ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьайолчу ишколашкахь Ислам-дин хьоьхур ду Данехь


Дани -- Къона бусулба нах бу маьждиге баьхкина КопенхIагенехь,17Гезг2007
Дани -- Къона бусулба нах бу маьждиге баьхкина КопенхIагенехь,17Гезг2007

Цхьайолчу Дани-пачхьалкхарчу ишколашкахь Ислам-дин хьоьхур ду хьалхарчу классехь дуьйна. Иза дахьара, аьлла, дехар динарш ю шаьш цхьайолу ишколаш. Ткъа Данин дешаран министр Анторини Кристинэ реза хилла цу гIуллакхана.


Цунна хетарехь, цхьа а доьхна хIума дац, хIинца цу махкахь Iамош йолу предметаш дIасаекъарна эшам а ца беш, цхьаболчу дешархошна Iамо Ислам-динахь лаьцна урокаш юкъаяхарх.

Цкъачунна цу хьокъехь Iедалан тIегIантIехь билггала бина баьлла сацам бац. Данехь Керстан дин Iамор дIадолалуш ду 6-чу классехь дуьйна. Ткъа Ислам довза лаам хиларна тIехIиттина бу Данехь дуккха а нах, бохуш, дийцира Маршо Радионе цу махкахь вехаш волчу нохчийн юкъараллин жигархочо Ферзаули Iусмана.

Ферзаули Iусман: Кхузахь доьшуш долчу берашна Iамош ю «Керстан-динан лардаш» олу предмет. Бусулба берашна хан тIе ма-кхеччина Ислам-динах лаьцна хаийта программа ю юйцуш ерг. Цунах билггала къаьстина хIума дац. Амма дебаташ ю дIайоьлхуш. Дукха наха тIе а лаьцна иза.

Зудабераша ишколехь йовлакх лелор цкъа а проблема хилла яц Данехь. Мелхо а иза зудабер оьзда хилар санна тIеоьцуш ду цу махкарчу юкъаралло.

«Керста-динан лардаш» олу предмет 6 чу классехь дуьйна Iамош хилар тидаме а эцна, дуккха а бусулба бераш доьшачу ишколашкахь КопенхIагенехь а, Орхусехь а Оденсехь а Ислам Iамо доло сацам беш бу хьалхарчу классехь дуьйна. Цуьнан шен Iалашо а ю, аьлла, хета Ферзаули Iусманна.

Ферзаули Iусман: Бусулба дин машаран дин ду. Бусулба дин цIена дин ду. Жима болуш дуьйна бусулба берашна а, керстан берашна а Ислам хIу дин ду хаийта а, цуьнан маьIна хаийта а ду и хIума юкъадаьккхина.

Ислам-дин Iамор юкъадаккха луучерах ю дукха нах бахарца Данехь шолгIачу меттехь лаьтташ йолчу Орхус-гIалара Сёндерванг (Söndervang) олуш йолу ишкол.
Цуьнан директоро ХIёрлик Ранис дийцарехь, и сацам беш коьрта цара тидаме эцнарг цу ишколехь 80% дешархой бусулба хилар дара.

КопенхIагенан йистехь Iуьллучу Норребру къоштIахь дуккха а бусулба доьзалш бу бехаш. Цигахь, массо а аьлча санна, ишколашкахь хьалхарчу классехь дуьйна Iамош долийна Ислам.

Дин Iаморчу хьехархойн центран куьйгалхочо Ридаль Джона дийцарехь, Ислам ишколашкахь официалан кепара Iамор ду, аьлла, болу хаам реза хиларца тIеэцна берийн дай-наноша.

Данин дешаран министро Анторини Кристинэс ша саготта яц бах, цхьайолчу ишколашкахь Ислам Iамош ду, аьлла. До дийцарехь, цу хьокъехь сацам тIеоьцуш берш бу шаьш ишколийн куьйгалхой.

Нагахь царна иза пайденна ду, аьлла, хетахь, шена а хета иза пайденна хир ду, аьлла, комментари йира цо цу хьокъехь зорбанан гIирсашна.

Амма 6-чу классехь дуьйна Iедалша тIеэцна йолчу планаца а догIуш, массо а дешархошна ишколашкахь Iамо дезаш ду Инжил, аьлла, хета министарна.
XS
SM
MD
LG