Германехь берийн бешахь кхетамкхиорхо болх беш йолу Тарамова Луиза. Нохчийчохь ишколан директор болх бина йолчу цуьнан Германехь хьехархо санна болх бан йиш ца хилира, диплом цу пачхьалкхехь къобалдойтуш, иза юхаметтахIоттийна ца хиларна. Цундела цуо шина шарахь керла дешар а дешна, берашна Iуналла дар Iамийра шена, ала дашна, Германехь вуно чIогIа оьшуш а, белхан меттигаш шортта йолуш а болх белахь а, амма алапца долчунна лахарчу могIаршлахь ларалуш болу болх.

Тарамова Луиза: „Социалах дерг аьлча, бакъдерг ала деза, хьо болх ца беш, чохь Iийча изза ахча ма хуьлий хьунаъ. Бераш алсам делахь кхин лакхарох а хуьлуш. Иза бакъ ду. ХIетте а болх ахь беш хилча, кхузахь Iен а, ваха а дезаш хилча, пенсица долчуьнна а, кхиндолчуьнна а гIолехь хета суна-м. Балха а вахана, хьайна хьанал доккхуш дерг чохь вижина Iилларна схьалучул бегIийлох хета суна.

Шена сингаттамна а тоьлу болх. ХIуммаъ ца деш волчу стагана, вон ойланаш яр бен, кхин дика хIума дага а ца догIу. Берашна а хетар ду, хьоьга а хьаьжна, хIара а чохь Iаш ю, ас а дац тIаккха доьшар а, я къахьоьгар а, суна а схьалур ду-кх Iедало изза, аьлла. Шен доьзална иштта хоьтуьйтучул цулле а, Далла гергахь а, шена хьанал болхбар гIолехь хета суна“.

ХIинца, алапа эххар а тIетоьхначул тIаьхьа-м, тешна а буьтур бацара ша болх, бохуш дийцира Луизас Маршо радионе.

Ала догIу, низамца билгалдаьккхина минимала алапа массо а Евробертан пачхьалкхашкахь дац, Еврокомиссин куьйгалло дукха хена дуьйна иза юккъедаккхар тIедожийна делахь а. ХIинцалца схьа Евробертана юккъе йогIучу 28 пачхьалкхенах 21 ю иза тIеэцнарг. Уггаре а лакхара минимала алапа Люксембургехь ду – 11 евро 10 цент. Ткъа уггаре а лахарниг Болгарехь – цигахь уггаре а кIезга алапа 1 евро 4 цент ду.

Германи, цу кепара, мелла а лакхарчу могIаршлахь нисйелла. Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Британехь а чул лакхара ду цигахь алапа, амма Францехь а, Ирландехь а, кхин а пхеа пачхьалкхахьчул лахарох ду.

XS
SM
MD
LG