Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь дӀахьедина, Брянскан кӀоштахь Нохчийчохь кхоьллинчу "Север-Ахмат" мотогерзан 78-чу полкан тӀемалоша, шайна хаабелла Украинин эскархой байина аьлла. Иштта цо дийцарехь, йохийна Украинин тIеман гIирс чохь латтош хилла склад а. Кхечу хьостанаша хаам ца бина Украинин герзахойн ницкъаш Брянскан кӀошта чубахарх лаьцна.
Кадыровс бахарехь, "Север-Ахмат" полкан эскархошна таллам бечу хенахь карийна, "хӀаллакйина" "мостагӀчун минометийн план а, Украинин Герзан ницкъийн эскархой чохь болу тоьла а". Жимма тӀаьхьо "изза дина" тIеман гIирс чохь кхин а цхьа склад хаайелча а.
Публикацица цхьаьна дронийн камераша йаьхна видеокадраш а йу. Видео тIера йозанаша гойту, электростанцин гӀишло чохь Украинин агӀорхьара электронан тӀеман гӀирс карийна хилар. ГӀишлошна а, хьаннийн меттигашна а дронашца масех тохар деш гойтуш ду, цул тӀаьхьа хьуьнхахь цӀе йолу. Иштта гойту хьуьнхахь камуфляжан машанца дӀакъевлинчу меттигна тохарш дар, тӀаккха и тохарш хиллачу меттехь хила тарлуш долу ор а гойту, цу чохь гуш йу тоьпан чIижаргIа.
Кадыровс билгал ца даьккхина, маца, мичахь, цуьнан версица, дӀайаьхьна йу и операци. ТӀаьххьарчу деношкахь Украинин герзахойн ницкъаша Брянскан кӀоштахь кхиамаш баьхна аьлла, бина хаам бац. Марсхьокху-беттан 21-чу дийнахь регионан губернаторо дIакхайкхийра, Украинин диверсин а, талламан а тоба Климовн кӀошта чуйаха гӀортар йукъахдаьккхира шаьш аьлла.
- Хьалхо гезгамашин-беттан йуьххьехь "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис Нохчийчуьрчу хьаькамашца а, Белгородан а, Брянскан а кIошташкахь Оьрсийчоьнан доза лардарна тӀехьожучу кхечу Кадыровн дакъойн буьйранчашца а цхьаьна хевшина, сакъоьруш Iаш дIайазйина видео зорбане йаьккхира: "Тхо ду кхузахь хевшина Ӏаш, йахна зама дага а лоьцуш" аьлла.
- Марсхьокху-баттахь Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думин депутат волчу Делимханов Адама зорбане йаьккхира Курскан кӀоштахь "Ахмат" тобанан тӀемалошца йаьккхина ши видео. Хьалхарчу видео тӀехь эскархочо БТР-на тIейетта куьйга йина гранатомет. ШолгӀачу видео тӀехь нохчийн эскархой оцу БТР тIехь урамехула дӀасахехкало "АллахӀу Акбар" бохуш, мохь а бетташ. Изза БТР-н тидам хилира Гирьи эвла боьдучу новкъахь, - Украинин герзахойн ницкъаш Суджа гӀалахь дӀасалелачу меттигна 30 чакхарма сов генахь йу и йурт.
- 2023-чу шарахь Кадыров Рамзана йаржийра "Ахмат-Запад" тобанан эскархошца йаьккхина видео, цу тӀехь Харьковн кӀоштахь Украинан ВСУ-н "дийна ницкъана а, техникана а" тIелатар до боху. Кавказ.Реалиин редакцино геолокаци йира тохар динчу меттигна - царех цхьаъ Белгород кӀоштара кол йу.
- Украинехь Кадыровн эскархой гӀарабевлира "тиктокан эскарш" аьлла: тӀеман говзанчаша а, тергамчаша а дийцарехь, нохчийн салтий хӀинцале а Оьрсийчоьно дӀалецначу дозана тӀехь бу. Американ тӀом толлучу институто (ISW) чӀагӀдора, нохчийн тобанаш тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалоцуш йац, коьртачу декъана тылехь лелайо уьш бохуш. Изза элира Украинан агӀор тӀом бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а.