Украинерчу тIамехь нохчийн дакъойн кхиамаш ца хиларна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан кхоьру Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир шеца хийцаваларна. Оцу кепарчу жамIашка баьхкина тIом толлучу Институтан (ISW) эксперташ, зазадокху-беттан 13-чохь Путинан Кадыровца Кремлехь хиллачу цхьаьнакхетаран хьесап деш.
Денна ISW-н аналитикаша йовзуьйтучу сводкехь билгалдаьккхина, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Украинера шен эскархой хесторхьама, цара Путинан буьйраш кхочушдо, "чекхдаллалц некъах ца боха" дагахь бу бохуш, билгалдаккхархьама муьлххачу а хьолах пайдаоьцура аьлла. Оцу юкъанна Путинца къамел дечу заманчохь Кадыров ган а гуш воьхна хьийзара, цунах хаа ду, президентана шен тIеман дакъош а, Нохчийчоь а, ша а "позитивехь" гайта лаарна мел а Iаткъаме иза хилар, билгалдоккху ISW-хь. Тахана нохчийн эскарша тIамехь ловзон рол "минималехь" ю боху эксперташа.
"Цундела Кадыров кхоьруш хила тарло, Путинан дагтIера ша вожарна, хIунда аьлча, нохчаша тIамехь кхиамаш боху аьлла, цуьнан дIагайта хIуммаъ дац", - йаздо сводкехь.
Оцу цхьаьнакхетарца Кадыров президентана хьалха шен репутаци чIагIйан хьийзара, аьлла жамIаш дина тIом толлучу Институтан аналитикаша. Шегахьара долчунна, Путин дагахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхочунна тIеIаткъам бан, "ЧВК Вагнеран" а, иштта Оьрсийчоьнан а армин эшамаш болчу юкъанна нохчийн тобанийн тIеман дакъойн рол лакхайаккхийта.
- Бахмутан гергахь "ЧВК Вагнеран" тобанашкара тутмакхашлахь а, йолахошлахь а эшамаш хиларх Оьрсийчоьнан тIеман министралло пайдаэца тарло, Пригожин Евгенийн Iаткъамбар лахдархьама. Цо дIакъахкон тарло цуьнан агIончаш – масала, тоххара массарна а гергахь "ЧВК-н" долахочунна тIетайна Кадыров Рамзан, хаамбира тIом талларан Институтан аналитикаша.
- Ша "Путинан гIашсалти" ву бохучу Кадыровс, Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно тIом дIахьочу юкъанна билгалдоккхура Пригожинна шен тIетар. Цул совнах, церан структураш йара юкъарлонаш лелош: Нохчийчухула тIамтIе хьийсийна "лаамхой" "ЧВК Вагнере" а кхочуш хилар.
- "ДНР" олучу дозана тIехь доладар чIагIдан хьийза Кадыров цигара эскархошна вербовка а йеш, хаамбира ВСУ-но кхоьллинчу украинхойн къоман дуьхьалонан Центро.