ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рамади сихха юхаерзо дагахь бу Иракъан тIеман ницкъаш


Иракъ -- Рамади гIалахь Исламан пачхьалкх олучу тобанан байракх дIатухуш ву вевзаш воцу стаг, Стиг. 18, 2015
Иракъ -- Рамади гIалахь Исламан пачхьалкх олучу тобанан байракх дIатухуш ву вевзаш воцу стаг, Стиг. 18, 2015

Масийтта баттахь тIемаш бинчул тIаьхьа Исламан пачхьалкх шех олучу тобано дIалаьцна Иракъера Рамади-гIала. Цу хиламо кхоччуш хийца мегаш ду цигахь дIабоьдучу тIеман сурт. Иракъан Iедалшна гIортор еш болчу суннитийн хьалханчаша дехар дина ГIажарийчоь тIехIоьттинчу шиIатийн милицега, Рамади юхаерзош накъосталла дахьара аьлла.

Исламан пачхьалкх олучу тобанан декъашхоша Рамади дIалецира даханчу КIирандийнахь. Иракъан эскарш сихонца арадевлира цу гIалара, масийтта дийнахь тIемаш бинчул тIаьхьа хIоъ-молха а, гIо а цакхачар бахьана долуш.

Иракъан ницкъаш Рамади шен Iуналлехь латточу заманчохь Анбар-провинцехь болу суннитийн хьалханчаш дуьхьал бара шайн территори тIехь ГIажарийчоьно гIортор еш йолу шиIатийн милцойн тобанаш дIатаръяйта. Амма кху беттан I7-чу дийнахь Рамадера Иракъан эскаран дакъош арадевлча церан кхин некъ ца бисина, шиIаташка гIала юхаерзош накъъосталла дар дехар а бен.

И бахьана долуш шиIатийн тIемалой хIинцале а дIатарлуш бу суннитийн кIошташкахь. Цу кепара цара кхуллуш бу Рамадин фронт.

Цу хеннахь ГIажарийчоьнан тIеман министр Дегхан Хьусайн вахана БагIдаде, Иракъан Iедалан векалшца тIемалошна дуьхьало ян дан оьшург дийцаре дан. Цу тайпаниг хилла дацара цу шина пачхьалкхана юкъахь дуккха а шерашкахь.

Амма Иракъан премьер-министр аль-Абади ХIайдар а, кхечу провинцешкара суннитийн хьалханчаш а, Iамеркин Цхьаьнатоьхна Штаташ а дIоггара реза яц Рамадина гонах шиIатийн милици дIатаръярна. Царна хетарехь, экстремисташца тIом бан кечбан беза меттигера сунниташ.

Амма Анбарера сунниташна хетарехь, Рамади Исламан пачхьалкх тобанера тIемалоша дIалаьцначул тIаьхьа, уьш гIо оьшуш бу шиIаташкара.

ШиIатийн милицин векло ал-Килаби Юсифа дийцарехь, эзарнаш шиIатийн тIемалой ховсийна цара Рамади маьршаяккха. И нах тоьаш бу боху цо и Iалашо кхочуш ян.

Вашингтон реза яц Рамади схьайоккхуш шиIатийн тIемалой юкъаозорна, и бахьана долуш Иракъехь ТехIарано беш болу Iаткъам алсам бала мега аьлла. Iамеркан эскаран векал инарла Остин Ллойд БагIдадехь цхьанакхийтира Иракъан премьерца аль-Абадица Рамади йожаро бийра болу Iаткъам бийцаре бан.

Iамеркин Пачхьалкхан секретар Керри Джон тешна ву Исламан пачхьалкх олучу тобанера тIемалоша Рамади дIалацар сихха дIанислур долуш хIума хиларх. Гергарчу деношкахь иза юхаерзор ю бохуш вара иза.

Керри Джон: «Исламан пачхьалкх тобанан аьттонаш лахбина. Рамадхь цара динарг сана тIелетарш дан а мега цара, амма со вуно тешна ву масийтта де далале дерриг а юхадIанисдина хирг хиларх».

Цу тайппа ойла йолуш ву цу регионера хьал девзаш а, иза шен тидамехь латтош а волу Маршо Радион эксперт Бакир Абдул-Хьамид а. Урданера а, луларчу пачхьалкхашкара а нохчий вуно дика кхеташ бу цигахь хуьлчух бохуш а вара Бакир Iабдул-Хьамид.

Бакир Абдул-Хьамид:

Цу хеннахь Пентагоно дIахьедар дина, шаьш кхин дIа а хIаваэхула тIелетарш дийра ду Рамади дIалаьцначарна аьлла. Iамеркин эскаран векалша бинчу хаамца, цхьана Оршот дийнахь цара 19-зза тохарш дина Рамади-гIалахь дIатарбеллачу Иcламан пачхьалкх олучу тобанера тIемалошна.

XS
SM
MD
LG