Кадыров Рамзанан тIедилларца Нохчийчоьнан парламентан депутат Ханбиев Мохьмад хилира Оьрсийчоьно Украинера схьадаьхначу дозанаш тIехь. ХIара дуьххьара ду регионан куьйгалхочо парламентхо хьахийна, цунах " хьомсара ваша" а олуш. Кавказ.Реалии сайто зийра, Ханбиевх хууш дерг а, тIемаш боьлхучу меттиге и стенна вахийтина хилла а.
Ханбиев Мохьмадан 61 шо ду, жимстаг волуш эскархочун гIуллакх дина цо Германихь, цул тIаьхьа историн факультетехь дешна, маьршачу кепехь латарш Iамош хилл а ву иза. Ичкерин заманахь президентан Масхадов Асланан агIонча вара иза, жигараллица луьйш хуьлура иза цуьнан политикан дуьхьалончашна, иштта Басаев Шемална а Гелаев Хьамзатна а.
Ханбиевна маьIне ду путинизман коьртачу миссица ша воьзна ву бохуш, дIагайтар - Украинаца болчу тIамехь
1996-чу шарахь дуьйна депутат хинволчо куьйгалла дора Ичкерин къоман гвардин, тIаьхьо тIеман министр хилира цунах, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш тIеман цхьахдолчу декъан цхьана йукъанна буьйралла дира цо. 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан Iедалхойн каравахара иза, керлачу президентан – Кадыров Ахьмадан командехь болх бан волавелира. Цхьа шо даьлча регионан парламентан депутат хилира Ханбиев, тахханалц волуш а ву иза.
Охан-беттан 19-чохь дийца даьккхира цуьнан Украине вахарх, тамашен хIума а дара и. Цул а хьалха Кадыров Рамзана къастийна хьахийна вацара депутат шен телеграм-каналехь. ХIинца-м "хьомсара ваша" ви цо Ханбиевх, дийцира тIеман хьалхарчу могIаршкахь хиллачу цо, уггар а хьалха аьлча санна, "йемалйира евроичккерийцаш олу жIуга"
Нохчийчоьнан маршонехьа болчарна критика йеш Ханбиевс къамелаш до, Кадыров Рамзан мехкан куьйгалле хIоттийначу 2005-чу шарера схьа дуьйна. ХIетахь дуьйна депутатах пайдаоьцу ичкерийцаш хиллачаьрца йукъарлонаш хиллачу масалх санна.
Масала, 2008-чу шарахь Ичкерин экс-министро кхайкхамбира, хIинца а герзашца дуьхьал лаьттачу шен селханалерачу накъосташка. Совца, бохура цо цаьрга, хIунда аьлча, "маршонехьа хIокху шерашкахь лаьттина Iалашонаш" кхочуш хуьлуш йу "Кадыров Рамзан бахьана долуш".
ТIаьхьо Ханбиевна тIедиллира дозанал арахьарчу нохчийн диаспоращца йукъарло лелор, махкахой дай баьхначу пачхьалкхе йухабахкарх дуьйцуш. Депутато дагадаийтина долийра Кадыровн рожан дуьхьалончаца, Закаев Ахьмадаца дийцарш, уьш а дирзира жамI доцуш.
Делахь а Ханбиевн аьтто хилира шен ваша Iумар ваккха, Европехь Масхадов Асланан коьрта векал хилла иза, боккха ларам болуш вара Ичкерин агIончашлахь. Могушалла Iалашйаран министраллехь коьрта хирург хIоттийра иза, лоьрийн чехка орца кхачочу дарбанан цIийнан куьйгалле а хIоттира иза, 2014-чу шарахь кхелхира иза.
2009-чу шарахь депутатан ницкъ кхечира Лондонера ичкериец Сугаипов Iумар цIа верзон, Масхадовн хилла хадархо вара иза, тIаьхьо Кадыровн гIоьнча хилира цунах. Оццу шарахь Ханбиевс къахьегарца даймахка йухавахара террорхо лоручу Бараев Мовсаран да Бухари. Оцу заманчохь Австрихь вехаш вара иза, Ичкерин тIемалойн лидеран Умаров Доккин векал вара иза. Цул совнах, 2016-чу шарахь Нохчийчу йахара Ичкерин хиллачу президентах йиссина Масхадова Кусама.
Ханбиев Мохьмадан гIоьнца шолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа республике йухабирзинчийн дуьззина тептар дац хIара. Кавказ.Реалиин редакцин хьасташа боху, оцу ша бинчу балхо таро йелира депутатана Кадыров Рамзанан уллорчу гонашка кхача.
2019-чу шарахь Ханбиев скандала йукъахь нисвелира, йоьдучу дуьххьалдIа эфирехь цо дIахьединера, оьрсий безаш вац ша аьлла. Цо нохчийн маттахь дина къамел гочдеш, Навальный Алексейн тобано даржийра хIетахь и къамел. "Аса оьрсашка цкъа а дош ца олу. Цхьана а оьрсин каравахна вац со. Цхьана а оьрсийн инарлица, йа эпсарца къамел деана вац со. Тахана а ца беза суна уьш. Со Ичкерин воI ву"!- боху депутато видео тIехь.
ХIокху доллу шерашкахь "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" декъашхо хиллачу партино Ханбиевс аьллачунна комментарий ца йира. Эххар а парламентхочо ша аьлларг ишта дацара аьлла, йухаийцира, нийса гоч ца дина бохура цо.
ТIаьхьо биллина кхерамаш тийсира депутато ГIалгIайчуьра йукъаралхочунна Султыгов Сираждина. "Тхо герзашца 10 эзар стаг вара. Карахь герзаш а долуш, тхо пачхьалкхан даржашкахь ду…Цундела дIасаца, боьха хIума", - элира Ханбиев Мохьмада 2021-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь полицина тIелеттачу шина гIалгIачух лаьцна дуьйцуш. И доцург а, парламентхо хаавелира оппозицин нохчийн блогерна Халитов Хьасанна тIеталлар деш.
"Ма лета сох, со шуьниг ву
"Ичкерин тIеман министр" волуш санна вовзуьйту ша Ханбиевс Нохчийчуьра парламентехь тахана а, чIагIдо Кавказ.Реалиин редакцин хьасташа. Цара бахарехь, шечаьрца кхъамелаш дечу хенахь Ханбиевс дог лозуш дагалоьцу маршонехьа тIемаш бина хенаш, ткъа цуьнан ичкерийцех лаьцна пропагандистийн аларша сих-сиха дуьхьала маьIна до.
"Ханбиев Мохьмад Кадыров Рамзанан– "китайхойн тайниг йу". Ичкерин хиллачу тIеман министрах лаьцна ас къамел мел динчара бохург санна олура, шайна иза дегазаваларх, уггар а Масхадовна муьтIахь хиллачех волчу цо, шен ма-хуьллу цо кхечарчул а тIетаьIIина Ичкерина зама "Iорайоккхуш хиларна". Шен майраллех а, Ичкерин куьйгалхочун "йамартлонах" а, "стешхаллех" а дуьйцучу цуьнан туьйранашкахь а, дийцаршкахь а хаало шен ма-хуьллу Нохчийчоьнан урхалхочунна там бан хьийзаш иза лелий", - бохура хьасто.
Москвана оьшурий-те Кадыров кхелхинчул тIаьхьа оцу тайпа "кисанахь лелон ичкерийцаш" – и доккха хаттар ду
Ханбиев оккупаци йинчу дозанаш тIе кхачар шатайпа риутал йу, Путинан рожан векалшна оьшуш йолу, бохура украинхойн стратегин коммуникацийн а, информацин а кхерамзаллин Центран экспертоМайоров Максима.
Депутатан цу тIамтIе вахарца къаьстина "нохчийн фактор" го суна. Республикера Iедал кеста хийцадала тарлуш хилар гойту йуха а Кадыров Рамзанехь долчу хьоло. Ханбиев Мохьмад санначу нахана хене бовла хаттар хила тарло хIара. Цуьнан хьал тешамаза ду – Iедалехь цхьана а тайпа тIетовжар а доцуш, кхинболчарел а чIогIа Кадыровх хьакхавелла ву иза", - билгалдаьккхира къамелдечо.
Барт хир боцчу эмиграцина дуьхьалваккха аьтто болуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Ханбиев, Кадыровна "шен ичкериец" иза волуш санна бохучунна тIетов иза.
"Москвана оьшурий-те Кадыров кхелхинчул тIаьхьа оцу тайпа "кисанахь лелон ичкерийцаш" – и доккха хаттар ду. Цундела Ханбиевна маьIне ду путинизман коьртачу миссица – Украинаца болчу тIамца- ша воьзна хилар дIагайтар. Оцу кепара "z-патриоташка" кхайкхам бан хьийза иза:"Со шуьниг ву, сох ма лета!"- элира Майоров Максима.
Кадыровн тIаьххьарчу публикацица а догIуш, охан-беттан 23-чохь Ханбиев "Запорожьен агIор нохчийн дакъош долчухь хилла". ХIун Iалашонаш йолуш депутат леста эскархойн позицешка, мехкан куьйгалхочун посташкахь йаздина дац.
- Охан-беттан 23-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен социалан машанашкахь видео йаржийна шен гонерчу нахаца спортзал чохь дIайазйина. "ДегIана ницкъбаро дегI метта далийна ца Iаш, синхIоттам а ойбу", - йаздина цо, "Новая газето" шен зорхан екхоънан некроз йу аьлла, диагноз хIоттош таллам бинчул тIаьхьа.
- "Ахмат" спецназан командирана, Нохчийчоьнан куьйгалхочун 50 шо долчу гIоьнчана тIеман министраллин тIеман-политикан балхехула йолчу коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовсан дарж делла. И бохург ду, хенан йохалла Кадыров Рамзанан метта хIотто стаг лоьхуш хилар Кремль, йа цуьнан Iаткъамбар лахдан дагахь, аьлла хета эксперташна.
- Украинан агIор тIемаш беш йу Ичкерин агIончех вовшахтоьхна масех лаамхойн батальон. Оцу дакъойх цхьадерш официалехь Украинан ТIеман ницкъашна йукъадогIуш ду.