ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровхошна хIонц". Нохчийчохь Iазап хьегарх дийцинчу  доьзална депортацин кхерам лаьтта


Нохчийчоь, полици, гайтаман срут
Нохчийчоь, полици, гайтаман срут

2018-чу шарахь Гуьмсан кIоштан полицин белхахоша лачкъийна хилла Кошкельдера зудий-майрий ду - Алхазов Мубарик а, Тазабаева Хьава а. Кадыровхойн къайлахчу набахтехь масех кIира даьккхира цара, сийсазаалла а, Iазап а, хьийзор а ловш. Юьртара цхьахйолчу гIишлонна тIе Оьрсийчохь магийна йоцчу "Исламан пачхьалкхан" байракх шаьш тоьхна алий, тIелаца баьхнера цаьрга. Доьзало бехкаш тIе ца лоцура, амма шен гергачарна кхерамаш тийсарна Мубарик реза хиллера, ша шена доцург кхолла. Маьршадевллачул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIадахара и шиъ. Германехь Алхазовс а, Тазабаевс а тоьшалла дира, шайна тIехь гIело латторах, хIетте а тховкIело яла реза ца хилла царна.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь хIусамдас а, хIусамнанас а дийцира къайлахчу набахти чохь шайна тийсинчу кхерамех а, шаьш лечкъорах а, Iазап хьегарх а.

ПаргIат даха ца дитира

"Мубарик ю сан цIе, амма дукха хан йоццуш сайн цIе хийцина ас, хIинца кехаташ тIехь Муслим ю сан цIе", - дуьйцу Нохчийчуьра мухIажаро. 2014-чу шарахь кадыровхоша лачкъийра иза, буьйранчан Масхадов Асланан дакъошна гIо дина аьлла. Ша дIахецначул тIаьхьа паргIат вахар дацара цуьнан – тIаьхьий-хьалхий охьабуьйцу цо, шега "къайлах агент" хила баьхначу Гуьмсан РОВД-н хьаькамаш.

"Уггар боьха садист вара Рашидов Iусман, цо дина дуккха а зуламаш ду. Ша бакъволу телхина стаг ву иза, лецна балийна божарий хьийзийна цо. Сан ши доттагI хьийзийна цо, лаьцна латточу юкъанна дуккха а боьхалла ган дезара", - дуьйцу къамелдечо. – Оцу кепара хIуманаш муха лелалур ду адаме, кхеташ вац".

Рашидовс лелочу Iазапех дуьйцура махкарчу кхинболчу бахархоша а. 2022-чу шеран Дечкен-баттахь нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" организацино церан карахь хиллачу цхьана зудчун анониме кехат зорбане даьккхинера:

"Цхьа сахьт даьлла хила тарло аьллачу заманчохь чувеара вуьйцу Рашидов Iусман. Лекхачу декъахь, кIунзал болуш, маьттаза хатI долуш. Гуттар шеташ кхуьйсура цо, цхьаъ мелла йа кхаьллина волчух тера дара. Вон хьожа оьхура цунах, тахана а суна дуьхьалхIуьтту.

Боьха мотт лебан волавелира Рашидов. "Со боьха бандит ву, сайна луъург шуна тIехь дан йиш ю сан, хIаъ, со боьха стаг ву, кху чуьра дийна арадевр дац шу". Сога схьа а хьаьжна, цо элира: "Хьоьца хьайцца къамел хир ду, къахьпа"… Шен хечин доьхка схьадаста волавелира Рашидов Iусман, тхоьца боьха мотт а лебеш:"Со хIун дан воллу хаьий шуна, шу дайале хьалха? Суна там хуьлу, вахабистийн шайтIанаш со церан зударшца воллучу хенахь хьоьжуш". Ас бехк ца биллар доьху сайна, иштта ма-дарра охьаяздарна, хиллачул а иттозза оьзда дуьйцу ас".

ХIоразза цхьа ЧП ма -хилли, шайн чоьтехь болу кIоштан бахархой а санна, РОВД дIавуьгура Алхазов Мубарик. Полисхошна кхерамаш туьйсуш цхьа кехат тесира цунна цхьана дийнахь – хIетахь Мубарик а, цуьнан юьртахой а цхьана йоккхачу хIусамчохь гулбинера, цул тIаьхьа къайлахчу набахте чубоьхкира. ГIишлойн комплекс юкъахь ю иза, цигахь ду полицин дакъа а, ханна чохь латтон изолятор а, ГИБДД а.

2018-чу шеран Гезгамашин-баттахь Кошкельды эвлахь муьлш бу цахуучу наха "Исламан пачхьалкхан" байракх дIатуьйхира. 1АДАТ боламан хаамашца, полицин белхахоша шаьш дина хIума дара иза, гIуллакх диллина, ницъ бина, бехке боцчу нахе и зулам тIелацийтархьама.

И де ма-дарра дагахь лаьтта Тазабаева Хьавана: хIусамда чохь вара, хIеттахь юург йина яьллера иза. НеIарехь могIарчу нехан духаршца волу кхо стаг гучувелира, кхуьнан цIийнда а хоттуш.

"Цуьнан доттагIий баьхкина моьттира суна, уьш хьалха гина бацахь а. Оцу минотанна дагадеара суна – кевнна догIа тоьхна хилар, атта чубохкийла дацара церан. Баьхкинчех цхьаммо, Мовлиев Бекхана, кехаташ гайтира шен, - зуламхой лоьхучу урхаллера ву ша аьлла. ЦIийнда цIахь вац элира ас", - дагалоьцу къамелдечо.

Кхайкхаза баьхкина хьеший ца тийшира, уьш чубаьхкира, Мубарик гира, цунна йетта буьйлабелира. Оцу гIовгIанехь самаделира ши бутт болу кхеран бер, иза кара а эцна, техко юьйлира нана.

Со йийча гIолехь ду, амма со цунах дIакъаьстар яц – жоп делира

"Ас дехарш дора, цIийнда дIахеца бохуш, хIунда аьлча. низамехь доцург цо дина дац. Чуьра со араяккха гIертара: хьо хьуо ара ца ялахь, шаьш бертаза йоккхур ю бохуш. Полисхоша йеттара цунна кхин дIа а, Мубарик кхетамчуьра вуьйлура, кеп хIиттош ву олура цара. РОВД иза дIавигира, тIаккха суна тIаьхьа баьхкира. Хоьттура, стенна яхна хьо Мубарике маре, тхойшиъ къастор ду, хьо хIинца а къона ю, керла майра карор ву хьуна бехира. Ас жоп лора: со йийча гIолехь ду, амма со цунах къаьстар яц", - духадуьйцу Хьавас ницкъахошца шен хилла къамел.

Марехь берш сийсазбар

Мубарика бахарехь, цунна йеттара полицин декъехь, кхихкина хи дуьттура, байракх айхьа оьллина алий, бехк тIелацар тIедожийра. Реза ца хилахь, къийза вуьйр ву бохуш

"Шина кIиранах хIуммаъ яа ца лора соьга цара тIехь дукха ницкъбина. ТIаьхь-тIаьхьа вон хуьлура суна. РОВД-н хьаькам камери чу веара, со меттаваийта маха тоха элира, тIаккха юха а йетта буьйлабелира. Соьца камери чохь дуккха а бара, цхьаболчийн цIераш дагахь ю суна – Эльмурзаев Iийса, Мовлаев Бекхан, Эльдаров Мохьмад, Сакказов Камарбек, Байсултанов Юсуп. Царна гуш дара дерриг а", - охьабагарбо Алхазов Мубарика.

Суна йеттара, камери чу цхьаъ веара, сан месаш дIахедор ю бохуш, кхерамаш туьйсура

Цо дагалоьцу, шайна уллорчу хIусамчохь зударий хилар, церан маьхьарий хазар: лецна блийначара дехар дора, шайх куйгаш ма Iийтта бохуш, хIунда аьлча, уьш марехь зударий бара, амма полисхой буьйлура, мохь тоьхна боьха хIуманаш а дуьйцуш. Уьш а, церан цIийндай а шаьш хьийзор бу бохуш, кхерамаш туьйсура. Алхазовгара хьал тIаьхь-тIаьхьа эгIаш дара, иза дарбанан цIийне дIавигира – иза тIелаца дукха дуьхьалонаш йира лоьраша.

Хьава лаьцначул тIаьхьа цуьнга а хоьттура даIишхойн Iаьржачу байракхах лаьцна, майрчунна и дIатухуш айхьа гIо дира алий, тIелаца баьхнера.

"Со дуьххьара нисъеллера РОВД-хь, ца хаьара, оццул адамалла йоцу акхарой цигахь юйла. Суна йеттара, тIаккха цхьаъ чувеара, сан месаш дIахедор ю бохуш, кхерамаш тийса волавелира. Масех сахьтехь латта а йина, кхин соьгара хIуммаъ ца даьлча, со цIа яхийтира", - дуьйцу къамелдечо. Иза лачкъийначу заманчохь цуьнан дара 19 шо.

ШолгIачу дийнахь цуьнан цIа веара меттигерчу кIоштах жоп луш волу полисхо Абдуллаев Бислан, цо тIедожийра дийнахь кхо сахьт даьлча РОВД тIейола аьлла.

"Мовлаев Бислан сох куьйгаш детта волавелира цу декъехь, къайлах дIаязъен камера йа диктофон лоьхуш ву ша бохура. Соьгахь хIуммаъ яц аьлла, жоп делира ас, амма хIетте а сох кхин дIа а талламбан волавелира иза. Бехк хьайна тIелаца, цул тIаьхьа хьан майра дIахоьцур ву шаьш бехира. Со дуьхьал елира. ТIаккха оцу боьхачу хIуманаша неI дIакъевлира – тIера бедарш дIаяха, селхана йиттина таммагIаш гайта бохуш, боьха суьрташ оьхьуш, товш доцург лело буьйлира, - Хьавас халла дуьйцу полицин декъахь хиллачух. – Иштта бехк боцуш лецначу зударшца цхьаьна камери чу йоьллира со. Шайна (полисхошна.- Редакцин билгалдаккхар.) массаж йойтура тхоьга, буьйсанна шиъ-кхоъ даьлча тхуна тIаьхьа бахка тарлора. Тхо доьлхура, марехь зударий ду тхо, хаза дац аш лелориг бохуш".

Цхьа хан яьлча юха РОВД дIабигира кхеран боллу доьзал, къена да-нана а цхьаьна, юха а оцу бале яьллачу байракхах дерг дийца бехира. Луларчу кабинет чохь хиллера Мубарик, цунна хезнера шен гергарчарна кхерамаш туьйсуш, цо бахарехь, хIетахь цуьнан нана а, йиша а шаьш хьийзор ю бохуш, кхерамаш тийсина хиллера. ТIаккха реза хилира Алхазов, полисхоша шега де бохург тIе а лаьцна, видео дIаязъян . Бутт баьлча иза дIахийцира.

Маьршаваьллачул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIабахара церан доьзал. Кху шеран юьххьехь Тазабаевас массарна а хезаш дийцира ницкъбарх, цул тIаьхьа полисхоша лецира цуьнан да а, марзхой а.

"Велла дIаваллал тIехь ницкъ бинера цара сан дена Тазабаев Рамзанна, тIаккха гIаларчу шолгIачу дарбан цIийне дIавигинера иза, кIира даьлча, Дечкен-беттан 25-чохь, кхелхира иза. Суна вевзачу цхьаммо дийцира соьга цунах лаьцна, цуьнан цIе йоккхийла дац сан – иза а лачкъор ву цара. ХIинца Оьрсийчу дIахьажон тарло тхо. Цигахь кадыровхошна хIонц хир ю тхох, цара бекхам бийр бу Iазап хьегийтарх, адамалла йоцуш тхоьца лелийначух а дийцарна. И чIогIа къиза хIума ду", - дIахьедо Тазабаевас.

Цо бахарехь, мухIажарийн статус кхарна яла реза ца хилла Германин миграцин хьукмат, хIунда аьлча, церан аьтто ца хилла шаьш лачкъор а, Гуьмсерчу РОВД-хь латтор а тIечIагIдан.

РОВД-н дозана тIехь лелочу Iазапех дIахьедарш хьалха а кхочура, боху оппозицин нохчийн 1АДАТ боламан авторо Янгулбаев ИбрахIима. Къамел дечо билгалдаьккхира, оцу доьзалца а санна, билгалбаьхначу Гуьмсерчу полицин декъан белхахошна аьрзнаш дар. Ву царлахь – Эльмурзаев Iийса (карарчу хенахь экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхо, яхначу хенахь зуламхой лоьхучу декъан хьаькам), Эльдаров Мохьмад, Сакказов Камарбек, кхинберш а.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIатоьттура дохку бехкаш, махкахь къайлах набахтеш яц бохуш, чIагIдора. Доккхачу декъанна цо дIахьедира, низамехь доцуш лецна нах чохь латтон лармаш шен цIенойн дозана тIехь цахилар, делахь а Янгулбаевс дийцира, ша хан яьккхинчу къайлахчу набехтех лаьцна, дийцира ницкъбечарлахь Кадыровс ша а цхьаьна дакъалацарх.

Нохчийчуьрчу прокуратурин пресс-гIуллакхдархоша жоп ца делира Кавказ.Реалиин корреспонденто телефонаш йеттарх, мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн информацин а, юкъараллашца йолчу зIенийн а декъан куьйгалхо Дениев Мохьмад а комментари эца тIекхочийлехь ца хилира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG