Инстаграмерчу шен агIонехь хIоттийначу эфирехь вистхилла нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанех йолчу гIалгIайн тайпанийн Кхеташонан декъашхойн позицина критика еш. Нохчийн парламентан спикеро дIахьедина, Кхеташонан декъашхой – Нохчийчохь "куьйг лун нах бац" аьлла.
"Шух цхьахволчо дIахьеде, хоккху дийнахь, оццу меттигехь Фортанган доза хадон дагахь ву ша алий, ас дош ло-кх, шун хечех байракх а йина, хийистехула дIасавохуьйтур ву аьлла. Олуш ма-хиллара, дIа а хьарчийна, юхахьажор ву", - аьлла Даудовс.
Спикеро билгалдаьккхина, гIалгIайн къомах а, ГIалгIайчоьнах а хьакхалуш цахилар ша бохург, буьйцурш беккъа тайпанийн Кхеташонан декъашхой бу аьлла. "Iедале гIерта жIуга" ю аьлла цо уьш.
И латтанаш цкъа мацца а гIалгIайн дара алий, ШарIица а догIуш, дуй баа аьлла масех де делла цо тайпанийн Кхеташонан массо а жигархочуьнга. Шегахьара, дIахьедо цо, ша а ву дуй баа кийча, и латтанаш хилла а ду, дан а ду нохчийн аьлла.
Оццу суьранна Пачхьалкхан думан депутат Делимханов Адам вистхилира ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташонан декъашхоша динчу дIахьедаршна кIоршаме жоп луш. "ЖIуганийн тоба" ю элира цо царна, нохчашна шайн хетарг дIаяккха аьлла, питана а тосуш.
ТIаьхьо нохчийн парламентан депутат волчу Ханбиев Мохьмада билгалдаьккхира шен вистхиларехь, шаьш лелорриг лелочу нохчийн эмигранташца цхьаьнакхетча гIоле ду ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташонан декъашхошна аьлла.
"Шу санна ловсакхаш (болтуны) ю уьш а, царна а хазахета, шуна а санна, дукхалуьйш", - дIахьедира цо шен видеохь.
Нохчийн куьйгалло оцу кепара шога реакци яран бахьана дара, кху деношкахь ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташоно, шина субъектана юкъахь дозанех куьйгашъяздинчу бертан хьокъехь дискусси карлаяккха еза аьлла, нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнашка бина кхайкхам.
- Масех де хьалха Кадыровс "провокаторш" бу элира, "националистийн карта ловзон гIерта" протестхой, ГIалгIайчоьнна дуьхьал ницкъбоккхур бу аьлла, кхерам а тосуш.
- Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертана куьйгаш яздира 2018-чу шеран Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь, хIетахь гIалгIайн куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бека а, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана а. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Конституцин кхело а тIечIагIдира сацам бакъонца бу аьлла. Оцу тIехула митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь: акцеш дIаяьхьира 2018-чу шеран гурахь а, 2019-чу шеран бIаьста а. Дозанаш къастор нийсонца дацара, протестхошна хетарехь.
- Карарчу хенахь Ессентукехь дIайоьдуш ю гIалгIайн протестийн ворхI лидерна тIехь кхел. Царнабехкедиллина Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхар. Набахтехь яккха ворхI шарера исс шаре кхаччалц хенаш ехна царна прокуратуро.
- Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн могIаре язйина, организаци цунна реза ца хилла. - Редакцин билгалдаккхар.) центро политикан тутмакхаш лаьрра гIалгIайн протестан хьалханчаш.