ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хайп оьккхуьйтуш къийсам. Американ президенташна дуьхьал ву Кадыров


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчохь гейш бац - юха а шогачу кепехь дIахьедина Кадыров Рамзана. "НIаьнеш яц, йа и дош а дац лелош. Церан метта котамийн майрой бу", - яздинера мехкан урхалхочо шен телеграм-каналехь. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Джо Байденан дIахьедарна делла жоп дара и. Гезгамашин-беттан 21-чохь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн (ООН) Инарла ассамблейхь вистхуьлчу заманчохь америкахойн лидеро Нохчийчоь хьахийнера, ЛГБТ-машанан векалийн бакъонаш Iалашъян езаш хиларх дуьйцуш. Африкерчу Камерунца цхьана могIаре йиллинера Байдена республика. Муха тIеоьцу Кадыров Америкехь, хезий-те хIордал дехьа цуьнан кIоршаме дIахьедарш - Кавказ.Реалиино дагайохкуьйту Нохчийчоьнан куьйгалхочун Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенташца йолчу юкъаметтигийн истореш.

14 шо а ду Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан куьйгаллехь волу - 2007-чу шарера схьа дуьйна. Оцу хеначохь Американ виъ президент хийцавелла: Джорд Буш-жимахверг, Обама Барак, Трамп Дональд, ткъа хIинца волу президент Байден Джо а. 200I-2009-чу шерашкахь Буш волчу заманчохь Кадыровн Оьрсийчохь оццул статус яцара, дуьненаюкъарчу политикех лаьцна комментареш ян йиш а йолуш. Йа социалан машанаш а бацара хIинца санна кхиаме а, пайдаоьцуш а.

Кадыров а, Обама а

2009-2017-чу а шерашкахь Американ урхаллехь Барак Обама волчу хенахь жигара "хайп" леца волавелира Кадыров Рамзан.
Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш "юхайоло" еза аьлла, 2009-чу шарахь америкахойн лидеро дIакхайкхийча комментари йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Нагахь санна, Цхьаьнатоьхначу Штаташа Москваца доттагIаллин политика лелаяхь, цо пайда бохьур бу аьлла, дIахьедира Кадыров Рамзана Reuters агенталлана еллачу интервьюхь. Цо кхайкхамбира, цхьанахеннахь Оьрсийчоьнан Iедалхошка Гуьржийчоьнна а, Украинана а "тIелата" аьлла, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн "агент" ю и шиъ олуш.

"Цара дицдан мегар дац, тхан Путин Владимир Владимирович хилар. Дуьненан политикан майданахь и санна волу стаг кхин ван а вац", - элира Кадыровс.

2013-чу шарахь зорбанаша хаамбира, Нохчийчоьнан куьйгалхо "Магнитскийн тептаран" къайлахчу декъехь нисвала тарлора аьлла - доллу дуьненахь адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал санкцеш йохуш, Цхьаьнатоьхначу Штаташа лелон документ ду иза. ХIетахь губернаторо Кадыров Рамзана дозаллаш дора, ша америкахойн санкцешна буха нисвала тардаларх, патриотикан комментареш дIаса а йоькъуш.

"Ас дозалла до со Оьрсийчоьнан вахархо хиларна, дозалла до, Американа со пайден воцуш, хIунда аьлча, доллу дуьненахь а харцо лелайо цара", - дIахьедора Кадыровс, Афганистанерчу а, Ливирчу а, Мисарарчу а, Шемарчу а хьолана тIетийжаш,

"45-чу шарахь говрашкахь Берлине кхаьчна тхо, ткъа тахана муьлхха а чолхе Iалашо кхочушъян ницкъ бу тхан

Духе хьаьжча, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хууш хиллера Оьрсийчоьнан Малхбузеца юкъаметтигаш карзахъевриг хиларх. ГIирмина аннекси йина шо даьллачул тIаьхьа - Донбассехь тIом болийра. Кремлна дуьхьал Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш яьхначу муьрехь юха а политикан бонусаш яха дагадеанчу Кадыровс твиттерехь яздира: "Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш яхарх дIакхайкхийна Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Беламе ду! Ткъа мича хьо цара Афганистанехь а, Иракъехь а, Ливихь а, Шемахь а хIаллакбинарш? Америка Украинех доглозуш ю? Яц!!!"

И пост язйина исс де даьллачу хенахь, "Ливин, Шеман, Иракъан, Афганистанан а къаьмнийн бохамах" рогIерачу постехь юха а карладаьккхира Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочо. ХIетахь Кадыров ша нисвеллера Евроберто хIоттийначу санкцийн тептарехь, ГIирмина аннекси ярна тIетарна а, Украинехьа тIемаш бечу нохчех лаьцна дIахьдар дарна а. Царна жоп лучу Кадыровс элира, ша "стоп-лист" кхолларх а, Евробертан хьаькамаш а, Американ президент Обама Барак а цу юкъабахийтарх а.

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан хаамийн гIирсаша цуьнан дIахьедар баккъал а тIеэцнера. Американ президентана Нохчийчу ван дехкарх, цигара цуьнан банкан чоьташ дIакъовларх яздира официалан Оьрсийчоьнан хьостано - "Российская газетано". Ткъа бозуш боцчу политикан анлаитикаша - Оьрсийчохь а, Малхбузехь а - инстаграме Кадыровс хIоттийна пост аьшнашдарца тIеийцира.

2015-чу шарахь Кадыров Рамзан юха а вистхилира Обама Бараке.
Стигалкъекъа-беттан 9-чохь Американ президент Москва Толаман денна хIоттийначу параде цавар ца тайнера цунна. Бакъду, Кремлан а, Вашингтонан а юкъаметтигашкахь политикан кризис латттачу юкъанна вогIийла а дацара цуьнан. Делахь а, цо новкъарло ца йира Кадыровна, юха а терго шена тIеозо.

"Хилла цатемаш бицбан безара массара а, кегийн проблемаш охьа а таIийна, дуьненаюкъарчу лидерийн цхьанакхета дезара, хIара дуьне стенга дуьгуш ду боху хаттар дийцаредан. Санкцешца Оьрсийчоь охьатаIор ю бохучух дог даха а ца оьшу.

"45-чу шарахь говрашкахь Берлине кхаьчна тхо, тахана муьлхха а чолхе Iалашо кхочушъян ницкъ бу тхан", - аьлла, Кремлан милитаристийн политикана там беш, дIакхайкхийра Кадыровс.

Цул тIаьхьа 2016-чу шарахь дагавеара цунна Обама Барак, иза Нобелан премех а ваккхий, и совгIат Оьрсийчоьнан президентана дIало элира цо.

"Оццул ницкъе стратеги ю цуьнан [Путинан], оццул хьекъалца болх бо цо. Хаддош сацамаш тIоьцу цо, ткъа и дерриг а хьуьнар долчу стага бен дойла яц. Цигахь хиъна Iаш, и дерриг а кхочушдийриг гений ву", - дIахьедира Кадыровс.

РогIера оьрсийн-америкахойн юкъаметтигашна тIехь пиар ян гIоьртира иза Охан-беттан 10-чохь. ХIетахь президенто Путина Нохчийчоьнан урхаллехь тIечIагIвинчу цуьнан дIахьедар - президентана хьеставалар санна тIеийцира критикаша.

Ша пачхьалкхан куьйгаллехь волчу шерашкахь Обамас цкъа а жоп ца делира Кадыровна, шен инстаграм-аккаунтехула америкахойн лидере вистхила гIертачу цуьнан агIо дIакъевлира, 2017-чу шеран ГIуран-баттахь цуьнан хан чекхъяьллачул тIаьхьа тоьхначу санкцийн гурашкахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIе цкъа а ца яьккхира хезаш Обамас.

Чакхе хир ю

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG