ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьашт юй Нохчийчоьнна Babybox?


Чехи - Babybox Ца деза бер чудуьллуш долу гIутакх, ПрахIа, 01Ман2010
Чехи - Babybox Ца деза бер чудуьллуш долу гIутакх, ПрахIа, 01Ман2010

ХIинцца дуьненчу даьлла бер иза ца дезачарга бер ден а дийна, тIе къа ца лацийта а, и бер Iалашдан а, «ваву-бох» олу гIутакхаш ду дIахIиттийна дуккха а пачхьалкхашкахь. Цу чохь масех минот бен ца йоккху беро. Оцу мIаьргонехь дуьйна Iедало шена тIе лоцу иза лардар а, цунна керла да-нана карор а. Нохчийчохь муха ду берашца долу хьал?

ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь, Нохчийчохь хилла дац, дина бера нанас вахькхоссар, ян дарбан хIусамехь, цуьнан долара а йолуш, иза дитар. Юккъараллехь уггаре а чIогIа емал дечарах долу и хIума, дан дагдеъча а, иза цхьанна а ца хуучу агIора деш хила там бу.

ДIакхуссуш долу бераш чу доьхкуш йолу боттанаш Соьлжа-гIалахь хьов, луларчу цхьанна а регионехь хуьлийла дац. Наноша, шай бера дарбан хIусамехь дитар а гIуллакх ду, боху лоьраша. Нохчийочхь тIаьххьарниг хилла, масех шо хьалха, аьлла Маршо радиога дийцира, республикан могашаллийн министраллера, берийн а, нанойн а департаментан куьйгалхочо Ибракова Асета.

Ибракова Асет: «Иза наггахь бен хуьлуш хIума дац. ТIаьххьарчу хенахь-м суна иза хезна а дац.Суна дага а догIуш цкъа, ян шозза хилла и санна дерг. Иза а масс шо хьалха хилла а дага ца догIу суна. Цхъана зудчо, марехь а йоцуш бера дира. Иза Хьалха-Мартан кIоштахь бера дитина дIаяхнера.Ткъа, важа оьрсий яра. И хIумш хилла дукха хан ю. ХIинца суна хезна а дац, бераш дитина бохург. Дац уьш».

Дан ма диннехь дарбан хIусамехь дитинчу беран кхоллам, лоьраш а , йоккхачу комиссино хадабо. Цара цуьнан могашалла а толлий, долаллийн декъе дIало, цул тIаьхьа, цигахь сацам бо, иза муьлхачу доьзале лура ду. Берийн цIа боху дош дIадаккхийтна махкахь, дукха хан йоцуш, нохчийн сийлаллийца догIуш иза дац аьлла.

Ибракова Асет: «Бера ишшта дитича, иза республикан берийн дарбан хIусаме дуьгу. Цигахь комиссии ю. Цара берийн могашаллийн хьокъехь сацам бо. Бера могша дацахь, циггахь дарба леладо цунна. Вай цIахь берийн ценош дан ма дац.Цул тIаьхьа уьш дIало, долаллийн декъе. Цара до тIаккха дан дезарг».

Дарбан хIусамехь дитинчу берийн, дуьненахь, тIехь да а нана а доцуш хан яьккха дезахь а, аьтто бу дийна диса. Амма, наггахь нисло, бера эрна арахь дIакхуссуш а. 5-6 шо хьалха, нехаш санна дIакхоьссина долу делла бера дIадоьллина Султан цIе йолчу хIокху стага.

Султан: «ГIалара цхьана накъоста телефон а тоьхна соьга аьллера, шен кафена уллехь, дан ма диннехь вахькхоьссина делла бера карийна шена аьлла. Юьрта моллина тIе даьхьара оха и дакъа. Хаза а, доккха а бера дара иза. КIант вара иза. Дакъха лийча дан молла валийра оха. Иза воьлхуш вара. Оццула хаза бера дара имза. Iабдул-Керим аьлла цIе а тиллина, каш а даьккхина, кхиъ шиъ-кхоъ молла тIе а веана, дIавоьллира оха и кIант»

Маршо радио:
«ХIун бахьанаш хилла аьлла хета хьуна и бера вахькхоссар?

Султан: « Бера дIакхоссар хIун бахьана ду суна ца хаа. Къайлахь дина а хила мега. Ишшта дIакхуссучулла, цо иза, мичча а нехан коьвна хьалхахь вахьдилла мегар ма дара. Иза мьулхачу стага урамехь гича а схьаоьцура волуш, кIай а волуш, Iьаржа месаш а йолуш, хила ма веззара, доккха дегIа а долуш кIант вара-кх»

Нохчийчохь, 20 шо хьалха болабеллачу тIамо, къоман гIиллакхехь юккъахь дукха инзаре керчамаш бина. ХIета шаьш а кегий бераш хилларш, хIинца дай-наной а бу. Массерана а тоьана хира дац, хьекъал а, собар а, диканиг а, вониг а къасто, аьлла хета тергамхошна. Къоман синмогашаллан хилла болу Iаткъам цхьанна а тайпа байбан ца гIоьбртина Iедалша.Цундела тохар хуьлуш дерш ду, уггаре а экаме долу чкъор-бераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG