ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIора хIусамна тIегIортар: Оьрсийчоьнан къилба а, Къилбаседа Кавказ а муха хийцина шина шарахь боьдучу тIамо


Украинехь вийначу тIеман декъашхочун барзакъ
Украинехь вийначу тIеман декъашхочун барзакъ

Ши шо хьалха Оьрсийчоьно шуьйра тIом болийра Украинехь. Оцу хеначохь къилбан регионашкахь а, Къилбаседа Кавказан мехкашкахь а дуккха а хIума хийцаделла: милитаризаци берийн бошмашка а, школашка а кхаьчна, дозанашкарчу регионашна ракеташца а, дронашца а тIелетарш дина, мобилизацина дуьхьало йира ур-атталла Нохчийчохь а цхьаьна. Кавказ.Реалиин редакцино дагадоуьйту шина шарахь бинчу тIеман уггар а коьрта хиламаш.

Эшамийн ши шо

2022-чу шеран чиллан-беттан 24-чохь тIелетчхьана Кавказ.Реалии сайто мониторинг йу латтош эшамех кхочучу хаамашна тIехь: наггахь бен зорбане дохуш доцу официалан хаамаш зийна ца Iаш, редакцино кест-кеста толлу регионалан зорбанашкара публикацеш а, социалан машанашкара посташ а цхьаьна. Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а байинчех цIерашца хIоттийначу тептарехь карарчу хенахь ву 6584 стаг – Кубанехь дIавоьллина ЧВК "Вагнеран" 850 гергга йолахой ца лерича а. Дуьззина ларарш дац уьш, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан Iедалхоша шайн эшамаш къайлахьо, билггал долу терахь кхин а дикка лакхара хила тарло.

Чиллан-беттан 16-чу дийнахь долчу хьолаца Украинана дуьхьал хиллачу тIамехь вийна Оьрсийчоьнан 44 654 эскархо, ларарш дина "Медиазоно". Иштта, къилбан регионашкахь а, Къилбаседа Кавказехь а белларш 15 процент гергга хила тарло.

Къаьсттина байинарш дукха бу Краснодаран кIоштахь – 1530 стаг. Цунна тIаьхьа йогIу Волгоградан а, Краснодаран а кIошташ: 1050 а, 966 а эскархо вийна цигара.

Къилбаседа Кавказан республикашлахь байинарш дукха хиларца хьалха йу Дагестан – 877 вийна. ТIом боьдучу хьалхарчу шарахь эскархой хIаллакбарехь шолгIачу меттигехь йара республика, дуккха а бахархой шена чохь болу, Украинаца дозанехь йолчу Ростовн-кIоштал хьалха а йолуш. Къаьмнийн республикашкара бахархой барамехь доцуш кхечу регионашкахьчул алсам болчу диспропорцица а дукха бу Къилбаседа Кавказехь 2023-чу шарахь. ХIетте а дуккха а эшамаш хаабелира, мел кIезиг а, тIаьххьарчу эхашарчохь Кавказехь – Къилбаседа ХIирийчохь. Лахара дара баларш, масала Кхарачой-Чергазийчохь.

ТIамехь байинчу къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархойн йуккъера хан йара – 33 шо. Редакцин бевзинчу тIеман декъашхошлахь уггар а воккхачун 69 шо дара. Официалан сводкашкахь а, йиллинчу хьасташкахь а даим кхетийла дац эскархочун юридикан статусех: статус йевзачу 1738 эскархочух, эшамийн тептарехь 564 мобилизаци йинарш бу. ШолгIа терахьаллехула йолу тоба – ЧВК "Вагнеран" йолахой, царех 510 вийна.

"Лаамхошна тIера мобилизаци йинчарна тIе

Хьалхарчу эхашарахь Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалецира, мобилизацин резервехь хиллачу Оьрсийчоьнан эскарера контрактхоша а, "лаамхой" олучара а – шайн лаамехь тIаме эхна нах дукха хьолахь ахчана дуьхьа бахана бара. Дукхахйолу "лаамхойн тобанаш" вовшахйиттинера Къилбаседа Кавказан мехкашкахь. Масала, Нохчийчохь уьш кхуллуш йу аьлла дIахьединера тIом болийначу кхоалгIачу дийнахь. 2022-чу шеран аьхкенан йуьххьехь керла диъ дакъа вовшахтуьйхира -"Север", "Юг", "Запад" и "Восток". ТIемашка дIахьовсийра ницкъахой, цул тIаьхьа бертаза арме кхийкхан болийра, мехкан куьйгалхочунна гергахь "бехкала бахнарш" а, цунна льйш болчийн гергарнаш а.

Нохчийчоьнан масална тIаьхьахIиттира кхинйолу республикаш а: мангал-бутт бовш Къилбаседа ХIирийчохь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь цIерашца тIеман дакъош кхолларх дIакхайкхийра. Дуккхаъчу шерашкахь уггар а къоьллехь йохкучу Оьрсийчоьнан регионийн тептарехь йолчу бахархошна даккхий ахчанаш лур ду элира тIамтIе болхахь - контрактаца гIуллакх дар цигахь даим а социалан лифт йара, кхетийра бакъоларйархоша.

Мобилизаци йинарш декхаре бу тIом бан, Путина сацам баллалц

Къилбехь тIамтIе бахийта "лаамхой" кечбен центр хилира Кубань гIаланах. Кхузахь, Краснодарна а, Горячий Ключ гIалана а йукъахь йу Молькино полигон, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс бунт гIаттийна, цул тIаьха и валлалц йолахойн штаб-квартира санна йевзаш хилла йолу.

Амма бакъду, йа "лаамхоша" а, йа къаьмнашлахь вовшахйиттинчу батальонаша а, йа меттигерчу доларчу тIеман компанешкахула вербовка йаро а эскархой тоьаш цахиларан проблема дIа ца къевлира. Гезгамашин-беттан 21-чохь президенто Путин Владимира дIакхайкхийра "цхьана декъана мобилизаци" йар. Иза а хаъал тIетевжира Къилбаседа Кавказера уггар а къоьллехь йохкучу республикийн бахархошна.

"Важные истории" гIирсан а, талламан Conflict Intelligence Team (CIT) тобанан а зерашца, къаьсттина дукха нахана мобилизаци йира Дагестанехь – "мобилизацин ресурсера" 2,6 процент. Къаьсттина кхузахь 2022-чу шеран гезгамашин-беттан 26-27-чохь уггар а йаккхий протесташ хилира тIаме ийзорна дуьхьал. Даккхий некъаш дIакъуьйлура акцихь гулбеллачара, полицина дуьхьал тийсалора – лецира цигахь 100 сов стаг, шайлахь кхиазхой а болуш. Мел лахара а 30 бехкзуламан гIуллакх айдира ницкъахоша. Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс Малхбузе бехкейира митингашка нах бовларна.

Кадыров Рамзана урхалла дечу заманчохь дуьххьара дуьхьало йира Нохчийчохь а – гезгамашин-беттан 21-чохь урамашка йелира масех иттаннашкахь зуда. И къайладахьа гIоьртира меттигера Iедалхой, амма эххар а Кадыровс ша тIечIагIдира 20 протестхо лацар. Зударша къамелаш динчул тIаьхьа Нохчийчохь мобилизаци хир йац, хIунда аьлча "254 процентана план тIехкхочушйина" аьлла, дIахьедан. Бакъду, тIамтIе нах хьийсочуьра-м ца севцира, бертаза а цхьана хьийсабора. Протесте бевллачу зударийн гергарнаш а цхьаьна нисбеллера таIзарна кIел.

Урамашка бевллера ГIебарта-Балкхаройчуьра бахархой а, мехкан Iедалхошка дехар дира бакъоларйархоша – тIаме хьийсоро генофондана кхерам латторах дIахьедира цара.

Мобилизацин тIаьхье хаайелира йоллу къамнийн республикашна. "Медиазонан" хаамашца, Кхарачой-Чергазийчохь мобилизаци йина хила тарло 40 шаре бевллачу 8% божаршна. ГIебарта-Балкхаройчоьнца а, Нохчийчоьнца а, Къилбаседа ХIирийчоьнца а цхьаьна лидершлахь нисйелира республика компанийн зударийн резюмешка интерес кхиарца.

Ростовн-кIоштара мобилизаци йинарш
Ростовн-кIоштара мобилизаци йинарш

Къилбаседа Кавказехь а санна, иштта къилбехь а мобилизаци йинарш Iитталора дуккхаъчу харцонашца. Краснодар-махкара а, Ростовн кIоштара а хаамаш кхочура оьшу гIирс тоаме цахиларх а, дешаран центраш тIехйуьзна хиларх а хоуьйтуш – эххар а доьзалша шайн чоьтах кечбеш хиллера тIаме бахийта гергарнаш. Дагестанехь депутаташа камерашца дIа а йаздеш, новкъабехира мобилизаци йинарш хIордан-пехотин полке тударгаш йоьхна боьлхуш.

ТIеман комендатураша нах тIекхуьйкхуш кехаташ кхоьхьуьйтура – масала, кехат кхаьчнера тIаме кхойкхуш, Украинерчу тIамехь вийначу Тотиев Таймуразан цIарах а. Волгоградехь мобилизаци йинера запасехь волчу 63 шо долчу подполковникана Ермолов Александрна, иза хиллера диабет а, хьеца ишеми а йолуш цу тIе. Ткъа Ростовн кIоштахь тIаме хьажочуьра велира цхьана бIаьргана са гуш воцу, регионалан "Керла адамаш" партин куьйгалхочун да. Кхелашкахь сацамаш къийса гIоьртира мобилизаци йина хилларш, амма цара а тIеман министраллин агIо лоцура, дуьхьало йора дукха бераш долчарна а, заьIапхошна а демобилизаци йан.

2023-чу шеран дечкен-баттахь талламера малхбузерчу ресурсийн хьасташа а, Украинерчу къайлахчу сервисаша а дIахьедира, Оьрсийчохь шолгIа мобилизацин тулгIе йу кечйеш аьлла. Амма ца кхайкхийра мобилизаци – цуьнан метта эскаре эца болийра йукъахйаккхазчу мобилизацин омранан гурашкахь.

"Оьрсийчоьнан волонтерийн боламо доккха дакъа дIалоцу хIинца Украинехь тIом бан тоъал нах латторехь. "Лаамхошна" вербовка йечу кампанино дIалоцу дахаран йоллу сферашкара божарий: гIалгIазкхийн эскарш, долара тIеман компанеш, оккупаци йинчу дозанаш тIехь а, набахтешкахь а вербовка йар", - билгалдаьккхира америкахойн тIом зеран Институтан (ISW) аналитико Степаненко Катеринас.

2023-чу шарахь Оьрсийчохь 490 эзар гергга контрактхо а, лаамхо а эцна эскаре, хаамбира тIеман министро Шойгу Сергейс. Къастийна билгалдаьккхира цо, тIеман эскаршка 4 эзар сов студент эцарх. Цо бахарехь, "шайн лаамехь академин отпуск эцна, тIеман Iалашонаш кхочушйо цара". ГIуран-беттан 28-чохь Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIакхайкхийра, йоллу пачхьалкхехь верриг а 640 эзар контрактхо ву аьлла – тIом болабелчхьана, контрактхойн терахь довзуьйтуш дуьххьара дина дIахьедар ду хIара, билгалдоккху ISW-хь. Оцу йукъанна, аналитикашна хетарехь, Оьрсийчоьнан официалан наха оцу терахьа йукъа эцна мобилизаци йинарш а, тIеман говзанчийн дакъа дарстош.

"Хила тарло, мобилизаци йинчул тIаьхьа дукхахболу Оьрсийчоьнан бахархошна "лаамхойх" дIакхета лиъна, мобилизаци йинчарел а церан хьал гIоле хеташ. Масала, цхьаболчу "лаамхошка" аьллера оцу йалх баттачохь царна лаккхара алапа хир ду, ткъа мобилизаци йинарш тIом бан декхаре бара, Путина демобилизаци йеш

Нохчийчуьра йолахойн конвейер

Нохчийчуьра "Оьрсийчоьнан спецназан университет", документашца спортан-кхийсархойн клуб йу, Украинехь тIом болийчхьана йоллу пачхьалкхера "лаамхой" кечбен центр лоруш йу и. ТIом боьдучу шина шарчохь цигахула чекхваьлла 16 эзар стаг, дийцира Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовса Медведев Дмитрийс, кху шеран чиллан-баттахь тIаьххьаара ша Нохчийчу веанчу заманчохь.

"Лаамхошна" вербовка йарх пайдаэцначу хьалхарчу тIеман хьаькамех ву Кадыров Рамзан – цо аьтто баьккхира цуьнан шен политикан позицеш чIагIйан, шен дош лелар шордан а, аьлла хета ISW-н аналитикна Степаненкона.

2022-чу шеран охан-баттахь Кадыровс дIахьедира, хIора кIиранах Гуьмсехь 200 гергга "лаамхо" ву кечвеш, хIоранна а 300 эзар сом лур ду а элира. Башха даккхий хIумнаш дацара кандидаташна тIеэгийнарш: Нохчийчуьра центрехь кечвина, тIаме хьажийначу Челябинскера Воложанин Александра дийцира, вербовка йеш тидаме ца оьцура набахтехь хан текхна хилар, могушаллин хьал, йа и стаг ханна воккха хилар а.

Лаамхой олучарлахь кеп-кепарчу бехкашна тIехула тоьхна хан чекхйаланза нах хиларх дуьххьара дийца даьккхира стигалкъекъа-баттахь. Лахьан-баттахь Гуьмсера полигонехь хаайелира батIалхьажойн динан гIалгIайн вежаралла. Карарчу хенахь оцу вежараллин "бIаьхойн тIам" Оьрсийчохь "террорхойн организаци" лерина. Нохчийчуьра "лаамхойн" дакъа ЧВК "Вагнер" тобане хьийсийра, оцу хенахь Оьрсийчуьра набахтешкахь тIетаьIIина вербовка йора цара.

2023-чу шеран чиллан-баттахь "спецназан университетехь" имамаш кечбан болийра: муфтий Межиев Салахь коьртехь а волуш, нохчийн Iеламчаш кIира хан йаьккхира цигахь Iаморашкахь. Динан урхаллин векалш уггар а коьрта рупорш хилира Украинерчу джихIадан тIаме кхийкхорехь. Хьаькамашца а, командирашца а цхьаьна имамаш а декхаре бу тIаме бахийта нах вовшахтоха.

"Спецназан университетца" йоьзна спортан а, туризман а дуккха а функцеш кхочушйен центр 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь приоритете йолчу Нохчийчоьнан инвестицийн проекташна йукъатуьйхира, ткъа масех бутт баьллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан президенте дехар дира нохчийн "спецназан университет" санна тIамана кечамбен центраш Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а йахкийтахьара аьлла. РогIерчу шарахь Генарчу Малхбален федералан гонашкахь векал волчу Трутнев Юрийн идей гIара ца йелира.

Билгала ду кхузахь, "спецназан университетана" ахча латториг йукъараллин Кадыров Ахьмадан цIарах фонд хилар. Мел ахча дайина центрна шина шарахь, хууш дац. 2022-чу шарахь фондо дIакхайкхийра 723 миллион соьмана шайн активаш кхиарх а. Делахь а, схьахетарехь, ахчанан доккхаха долу дакъа чоьтехь ца лерина. Чиллан-беттан йуьххьехь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедира, Украинехь тIом болийчхьана оцу тIамана хIинцале а 28,6 миллиард сом дайина аьлла. Официалехь оцу тайпа ахчанаш "гIоьналлин" фондан чоьта тIехь цкъа а хилла дац.

2024-чу шеран чиллан-баттахь Оьрсийчохь йолахой кечбен, уггар а коьртачех йолу центр Путин Владимиран цIарах хир йу элира. Шен "Ахмат" ницкъашна кхин дIа а эскархой гулбеш ву Кадыров, амма "лаамхой" вовшахтухуш цунна гIо до хIинца Оьрсийчоьнан тIеман министралло а Росгвардино а, билгалдаьккхира Степаненкос.

Ростовера бунт

Украинана дуьхьал бечу тIамехь уггар а коьртачу хиламех хилира 2023-чу шарахь ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочун Пригожин Евгенийн "Нийсонан марш" а, цуьнан эскархоша Ростов-ГIалара Къилбан тIеман гонийн штаб дIалацар а.

Марсхьокху-беттан 23-чохь суьйранна Пригожина хаамбира, ЧВК "Вагнеран" тылера позицешна тIе Оьрсийчоьнан эскархоша тохар дарх, "Оьрсийчоьнан куьйгалло дохьуш долу зулам" сацон лаам хилира цуьнан. Мангал-беттан 24-чу буса цо дийцира йолахой Ростов чубахарх.

Оьрсийчоьнан ФСБ-но бехкзуламан гIуллакх айдира Пригожинна дуьхьал, герзашца бунт гIаттор аьллачу артиклехула, ткъа президенто Путин Владимира цо бинарг тешнабехк бу, даймахкана йамартло йар, йоллу Оьрсийчоьнна тохар а ду элира. Сатосуш ЧВК-н йолахоша танкаш тIехь гоне йерзийра ЮВО-н штаб, цигахь йу Украине гIортарна тIехь буьйралла ден пункт, иштта чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, ФСБ-н а, гIалин администрацин а, регионалан урхаллин а гIишлош. ГIалин урамашкахь бацара полисхой, ткъа талламан органашкара белхахошна хьехнера белхан меттигашка схьа ма гIерта са тесна даллалц муххале а аьлла. ГIаличуьра цIерпошташна а, автобусашна а билеташ дара дIаоьцуш тIетаьIIина.

Бунт гIатточу хенахь Пригожин хаьддера медиашкахь уггар а чIогIа вуьйцучу шен бIанакъостах – Нохчийчоьнан урхалхочух Кадыров Рамзанах. Цу шиммо цхьаьна критика йора тIеман министраллина, инарлийн сацамашна тIехула, йа тIеман гIирсан къоьлла хиларна. Бакъду, Кадыров Путин волчу вахана йухавирзинчул тIаьхьа цIеххьана хийцира Кадыровс шена хетарг – тIаккха Пригожинна лен волавелира иза.

Бунт йолайелла 12 сахьт даьллачу хенахь Кадыров Рамзана элира Ростовера тIеман гIишлош дIалецар "Пригожинан тешнабехке марш" йу, "хьал ира лаьттачу" меттиге "Север-Ахмат", Алаудинов Аптис куьйгалла ден "Ахмат" спецназ а хьажор йу аьлла, дIакхайкхийра цо. Ростовна 87 чакхарма дехьа тидам хилира Кадыровн тобанийн, буькъачу некъахь севцна лаьттара уьш.

Жигара ЧВК "Вагнеран" йолахошкахьа бевллера Ростовера бахархой – герзашца, тIеман барзакъца болчу нахаца суьрташ дохура гIалин бахархоша, шайн берашна гойтура тIеман техника, салташна йуург лора, хи, гергарчаьрга бистхилийта телефонаш лора. Масех де даьлча "ВКонтактера" тематикан йукъараллаш йуьйлайелира, оцу бунта йукъахь хилла эскархой леха. Куьйгаш луш, мерабетталуш новкъавоккхура Пригожин Оьрсийчоьнан Iедалхошца барт хиллачул тIаьхьа. Ткъа шайн белхан декхарш кхочушдан йухабирзинчу полисхошка маьхьарий деттара "Эхь ду шуна" бохуш. ХIетте а Путина баркалла элира Ростовера ницкъахошна "пачхьалкх Iалашйарна".

Бунт гIаттийначаьргахьа нах хилар чIогIа дика гуш дара, "нийсонан марш" бирзинчул тIаьхьа губернатор декхаре хилира бехказавийла, могIарерчу бахархойн духарш доьхна, шаьш йолахой бара и суьрташ дохуш, цаьргахьа бевлла сурт хIиттийнарш аьлла.

Цхьана дийнахь гIалина дина зен бIе миллион соьмашкахь ду аьлла, мах хадийра – танкаша некъ бохийнера, цхьаъ гIаларчу циркан кевнаш йукъахь йиссинера, аьтту боьхначу путчан билгало санна. Марсхьокху-беттан 23-чохь Пригожин Евгений тIехь волу кема доьхна чудеанчул тIаьхьа оцу меттигехь маса дIахIоттийра ЧВК-на мемориал. Полицино а, коммуналан белхахоша а масийттаза дIадехира цигара зезагаш, амма Ростовн бахархоша йух-йуха а кхоьхьура.

Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашлахь дукхахболу хийцамаш буьйлабелира бунт хилале хьалха, цара питана дина гIаттийра дуьхьало, билгалдаьккхира тIом зуьйчу Институто.

"Тутмакхашлахь "Шторм-Z", "Шторм-V" дакъош вовшахдетта буьйлабелла Оьрсийчохь, тIеман министралло ЧВК "Вагнерера" тутмакхашна вербовка йар шайн кара эцначул тIаьхьа. Цул совнах, тIеман министралло рожера дакъойх дIатоха йолийра цхьайолу вовшахтохараллаш, цо декхаре бира "Вагнеран" йолахой контракташна куьйгаш йаздан – Пригожин дуьхьал хилла перспектива, оцу тIехула йолийна бунт", - дерзийра ISW-но.

Пригожинан бунто Краснодаран кIоштара полигон дIакъовлийтира, вербовка йар а сацийра. ГIадужу-беттан йуьххьехь йухкуш йу аьлла, дIакхайкхийра Геленджикана гергара Пригожинан хIусам, ткъа лахьан-баттахь Кадыров Рамзана дIахьедира, 170 йолахой хилларш "Ахмате" сехьабовларх: нохчийн спецназа йукъара декъана керла цIе тиллира "Камертон" аьлла.

Стиглара кхерам

ТIом боьдучу шина шарахь дозанашца лаьттачу регионашкахь тохарш дар а, дронаш эхар а денна бохург санна хуьлура. Ростовн кIоштахь тохарш дарх дуьххьара хаамаш кхечира тIом а болабалале хьалха – царех лаьцна чиллан-беттан 19-чохь а, 21-чохь а дIахьедира Талламан комитето. Божалх тера ши гIишло йохийнера аьлла бехкзуламан гIуллакх долийра, йукъараллехь кхерамечу кепашца адамаш дайъа тIелатарна аьлла, делахь а, шуьйрачу тIамца Украинана тIелатар динчул тIаьхьа цунах лаьцна кхин цхьаммо а хьаха а ца дира.

ТIом болийначу хьалхарчу кхаа дийнахь Ростовн кIоштахь кхин а луьра тохарш дира: Украинаца дозанехь йолчу Миллеровскан кIоштана дозана а дакъа кхечира. Дукха ца Iаш, шайн беша кхеттачу ракетех лаьцна дийцира Краснодар-махкара Шабельское эвларчу бахархоша.

ТIом болабеллачу хьалхарчу бархI баттахь Оьрсийчоьнан къилбехь оцу кепара мел кIезиг а 19 инцидент хилла. Оцу кепара тIелетарш дечу хенахь Ростовн кIоштан Iедалхоша жигара версеш йаржийра, бахархошна хезна лелхийтарш – кемано тIехсов гIовгIа йаккхарца доьзна дара, оцу кепара кхетон хьийзара губернатор. Кхинйолу версеш "питана" дан а, нах бохийта а лелош йу элира.

Гуьйренан йуьххьехь тохарех нах Iалашбен организаци меттигерчу тIегIане йерзийра: иштта хиира, Украинаца долчу дозана 74 чакхарма дехьа йолчу Белая Калитван администрацино кехат дахьийтарх компанин урхалла дечаьрга, гезгамашин-бутт чекхбалале "совнахчу хIуманех цIанйе лочкъийлаш" аьлла– тIекIелдинчу цIенойн бухара лармаш. "РогIера планаца барамаш" бу элира хуьлуш долчух, ткъа кхин а йаккхийчу гIаланашкахь тIетохарш дарх лаьцна хьеха а ца дира: Ростовн администраци дуьхьал хилира бомбанех лочкъийла йолу меттигаш йовзийта, "белхан гIуллакхашна" лерина йу уьш аьлла. Регионалан орцанхойн министраллин урхалло кехаташ даржийра, лармаш чохь ларлуш хила аьлла.

Оьрсийчоьнан къилбехь тIамца боьзна уггар а боккхачу сингаттамах хилира Краснодар-махкара Ейск гIаларчу тIекIелдинчу цIенна тIе СУ-34 кема дожар. ГIадужу-беттан 17-чохь Оьрсийчоьнан тIеман кема кхийтира нах беачу цIийнах, цигахь цIе йаьлла лазийра 43, велира 156 вахархо, ворхI стагах лаьтта доьзал а белира. Цул тIаьхьа биъ бутт баьлча дарбанан цIийнахь кхелхира цигахь йагийна хилла йалх шо долу йоI а. Йохийначу хIусамаха 15 эзар сом лур ду элира йуьхьанца, йуха I0 эзар соьме мах охьабаьккхира, дийцира Кавказ.Реалиига цхьахйолчу йахархочо.

РогIерчу шеран стиглакъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан къилбехь украинхой тIелата кечлуш бу бохуш, хабарш даьржинчу хенахь дронашца тIелетарш да долийра. Мехкадаьтта чекхдоккхучу заводашкахь дронаш йаьхкинчул тIаьхьа йаккхий цIераш йийлира. Ши бутт баьллачу хенахь тохаршна бухахь нисйелира бахархойн инфраструктура а – товбеца-беттан 28-чохь Таганроган йуккъехь украинхойн С-200 ракета йуьйжира. Лоьрийн гIо ийшира 22 адамна. Iедалхоша дIахьедира, тIемалоша кхин а тIе а барамаш лелош бу Таганрогана тIехула хIаваан шорте Iалашйеш аьлла.

Таганрогана динчу тIелатаршна тIаьххье кхиаме дронашца тIелетира. Ростовна гезгамашин-беттан 7-чохь дрон охьайуьйжира гIалин йуккъехь, Къилбан тIеман гонийн штабана уллохь. Кораш дохийра цо, цIенойн фасад йохийра, когаш хедийначу цхьана стагана лоьрийн гIо ийшира.

Шарахь тIом бинчул тIаьхьа регионалан Iедалхоша барамаш тIеийцира дронех ларлуш: Волгоградан кIоштахь керла система кхолла буьйлабелира, бахархошна а, хьаькамашна а дронаш йогIуш хаийта.

ТIеман хьелашкара школаш

ТIеман шина шарчохь цуьнан тIаьхье дешаран хьукматашка а цхьаьна кхаьчна: школашкахь пропаганда йар ламаст хилла дIахIоттийна, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица динчу къамелехь "Хьехархойн Альянсан" куьйгалхочо Кен Даниила. 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь дуьйна дешаран кIира дIадоладо байракх хьала а ойбуш, Оьрсийчоьнан гимн олуш, "Коьртачех къамелаш" деш. Оршотан дийнахь урокаш дIайевллачул тIаьхьа дуьйцучу оцу къамелаша дешархойн "Оьрсийчоьнах дозалла" дар гIаттор ду бохура.

Ставрополь-махкарчу Шангала эвлахь школера дешна волучу Бабасиев Радика дийцинера берашка, оккупаци йинчу дозанаш тIехь къола дарх Оьрсийчоьнан эскархоша. Берашна тIебуьтура йолахой а: Краснодар-махарчу Привольная станицера школе кхоалгIачу классе кхайкхина валийнера "веза хьаша" ву аьлла ЧВК "Вагнеран" эскархо. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь хиллера йуьйцу урок, амма тIаьхьо школан сайтера дIайаьккхира информаци. Берийн бошмашкахь а цхьаьна дуьйцу Украинана Оьрсийчоь тIелатарх: Кубанера Новомышастовская станицехь стохка аьхка ролик гайтинера ШолгIачу дуьненан тIамах лаьцна йу аьлла, цу тIехь тидам хилира кху заманан Оьрсийчоьнан танкаш хилар Z-символикаца.

Денна байракхаш ойбуш, урокаш йирзинчул тIаьхьа берашца къамелаш деш ца дирзира дешарна милитаризаци йар. Оьрсийчоьнан эскаршкахьа хилар дIагойтуш акцишна йукъа а ийзадо бераш. 2022-чу шеран лахьан-баттахь спортзалан лаьттахь Ставрополан-махкарчу Буденновскера а, Пятигорскера а берийн волейболийн тобанийн декъашхой дIахIиттийнера Z элп деш. Иштта лахьан-баттахь ХIинжа-ГIалара кхелхинчу полисхойн бераш церан портреташ карахь гIали йуккъехула чекхбехира марш йеш. Цул тIаьхьа центрера майданахь Z, V элпаш деш дIахIиттийнера. Оцу кепара барамаш дешаран хьукматашкахь лелийна ца Iаш, дешархойн каппашкахь а цхьаьна дIахьо.

Цул совнах школанех пайдаэца буьйлабелла тIамна гIо лоцуш а, кхин дIа дийцира цо. Стохка зазадокху-баттахь Ростовн кIоштара низамаш дахаран гуламан депутато Иващенко Татьянас хьийхира дешархошка маскировкина бойнаш а, окопехь дагон чIурамаш а дайта деза аьлла. Лаахь а, ца лаахь а тIедожон деза и бохура цо, дегара-ненера пурба а ца доьхуш. Цул а ахшо хьалха Ростовн кIоштан губернаторо Голубев Василийс видео хIотиийра, цу тIехь Шахтинскан дизайнан а, сервисан а техникуман дешархоша Оьрсийчоьнан эскархошна балаклаваш тоьгура. Оцу кепара практика йоллу пачхьалкхан доьшийлашкахь лелош йу, иштта Ставрополь, Краснодар-мехкашкахь а, Къилбаседа Кавказан республикашкахь а. Подмосковьера Коломны гIалара номер 14 йолчу школан йоьалгIачу классан дешархошна "Ахмат" спецназо совгIаташ а цхьаьна дира – маскировкин бойнашца а, окопехь дагон чIурамашца а "тIамана гIо дарна".

Ейскера "берийн парадан" декъашхо. Краснодар-мохк, 2023-чу шеран охан-беттан 26-гIа. КIоштан куьйгалхочун Бублик Романан телеграм-каналера схьаэцна сурт
Ейскера "берийн парадан" декъашхо. Краснодар-мохк, 2023-чу шеран охан-беттан 26-гIа. КIоштан куьйгалхочун Бублик Романан телеграм-каналера схьаэцна сурт

2024-чу шарахь дешаран программаш йукъайаха дагахь бу: гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь дуьйна керла предмет хир йу школашкахь "Кхерамзаллин, даймохк Iалашбаран баххаш" аьлла. Цу йкъахь хир ду тIамана кечамбар, ишта оцу урокан гурашкахь дронаш лелон Iамош курсаш а хир йу. 2023-чу шеран аьхка дуьйна кечамбинера дешаран хьукматашкахь дронаш лелон Iаморан. Цул совнах пачхьалкхан ЕГЭ экзамен дIалучу заманчохь кху шарахь дуьйна историхула кхочушдан дезар ду церан Украинерчу тIамаца доьзна тIедахкарш.

"Пропаганда тIеэцар тIедожийна ца Iаш, и пропаганда кечйар а тIедиллина дешархошна. Программи йукъа йахийтарна ду и. Дика хьуьнарш хьайн хила лаьий хьуна, 10-чу классе вала а, цул тIаьхьа лакхарчу доьшийле хIотта а – дIагайта хьайн муьтIахьалла, академин урок йолуш санна йухайийца пропаганда а. Путинан историх болу хьажам кеп-кепарчу урокийн программашка кхаьчна: истори кхаьчна ца Iаш, масала, йуьхьанцарчу классашна йолчу "Гонахара дуьне" дисциплине а кхаьчна. Къаьстина йозуш йоцу пачхьалкх санна хилла Украина дIайаьккхина Оьрсийчоьнан багарбинчу лулахойх", - билгалдаьккхира Кена.

2024-чу шеран йуьххьехь тIекхуьу тIаьхьо кхиорна нохчийн эскархой йукъаозон сацам хилира: пачхьалкхан думин депутато Кузнецов Дмитрийс дийцаредар хьехна берийн "Ахмат" йукъаралла кхоллар. Цигахь нохчийн тIеман дакъоша дешархошкахь кхиор йу патритизм – идейна дукха ца Iаш тIетайра Кадыров Рамзан а, "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Апти а, йаздархо Прилепин Захар а. Берийн "Ахмат" тобане эцар хир ду стигалкъекъа-беттан дезачу деношкахь, ткъа аьхка бераш дуьгур ду сепартартистийн ЛНР олучу дозана тIе. Пачхьалкхан грантех латтон Iалашо йу проект. Украинехь тIемаш бечу националистийн "Русич" тобанхоша критика йира, Нохчийчохь "патриотикехь кхетош-кхиоран" идейна. Царна жоп лучу Алаудиновс "диванан турпалхой" ду шу элира цаьрга.

"Суна хетарехь, хIокху Iедалехь хIара тренд хийцалур йолуш йац. Къизачу авторитаризмана тIера диктатуре воьрзуш, Путинна эшна йоллу йукъаралла шена муьтIахь хилар, школе дахазчу берашна тIера дуьйна Шена хетарг маьрша дIаала цхьана а кепара тIегIа могуьйтуш йац, цундела пропаганда болх беш йу массанхьа а, массарна тIехь а", - дерзийра Кена.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG