ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ООН: дуьненчохь миллионашкахь адамаша мацалла хьоьгу


Кхерамзаллин Кхеташонехь вистхуьлуш, гуманитаран гIуллакхашкахула волчу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарла секретаран гIовса О'Брайен Стивена дIахьедина, тIаьххьарчу хенахь уггар чIогIа гуманитаран кризис дуьнено ловш хиларх. Цо бахарехь, Йеменехь а, Къилба Суданехь а, Сомалехь а 20 миллион стаг ву тахана кийра буззош хIума яа таро йоцуш.

"Дуьненан юкъаралла меттах ца ялахь, и нах мацаллина лийр бу" боху ООН-ан векало. Оцу наха гIо кхачорхьама, 4 баттахь вовшахтоьхна хила деза 4, 4 миллиард доллар. Доккхачу декъанна, оцу пачхьалкхашкахь мацалла хIоттарна бехке тIеман конфликташ ю.

Инарла секреаран гIовса билгалдаьккхира, цхьана Йеменехь 3 миллионе хьаладаьлла хилар мецачу хьолехь долчу адаман терахь хIара шо карадеачхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG