ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн ОМОН бакъ хила там бара, студенташна бина ницкъ видео тIе баьккхина ца хиллехь


Нохчийн адвокат Мусаев Мурад Маршо Москохарчу радион студио чохь, 08Гез2009
Нохчийн адвокат Мусаев Мурад Маршо Москохарчу радион студио чохь, 08Гез2009

Москохара «Европейский» олучу мах баран центрана уллехь латарна а, Маймонида цIарахчу академин цхьанаIойлехь ОМОНца тасабаларна а лаьцначу нохчийн студенташкахьа гIо даккха 10 адвокатах лаьтта тоба кхоллар тIедиллина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Дийцарехь, студенташна мехаза дийр долуш ду юристийн гIо. Къомах нохчий хиларна бен бац аьлла Кадыровс, кегийрахойн бехк.

Даханчу пIераскан дийнахь Маймонидан цIарахчу академехь цхьанакхетар хилира нохчийн студенташкахьа къуьйсур болчу адвокатийн а, Нохчийчура леррина Москох вахана хиллачу дешаран министран Музаев Анзоран а, академехь доьшучу цхьаболчу студентийн дай-нанойн а. Цигахь бинчу сацамца а догIуш, оьрсийн талламхочо а, ОМОНо а бакъонаш йохош йиттинчу нохчийн студентийн гIо лоцур ду иттех адвокато. Царна юкъахь ву вевзаш волу нохчийн адвокат Мусаев Мурад а. Мурад оццу академехь хьоьхуш а ву. Амма и хIума Iоттаделлачу хенахь Москох вацара.

Почтехула кехат дахьийтина, хаттарш дан шайна оьшу нах тIе ца кхойкхуш, ОМОН а яхийтина лелийнарг йоккха харцо ю, бохуш дийцира Маршо радиога Мусаев Мурада.

Мусаев Мурад: «Низам дохор бохург дан а дац, ша ма-ярра харцо ю цара цигахь лелийнарг. И харц хилар ган кхин хIума ца оьшу хьуна (хIара тидаме эцахь). Шаьш даьхкинчу дийнахь (талламхоша) шаьш толлуш ду бохучу Европейский (центрана) уллерчу латарх воьзна а, цунах хIума хууш а цхьа садоIу дегI ца дигна цара. Ерриг а провокаци яра иза тхоьга хаьттича».

Маршо радио: Переделкинерчу академин цхьаьнаIойле еанчу полицино лелийнарг дIаяздинчу видео тIехь дикка гуш ду, Талламан Комитетера стага нохчийн студенташ арахьара видеокамераш йоцче йистахбуьгуш буйла. Студентийн собар кхачон гIерташ цо ондда питана лелийна хилар гучудаьлла шайна бохуш, кхин дIа а дуьйцу адвокато.

Мусаев Мурад:
«Цуьнан цIе ца хаьа тхуна, амма иза коьрта питанча а, провокатор а хиларан цхьа а шеко яц. Iуьккъа хенахь 6 долуш баьхкина уьш. Шаьш чохьадевллачу минотехь (цу Талламан Комитетан векало) тоьхна, неIарехь шен болх беш лаьтташ хиллачу гIаролхочунна оьрсийчунна Денисана.

Цул тIаьхьа, (нохчийн) бераш дехачу чоьнашна чу а вуьйлуш "хIара крестовый поход ю шуна. Шаьш гIалин юкъахь гIазакхашна тIехь еш йолу харцо юьтур ю моттара шуна?" боху питане къамелаш а деш, уьш сийсазабаха гIерташ, цаьргара ледарло ялийта гIерташ чIогIа къахьегна цо. Амма студенташа халла садиттина.

Юха обыскаш (талламаш) йинчул тIаьхьа а 3-4 сахьт даьккхина цо, хIуъа дина питана даржо гIерташ, цхьа латар нисдан гIерташ. Кхин шен хиллане гIуллакх ца хилча, шина студенте "дистхила деза вай" аьлла, видеокамершна кIелхьара йистах а ваьккхина, шен хьантIехь йолу тапча хьала а яьккхина, шина студентах цхьанна муьшка йина цо, шена юхатохийтархьамма. Вукхо тIаккха муьшка схьайина, шена (тапча) ца кхетйита. Шайн кечбелла Iаш болу, ОМОН ю боху, бетах хIума йихкина болу Iедалан белхахой тIебеттабелира царна. Иза ша-дерриг а, камерин тIехь билггал къаьсташ ду. Дала мукълахь, оцу провокацина, низамехь догIу хьесап дайта а хьовсур ду тхо».

Маймонидан академин цхьаьнаIойлера арахьарчу видеокамерша даьккхина видеосурт.



Маршо радио: Москох доьшу цхьа а нохчо ца висина, шайна хIумма а хир доций хуучу оьрсаша муьшканаш ца йина. ТIаьхьарчу хенахь и оьрсийн гуттар а футболах ловзучу Спартак тобан фанаташ нислуш бу. Оцу хьокъехь кавказхойн кхоллалучу шеконех лаьцна Мусаев Мурада элира.

Мусаев Мурад: «Билггал ала ца хаьа суна, хIунда аьлча, гипотеза ю эр ду хьаъа а. Амма цхьа 20 шо хьалха цхьа скинхедаш олу нах, фашисташ баьржир-кх Оьрсийчохь. И корторш лоргий "Iаьржачарна дуьхьала буй, Кавказерчарна дуьхьала буй" олий, ара а бовлий, нахана ницкъ беш лелара уьш. Цул а хьалха цхьа бандаш евлира "солнцевские", "ореховские", "люберецкие" олуш. Уьш а, жимма а хIуманна ойла ян хуург кхета а кхеташ, Iедало юкъабаьхна бара. ТIаьххьара аса хьахийнарш, Советан Iедал дохале КГБено кхоьллина хIума дара. Иштта, Iедало цхьана хIуманна Iедало юкъабаьхна хета суна хIорш а, шаьш футболан фанаташ ду бохуш, арабевлла лела нах а».

Маршо радио:
Нохчийн студенташна хьалха вистхуьлуш Нохчийчура ваханчу Iедалан векало аьлла, «шайга Москох дешийтарх даккхий а деш, деша деза» аша. Амма цу дIахьедарна реза бацара шаьш студенташ а, я адвокаташ а.

Мусаев Мурад
: "Дешийтарх баккхий а беш Iен безара" бохучунна со ванне а реза вац. ХIунда аьлча, питане наха цхьаъа а башхалла ца йо зуламе араваьллачу нохчочунна а, деша веанчу нохчочунна а юкъахь. Царах кIелхьарвалар, чуьра ара а ца волуш, тап-аьлла, тийна Iар хир ду. Амма вай Юккъерчу бIешерашкахь Iаш дац, вай, цхьа хIунехдина бакъонийн пачхьалкхехь Iаш ду. Нийсо а, бакъо а ю бохуш Iаш ма дай вай. ТIаккха иза массарна а хила еза - нийсо а, право а (бакъо)».

Маршо радио:
Нохчаша шайн пачхьалкх кхоллар цIийца сацийначу оьрсийн Iедална ца лаьа, шайн махкахь бисинчу нохчийн шайн йолчул хьовха, цхьа а бакъонаш хуьлийла. Шаьш кхуссучу хуьсках реза хила боху политика ю иза. Ма дарра аьлча, Оьрсийн Федерацин паспорт долчу нохчашка Москохо а, цуьнан бахархоша а, Iедалша а бохург, шаьш шолгIачу сортера дуй а хууш, IадIе шаьш долчехь бохург ду. Иза бакъдо, сих-сиха цу кепара гIуллакхаш бахьанехь оьрсийн кхелехь хуьлчу адвокато Мусаев Мурада.

Мусаев Мурад:
"2 сорт" бохург иза чIогIа нийса эли ахьа. Цхьа а бакъо ца хета. Я футболан фанаташ бу бохучарна а ца хета я, Iедалан белхахошна а ца хета. 2 бохург дан а дац, 3, 4 сорт аьлла, дIанисдина-кх цара вай гIуллакх. ХIуъа дина а, и хьал хийца-м гIерта тхо».

Маршо радио: Юьхьанцара, Нохчийчоьнал арахьа бехачу, мокъалла буйнаш лесточу нохчийн агIо кхин дIа лоцур а яц, лела ца хууш верг цIа а валор ву аьлла дIахьедар динера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Амма цул тIаьхьа хийцира шен ойла. Академин цхьанаIойлехь нохчийн зудаберо яьккхина видео ца хиллехь, цу студенташна вуно хала хир дара, шайн сий дайарна тIехь ОМОН а, талламана комитетан белхахо а гена ваьлла хилла хиларх цхьа а тешон. Иза йоллушехь а, ОМОНо кехат яздина прокуратуре, «шайна нохчийн студенташ йиттинера» аьлла. Гуттар а видео яккхар а ца нисло, гуш лаьтташехь, ша ца вейта тасавала веза хьал тIехIоьттича.
Ларор буй те нохчий, ерриг а оьрсийн Iедалан системина дуьхьало ян? Цу тIехь цхьаъ хийцалахь Маршо радионо дуьйцур ду.
XS
SM
MD
LG