Украинана дуьхьал шуьйра тIом болийначул тIаьхьа Европера нохчийн диаспорехь цхьа могIа керла политикан боламаш гучубийлира, Ичкерин маршонехьа кхайкхамаш беш. Церан дIахIоттам муха нисбина, церан йукъаметтигийн башхаллаш стенца йу, церан тIаьхье муха хир йу хаьттира Кавказ.Реалиин редакцино эксперташка.
Охан-бутт бовш "Чеченпресс" сайтехь сацам гучубелира "Ичкерина деоккупаци йаран Пачхьалкхан комитетан" цIарах. Цу тIехь хаамбора цхьа Нагаев Висади дIаваьккхина аьлла. Бахьана ду бохура саботаж йан гIортар, низам талхор, "гуппировщина" лелор а. Кхечу документа тIехь бечу хаамца, "Толаман тоба –контролан-хьехаман органан" куьйгалхо вара иза аьлла.
Нохчийн диаспорана и истори тергамза йиссира, делахь а цо гойту, Ичкерин агIончашна йукъахь кеп-кепара ницкъаш хилар, билгалдоккху редакцица къамел динчара.
Верриг а Европехь вехаш ву 200 сов нохчо – уггар а йаккхийн диаспораш йу Францихь, Германихь, Австрихь а. Европел арахьа Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, Канадехь, Гергачу Малхбалехь, кхечу пачхьалкхашкахь а йу шуьйра диаспораш. Тайп-тайпанчу лараршца, Нохчийчуьра хIора пхоьалгIа вахархо республикел арахьа веха.
Политикан майданахь Европера нохчийн мухIажарийн дозанал арахьара организацийн жигаралла меттахъйаьккхира Украинерчу тIамо. Цунна гIо дира Лакхарчу Радехь Нохчийчоь Оьрсийчоьно дIалаьцна мохк бу аьлла тIеэцаро а. Оцу хенара схьа дуьйна дуьйцийла йу диаспорин жигаралла совйаларх – делахь а нохчий тIеттабохуьйту цхьана а кепара политикан платформа тахханалц гучуйаьлла йац.
ТIаьххьарчу ткъех шерашкахь шаьш Ичкерин Iедал караэцнарш ду бохурш бу – уьш масех тобанашка боькъийла ду:
- Спикер Сараляпов Жалауди (Лема) коьртехь волу Ичкерин парламент
- Ичкерин парламентан декъашхочунна Амагов Доккина гонах йолу тоба
- Идигов Ахьядан куьйгалла ден нохчийн Iедалхойн президиум
- Закаев Ахьмад коьртехь волу Ичкерин арахьара Iедал
Бу иштта кхин а тайп-тайпана нохчийн оппозицин боламаш. Масала, 2022-чу шеран лахьан-баттахь блогеро Абдурахманов Тумсос дIакхайкхийра "Чеченин аз" цIе йолуш шен парти кхолларх, билгалдаьккхира цуьнан Iалашо "онда, къаьмнашна йукъара ницкъ вовшахтохар" хир йу аьлла.
Оццу хенахь аьлча санна йовзийтира Исханов Хьусейна куьйгалла ден "Нохчийн демократин парти", цуьнан Iалашо йу бохура "йозуш йоцу къоман социалан-бакъонан пачхьалкх йухаметтахIоттор". Ший а парти лерина йу Европехь бехачу махкахошна аьлла.
Нохчийн историко, жигархочо Сулейманов Джамбулата а дIахьедира "Цхьааллин ницкъ" болам ша кхолларх – Францихь вовшахтуьйхира иза "дуьненан халкъашна йукъара къобалйазчу Нохчийн Ичкерия Республикин вовшахкхеттачу диаспоро дуьххьарлера съезд" дIайаьхьначул тIаьхьа. Сулеймановс коьрта Iалашо йу бохура дуьненан халкъашна йукъара уьйраш чIагIйар, нохчийн интересаш Iалашйар.
Кхечу политикан боламех къаьстина тоба лаьтта оппозицин NIYSO телеграм-каналана гонаш. Бу ишта йа цаьрца а, йа вукхаьрца а боцу йукъараллин, бакъоларйаран боламаш – масала, "Вайфонд" ассоциаци, "Европера нохчийн къоман Ассамблей", иштта кхинйерш а.
Иштта ницкъаш гучубийлар го. Суна хетарехь, Ичкерин заманахь хилларг ду цара лелориг а
Даим а санна, Европехь беха нохчий бала болуш ца хьулу политикаца – уьш шайн могIаршка ийзош къийсам латтабо диаспорера политикаша. Оцу йукъанна дозанал арахьара нохчийн политикан боламаш кхиина хиларх, уьш вовшахкхетта хиларх дуьйцийла йу, "цхьана бакъонаш тIехь харжамийн кампанеш" цара дIахьур йелахь аьлла, тешна ву Германира диаспоран жигархо Давлетмурзаев Асхьаб.
"Шайн диаспорера декъашошна тIетевжина ца Iаш, европахойн йукъараллехь интересаш хьалхатетта а оьший хIинцалерачу политикашна хиъча, тIаккха уьш кхиъна политикаш бу аьлла хетар ду суна, уьш тIаккха лорур а бу ас. Амма цкъачунна ишта ницкъаш дIахIитта гIертар ду суна гуш. Инерцица тоххара Ичкерихь хилларг лелош схьабогIу уьш", - аьлла хета Давлетмурзаевна.
Бале даьлла тилар?
Европера нохчийн боламех цхьаьнгара а кхерам ца лаьтта Соьлжа-ГIалина, аьлла хета Оьрсийчохь вехачу Къилбаседа Кавказехула эксперт волчунна (шен цIе къайлайахьар дийхира цо): "Цкъа делахь, боламаш йукъабаьхнарш боцурш, кхин цара довзуьйтуш хIума дац. ШолгIа аьлча, шайн къаьстина хиларца, кхетош идеологи а, программа а цахиларца цара дагайоуьйту, шайга цкъа а кхочур доцу Iедал дозанал арахьа декъа гIерташ, амма цунах гIуллакх ца хьулуш лела Оьрсийчоьнан политикан тусовка".
Оорсийчоь хIинц-хIинцца йухур йу, тIаккха йухадаьхкина, вай Iедал караоьцур ду бахар – царна моьттург ду, кхин дIа дуьйцу къамелдечо: "Политикан цхьа амбицеш йуьйцучарлахь, боккъал а адамашца болх бан хьакъ волуш, йукъараллин цхьана декъах мукъна а кхетар верг гуш вац".
Цо динчу хьесапашца, Нохчийчуьра Iедалхой уггар а чIогIа эргIадоьхуьйтург Закаев Ахьмада лелар ду, хIунда аьлча, мел а кест-кеста, шен-шен заманчохь цо цхьацца гIуллакхаш лелорна: "Нохчийчохь политикехь цуьнан кхане йу аьлла ца хета суна, делахь а, Оьрсийчоьно Украинехь тIом баьккхинчу йукъанна цуьнан аьтто хилла Украинехь Ичкерин структурин болх вовшахтоха (дуьйцург ду, Украинехьа тIемаш бег ОБОН дакъа. – Редакцтин билгалдаккхар). И цуьнан жигаралла тидамза ца йуьссу Соьлжа-ГIалахь а, Москвахь а".
Европера нохчийн боламаш хIинцца кхиъна бевлла богIу политикан ницкъаш санна, тешна ву Къилбаседа Кавказехула эксперт волу, гуьржийн Рондели фондан политолог Квахадзе Александр.
Доккхачу декъана уьш лаьтта Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъасточу позицешкахь, тIетуьйхира цо: "Цара лелош йу Ичкерин байракхаш, Кадыровн Нохчийчоьнан байракхаш йац. ХIаъ, Кадыровна и проблема йу. Лара деза, Европера пачхьалкхашкахь вехаш цхьаъ хилла а гергара стаг воцу доьзал Нохчийчохь цахилар, - ишта йа вуьшта уьш бозуш бу цара ахчанца дечу гIоьнах. Иштта тидаме эца деза, оцу кепара позици йолу диаспора хиларо а тохар дарх Кадыровн Iедална".
Нохчийн оппозицин политикан партеш а, боламаш а оьшуш йу ала хьалхе ду цкъачунна, аьлла хета бакъоларйархочунна Янгулбаев Абубакарна. Цо билгалдокккху, царех доккхаха долу дакъа Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал тIом болийначул тIаьхьа гучудаьлла хилар.
"Цкъачунна йукъаралла церан терго йеш Iа, цунах а кхетийла ду, хан а кIезиг йаьлла. ХIинцалерачу муьрехь диаспорера политикан жигархой вовшашца а барт болуш бац, вовшех кхета некъаш лоьху цара", -дерзийра цо.
- Къобалйазчу Ичкерин агIончаша тIом кхайкхийра Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна: цара чIагIо йира гIаттамхойн болам меттигерчу бахархошлахь йухаденбийр бу шаьш аьлла. Мел тешам бу оцу дIахьедарех гергарчу хенахь, цуьнан тIаьхьало муха хила тарло а дийцира Кавказ.Реалии сайте эксперташа.
- Карарчу хенахь къаьстина, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.