Кавказ.Реалиин редакцино талламбира, Украинехь тIом болабеллачу юкъанна муха хийцаелира Нохчийчоьнан куьйгалхочун риторика:"Киевна штурм ян пурба ло" аьллачу кхайкхамна тIера Оьрсийчоьнан тIеман министраллина йиллина критика ярна тIе кхаччалц, зарратан герз дуьхьал даккха бохуш, хьехарш дар а, маьршачу гIаланашна тохарш дар нийса хетар а ду.
ГIадужу-беттан 10-чохь Iуьйранна даккхий ракетийн тохарш дира Украинан гIаланашна Оьрсийчоьнан эскаро – и тIелатар тIом болабелчхьана уггар доккхачех дара, мел лахара а бIе тохар дира цу дийнахь. Ракетийн а, дронийн а Iалашо хилира Киев, Днепр, Харьков, Житомир, Николаевка, Кривой Рог, пачхьалкхан малхбузера цхьа могIа гIаланаш а – ерриг а тохарш динарг яра 12 кIошт. Вийра 14 стаг, кхин а 97-нна чевнаш йира. ШолгIачу дийнахь Оьрсийчоьно кхин дIа а дIадаьхьира ракетийн тохарш.
Украинан президенто Зеленский Владимира дIахьедира, доллу дозана тIе тохарш дарх, ткъа церан коьрта Iалашо бахархойн гIишлош, уггар хьалха, энергетикех йолу аьлла. Iуьйранна тохарш дарх лаьцна хаамаш баьржинчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан медиахь коьрта тIеман пропагандист хиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, хIинца "бIе процентана реза ву ша леррина тIеман операци дIаяхьарна" (иштта олу оьрсийн пропагандо Украинана дуьхьал болийначу тIамех.- Редакцин билгалдаккхар.).
"Юкъара градус ю цо каралойохург"
Украине гIоьртинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна Кадыровс масийттазза дIахьедира "Киев схьаяккха" лаам хиларх. Зазадокху-беттан 5-чохь цо видео зорбане яьккхира "кеста Киев ерриг вайн хир ю" аьлла бухахь яздеш, ткъа цул а де хьалха доьхура, "Харьков, Киев, кхинйолу гIаланаш а схьаяхийта тхан эскархошна омра ло" бохуш. Зазадокху-беттан 6-чохь Кадыровс хаамбира, "графикца а догIуш, Киевехьа гIерташ ду" эскарш аьлла.
Киевн агIорара оьрсийн эскар юхадерзийначул тIаьхьа а Кадыров ца соцура гIала "яккха" лаам хиларх дIахьедарш дечуьра. Охан-беттан 11-чохь цо хаамбира, "Киев а, йиссина гIаланаш а схьаяха" планаш хиларх, иштта хьийхира тIемаш муха бан беза дуьйцуш шена хетарг а.
ТIаьхьо Кадыровн телеграм-каналехь кхин а масийттазза хьахийра Украинан шахьара схьаяккха "лаамех", ткъа мангал-баттахь машанехь Нохчийчуьра видео гучуелира – меттигерчу ницкъахойн барзакъа тIе тегнера "На Киев" йозанаш. Муьлхачу декъеара эскархо ву хоуьйтучу меттигна тIе тегнера йоза. Товбеца-баттахь Кадыровс хаамбира, "хьалха ваха" Iалашо хиларх а, "атта" Киев а, НАТО-н пачхьалкхаш а схьаяха кийча хиларх а.
Оьрсийчоьнан Iедалан юкъарчу риторикаца хила гIерта Кадыров, вац иза цхьа къаьстина хаарш дерг, аьлла хета политологна, "Либералан мисси" фондан кхеташонан декъашхочунна Жаворонков Сергейна.
Кхин болу дуккха а Оьрсийчоьнан хьаькамаш а санна, официалан трендехь дерг ду цо дуьйцург
"Хьерабовларан юкъара градус ю цо юхаюьйцург – атта юха а волу. Цунна ца оьшу юкъараллин аудитори, цунна коьрта ву, шен интерес йолу цхьа стаг – иза Путин [Оьрсийчоьнан президент Владимир] ву. Цундела Кадыровс дуьйцур ду юкъарчу Путинан контекстера хабарш. Кхин болу дуккха а Оьрсийчоьнан хьаькамаш а санна, официалан трендехь дерг ду цо дуьйцург. Кхана Путина тIом сацон беза алахь, маса цунна тIетовр волуш ву Кадыров", - аьлла хета Жаворонковна.
Юьхьанца Нохчийчоьнан куьйгалхочун эйфори яра, масех дийнахь Киев а, кхинйолу гIаланаш а схьайохур ю, риторика йогIуш яра, билгалдоккху нохчийн "Толам" юкъараллин боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата: "Цул тIаьхьа, цигахь шен эскарш хIаллакдан долийча –шаьш схьаяьхначу территореш тIехь къепе латтон кадыровцийн дакъош- Путинна латкъамаш бан волавелира иза, ша "Киевн чувахийтар" доьхуш, шен цхьа таро йолуш санна, иза сецориг цхьаъ ду, Путинан омра".
Чиллан-баттахь кадыровхошлахь Украиннехь белларш пачхьалкхан кхерамзаллин сервисан зерашца бIе стаг вара. ХIетахь Кадыровс Нохчийчуьра шиъ валар, ялханна чевнаш яр бен бакъ ца дира.
Кремлан пропагандин дакъа
ТIом болабелчхьана Кадыровс чIагIонаш йора, "Украинан маьршачу нахана тIелетарш ца до Оьрсийчоьнан эскарша, украинхошца дукха дика бу уьш" бохуш.
"Iаламат коьрта ду спецопераци дIахьочу заманчохь цхьа а маьрша вахархо вийна йа лазийна цахилар", - элира Кадыровс кху шеран зазадокху-баттахь.
Бутт баьлча Нохчийчоьнан куьйгалхо кхерамаш тийса волалур ву луларчу пачхьалкхана зарратан герзаца, ткъа Киевна герггахь маьрша нах байъарх хуур ду, бакъонашларъярхойн хаамашца а, меттигерчу бахархойн дийцаршца а, цунна бехке бу кадыровцаш, дуьненан юкъараллина.
Кадыровн дIахьедарш – оьрсийн пропагандин дакъа ду, шайн ма-хуьлла факташ харцъеш хIоттийна йолу, билгалдоккху украинхойн экспертийн "Сова" тобанан профессоро Савва Михаила.
"Кадыровхой олуш берш бехке бу Украинехь маьрша нах байъарна, цунах лаьцна цхьана пачхьалкхан Iедалан органаша дийцина а ца Iа", - чIагIдо къамелдечо.
Гезгамашин-баттахь, Украинан эскарша кхиаме контртIелатар динчул тIаьхьа, Кадыровс масийттазза элира "спецопераци" - "ца девлла" а, "хилаза цадолург а дара", федералан каналашкахь дуьйцург тIаьхьара а олуш.
"Ас даим олура, Кадыров шен лаамехь лела фигура яц, шена билгалдаьхначу гурашкахь а, шена магийнарг а бен дац цо олург, - комментарий йо Сулейманов Джамбулата. – Польшина кхерамаш туьйсура цо, оцу пачхьалкхехула малхбален мехкашкара гIо кхачон долийча. Киевера Оьрсийчоьнан эскарш юхадевлча, Кадыров Мариуполян агIонна тIевирзира, шен шефан Путинан дуьхьа "массарех а кескаш яха" кийча хиларх дIа а хьедеш. Риторика юха а хийцаелира, тиктокан роликаш юьйлаелира, нохчийн яхь йолу къам бехдеш, шайх дуьне а кхардош".
"ТIамехь оьшуш бу, ткъа иза оцу агIор ловзуш ву"
Хийцаелира Кадыровн Оьрсийчоьнан эскаран куьйгаллех йолу позици а– и нисделира, украинхойн армино шайн куьйгакIел юхайерзийча пачхьалкхан эзара квадаратан километрашкахь йолу территореш, маьршайоккхуш Балаклей, Изюм, Купянск, Волчанск – ерриг а масех бIенашкахь нах беха меттигаш.
ХIетахь Нохчийчоьнан куьйгалхо тIеман министраллана тIевирзира, стратеги хийца аьлла, тIе а дожош, амма юха а шен дешнашна дIадайира цо, юхабевлла ца хиллера аьлла.
"Нагахь санна, тахана-кхана тIеман спецопераци дIаяхьарехь цхьа хийцамаш ца бахь, со декхаре хир ву пачхьалкхан куьйгалле вала, лаьтта тIехь долчу хьолах цунна дIахаийта. ЧIогIа интересе ду и",- элира Кадыровс гезгамашин -беттан 11-чу буса. Ткъа кхо де даьлча видео дIаязйира цо, "вай цхьанхьа а юхадовлуш дац" аьлла, оьрсийн инарлийн цхьа "экаме тактика" а хьахош, кхайкхамбира "муьлххачу а герзах" пайдаэца аьлла.
Цуьнан дас гIазот кхайкхийра Оьрсийчоьнна. КIанта Оьрсийчоьнехьа гIазот кхайкхийна…
"Президентаца цхьанакхетийтар доьхур ду ша, "къепе хIоттон" бохуш, мохь беттара цо, тIаккха юха эли, "америкахоша фейкаш яржайо, ткъа вай долчахь дерриг а дика ду". Вай дийцаредийр ма дац цуьнан "шолгIачу къаьстинчу спецоперацин фазех" лаьцна, - беламе ма ду и. Цуьнан дас гIазот кхайкхийра Оьрсийчоьнна. КIанта Оьрсийчоьнехьа гIазот кхайкхийна…Кхузахь цхьа идеологин концепци йолуш санна зен оьшуш дац", - боху Жаворонков Сергейс.
Пхи де даьлча телеграм-каналехь видео гучуелира, цу тIехь Нохчийчоьнан парламентан спикерца Даудов Мохьмадца цхьаьна бацалахь хиъна Iа Кадыров, ватманна тIе а хьоьжуш, - кехата тIехь дерг къаьсташ дац, хетарехь, карта ду иза. "Тоьар ду. Спецоперацин керлачу тактике доьрзу вай. Уьш кхин дIа ловзор бац вай"- яздина ду ролика бухахь.
10 де даьлча Кадыровс бехкаш дехкира Коьртачу тIеман гонийн буьйранчана, инарла-полковникна Лапин Александрна, украинхойн Лиман гIалара эскарш арадахарна. Инарлех "тентак" элира цо, "эхь дайъа тIемаш бечу хьалхарчу позицешка хьажон веза" а олуш.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, украинхойн Лисичанск схьайоккхуш а Лапина дакъалаьцна дац: "Де-факто аьлча, иза цигахь уллохь хилла а вац".
Лисичанск кху шеран товбеца-баттахь схьаяккхар чIогIа мехала хилам бара нохчийн тIеман пропагандина. ХIетахь Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дIахьедира, гIала схьаяьккхина сепаратистийн "ЛНР-о" а, нохчийн, Кадыровс куьйгалла дечу дакъоша а аьлла. Амма ма-дарра дийцича, Кавказ.Реалии сайто ма-яздарра, и схьайоккхучарлахь бара иштта "Вагнеран ЧВК" тобанан йолахой а, сепаратистийн "ЛНР-ра" а, "ДНР-ра" а тобанаш, иштта Оьрсийчоьнан регионашкара Росгвардин эскархой а.
Оццу дIахьедарехь Кадыровс кхайкхамбира Украинехь зарратан герз леладе аьлла – цунах лаьцна охан-баттахь а аьллера цо, хIетахь "билгалъяьхначу меттигашна тактикан заррратан тохар" дар хьехнера цо.
"Со кхетарехь, Кадыровн цхьа лини ю – Пригожинца цхьаьна генералитетан коча а воьдуш, тIеман министраллина а, ФСБ-на а юккъера конфликт. Армин эшарх кIелхьаравийла гIертар ду иза. Стандарте конторин истори: ФСБ-но а, талламхоша а вон болх бина, Путин тIама юкъа воьлла, ткъа хIинца эскрхой бехкебан беза. ШолгIа лини – Кадыровна хила зен дац. ТIамехь оьшур бу, ткъа иза оцу агIор ловзуш ву", - боху Free Russia Foundation тобанан аналитико Соколов Дениса.
Инарлина критика йина масех де даьллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочунна инарла-полковник аьлла, чин делира. Лапин даржера ваьккхира, цуьнан метта гIадужу-беттан 8-чохь чIагIвира инарла Суровикин Сергей- "спецопераци" дIахьочу зонехь вовшахтоьхначу эскарийн тобанан куьйгалле хIоттийра иза. Ши де даьлча Киевна а, украинхойн кхечу гIаланашна а ракетийн тохарш дира.
"ТIамехь эшаро йохор ю, иза болийна йолу политикан система. Гуш ду, тIаьххьара а цунах жоьпаллех вала аьтто бер бац дуккхаъчийн. Цунах мах бала безар бу массеран а – политикийн а, тапъяьлла Iийначу бизнесхойн а. КIегар ларарш долийна, хIора тIеман эшамо турпалхой болчу Путинах а, цуьнан гонах а ямартхой бийр бу- хIунда аьлча, пачхьалкх тIама юкъа озийна цара, ткъа оцу тIе кхачале хIаллакйина арми а, экономика а. Цундела Кадыровн риторика шога хир ю, юхавала цуьнан меттиг ца хиларна", - дерзадо Соколовс.
- ООН-н гIадужу-беттан 10-чохь бинчу хаамашкара, Украинанан дуьхьал Оьрсийчоьно тIом болийчхьана вийна 6221 маьрша вахархо, исс эзар сов ву чевнаш йинарг.
- Украине чугIоьртинчу хьалхарчу деношкара схьа дуьйна арахьарчу зорбанан гIирсашкахь хаамаш гучубуьйлура Оьрсийчоьнан эскаран декъехь вовшахдеттачу регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана буьйралла дечу дакъойх. Малхбален а Европан а медиаша и вовшахтохараллаш хьахош пайдаоьцура Оьрсийчоьнан зорбанашкахь олу "кадыровхой" билгалонех. Кавказ.Реалии сайто талламбира, арахьарчу ресурсаша муха дуьйцу цара лелочух.
- Украине гIоьртинчул тIаьхьа масийттазза хаамаш кхочура Оьрсийчоьнан эскаран бIахошна а, Нохчийуьра эскархошна а, кхечу дакъошна а юкъахь девнаш дийларх. Кеп-кепарчу хаамашца, конфликташ хуьлура къоман билгалонашца а, кега-мерса хIуманашна тIехула а.