Украинан йиъ кIоштана аннекси а йина, ЦIечу майданехь кульминацин концерт хIоттийча оьрсийн пропагандин зорбанаша тидам боцуш дитина Лиман дIаялар – Украинан Донецкан кIоштера 20 эзар стаг веха жима гIала стигалкъекъа-баттахь дуьйна оьрсийн оккупацина кIелахь йара. Федералан политикех цхьамма бен ца йира тIеман министраллина оцу хьокъехь критика – Кадыров Рамзана. Вуно шога къамел дира цо, тIаккха тIеман Коьртачу гонан буьйранча волчу инарла-полковниках Лапин Александрах "тентак" элира.
"Лапин тентак хилар дац новкъадогIург. Лаккхарчу штабехь куьйгалхоша иза кIелхьараваккхар ду. Сан йиш хилча ас иза рогIерчу салтин тIегIане воккхур вара, тIаккха шена тIера эхь цIийца дIадаккхийта фронте хьажор вара", - яздина Кадыровс шен телеграмерчу каналехь. ТIеман хьал хIотторе а, Украинина дуьхьал зарратан герз лелора а кхайкхамаш бира цо.
Эскаран буьйранчана дуьхьал Кадыровс дина къамелна комментарий йала дезна Кремлан. Президентан пресссекретара Песков Дмитрийс "эмоциш дIаяхер" хьехна цунна, тIеман мах хадочу юкъанна.
Пропагандин барт эгIар
Масех дийнахь Кадыровн постана бухахь 250 эзар лайк гулъелла, иштта иза шуьйра дийца даьккхина оьрсийн пропагандистийн телеграмерчу каналашкахь а. Комментареш язйийраш шина декъе бекъабелла: шен меттахь йина йара Кадыровн критика бохурш а, иштта бара царлахь и пост оьшуш яцара, цхьаммо язъяйтинчух тера дара бохурш а. Кремлехьа йолчу пабликийн авторийн декъо терго йоцуш дитина дIахьедар, кадыровхошца а, тIеман министраллица а юкъаметтигаш ца талхорхьама.
"Халахетарца дийшира оха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Харькован агIо ларъярехула жоьпалле волчу Лапинера бехкбаккхарх лаьцна, эскарш "дехьадаьхначул" тIаьхьа. Цхьа дика кица ду: "хьайн коьртел лакха кхоссалур вац"…", - яздина, масала, Iедалехьа йолчу миллион стага тIевазвеллачу "Рыбарь" телеграмерчу канало.
"Къоман гулъелла йолу резабацаран Iаь дIахоьцу клапанан кепехь хила мега инарла-полковник Лапин. Мекхо йиъча санна эскаран буьйраллехь йолу системера проблемаш кхочушъян аьтто бийр боцучу медиарчу девнийн ижу хила мега цунах", - дIахьедо кхечу йоккхачу "Военный осведомитель" пропагандин канало.
"Таппашкахь кехаташ кхоьхьуьйту: инарла Лапине хIара-важа, бакъ ву, бехке ву, Кадыровс гучувоккху, иштта кхин а. ХIумма а ца боху ас Лапинах лаьцна, цуьнан буьйраллина кIелахь ца хилла со, иза ца вевза суна. ШолгIа далахь, ишттачу зIенашца а, урхаллица а тактикан тIегIанехь, мостагIан ницкъаш алсам боллушехь, вай кхин а 20 дийнахь ЦIен Лиман ларйина бохург ду тамашена… Иза эхь ду. Оцу хьолаца тIаме девлла вай, бехк ма билла, СВО-не. Лапин ву цунна бехке?" – реза вац Кадыровна Котенок Юрий, "Vоенкор Котенок Z" цIе йолу канал лелош ву иза.
Кремлехьа болчу пропагандхойх Кадыровн агIо лецира "Путинан повар" цIарца вевзаш волу ЧВК Вагнеран" кхоллархо Пригожин Евгенийс а. "Кадыровн экспрессин дIахьедар сан кепехь дац. Амма аса олу: "Рамзан, красавчик, цIе тасса. И ерриг ушлепкаш когаш берзина фронте хьийсо еза", - дIахьедина цо.
Магийначун дозанаш лехар
Тахана болчу регионийн куьйгалхойх, йа федералан политикех цхьа кхинверг тамаш бу ваьхьар хиллехь коьртачу штабана а, тIеман министраллина а критика ян. Амма тIаьххьарчу деношкахь хIара хьалхара дац Москвано бинчу сацамех лаьцна резавоцуш Кадыров вистхилар.
Гезгмашин-беттан 24-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, ницкъаллин хьукматийн белхахойн хьокъехь йан еза мобилизаци: МЧС-на, кхелан пурстоьпашна тIера ФСО-на, дозанхошна тIекхачалц. Цул а ши де хьалха политико критика йира йийсархой хийцарна – оцу хенахь "Азов" полкан эскархой хийцира оьрсашкахьа волу украинхойн политик, бизнесхо, Путинан бажа (оьрс. кум) Медведчук Викторца.
"Со кхета, лакхахь тIеман министраллехь, ФСБ-хь дика кхеташ хир бу хьолах, амма террорхой лаьрра болу зуламхой эскархошца хийца йиш яц аьлла хета суна", - реакци йина Кадыровс.
Оьрсийн Iедалехьа йолчу пабликаша шайн агIонашка йохура Кадыровс инарла Лапинна йина критика – цара рогIерчу хьолехь наггахь бен ца хIиттайора Нохчийчоьнан куьйгалхочун эмоционале посташ, масала, чоьхьарчу политикан хеттаршкахула йолу, билгалдоккху Гусий Андрейс.
ХIинца хьал кхечу тайпа ду – цхьамма хIумма ца олуш шен жигаралла дIакхоьхьу цо
"Кхин цхьаъ ладаме гайтам – Кадыровс жигаралла дIакхехьар. Кхул хьалха президентан администрацина, пачхьалкхан урхаллина вуно шога критика йича иза нисвора, тIаккха цхьана ханна дIасоцура иза, риторика хийцайора. ХIинца дерг кхин хьал ду – цхьамма хIумма ца олуш шен жигаралла дIакхоьхьу цо", - дуьйцу къамелдечо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун къамел – гулделларг аракхуссуш дина дIахьедар дацара, хьалхо кечдина дара иза, арахецначу хаамашца дуьстича, барт а бина дIахьедина хила а тарло, чекхдаьккхина Гусийс.
"ХIаъ, массара юьйцу тема хьахийна Кадыров Рамзана, амма оцу тIегIанехь ца юьйцура иза. Кхин дIа, суна хетарехь, вовшахтохаран жамIаш хир ду", - дерзийна политолого.
Кадыров Рамзана зевне дIахьедарш даран тайп-тайпана бахьанаш ду – нохчийн политикана ша гайта лаам хиларна тIера, тIамехь хиллачу кхачамбацаршна бехкеверг харжарна юкъаралло муха реакци йо ладегIарна тIекхачалц, дуьйцу нохчийн юкъараллин "Толам" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.
"Инарла Лапинах бехкеверг вина. Гуш ду, Лиманехь хилларг иза цуьнан бехк бац. Муьлхха а лаккхара буьйранча хIоттавехьа цуьнан метта, жамIаш иштта хир дара. Лапинан меттехь Кадыров хилча чакхе бIеннашкахьчул а эшаме хир йара – хьалхарниг-м тIеман зенделларг долу инарла вара, тIаккха важа тиктокер ву", - билгалдоккху эксперта.
Сулейманов Джамбулат тешна ву, эскарехь долу хьал тидаме а ца оьцуш, тIом болорца йоьзна ю проблема аьлла. Кремлан жухарган меттиг дIалаца мега Кадыровс, аьлла хета цунна, цул хьалха велла волчу ЛДПР-н куьйгалхочун Жириновский Владимиран дара и дарж – цунах пайда а оьцуш, Кремло эмоционалан, шогачу кепехь дIахьедора, шайн ала йиш йоцург.
"Со ца теша Кадыров санна волу стаг, Кремлан пурба ца хилча, иштта долу дIахьедарш шеггара дан кийча ву аьлча", - чекхдаьккхина "Толам" боламан куьйгалхочо.
Компроматийн тIаме боьдучу новкъахь
Оцу тIамехь коьрта медиан васташ ловзош волу Кадыров а, Пригожин а эшамех генавала гIерта: "Тхо дац оцу тIамехь эшнарш, уьш бу, тIеман министралла, бохуш" – иштта нохчийн политикана мах хадабо оьрсийн политолога Галлямов Iаббаза.
Инарлин Лапинан фамили дукхахболчарна евзира Кадыровн дIахьедар хезначул тIаьхьа, билгалдо "Либералан мисси" фондан кхеташонан декъашхочо, политолого Жаворонков Сергейс: "ТIеман министр Шойгу а, цуьнца йоьзна Тимченкон клан а, - кху шарахь 4,5 миллиард сом бюджетана, тIедогIучу шарахь 5 триллион хиллал ахчана тIехь терго латтор ду. Кадыровн а, Пригожинна а шаьшинна лаьара и ахча ловзо",
Юхадовлар ма дац хIара вайн, "тобанаш дIасахийцар" ду, хIайтъаьллачу салтичун Швейкан санна
"ДIасахийца бахьанаш-м долчух тера ду – Оьрсийчоьнан эскаран тIеман эшарш. Юхадовлар ма дац хIара вайн, "тобанаш дIасахийцар" ду, хIайтъаьллачу салтичун Швейкан санна. Цундела со теша, Шойгу а, тIеман кхинболу урхалхой а дIабохург хиларх", - дерзийра эксперто.
Шен цIе хьулъяр дехначу кхин а цхьана политолого (иза Оьрсийчохь ву, шайна хетачу кепара Украинерчу тIеман мах хадабахь, тарло бехктакхаман гIуллакх делла. – Редакцин билгалдаккхар) тергойира, тIом болабелчхьана Кадыровн пиар-команда хийцина хиларх, и бахьана долуш изза цуьнан телегарам-каналехь тIеман юьххьехь язвелла 50 эзар стаг бен вацара, хIинца 3 миллион гергга ву.
"Кадыровн лексиконехь доцу дешнаш а, аларш а леладо цуьнан канал лелочара. Масала, Лапинех лаьцначу постехь цо пайдаоьцу ширачу "непотизм" дашах, цуьнан маьIна тамаш бу академикна Кадыровна хууш делахь. Гуш ду, и команда шайн тексташца президентан администрацица дагаюьйлуш хилар. ТIеман эшамехь бехкебан тарлучу нехан персонийн варианташ а хIинцале а йийцаре еш хир ю цара. Вуй-те и Лапин – тахана ала хала ду", - дуьйцу спикеро.
Политологан мах хадорца, Оьрсийчоьнан тIеман министраллица йоьзна хила тарлучу яккхийчу пропагандистийн телеграм-каналашкахь Кадыровн дешнашна шога критика яро а тоьшалла до, шаьш бехке ца байта тIеман буьйранчаш меллаша юхагIертар хиларан. Компроматийн тIом болабала там бу оцу хьелашкахь, иштта кадыровхоша тIамтIехь лелийначух компромате хаамаш а зорбане бохуш.
Хьалхо Украинан Iедалхоша а, дуьненаюкъара институташа а дIахьедора, Оьрсийчоьнан армино тIемаш боьлхучу меттигашкахь пачхьалкхан малхбален кIошташ лIалецначу хенахь лелийначу тIеман зуламех лаьцна. Оцу зуламашна гунахь хила тарло кадыровхой а.