ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн го - доза доцу оьздангалла


Шаьш хьоло дукъдина, иза дахьа-дилла меттиг йоцуш хьийзар а гойтуш, ткъа официалехь долара бахам охьабагарбечу декларацешка кепекаш а язъеш стенна лела кадыровхой?

2018-чу шарахь шайн доладаьллачу хьолах лаьцна декларацеш чуелла Нохчийчуьрчу парламентан депутаташа. Царех тоьшийла делахь, деккъа цхьана алапа тIехь беха кадыровхой. Инстаграмехь гойту цара ишта. Амма оццу Инстаграмехула гойла ду церан патар баьтта дахар а. Эхь ца хета я царна а, я церан берашна а еза-яккхий шайн гIопаш, S-класс машенаш нахала яха.

Хаза ваха (аьшпаш битта) дихкина дац

Стохка Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада шен бахам дебийна 6,1 миллион соьманна, "Кавказ.Реалиино" яздина ма-хиллара. Декларацино бахарехь, 2017-чу шарахь ша эцна хиллачу Mercedes-Benz AMG 63 машенах ваьлла иза.

Кхидерг дерриг а ду хьалха санна: ши цIа (350 кв.м. а, 718 кв.м. а), ши лаьттан дакъа (1216 кв.м. а, 3982 кв.м. а). Доккхахдолу цIа зудчунна тIеяздина ду, ткъа зуда, 2016-чу шарахь хIиттийначу кехаташа гайтарца, белхан гIоьнча ю.

Кхечу депутатийн хьал гуттар а ледара ду. Даудовн коьртачу гIовсо Закриев Салмана шерачохь доьзале ца даьхьина 1,7 миллион сом бен. Оцу депутатан зудчо, мехкан куьйгалхочун йишас Кадырова Зулайс а ца даьккхина стохка 946 эзар сом бен. Ала дашна, цунна тIеяздина ду 902 кв. м. цIа. Яц машен, декларацино бахарехь, я цуьнан а, я майрачун а.

Кадыровн вовхатар (маьхчел тIаьхьа догIу гергарло), 49 шо долу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а ву, официалах тешча, хьал доцуш стаг. Дийнначу 2018-чу шарахь шен диъ бер цо кхаьбна 4 миллион 769 эзар соьмах.

Яц Делимхановн долахь машен. Бакъду, даржо магадо цунна Iедалан машен долахь йолуш санна лело. Делахь а, бераш дIасадуьгуш я такси кхайкха еза цуьнан, я юкъарчу транспортца бала хьега беза. Амма дац хааделла маршрутан машенца и воьдуш даьккхина сурт Instagram-ехь.

"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин фракцица Пачхьалкхан Думин депутат ваьллачу Догаев Ахьмадан а, я цуьнан зудчун а яц машен, кехаташа дийцарехь. 4,8 миллион сом даьккхина цо стохка. Ши петар ю, амма уьш а ю зудчунна тIеяйина - (64,7 кв.м. а, 86,5 кв.м. а). Лурчах хиллачу денца дуьстича, дахначу шеран деклараци тIехь вац гайтина Догаевн доьзалхо – 2017-чу шарахь цунна кхачийна яра 40 кв.м. петар. Иза, гарехь, кхиина ваьлла.

Кадыров Рамзан а вац, лурчах цо чуеллачу декларацех тешча, хьолехь айвелла – хIетахь цо 7 миллион сом бен ца даьккхинера. Ткъа стохка мел аьтто баьлла цуьнан шен а, цуьнан доьзалан а хьал гулдарца, - иза хоуьйтуш дац, стохкалера деклараци чуяланза ю цкъачунна.

Ала деза, коррупцица къийсалучу дуьнаненаюкъарчу "Трансперенси Интернешнл" юкъаралло яхначу гурахь теллира Кадыров Рамзанан доларчу говрех дерг. Цо дийцарехь, 128 хохку говр ю Кадыровн. 98 миллион сом даьккхина цара тIаьххьарчу деа шеран къийсадаларшкахь. Ткъа и ахча кхаьчна дац декларацин могIанашка.

Нохчийчоь цхьалха яц, массанхьа дерг лела цигахь

"Левада-центро" нахе дукха хан йоццуш хиттира, мел теша уьш хьаькамийн, депутатийн декларацех. Ца теша царех Оьрсийчоьнан 88% бахархой.

Оьрсийчоьнан бохча делла аьтто а баьлла, хьал дебийна нах шаьш ца гайта хьовсу. Журналисташа бечу талламаша боху уьш Iора. Боху Iора …церан зударша а – хасталуш, Инстаграмехула шайн керла Mercedes Gelandewagen-аш нахала яхарца.

Къайлах-къулах буха хиина Iан ца деза Нохчийчуьрчу хьаькамийн хьал толлуш – кадыровхоша дозаллица гойту интернетехула шайгара беза бахамаш.

Коррупцина духьалоян кхоьллина инструменташ яц болхбеш. Нохчийчоь цхьалха яц, массанхьа а дерг лела цигахь, боху "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" хьукматан инарла директоран гIовсо Шуманов Ильяс.

"Наханна го дерриг а, пачхьалкхо ца язъяйта шен йиш яцарна язйойту декларацеш моттаргIа ю, олу. Хьовсал, оха декларацешкахь шен хьолах лаьцна харц тоьшалла диначарна тIаIзар до шуна, бохуш санна, цхьаверг наггахь вохаво балхара. Амма баккхийчу хьаькамех дац иза хьакхалуш а", дуьйцу Шумановс.

Эксперто ялочу ститистикаца, "тешам барна" цIе йолчу бахьаница Iедало даржех баьхначу нахах 98% бу "В", "С" категорера белхахой – ярташкара депутаташ, некъан инспекторш, я уьш санна болу кегий хьакамаш. Статистика ша яржочу хенахь Iедало ца гойту харц-декларацеш хIитторна белхашкара дIабаьхнарш цхьа пекъарш бен боцийла, боху "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" хьукматан векало.

Шумановна хетарехь, "Нохчийчохь Москохчул генабовлу куралла еттарца хьаькамаш", иза ду "юкъаралло Iедале жоп доьхуш а, дахар демократех хьакхалуш а дацар".

"Iедал халкъах дозуш хилар хьахийча, Нохчийчохь кланийн мазанаш лела, демократин институташна цара яха аьтто ца буьту. Ша дийриг халкъанна гайта, халкъе хатта хьашто яц цигарчу Iедалан", билгалдоккху Шумановс.

Цо тидарехь, хьаькамийн хьал декларацешка даккхар – иза, уггаре хьалха, халкъ оцу хьаькамех тешийта кхоьллина институт ю, церан кисана алапа бен ца доьду алархьама, " ма-дарра иза хиича, нах теша, хьаькам хьаннал шен балха воьдий а, цигара ваьлча цIенначу куьйгашца цIавоьдий а".

Шумановс тидарехь, декларацеш язъян дуьхьал бац Кавказера политикаш, хIунда аьлча, кхочуш цадича а долу хьаькам "балхара дIавоккху, ткъа цо къайладаьхьина хьал Iедалан бюджете доьрзу" бохург.

Кадыров стенна ву даима а шен хьал наханна гойтуш хьийзачу хьаькамех? Оцу хаттарна жоп а ло Шумановс: "цунна, политикан коньюнктурин маьIанехь аьлча, кхера хIумма а дац ".

"Цуьнан куьйга кIел ю 100% харжамийн каппаш, кхелаш, иштта дIа кхин а. Султанат ю цуьнан. Иза уггаре коьртаниг ву республикехь. Ши-кхо шо хьалха тхо коррупцина дуьхьалоечу тхайн балха тIехь гIоьртира цигарчу прокуратурин тидам махкарчу харцонашна тIеберзо. Оха динчу дIахьедарех цхьа а тергал дIа ца дира Нохчийчоьнан прокуроро", элира "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" хьукматан куьйгалхочун гIовсо.

Оьший тIаккха декларацеш язъян а?

Пачхьалкхехь хьакамашна тIехьожу система йоцуш ю. Цундела царна хIумма а ца хуьлу хьал нанна, стуннанна, вешина, я шайна луъучунна тIеяздарх. ТIера тидам дIабоккхуш, цара парггIат духку шайгара лаьттанаш, цIенош, масала, гергарчу наханна. ШолгIа делахь, харц деклараци чуелча а хила дац доккха зен – иштаниг даржах воккхуш вац цхьа наггахь бен.

Делахь а, ша институт оьшуш ю, боху Шумановс. Оцу хьокъехь цо иштта элира: "Вай, харжамаш харцонца дIабоьлху аьлла, халкъ царех доккхур дуй? Дац. Я кхелаш хила ма-езза яцара аьлла, уьш дIакъовлур юй? Яц".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG