ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iазап латтораш бехкебар доьху". Бусалба ставрополхочун изоляторера арз


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIехь гIелояр, ток еттар, сийсазвар, кхерамаш тийсар – оцу доллучо а даредайтина шега ша терроран тохар кечдеш вара аьлла, даржийна 25 шо долчу Ставропол-мехкан вахархочо Камнев Даниила. ХIинца цуьнга харцо тIекхолла боху шена бевзаш а боцчу наханна, ша а, уьш а Оьрсийчоьно магош йоцчу "Ат-Такфир Валь-Хьиджра" жамаIатан декъашхой хилла аьлла.

Охан-баттахь ФСБ юкъараллица зIе латточу центро дIахьедира, Кисловодскехь полицин цIенна дан кечдина тIелатар юхатоьхна, радикалан исламхой лецна, аьлла. Официалерчу информацица, Камнев Даниилан цIахь карийна оьккхучу коьчалан дакъош а, ша оьккхург а, цунна чуйохка кечйина гаьргаш а, экстремистийн литература а, ткъа цуьнан мессенджерашкахь хилла оьккху талор кечдан бен хьехамаш.

Оццу дийнахь Кисловодскехь лаьцна, боху, Камневн кхо накъост - "Шемарчу тероризман гIеранерчу тIемалошна ахча гулдина а, Оьрсийчохь йихкина йолчу "Исламан пачхьалкх" организацехьа болчу нехан маша вовшахтоьна а болу, Ставропола-махкахь террорран тохар дан кечлуш хилла Оьрсийчоьнан бахархой".

Лаьцначу Камневн зудчо ша леечу талламчашка дийцина, майра "ша вуйла хаийта тIелела полицин хIума эккийта воллура", аьлла. Яьржинчу видео чохь цо бахарехь, оьккху коьчал муха йо цунна хиина телеграм-каналехула.

Маршонехь шо

Камнев Даниилан гергарнаш кхоьру прессехь шайн цIераш а йохуш дерг ма-дарра дIаала, ницкъ бийр бу шайна Iедалхоша, боху. Цара бакъонашлаъярхошка дийцина, шаьш махкара луларчу махка моссаза доьлху, полице кхойкхий, мел бина некъ, мел лелийнарг, гинарг шайга охьаяздойту, аьлла.

Исс шо хан тоьхна цунна дала тарлучу иттаннах

Цара йовзийтина Камневн биографи, 2013 шарахь 17 шо долу Даниил набахте хьажийна летачохь ларамза стаг верна. Исс шо хан тоьхна цунна дала тарлучу иттаннах. Набахтерчу тутмакхаша хийцина цуьнан кхетам – тIаьххьара а бусалба дин тIеэна цо, цIе шена Хьамза а туьллуш.

2020 шеран Охан-баттахь мукъаваьлла иза лаьцначуьра, декхаревина вехачу меттера буса дIаса ца вийла а, баттахь шозза полице лела а. Шех лаьцна яздина кехат вон а долуш мукъаваьлла набахтех.

Камнев"криминалитетан субкультурах дIахада, шен кхетамна набахтино бинчу тIеIаткъамах хада лерина вац. Юкъараллина пайде йолу зIенаш кIезиг ю цуьнан. Экстремизман идеологи Iаморца, яржорца, шеца кхиорца, набахтера низамаш талхо кийча хиларца билгалвалар бахьана долуш, профилактикан тергаме эцна ву иза", - боху мах хадочу кехато.

Набахтера мукъаваьлча Кисловодске ваха охьахиира Камнев, цигахь ша вехаш Дербентера зуда а ялийра цо бусалба динехь. Шаьш Iаш дара жима зуда а, майра а. Даниил лаьцнийла гергарчарна Охан-беттан 5-чохь телевизор чухула бен ца хиира. Лаьцна латточу 8 бетта чохь нана цкъа а тIе ца кхачийтина – олу, цо талхор бу талламо бен некъ.

Лацале Камневна 7 де тоьхна лаьцна латто Кисловодскерчу гIалин кхело - "полицин белхахоша дуккхаза а документаш гайтар дехча, шога жоп даларна, вада гIортарна". Иза яьржина лела кеп ю: бехктакхаме озо кечвинарг юьхьанца лоцу, административан гIуллакх а гIаттадой, цуьнгара, "дIа а къевлина", оьшу дареш схьадаха.

Ерриг а хенахь Камневн агIолаьцна адвокат ву Iедало тIевиллинарг – шайн адвокат лаца доьзална ахча ца тоьира. Дукха хан йоццуш бен гIо ца дехна цара "Iазапна дуьхьалояран комитетан" регионерчу декъе.

Талламан бала а ца кхечира

: …морзахца пIелгаш цоьстуш, царна а, хьашт доцчу кхечу метте а цхьа цунна девзаш доцу хIур-молха а хьоькхуш

Бехкевийриг цхьана декъанна къерахила, амма ша терроран тохар дан воллура бохург тIе ца оьцу. Цо дийцина бакъонашларъярхошка, лаьцначу хьалхарчу сахьташкахь шена вуно къиза гIело йира, аьлла – морзахца пIелгаш цоьстуш, царна а, хьашт доцчу кхечу метте а цхьа цунна девзаш доцу хIур-молха а хьоькхуш. Юха ток йиттира, тIе хи а тухуш юкъ-кара. И хьал латтийра массийтта сахьтехь. Лоьралла данне а ца дира цунна изоляторехь, цо бахарехь, шайн медик вац, элира.

РогIера Iазап эккхийтира шена тIехь, боху Камневс, Гезгмашин-беттан 8-чохь. Бакъонашларъярхошка а, гергарчаьрга а дийцина цо, шена тIаьхьабаьхкира ша чохь кхобучу №2 изоляторе тутмIаьжигашкахь нах, цара талламан эксперимент ян вигира ша, аьлла. Шена юха а гIелойийр юйла а хууш, логах маж йошу жима урс хьекхна цо, хIетте а, куьйгех гIоьмаш а тохна, коьртах телаган тоьрмиг а боьллина, дIавигина иза. Стенга – иза цунна ца хаьа.

"Тхан адвокате цо дийцина ша цара кхузза хьийзийра, аьлла. Цунна хетарехь, уш Къилбаседа Кавказан гонан талламн коьртачу урхаллера а, Экстремизмна дуьхьалояран центрера а хилла", – дуьйцу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" юриста Кавказ.Реалиига.

ТIаьххьара гIело шена еш, дуьйцу Камневс, ницкъхоша ша оьхьа а виллина, хьатI тIедиттира шена, бевзаш боцчу наханна, уьш цхьана жамаIатехь бара шеца бохучу, ша тIелуьйш хIиттийначу кехаташна буха куьг яздайта гIерташ.

Цул тIаьхьа Камневс арз яздина Пятигорскерчу Талламан комитетан декъе.

Талламан экспериментера юхакхоччушехь теллина Камневна дина дерташ: бIаьштиг цIий доьссина, когаш голешкахь аьраш лазийна, тIехье цIейина, шина куьйган хьорканаш тIехь цIийш. Веъна талламча рогIера дареш даха, амма кхо ца делла. Ткъа оперативан белхахочо арз толлучаьрга дийцина, Камневс ша ларамза охьакхетта боху Къилбаседа Кавказан коьртачу талламан декъан цIачуьрчу ламеш тIехь, аьлла. Ткъа дац цунна тоьшалла, делахь а талламан урхаллина тоьъна Iедалхочо боург, ца айдина таIзаран хьокъехь бехктакхаман гIуллакх.

Iазап латто магош йолу лицензи

Шена гIело йина стаг ша а тхуна гIодеш, дерг ма-дарра дуьйцуш, цунна тIехь соцуш вацахь, эрна хуьлу дерриг а

"Иза Кавказехь кест-кеста нислуш ду, ЦПЭ я ФСБ гIуллакхна юкъайоьлча. Бехкевийриг кхета царна нах хьийзо а, байъа а елла лицензи юйла. Аьрзнаш кхидIа дахдахь, вийна карвойтур ву, цундела кIезиг дуьйцу я юхаоьцу шаьш шайна тIехь Iазап латторах яздина аьрзнаш. Иза бакъоларъярхойн коьрталазам бу, оха леткъамаш бийр бу массо а метте, стаг дийна висийта гIертар ду. Амма шена гIело йина стаг ша а тхуна гIодеш, дерг ма-дарра дуьйцуш, цунна тIехь соцуш вацахь, эрна хуьлу дерриг а", - боху Янгулбаевс.

Цо тоьшалла дарца, Камнев ойланашца гIелвина, охьатаIийна, адвокатца ша дечу къамелехь боху, шега кхин лалур дац Iазап, ша-шен вен гIорта мега ша.

Камневс Талламан комитете дахьийтинчу кехатан копи ю Кавказ.Реалиигахь, цу тIехь цо билгалдоккху ша Кавказерчу талламан коьртачу урхаллино бинчу сацамна ванне а резавацар.

"Со ларамза лахь я сан могашалла цIеххьана галъялахь, я кхиниг нислахь, Iазап латтораш бекебар доьху ас – уьш бахьанехь дина ас шуьга сайн арз", - боху Камневс оцу кехата тIехь.

Талламан комитете Камнев Даниила дахьийтина кехат
Талламан комитете Камнев Даниила дахьийтина кехат

Радикалаш-кегийрхой массех жамаIате язван тарло, рогIехь я цхьана хеннахь – иштта туьду информацин-тидамийн "Сова" центран (Оьрсийчоьна арахьарчу агентийн могIара язйина и центр, амма ша иза цунна резаяц. – Ред.) директора Верховский Александра Камнев Даниилан гIуллакх ДАIИШехь а, "Ат-Такфир Валь-Хьиджра" жамаIатехь а волуш санна листар. Масала, тоьуш ду Оьрсийчоьнан территори тIехь ДАIИШан могIаршка ваьлчхьана, стенгахь ву а хууш доцчу амирна байIат дичхьана. Оццу юкъанна, талламчашна гергахь, хила мега ДАIИШо шен мостагIий лоручу кхечу жамаIаташкахь а.

Ткъа эксперт ша ву тахана а "Ат-Такфир Валь-Хьиджра", шен центр а йолуш, Оьрсичоьнан ницкъхоша ма-баххара, дийна ю бохучух.

Хьалхо Дагестанерчу журналиста Юсупов Идриса дийцира Кавказ.Реалиига, хIун жамаIат ю "Ат-Такфир Валь-Хьиджра", иза муха яьккхира экстремистийн могIара, мел дакъалаьцна цо Къилбаседа Кавказехь радикалан бусалбанашна дуьхьало латторехь.

Iазап латторца доьзна тIаьххьара листинчу девнашлахь ду ГIалгIайчуьрчу полисхошна дуьхьал листина дов – уьш бехкебира гIелонаш ярна а, стаг верна а.

Кхушара Къилбаседа ХIирийчохь итт полисхо кхело бехкевира цара йиттинчул тIаьхьа Цкаев Владимир валарца доьзна. Амма кхелан сацамна аьрзнаш деш хьийза ницкъхой.

Оьрсийчуьрчу набахтешкахула лела тутмакхийн авторитетийн кехат, цо доьху набахтийн урхаллин белхахоша сийсазбеш хьийзийнарш тутмакхийн даржашкара цабиссабар. И кехат шаьш кечдина хилар журналисташка даредина авторша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG