Подмосковьера "Крокус Сити Холл" концертан хIусамехь бIе сов адам а дуьйш хилла бохам бахьана долуш дуккха а дIахьедарш а, комментареш а йира Кадыров Рамзана. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо даим а санна, Кремльна там бан хьийза, амма шен кхиамех шеконаш а йолуш.
"Фигаро кхузахь, Фигаро дIогахь"
Зазадокху-беттан 22-чохь суьйранна "Крокус Сити Холл" концертан хIусамехь автоматаш йиттинера тIеман барзакъца волчу масех стага. Цул тIаьхьа эккхийтар хилира, йоккха цIе а йолуш. Оцу гIишло чохь хиллера йалх эзар сов стаг, царех 382 адамна зенаш хилла, 143 велла. 2004-чу шарахь Бесланера школана тIелатар дичхьана, хIетахь бохам хиллера 318 закъалтхочунна, царлахь 186 бер дара, Подмосковьера теракт Оьрсийчохь уггар а доккхачех ду.
Оьрсийчохь теракт вовшахтохарна шеконашца лаьцна хIара текст зорбане йоккхучу заманчохь мел кIезиг а 13 стаг. Схьагарехь, царех веанна тIехь ницкъ бина хеттарш дечу хенахь – оцу процессехь шиъ лоцуш йаьккхина видео нахалахь йаржийра. Радикалан "Вилаят Хорасан" тобаца бузу уьш – дуккхаъчу дуьненан пачхьалкхашкахь террорхойн лерина дуьненайукъара "Исламан пачхьалкх" организацин овхIанхойн гара ду и.
Концертан хIусамера бохам гуш бара дIаьххьалдIа йолчу эфирехь. Хьалхарчу миноташкахь Кадыров Рамзана тIелеттарш "кIиллой, боьха хIуманаш" йу элира, Москва гIоьнна нохчийн лоьраш а, полисхой а бохуьйтар бара ша а бохура.
Соьлжа-ГIалара журналистан дешнашца (цуьнан цIе хьулйо оха кхерамзалла ларйеш) кхеташ дацара, цо буьйцурш муьлха лоьраш бу, Соьлжа-ГIала "Москвара уггар лахара лор-говзанча веъча а, гIад боьлхуш болу".
"Республикехь терапевтийн а къоьлла хилча, кхеташ дац, мила цига вахийта хьийзара иза. Шахьаран тIегIанахь боккха седа лоруш боцу лор Соьлжа-ГIала вагIуш а, йоккха ажиотаж хуьлу кхузахь. Жимма а хIума хуу лор Москвара веана хилахь а цунна тIекхача лууш хьулу нах дийнахь а, буса а", - тергалдира къамелдечо.
Кадыровна хIинца а ца хаьа ша мила хила гIерта: "къиза Iазапхо" йа "массо а хIумана гечден альтруист"
Теракт йинчу шолгIачу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, "Крокусехь" нах байъарна бехке хета виъ лоцуш, Брянскан кIоштахь куп тоьхначу "Ахмат-Россия" полкан 20 эскархочо дакъалаьцна аьлла.
"Шайга йеллачу координаташца баьхкинера нохчийн эскархой…буса кхо сахьт долучу заманчохь, маса оцу меттигехула чекхбевллера уьш ЦСН ФСБ-н а Ленинградан тIеман гонашкара Оьрсийчоьнан ВС-н а эскархошца",- йаздира Кадыровс шен телеграм-каналехь.
Ишта цо билгалдаьккхира, Малхбузен тIеман гонашкара эскарийн буьйранчас, инарла-полковнико Никифоров Евгенийс "Ахматан"эскархошна баркалла алар, дIахьедира, царна пачхьалкхан совгIаташ дийр ду аьлла.
2023-чу шеран бIаьста вовшахтоьхна йу "Ахмат-Россия" полк Украинана дуьхьал тIом бан Iалашонца, дIахьедира Соьлжа-ГIалахь. И тIечIагIдира Кадыровс мангал-баттахь а, лахьан-баттахь а. ГIуран-баттахь хаамбира, оцу декъан эскархой хIинца а Iаморашкахь бу аьлла.
Полкана баркалла кхайкхийна де-буьйса а ца дели, кIирандийнахь, зазадокху-беттан 24-чохь, нохчийн ницкъахой бу камерашна хьалха дIа а хIуьттуш суьрташ дохуш, кепаш хIиттош, совгIаташ а карахь. 12 мидал йелира царна "доьналлина" аьлла, Оьрсийчоьнан тIеман министраллин 20 баркаллин кехат а. Цул а хьалха хууш дацара, и полк тIамехь дакъалоцуш йоций, Оьрсийчоьнан Брянскан кIоштара пачхьалкхан доза лардеш хилий.
Нохчийчоьнан урлахочун тидамера ца йевлира ишта пачхьалкхера къаьмнийн йукъаметтигаш а. Кадыровс бехкбиллира цхьана "Оьрсийчоьнан мостагIашна", цара "чуьра дуьйна хьал талхорна", "фашистийн кепаш лелор хьоьхуш кхайкхамаш барна" а. Шен пост кхерамашца йерзийра цо: "Оьрсийчоьнан Федерацин гурашкахь халкъашна йукъахь цIано йе бохуш, кхайкхамаш бечаьрца къамел доцца хир ду. Цундела, объективе хила а, пачхьалкхана пайден а нах хила вай, Малхбузен къайлахчу сервисийн лаамехь маьхза тайнигаш хуьлучул а".
Нохчийн бакъоларйархочунна Янгулбаев Абубакарна хетарехь, Кадыров хIинца а къастам бина валаза ву, нахана гергахь мила хила гIерта ша: "къиза Iазапхо" йа "массо а хIумана гечден альтруист".
"Украинхой а, нохчий а буьйцучу хенахь, къаьсттина тIеман муьрехь, Кадыровс сийсаза къамел до, йа шен хазахетар хьул ца до нах байъича а, царна тIехь къизаллаш лелийча а. Ткъа "Крокусехь" хилла бохам буьйцуш, цо массарах а къинхетам бо, массарех и кхета а кхета. Йа ша ишта шога тIеххулара лело политика йу и, кхин дIоггара кхетам боцчу нахана хьажийна, йа ша ишта хьекъална эшна хиларна лела иза оцу тайпа", - дIахьедира Янгулбаевс.
"Оьшучохь ка туху министр
Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министр Дудаев Ахьмад шен хьаькамел а, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисел а гена ваьлла воьду, "украинхойн лар" хаайелла цунна терактаца. Ахчанах теракташ йе бохуш, мессенджерашкахула Оьрсийчоьнан бахархошка дIасакхоьхьуьйту хаамех лаьцна вистхуьлуш, Дудаевс элира, ЦИПс)-н (Украинан информацин, психологин спецоперацийн Центр. - Билгалдаккхар) йукъараллина тIехь манипуляцеш лелор ду и аьлла.
Украинхойн стратегин, коммуникацийн, иформацин кхерамзаллин Центран эксперт Майоров Максим тешна ву, "Украина-терроризм" тема йаржайе аьлла, тIедиллинарг Москва йу. Цунна хетарехь, терактах кхин а цхьа бахьана хилла, тIамехь эша ца лучу украинхошна бехкаш дахка.
"ДаIишхойн дIахьедаро новкъарло йо "украинхойн лар" бохучу версина. Теракт шаьш йайтина йу бохуш, церан дIахьедар тергал ца дан, йа тIехтаса хьийза оьрсийн пропаганда. "ЦИПсО" бохуш тIетаьIIина мохь оьху пропагандин. Хила тарло хIара цхьа уникале теракт, коьрта зуламхой бандиташ бу а ца бохуш, цаьргара даьлларг бехк-гунахь доцчарна тIетоьттуш. Со кхоьру, оцу кепара цара динарг тидамза дитахь, тIаккхахула кхин а чIогIа лела там бу уьш. Баккъал а шайн нах ларбеш белахьара Оьрсийчоьно, "Украине цабезам гIаттон пропаганда" а ца лелош", - элира эксперто Майоровс.
Хуьлуш долчунна тIе ца кхиаво Путина Кадыров
Европехь болх бечу нохчийн оппозицин "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатана хетарехь, хIоразза а, Оьрсийчохь цхьаъ хилча, Кадыров паникехь хуьлу Кремльна там бан гIереташ, дукха хьолахь "ког-корта а боцург" дуьйцуш.
"Пригожинан бунт хилчхьана кхерамна кIел ву иза. ХIетталц схьа ша шех тешаш, догйовха пиар йора цо, шена таIзар дийр доций а хууш. Ткъа хIинца тийсало иза, воьдуш лаьтташехь хуьйцу шена хетарг. Шен хьаькамна ца товриг шегара даларна кхоьру. И бохург ду, Путина хуьлуш долчух ца дуьйцу хIицна Кадыровга", - тешна ву Сулейманов.
- Зазадокху-беттан 29-чохь террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олчу тобанан спикеро Хузайф Аль-Ансари Абус хьахийра Подмосковьера "Крокус Сити Холлна" дина тIелатар, ДаIиш дIакхайкхийна итт шо кхачарна леринчу шен къамелехь. Цо баркалла элира динчу тIелатарна ДаIишан овхIанхойн гарана- "Вилаят Хорасан" организацина. Хьалхо Кавказ.Реалии сайто дийцира, террорхойн тобано Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а тIаьххьарчу заманчохь лелочух хууш долчух.
- Украинан президенто Зеленский Владимира зазадокху-беттан 23-чохь ша динчу видео -дIахьедарехь элира, хиллачух жоьпалла пачхьалкхана тIедилла хьийза Путин. "Крокусашкахь" тапъаьлла бала Оьрсийчоьнан бахархой кийча белахь, шайн къайлахчу сервисашка цхьана а кепара хеттарш ца деш, тIаккха Путин гIуртур ву оцу кепара кхин дIа а хилларг шен Iедална пайден хуьлчу агIор дерзон", - дIахьедира цо.