ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

 "Джунглехь" а, Брестехь а...


Беларуси -- Нохчийн мухIажираш, Брест, 31Марс2016
Беларуси -- Нохчийн мухIажираш, Брест, 31Марс2016

Дуьненчохь лаьттачу чолхечу политикан хьоло шайн цIийнах а, махках а баьхна дукха нах карарчу хенахь. МухIажирийн терахь де-дийно лахлуш дац, тIекхетахь биен.

ГIадужу-баттахь дIайоккхур ю аьлла яра Францера Кале-гIалара уггаре дукха мухIажираш гулло "Джунгли" цIе йолу лагерь. Иза цу гIалахь хиларан а шен бахьана ду: Францин лаьттан доза хийистехь кхачалучохь ю и гIала, цигара дIа Британе дехьабуьйлу цу лагерехь совцуш болу мухIажирш. Цигахь гуллучеран Францехь совца Iалашо ца хуьлу. Иза хууш ду Iедална а, цу меттигера бахархошна а.

Делахь а, дIабахначу баттахь меттигерчу бахархоша резабацаран демонстрацеш йинера, "Джунгли" а дIаяккха, цигара мухIажирш а дIабаха, бохуш. Юьртбахаман белхалоша а, яккхийчу машенийн долахоша а некъ дIалаьцнера Iедална шайн лаам кхочушбар тIедожош.

Францин юккъерчу гIуллакхийн урхалчас Бернара Казенёва дIахьедира, и лагерь дIа а яьккхина, цигара мухIажирш ерриге Францехула дIасабаха беза, аьлла. Амма Iедалан структурашкахь, меттигийн куьйгаллехь болчу дуккхачара и нах Францехь охьаховшабайта шаьш реза цахилар дIахаийтира.

Таханлерчу дийнахь, шайн мехкашкара чолхечу хьолах къаьхкина, Францехь паргIато лоьхуш баьхкинарш а бу шортта.

Керла тIебаьхкинчу мухIажиршна мотт Iамочу "Centre" регионера хьукматан куьйгалхочуьнга Дреано Наталига хаттар делира вай, таханлерчу дийнахь, дукхахьолахь, муьлхачу къаьмнех болу мухIажирш бу цу хьукмате кхочурш, аьлла а, цуьнан шен балхаца боьзначу кхиболчу тидамех а.

Дреано Натали: "ТIаьхьарчу хенахь тхан хьукмате мотт Iамон богIушберш, дукхахьолахь, Афганистанера а, Ливера а бу. Уьш чубогIучу хенахь цхьанне а, шортта чубогIу. Шайн махкахь цхьа хIума гIаьттинчул тIаьхьа 6-7 баттахь схьакхочу кхуза мухIажирш."

"Джунгли" дIаяккха, боху демонстраци йина бутт кхочуш, цунна нийсса бIостане хьежам болчара мухIажиршка узуш демонстраци йина хIокху деношкахь цу гIалахь.

Гулбелларш дIасабаха арабевллачу полисхоша царна бIаьргаш Iийжон газ а яржийна, хиш а диттина. Цу хьокъехь блоггерша интернет-машанашкахь оьрсийн маттахь йолчу цхьана сайтехь шайна хетарг иштта дуьйцу:

"Демократи ю и," - боху цхьамма цавашарца.

"Оьрсаша царна герз диттина хир дара," - жоп ло украинхочо.

Ткъа Нохчийчуьра бIеннаш мухIажирш карарчу хенахь Белоруссерчу Брестехь Iаьнна кIелбоьлхуш бу, дехьабевлича Польшано юх-юха арабохуш, дала орца а доцуш.

Наггахь къинхетаме дог долчу меттигера бахархоша йовха бедарш а, кхиндолу сурсаташ а хьо царна.

Цу хьолах дог лозучара Ватсапехула а кхайкхамаш бо...

Ватсапхо:" Дийнахь масех доьзал бен Польшано чубоуьйтуш а бац. И гIуллакх нисдаллалца жимма собар дахьара, эрна ахчанаш а ца дойъуш..."

Амма цу дозанера адам лахлуш дац. Тахана Нохчийчуьра дIаоьхучеран терахьаш дагардеш цхьа а лехамийн хьукмат яц. Салоццург вийначу, я вайначу, я цхьаъ лайначу мухIажирах Европе хаза дахар лаха воьдург ван гIерташ берш багарбеш а яц цхьа а хьукмат. Амма кицанехь юьйцу "тIулгаш схьалехьон хан" тIекхаьчча, массо хIума гучудер ду. Ткъа цкъачунна мухIажирш сатийсамехь бу...

Шайн цIийнах, махках а бевлла тахана дIаоьхучарах кхетачех цхьаъ ву вайн махкахо Дауд а:

Дауд: "ЧIеро кIорга меттиг лоху, ткъа стага шена Iен-ваха паргIато а, дика меттиг а лоху. Цундела дIабоьлхучу нахах со кхета. Церан Дала аьтто бойла..."

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG