Тайпа-тайпана суьрташ а дохьийтуш, хакершна Iаьмна WhatsApp-ан а, Telegram-ан а пайдаэцархойн аккаунташ йохо. Ткъа иза дIахоуьйту Check Point компанин говзанчаша шайн рапортехь.
Таллам бечу хенахь, говзанчашна гучуделира зуламхоша месседжица цхьаьна сурт тосийла, ткъа и башхадоцу сурт схьаделла гIоьртича, цо агIона тIе зуламе элементаш йохийла. Цул тIаьхьа хакеран аьтто бу аккаунтана а, контакташна а, иэсехь Iалашдечу суьрташна а, чаташна а чувала. Цул сов, аккаунтан долахчун профиль каракхаьчначу зуламхочунна аьтто бу цуьнан цIарах хабарш дIасатийса.