ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн критикаша дӀакхайкхийна Нохчийчохь меттигера йахархо лачкъор


Нохчийчуьра бакъоларйаран органийн белхахой, гайтаман сурт
Нохчийчуьра бакъоларйаран органийн белхахой, гайтаман сурт

Оьрсийчоьнал арахьа бехачу Кадыров Рамзанна критика йеш болчу наха дӀакхайкхийна Нохчийчохь кхин а цхьа стаг лачкъорах. Цара дийцарехь, йуьйцург ю ТIехьа-МартантӀера 25 шо долу йахархо Тепсуркаева Ракушка, меттигерчу полисхойн декъехь латтош а, хьийзош а йу иза. Кхечу хьостанашкара и информаци тӀечӀагӀйина йац.

NIYSO телеграм-канало дуьххьара хаам бина Тепсуркаева лачкъийна бохуш. ТӀаьхьо хиллачух шорйина верси зорбане йаьккхира 1АДАТ боламо. Цара чӀагӀдо, йоӀ лачкъийна кхо кӀира гергга хан йу бохуш – товбеца-бутт болалуш. Бозбуунчалаш лелийна аьлла, бехке а йина, мукӀарло даккхархьама хьийзош йу иза.

"Тепсуркаева зезагаш духкуш йара, шена бевзаш болчу нахера оьцура цо зезагаш. Шен ахча а, клиентийн ахча а дӀаделлера цо зезагаш латточаьрга, ткъа цара Тепсуркаева а, цуьнан клиенташ а Ӏехийра инзаре боккхачу барамехь. ТIехьа-МартантӀера лаккхара хьаькамаш а хилла клиенташлахь", - чӀагӀдо 1АДАТ олучу телеграм-каналан авторша.

Нохчийн оппозиционераша кест-кеста хаам бо республикехь нах лечкъош хиларх лаьцна, ткъа метиигерчу Iедалхоша и хаамаш тергамза буьту.

  • Товбеца-баттахь NIYSO а, 1ADAT а телеграм-каналаша бинчу хаамца, Нохчийчохь 30 сов стаг лачкъийна ницкъхоша. Кадыров Рамзана жигара дӀакхийкхош хилла Соьлжа-ГӀалахь Кавказан инвестицин форум йолаялале хьалха кест-кеста нах лецар алсамдолуш дара.
  • • Мангал-бутт чекхболуш Нохчийчоьнан куьйгалхочунна критика еш болчу наха хаам бира, Дагестанехь герзаца тӀелатарш дарца доьзна республикехь рейдаш йолийна аьлла. Уьш дӀайолаелира Кадыровс "юкъараллин кхерамзалла ларъярехь болх чӀагӀбе, терроризмана а, динан экстремизмана а профилактика йар" тӀедожийначул тӀаьхьа. Иза ма-дарра "Дагестанехь хиллачу бохамечу хиламашца" дуьйзира цо. Оццу хенахь регионан куьйгалхочо кхерамаш туьйсура вахабизман шеко йолчу нехан гергарчарна чIир кхайкхор йу а бохуш
  • Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчохь ницкъахоша лачкъийнера бӀеннашкахь меттигера бахархой, лоьмарш тӀехь "Дустум" дош а, неӀарехь "К13" йоза а долу "Лада Нива" машенах цӀетасар бахьана долуш. И билгалонаш лелош хиллера Журавель Никитина йеттарца вевзаш волчу Кадыровн кӀанта Адама. Дуккха а рейдаш хилар а, нах лечкъорах а йолу информаци тӀечӀагӀйира "Мемориало". Лачкъийначех цхьаъ, нохчийн оппозиционерийн информацица, полисхоша ницкъ бинчул тIаьхьа велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG