ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юрист Янгулбаев дIахецна IАДАТА-х лаьцна хеттарш а дина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Тахана Iуьйранна лаьцна хилла "Iазапашна дуьхьаляран Комитетан" юрист Янгулбаев Абубакар полицера дIахецна. Оппощицин IАДАТ телеграм-каналан декъах хиларх хеттарш дина цуьнга. Терроризм бакъярца доьзна гIуллакхан гурашкахь лаьцна шаьш аьлла полисхоша. Янгулбаев теш санна ву оцу гIуллакхехь, кхиндерг хууш дац цкъачунна.

Хаамашкахь яздора, Янгулбаевх талламбина, цуьнгара техника а дIаяьхьна, бохуш. Бакъоларъярхо лаьцна вигинчул тIаьхьа масех сахьтехь информаци яцара цуьнгара.

Ставрополан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло а, йа Пятигорскерчу полицин декъо а цхьана а кепара комментари йина яц хиллачух. Оцу урхаллийн официалан сайташ тIехь а цхьана а тайпа хаам бац Янгулбаев лацарх.

Кху деношкахь бакъонашларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" Къилбаседа Кавказерчу филиалан юристо Янгулбаев Абубакара хаамбира, Нохчийчуьра шен 40 гергга ненахой а, дехой а, церан гергарнаш а дIабигина аьлла. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, оппозицин IАДАТ боламан модерацица боьзна хила тарло ЯнгулбаевгIеран вежарий аьлла.

Лацале сахьт хьалха Янгулбаевс комментарий елира Кавказ.Реалиина Кадыровн критикийн гергарнаш лацарх лаьцна.

"Оцу некъашца нохчийн Iедалхойн Iалашо яра даим а шен критикаш кхерон, уьш совцон. ТIаьххьарчу хенахь кеста-кеста стенна нисло хIара? Суна хетарехь, бакъонаш хьоьшуш хиларх хаийта а, дIахьеда а нах кийча бу, ткъа хьалха тапъаьлла Iара", - дийцина юристо.

ТIаьххьарчу кIиранчохь Нохчийчуьра дIавахначу пхеа оппозиционеро дIахьедира, даймахкахь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх. Ву царлахь - Швецехь вехачу блогеран Абдурахманов Тумсон исс гергара стаг (цхьаберш тIаьхьо дIахийцира, амма лачкъийна Тумсон стуннана а, стунйиша а). Германехь вехачу блогеран Мализаев Минкаилан цIийнах болу нах а бигина, билггал хууш дац маса стаг вигина, Европехь болх бечу бакъонашларъяран "Вайфондан" куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергара кхо стаг, Туркойчохь вехачу блогеран Халитов Хьасанан ворхI герагара стаг, Германи дIавахначу Ичкерин адамийн бакъонийн Центран куьйгалхочун Арцуев Асланан цIийнах виъ стаг а.

Денош хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийна, царна чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна видеоматериалаш яржийра махкарчу телегойтийло шен эфирехь а, инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG