ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема – даймохк – набахти


Шемара цIакхоччушехь, набахте вига сахьт дац Оьрсийчуьра схьаваьлларг милла а. Дагалаца догIу, тIом а битина, Iедало шайна хуьлуьйту баьхначу маршоне сатуьйсуш, юхакхаьчначарна хилларг – царна шаьш делла дош а дохош, лоьцура уьш низамхоша.

ДIадахначу оршоьтадийнахь уггаре йоккха тоба кхачийна Соьлж-ГIала Шемара: 12 зуда а, 29 бер а. (Берраш а цIабалийнарш бу ахбIе сов – доккхачу декъанна, бераш).

Гучудаьлла, кемантIе ховшочу муьрехь цаьрга, шаьш кийча ду даймахкахь эшна меттиг ягIахь, бехктакхаме хIитта, аьлла, куьйгаш яздайтинийла. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Малхбалерчу векало Сабсаби Зияда билгалдаьккхина, цIабаьхкинарш кхеле ийзор бу, «нагахь санна хьалха, уьш Оьрсийчохь бехачу заманахь, царна дуьхьал бехк баьккхина хиллехь», аьлла.

Иштта, лаьцна Дагестане дIа ма-кхеччи, оршоьтадийнахь цIабигинчу зударех кхоъ.

«Уьш низамхоша совцийна, царна дуьхьал айбина хилла бехкаш юьхьар а эцна. Ткъа Будайханова Виктория Москох дIахьажор ю, иза цигахь лаца кхайкхийна хиларна», - хаам баржийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас а.

Дуьххьара дац Малхбалера цIабалийна нах жоьпе озор.

Бахначу беттан 21-чу дийнахь Шемара Соьлж-ГIала кхачийра 7 зуда а, 14 бер а. ХIетахь экстремизмна дуьхьало латточу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан центро бохура: цIабаьхкинарш шайн лаамехь Iедална тIебахарх тоьшаллаш яздойтур ду, оцу барамо уьш низамехь йоцчу тIеман тобанехь хиларх дерг къастийначул тIаьхьа бехках хьалха бохур бу.

«Бехктакхаман кодексерчу 208-чу артикло (низамехь йоцчу тIеман тобанехь дакъалацар) боху, лаамехь низамхошна тIевеънарг бехктакхамах воккху. Зударий шайн лаамехь даймахка юхабаьхкина, кхочу царна низамо бешболу къинхетам», - элира РИА Новости агенталлехула оцу хьукматан векало.

Амма хIетахь лецира кхиина довлаза бераш долу ши зуда-дагестанхо, Абакарова Загидат а, Курбанова Муслимат а – бахьане диллира, уьш кхечу пачхьалкхе а бахана, низамехь йоцчу тIеман тобанехь Iар.

Бакъоларъяран «Мемориал» центре гIо дехна Курбанован нанас. Центран юристна Тарасова Галинина хетарехь, кхело бехктакхаман процессан (УПК) кодексо лучу бакъонан ларам а ца бина – карахь жима бер долчу Курбанова Мулиматна къинхетам балора, амма ца бина.

Гезгмашин-баттахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан кхело набахте кхачийра мехкан вахархо Гугов Ислам – иза Iедало шена къинхетам бийриг хиларх а тешна, веанера Шемара цIа. ТIамехь хилла вацаре терра, цунна къинхетам бийр бу и ша Iедална тIеводахь, баьхнера Ислам цIавалош хьийзачу цуьнан дега. Амма кхело Гугов Исламна кхо шо хан туьйхира, иза ФСБ-но пачхьалкхан доза хадош лаьцна, аьлла.

Дахначу Iай 4,5 шарна набахте хьажийра Iедало Караулова Варвара. Иза а хьийзинера Iедална Шема тIаме нах буьгуш хьийзарш Iорабаха гIодеш. Амма цунна а, цуьнан дена а гергахь, Iедало тешнабехк бина иза ша а «Исламан пачхьалкх» олучу тобанах тIакхетта аьлла бехкеярца.

«Наха, царалахь кавказхоша а, телефон туху соьга, шайн бераш бохама кIел нисделла, олий. Амма кхерамзаллин дакъошка гIо деха кхоьру уьш, го царна тхан масал. Оха нах тIаме кхуьйлурш леца аьтто бира Iедална, жамI – Варя набахти чохь йоллу. Мила гIур ву цул тIаьхьа «кхерамзалхошна» гIодан?» - хоьттура Караулова Варварин дас Павела ша дукха хан йоццуш "Кавказ.Реалиина" еллачу интервьюхь.

Шемарчу тIамехь дакъалаьцна аьлла набахте хьийсийначарна йиттина хенаш а ю тайп-тайпана. Шен лаамехь цIа а веана, Iедална тIевахначу нохчочунна Мажаев СаIидна 2 шо хан тоьхнехь, и санна цIавирзинчу дагестанхочунна Усманов Iабдурахьманна туьйхира 16 шо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG