ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ХIора хIусамехь неIалташ кхийкхадо хIокху тIамна". Нохчийчуьра миграцин керла тулгIе


Лахара Ларсана гергарчу оьрсийн-гуьржийн дозанехьа гIаш дIаоьху нах, Къилбаседа ХIирийчоь. 2022-чу шеран гезгамашин-беттан 22-гIа
Лахара Ларсана гергарчу оьрсийн-гуьржийн дозанехьа гIаш дIаоьху нах, Къилбаседа ХIирийчоь. 2022-чу шеран гезгамашин-беттан 22-гIа

Кху шарахь Нохчийчуьра кхечу пачхьалкхашка дIабахана, стохкалерачу оццу муьрца дуьстича, кхоазза сов бахархой. Меттигера бакъоларъяран организацеша дуьйцу миграцин керлачу тулгIенех – амма массеран а аьтто ца хьулу дIабаха.

2022-чу шеран хьалхарчу бархI беттачохь махкара дIавахана 948 цигара вахархо – стохкалерачу терахьца дуьстича дахначу шарахь дозанал а арахьарчу мехкашка дIавахара 325 стаг. Иштта зераш даладо Росстатан урхалло.

Статистикаца а догIуш, регионера дIабахана дукхахберш Эрмалойчу а, Казахстане а, Гуьржийчу а бахана – Оьрсийчоьнан бахархошна виза ца оьшу пачхьалкхаш ю уьш. Цу мехкашка дIавахана 838 стаг (стохка 282). Генарчу пачхьалкхашка, урхалло билгалдаккхарца, тIаьххьарчу бархI баттахь дехьаваьлла 110 Нохчийчуьра вахархо (стохка оццу хеначохь 43 вара). Верриг а дечкен-баттера марсхьокху-батте кхаччалц республикера араваьлла 11 эзар стаг, ткъа чувеана бархI. Регионера дIабахнарш нисло оцу зерашца ши эзар сов стаг. ДIабахна дукхахберш Оьрсийчоьнан субъекташкахь севцца.

Нохчийчохь болх бечу бакъонашларъхярхойн а, демографийн а, журналистийн а лараршца, республикерчу статистикех тешна Iойла дац –терахьаш хаздина хила тарло йа оцу агIор, йа вукху агIор, Iедалхошна товчу кепехь. Возуш воцчу демографо Ракша Алексейс билгалдоккху регионехула демографин хаамаш бакъ цахилар.

Билггал долу миграицн терахьаш дуккха а лакхара хир ду

"Тоьшийла [хIокху статистикех] дац, хIунда аьлча, билггал долу миграцин терахьаш дуккха а лакхара хир ду, ткъа иза хийцар лахара", - элира Ракшас Кавказ.Реалиин сайте Нохчийчуьра Росстатан хаамех лаьцна дуьйцуш.

ХIара статистика, муьлхха а кхиниг а санна, шен кхачамбацарш долуш ю, билгалдоккху Къилбаседа Кавказан таллам бечу Оьрсийчоьнан университетан цхьахволчу белхахочо, Оьрсийчуьра политикан хьал бахьана долуш, шен цIе а ца йоккхуш.

"ХIетте а, цхьадолчу гайтамашца къовсам балахь а, Росстатан зераш пайден хила тарло, динамикехь тергоян езачу трендех кхетархьама", - мах хадабо къамелдечо.

Цо тидам тIеузу, республике оьхучийн терахь ган а гуш жимделла хиларна, амма сурт къеггина хилийтархьама 2020-чу а, 2019-чу а шерашца дуста деза, хIунда аьлча, пандемин дозанаш диттинчу хенахь миграци сецна яра.

"2021-чу шарахь хьал дIанисделира, оцу хенахь шаьш дIатеттина хилла дIасалелар карладаьккхина хир дара цара", - чIагIдо эксперто.

Цунна хетарехь, Росстато далийначу терахьашлахь шайна терго тIеузу дозанал а арабевллачара. Адам сих-сиха дIаэха доьлла, цхьа наггахь юха а догIуш.

"Регионан масштабан маьIнехь хIара терахьаш даккхий дац, стохкалерачу шаре хьаьжча, шозза лакхара делахь а. Дозанал а арабевллачийн социалан портрет вайгахь дац. Делахь а, масална 2021-чу шарахь арахьара миграцин коьрта тоба нах бехачу яккхийчу меттигашкара яра. Хетарехь, церан мел а жигара дакъа дара иза", - дерзадо эксперто.

"МаьIна а дац, нийсо а яц"

Оццу юкъанна Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъонашларъярхоша а, махкара бахархоша а билгалдоккху, Нохчийчуьра дIаоьхучийн терахь алсмадалар, чиллан-беттан 24-чул тIаьхьа хьалхара тулгIе йолаялар а, шолгIа – Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа хилар а къастош. Делахь а, Росстато далочу терахьаша ца лору гезгамашин-беттан эмиграцин тулгIе.

Цхьана агIор, нах байъа ца лаьа адамашна – иза дика ду. Амма вукху агIор – доллу шайн дахар хийца деза церан

СНГ-н мехкашка а, Европе а Нохчийчуьра дIабахначийн терахь билггал хууш дац, амма бакъ ду, уьш дуккха а хилар, - боху "Европера нохчийн Ассаммблейн" пресс-секретаро Албаков Шемала.

"ТIаьххьарчу шина дийнахь ткъе итт гергга стаг вистхилла-кх соьга. Хоьтту, Беларусин-Польшин доза муха хадор дара. Цхьана агIор, нах байъа а, тIамехь дакъалаца а ца лаьа царна – и дика ду. Вукху агIор – доллу шайн дахар хийца деза церан, гулбина бахам дIа а тосуш, махках бовла беза. Цара тIамна дуьхьал кхаж тосу когашца а, бахамца а, массо а тарлучу хIуманца", - дерзийра Албаковс.

Шайга дукха наха гIо дехарх дуьйцу бакъоларъяран нохчийн "Вайфонд" ассоциацино а, билгалдаьккхира Германерчу организацин векало Абдурахманов Мохьмада.

"Украинехь тIом болабелчхьана, къаьсттина мобилизаци кхайкхийчхьана, тхоьга кехаташ кхочура кест-кеста: наха хоьтту, муха арадевр дара шаьш Оьрсийчуьра, стенга вахча гIоле дара, - билгалдоккху Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь Абдурахмановс. –Халахеташ делахь а, миграцин хеттаршца адамашна гIо дойла яц тхан, йа царна цхьана агIор эвакуаци ян а ницкъ бац. ДIабахначара юридикан констультаци йоьху, тховкIело муха йоккхур яра шаьш бохуш. Шаьш даймахкара дIа стенна дахана дуьйцуш, бакъдерг ала олу оха цаьрга".

Албаков Шемалан дешнашца, цуьнан организацига гIо доьху, хIинцале а Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан регионашка дIа а бахана, цигара Европе кхача гIертачу наха.

"Ичкерия Республикин урхаллица юкъахь Iаткъамбан гIерта тхо, масала, Польшин Iедалхошна, мел а дуккха а тхайн махкахой дехьабовлийтахьара бохуш", - хьал хийцалур ду аьлла дегайовхо ю тхан", - дуьйцу Албаковс.

Цо билгалдоккху, "Европера нохчийн Ассамблей" шен ма-хуьлла гIо дан хьийза прессашкахула, шайна бевзачаьргахула хаамаш беш, иштта ахчанца гIоьналла а до.

"Масала Гуьржийчохь чIогIа эвсара болх бира паьнказхоша-нохчаша. Казахстанехь а ахча гулдира. Наха чIогIа жигара гIо дора, амма кхеташ ду, дIаоьху нах дукха хиларна, цунах массарна а кхачам хир боцийла", - билгалдоккху Албаковс.

"Тхаьш кIелхьарадаха дезара оха"

Нохчийчуьра вахархо Адам (цуьнан дехарца цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.) Евробертан цхьахйолчу пачхьалкхехь ву туристийн визаца. Мобилизаци кхайкха ма-ярра дIаваха ка елира цуьнан. Боккха аьтто лору цо иза, тIом болабеллачул тIаьхьа республикера иттаннаш шен накъостий арабевлла хилар, амма Европе кхача массеран а аьтто баьлла цахилар билгалдоккхуш.

"Гезгамашин-беттан 20-чохь дIавахара со. Шенгенан виза яра сан, тIом баьллачул тIаьхьа суна елла, - дагалоьцу къамелдечо. – Сан чIогIа аьтто хилира- Нохчийчохь дуккха а нах паспорташ а, йа виза а йоцуш бара. Цхьаболчара ханна регистраци йира Дагестанехь, цигахь паспорт даккхийта дагахь, хIунда аьлча, Нохчийчохь яккхий раьгIнаш яра, суна хезна тIехула тIе, кехаташ хIинца чуоьцуш дац бохуш".

Адама бахарехь, кIентий – уггар дезаниг ду нохчийн дайн-нанойн, хIетте а, мобилизаци кхайкхаяле цхьанхьа а цхьа а вахийта дагахь цахиллачо а, шайн ойланаш хийцира

"Шойгус [ТIеман министр Сергей] дIахьедира, армехь гIуллакх динарш уггар хьалха дIахьийсор бу аьлла. Ткъа Нохчийчохь тIекхайкха леринчу нехан квота 500 стаг яра. И нах а Украинехь хиллачех болчух тера ду. Хаттар ду – мила ву тIаккха тIекхайкха везарг? Аьлла а ма ду, нохчаша "план кхочушйина" (тIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро мобилизаци регионехь юкъахъяккхар бакъ ца дира. – Редакцин билгалдаккхар.) План оха "кхочушйина" хилча, стенна оьшу цига хьийсон?"- риторикан хаттар до къамелдечо.

Адама чIагIдо, тIом болабелчхьана Европе а санна, виза ца оьшучу мехкашка а Оьрсийчуьра мел кIезиг а шена вевза ворхI дIавахар.

"Консулаллехь оьшу кехаташ гулдеш бара дукхахберш агенталлашка а буьйлуш. ХIокху хуьлуш долчунна юккъехула мехаш дикка хьаладаьхнера цара. Массеран а таро яц оццул даккхий ахчанаш дала", - билгалдоккху къамелдечо.

МаьIне доцуш, суна вала ца лаьара – йа динан хьежамашца а, йа сайн дуьненан принципашца а

Адама дийцарехь, Евроберта веара иза туристийн визаца, цкъачунна хиндолчух дийца хьалхе ду.

"Бакъдерг аьлча, хIара хиламаш а, сайх хьакхаделларг а ца нисделлехь, Нохчийчуьра со дIагIур вацара. ТIом болабелчхьана вара со чамданаш тIехиъна Iаш, хIунда аьлча, хьал телхина догIура. Ткъа мобилизаци йолаелча, тIекхуьйкхуш кехаташ кхехьийта буьйлабелча, ойланаш йеш Iен хан яцара. Суо кIелхьараваккха везара ас. МаьIне доцуш, суна вала ца лаьара – йа динан хьежамашца а, йа сайн дуьненан принципашца а", -дерзийра къамелдечо.

Адам кхерадо

Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа арахьарчу мехкашкахь лела паспорташ дахийта кехаташ чуделла нах лечкъош бу аьлла дIахьедира оппозицин 1АДАТ боламо. Иштта цуьнан векалша чIагIдо, миграцин хьукматан белхахоша дийцарх, мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана паспорташ дахар къайлах дехкарх.

Туркойчу дIавахначу Нохчийчуьра вахархочо Казбека (кхерамзалла Iалашъеш цуьнан цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.) тIечIагIдира Кавказ.Реалиина, шен доттагIий полици дIабигарх, арахьарчу мехкашкахь лела паспорташ дахийта кехаташ чудаларна. Цо бахарехь, "профилактикан къамелаш" динера цаьрца, тIаьхьо дIа а хецнера.

Нохчийчуьра кхин вахархо Ахьмад (кхерамзалла Iалашъеш цуьнан цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.) масех шарахь Москвахь вехаш вара, мобилизаци кхайкхаяле хьалха Туркойчу дIавахара иза.

"Суна хетарехь, Нохчийчохь хIора хIусамехь неIалташ кхийкхадо хIокху тIамна,- дуьйцу Ахьмада. – Суна доьзал гина бац, хIара дика хIума ду олуш. Нах Iадабо, кхерамаш а туьйсуш дIабуьгу - кегийнаш а, баккхийнаш а, массо а. Мобилизаци кхайкхон кIира диссинчу хенахь сан дега телефон тоьхнера тIеман комендатурера, сан тIеман билет кийча ду, тIе а дуьйлий – схьаэца, тIамна "мегаш ву" аьлла категори ю шун, оха "запасе хьажор ву" аьллера. КIира даьлча доллучунна а тIаьхьакхиира: сан тIеман билет стенна кийча хилийтина а, Нохчийчуьра цхьаьннан а аравала йиш хIунда яц а".

***

Гезгамашин-беттан 21-чохь Соьлжа-ГIалахь масех иттанашкахь зударий гIоьртира мобилизацина дуьхьало ян. Уьш берриш а дIалийцира. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхамбира бахархошка, тIамна дуьхьал митингашка ма довла, ткъа бевлларш "къоман мостагIий" хир бу, церан цIийнах мел верг тIамтIе а вохуьйтур ву аьлла. Цхьа а тоьшалла а доцуш элира цо иштта, майдане бевллачу зударшна "кепекаш елла хиллера Европерчу организацеша" аьлла.

Дукха ца Iаш нохчийн бакъонашларъярхочо, оппозиционеро Янгулбаев Абубакара дийцира The Insider гIирсе, митингехь лецначу зударийн гергарнаш, "лаамхой" санна, бертаза тIаме хьийсийна аьлла.

ТIаьхьо Соьлжа-ГIалахь тIамна дуьхьал митинге яьллачу цхьахйолчу зудчун хIусамда велира даге лазар иккхина. Адамийн бакъонаш ларъяран "Мемориал" Центро чIагIдарехь, шен зудчунна йеттийтина хиллера оцу стаге, ткъа церан 18 ишо долу кIант Валид (цхьаболчу хаамашца Абу) Украинерчу тIамтIе вахийтинера.

Оьрсийчоьнан а, Гуржийчоьнан а доза хадо гIерта Къилбаседа Кавказера бахархой дийнахь-буса а гуьржийн контролан постехь бисса декхаре хилира совнах хеттарш дан буьйлабаларна. Дозанех дехьабуьйлучу заманчохь нислучу хьовзамех лаьцна хьалха а дийцира кавказхойн регионашкарчу бахархоша. Чубита дуьхьал хиларан бахьанаш дуьйцуш дацара цаьрга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG