Цунах лаьцна дуьйцуш ду «Дуьненера Маршо» цIе йолчу Iамеркахь туп тоьхначу Freedom House (Фридом ХIауз) цIе йолчу адамийн бакъонашкахула йолчу организацино кечдинчу рапорта тIехь. Цу тIехь дуьйцуш ду 195 пачхьалкхахь 2012-чу шарахь адамийн бакъонаш ларъярх а, политикан маьршонаш хиларх а лаьцна.
Паддингтон Арч Freedom House-ан талламаш барехула вице-президент ву. Маршо Радионна интервью луш, цо дийцира, шаьш бинчу талламах лаьцна.
Паддингтон Арч: «Тхуна карийнарг ду Евразехь адамийн бакъонаш ларъярехула долу хьал кху дуьнентIехь уггаре а во хилар. Иза Гергара Малхбалехь долчул а ледара ду. Иза цхьа керла хIума а ду».
Рапортаца а догIуш, Оьрсийчоь ондачу куьйгакIел яхаро билгалдоккхуш ду цигара хьал.
Цу тIехь хьехош ду Оьрсийчоьнан президенто стохка кIоршаме хьешна хилар, маьршачу юкъараллина мехала дерг. Цо дихкина хилар шен махкахошна демонстрациш дIаяхьар. Цо доьхкуш хилар нахана маьршша шайна хетарг ала зорбанан гIирсашкахь а, интернетехь а.
Freedom House-о билгалдоккху Оьрсийсоьнан Iедалша шайн махкара араяьккхина хилар USAID олуш йолу мискачу нахана гIо а, накъосталла а деш йолу организаци. Бакъонашларъярхоша критика йина Iамеркан президентан Обама Баракан администрацина цу хIоьттинчу хьолехь догIуш долу жоп ца даларна.
ШолгIа шо ду Украини рейтинг охьайолуш йолу. Цуьнан коьрта бахьана ду цу махкахь оппозицин лидерш чубохкар. Уьш политикан бух болуш хьийзош бу аьлла хета Малхбузенна.
Стохка Ломара Бадахшан олучу кIоштахь тIеман операци дIаяьхьира Таджикистанан ницкъаллин структураша. Иза дIайоьдуш, цхьа а беш таллам а, я кхел а йоцуш, адамаш дайира Iедалша. И бахьана долуш рейтинг охьаяьлла цу пачхьалкхан а.
Freedom House-ан рапорт тIехь дуьйцуш ду Казахстанехь а оппозицин зорбанан гIирсаш охьатеIош хиларх лаьцна. Цул сов, Жаноозенехь хиллачо сингаттам кхоьллина бакъонашларъярхойн.
Freedom House-о билгалдаккхарехь, кхин баш даладелла хьал дац Беларусехь а, Узбекистанехь а, Туркменистанехь а, ткъа иштта цо хIоттийначу цIейозан бухехь йолчу Шемахь а, Сомалихь а, Къилбаседа Корейхь а.
Паддингтон Арча элира Евразин регионехь масийтта сирла меттиг хиларх лаьцна.
Паддингтон Арч: «Баккъалла а сирла кIайдаргаш ю цу регионехь Гуьржийчоь а кхин а олсам кхиина йолу, Эрмалойчоь а, жимма алсам кхиина йолу, Молдова а. Ткъа вуьштта, Еврази маьрша йоцучу пачхьалкхин хIорд бу».
Freedom House-ан рапортаца а догIуш, кхоччуш маьрша ю кху дуьнентIхь 90 пачхьалкх. 2011-чу шарахь уьш 87 бен яцара. Амма 2012-чу шарахь кху дуьнентIехь демократи лахлуш яра аьлла, хета цуьнан авторшна.
Цу кепара, карарчу хенахь 3 миллаирд стаг (кху дуьнентIехь дехачу адамех 43 %) аьтто болуш ву политикан а, гражданийн а бакъонех пайда эца. 1,6 миллиард стаг вехаш ву мелла а маьрша йолчу пачхьалкхашкахь. Ткъа кху дуьнентIера 34 процент нах (2,3 миллиард стаг) бехаш бу маьрша йоцучу пачхьалкхашкахь.