ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхойх лаьцначу сюжетехь Шейх Мансуран цIарх батальонан эскархой гайтина оьрсийн пачхьалкхан канало


ЧIебарлойн Муслим ву батальонан эскархошца, архивера сурт
ЧIебарлойн Муслим ву батальонан эскархошца, архивера сурт

Оьрсийн пачхьалкхо ахча латтош йолчу "Россия 1" каналан "60 минут" олучу программехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча волчу Алаудинв Аптица хиллачу интервьюхь гайтира, Украинан гIаролехь йолчу Шейх Мансуран цIарх йолчу батальонан буьйранча тIехь волу видео.

"Тахана видео а гучуйаьлла. Ала дашна, нохчийн эскархой бу "Бахмут" йозана хьалха лаьтташ", – аьлла программа дIахьош йолчу Скабеева Ольгас Алаудиновга йистхуьлучу хенахь.

Оьрсийн эскархошна дуьхьал тIомбеш йолчу Шейх Мансуран цIарх йолчу батальонан буьйранча ЧIебарлойн Муслим ву видео тIехь гойтуш. Сепаратистийн "ЛНР-н" "къоман милици" шех олучун 2-чу эскаран корпусан буьйранчан гIовсо Алаудиновс нис ца до Скабеевас нохчийн эскархойх лаьцна дуьйцуш даьккхина гIалат.

"60 минут" программин эфиран скриншот
"60 минут" программин эфиран скриншот

Шейх Мансуран цIарх йолчу батальонан векало Чеченский Богдана Кавказ.Реалиин редакцина тIечIагIдира, видео тIехь верг ЧIебарлойн Муслим хилар. Цо иштта билгалдаьккхира, Бахмутехь батальонан коьрта дакъа ду аьлла.

Бахмут марсхьокху-баттахь дуьйна къуьйсуш йу. Шинна а пачхьалкхана стратегин маьIна долуш йу и гIала, хIунда аьлча, цигара дIа Славянске, Краматорске некъ бу боьдуш, ладаме транспортан шад бу и. Украинан тIеман ницкъаша ларйеш йу Бахмут, амма оьрсийн эскарша тохарш деш ду цунна, гIажаройн дронашца а цхьаьна.

  • Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу "Акха арданг", иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца. Кадыровс 500 эзар америкахойн долларшкахь кхаъ кхайкхийра хьалхо оцу батальонийн буьйранчийн болу меттиг йийцинчунна.
  • Хьалхо Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хилла гIовс, "Ахмат" лерринчу декъан командир Алаудинов Апти сепаратистийн "ЛНР-н" халкъан милицин 2-чу армин корпусан буьйранчан гIовс хIоттийра. Иштта инарла-майоран чин а делла цунна.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан ражна а дуьхьал джихIад кхайкхийна къобалйанзачу Ичкерин агIончаша. Республикан бахархошлахь къайлаха болам болорах лаьцна д1ахьедира Ичкерин хиллачу президентан к1анта Масхадов Анзора а, Шейх Мансуран ц1арх йолчу батальонан спикеро Белокиев Ислама а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG