ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн нах? Гуьржийчу стенна йеанера Нохчийчуьра кортеж


Гуьржийчу кхаьчначу кортежах йолчу видео йуккъера коллаж
Гуьржийчу кхаьчначу кортежах йолчу видео йуккъера коллаж

Хетарехь кадыровхой болу, пхеа машенахь Нохчийчуьра нах баьхкинера Гуьржийчу. Оьрсийчоьнан номершца йолу "Гелендваген" машенийн ковранийн суьрташа а, видеоша социалан машанашкахь а, зорбанан гIирсашкахь а йоккха гIовгIа эккхийтинчул тIаьхьа, "Грузинская мечта" урхалла дечу партин векалша тIечIагIдира пачхьалкхе нохчийн бизнесхо Ахметханов Асламбек вар. Стенна баьхкинера Нохчийчуьра хьеший Гуьржийчу, хIун ду хууш, кортежна хьалхаваьлла хиллачу совдегарх лаьцна?

Соьлжа-ГIалара баьхкинчу наха шога критика гIаттийра гуьржийн оппозицигахьара, парти бехкейира цара, "Гуьржийчоьнах Оьрсийчоьнан провинци йарна". "Грузинская мечта" партин депутаташ, шайна догIучунна, хьоьвсира Ахметханов Нохчийчоьнан куьйгалхочун къийсархо волуш санна гайта, цуьнан тоххара Кадыров Рамзанца дов хилла бохуш, дага а доуьйтуш.

Соьлжа-ГIалара хьеший

Мангалан-беттан йуьххьехь социалан машанашкахь даржийра, Гуьржийчухула йоьдучу Iаьржачу пхеа машенан суьрташ а, видеош а. "Гелендвагенийн" тергойира Натахтарихь, Горихь, Тбилисихь, тIаьхьо Батумихь а. Оцу ковранца йаьккхина масех видеоролик зорбане хIоттийра ша Ахметханов Асламбека а.

Пачхьалкхехь йаьккхинчу оцу хеначохь кортеж ларийра 7450 ларина (2800 доллар) 40 гIуда хьарчон некъан низамаш дохийна. Иштта дIахьедира Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн сайтехь йиллинчу базехь. Хьалхара низам дохийна меттиг хаайелира стигалкъекъа-беттан 22-чохь Тбилисихь, тIаьххьара – мангал-беттан 3-чохь Малхбузенан Гуьржийчохь боккхачу некъа тIехь. "Мтавари" телеканало хаамбира мангал-беттан 4-чохь Нохчийчуьра номершца йаьхкина машенаш Туркойчоьнца долчу дозанехула арайевлла аьлла.

Оцу йукъанна царех цхьа а машен йац Ахметхановн цIартIехь, уьш йерриш а кхечу нахана тIейазйина йу. Кавказ.Реалии редакцино къастийра, йеа машенан долахо Абдулкаримова Зекият хилар, Москвахь йехаш йу аьлла, регистраци а йу цуьнан. ПхоьалгIа машен дихкина ду официалехь йохка а, эца а. ХIетте а, изза номерш йолу машен гуш йу 2022-чу шарахь йаьккхинчу видео тIехь. Цу тIехь ву нохчийн бизнесхо Ахметханов Асламбек.

Гуьржийчу йеана кортеж
Гуьржийчу йеана кортеж

Ахметхановца цхьаьна пачхьалкхе веана иштта "дIаваьккхина Соьлжа-ГIалин хилла мэр", хаамбира урхаллин "Грузинская мечта" партин векало Самхарадзе Дмитрийс (Дито). Схьагарехь вуьйцург ву 2012-чу шарахь Нохчийчоьнан урхалхочо низамехь доцуш латтанаш декъна аьлла, шеконаш хилла дIаваьккхина Хучиев Муслим.

Гуьржийн Formula телеканалан хьасташа бахарехь, нохчийн совдегар Ахметханов тIеэцна хилла Аджарин министрийн кабинетан куьйгалхочо Рижвадзе Торникес а, Батумин мэро Чиковани Арчила а "Рэддисон" аьллачу хьешан цIийнехь. Къевлинчу сакъоьрийлехь Нохчийчуьра тIеман "лаккхара даржхой" хир бу аьллера отелан белхалошка. Батумира отельна гена доццучохь тидам хиллера Оьрсийчоьнан номершца йолчу оццу машенийн. Аджарин министрийн кабинетан пресс-гIуллакхоша бакъ бац элира и хаам.

Гуьржийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин юкъараллица уьйраш йолчу центро хIинца а йина комментарий йац хиллачух. Кавказ.Реалиин редакцино хаттарца кехат дахьийтира гуьржийн полицин пресс-гIуллакххошка, материал зорбане йоккхучу заманчохь жоп кхачаза дара цаьргара.

"Церан машенаш чу хьовса а кхоьру"

Гуьржийчохь а даккхий дийцарш хилира кортеж тIехь йолчу суьртех а, видеох а. Оппозицино шога критика йира Iедалхошна, пачхьалкхехула маьршша дIасалелаш Нохчийчуьра бизнесхой хиларна, Гуьржийчоьнах "Оьрсийчоьнан провинци" йан гIортарна бехкейира урхаллин парти. "Грузинская мечта" партин векалша чIагIонаш йира, пачхьалкхан цхьана а кепара низамаш Нохчийчуьра баьхкинчу хьешаша лар ца дира аьлла.

Тхан къоман кхерамзаллина кхерам бу аьлла шеконаш хила хIума дац хIара

"ХIоьттинчу хьолехь боллу хьеший йукъараллина оьшуш бу олийла дац, амма, гIеххьа финансийн ресурсаш йолуш, опалехь волу бизнесхо кадыровхо ву бохийла дац, иза зуламна бехкевар а - нийса дац. ХIораннан а шен-шен ойла хьулийла ду оцу тIехь, амма вайн къоман кхерамзаллина кхерам бу аьлла шеконаш хила хIума дац хIара", - дIахьедира журналисташка Гуьржийчоьнан парламентан вице-спикеро Вольский (Гия) Георгийс.

Самхарадзе Дмитрийс къастийра, Нохчийчуьра йеанчу тобанца дозанхоша кхин совнах хIумма а къастийна цахилар, хIунда аьлча, хьешех цхьа а лехамашкахь ца хилла, йа гуьржийн оккупацех долу низам талхийна а дац (Гуьржийчоьнан оккупаци йинчу Абхазин а, Къилба ХIирийчоьнан а дозанашка министраллера бакъо йоцуш ваха йиш йац- Редакцин билгалдаккхар.).

"Туристаш санна баьхкинера уьш, шайн ахча а хаьхкина, дIабахара", - аьлла, тIетуьйхира цо.

Оццу позицица вистхилира "Грузинская мечта" партин депутат Давитулиани Бека а. Цо билгалдаьккхира, "Кадыровн бизнесхошкара" даьлла хIума дац, дозанхоша уьш чу ца бита.

Гуьржийн оппозицино шена догIучунна билгалдаьккхира, Ахметханов Асламбекан Кадыров Рамзанца уьйраш хилар гуш хиларх.

Путинна дIа-м ца йелла цара пачхьалкх муха олу цул тIаьхьа?

"Укаинан дозанаш тIехь дуккха а зуламаш лелийна, иштта берашна дуьхьал а цхьаьна, и криминалан тобанаш Гуьржийчу йогIу, кхузара дIа кхечу мехкашка боьлху уьш, церан ахча ца хилча вайга хIуммаъ а далур доцуш санна. Оцу кепара тобанашна тIехь терго латтайо церан къайлахчу сервисаша, ткъа вайнаш кхоьру ур-атталла церан машенаш чу хьовса а. Нагах саннна, цхьа питана хилахь, вай хIун дан деза оцу доллучунна? Цара муха бохур ду цул тIаьхьа, пачхьалкх Путинна дIа-м ца йелла?", - дIахьедира Гуьржийчоьнан ТIеман ницкъийн Вовшахтоьхначу штабан хиллачу куьйгалхочо Гогава Зазас (гочдина гуьржийн маттера Кавказ.Реалии сайто.- Редакцин билгалдаккхар.).

Кадыровца воьзна бизнесхо пачхьалкхе витарна шога критика йира Гуьржийчоьнан ТIеман ницкъийн бригадин инарлас Курашвили Мамукас а. Цо дIахьедира, Iедалхошна "цуьнах цкъа а хирйоцу ТIехьа-Мартана йан лаьа Гуьржийчоьнах" аьлла. Инарла лаьттинчо тIедожийра Iедалхошна, маьршша официалехь йоцу кортеж пачхьалкхехула дIаса стенна лела къастаде аьлла.

Граница для немногих

Ма-дарра дийцича,и кортеж чекхйаларх хIумма а дац, хIунда аьлча, Гуьржийчоьнан низамаш цара дохийна дац баккъал а, билгалдоккху гуьржийн стратегин анализан Центран эксперто Васадзе Гелас.

"Амма политикан цхьа аспект йу. Ахметханов – могIарера стаг вац, кхеташ ду, Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин, йа Iедалхойн тIегIанехь, йа кхин а лакхарчаьрца и дерриг а дийцина хилар, ткъа кхин а лакхарниг ву тхан Иванишвили Бидзин ("Грузинская мечта" парти кхоьллинарг- Редакцин билгалдаккхар.)", - билгалдоккху къамелдечо.

Гуьржийн Formula телеканалан цхьахйолчу хьасто хаамбира, кадыровхой Батумихь тIеэцначу делегацина хьалхаваьлла Иванишвили вара аьлла. Стохка гезгамашин-баттахь Украино кхайкхамбира санкцеш йахар доьхуш "формалехь воцчу Гуьржийчоьнан урхалхочунна" дуьхьал. Буха тIехь йаздарехь, Иванишвили Бидзина терго латтайо къоман урхаллина тIехь, оьрсийн политикан элитица йукъарлонаш а лелош. Иштта цунна тIейаздо, Оьрсийчоьнна дуьхьал йаьхна санкцеш йоллушехь, оьрсийн бизнесхойн интересаш хьалхатеттарна.

Кху заманан Гуьржийчохь оцу кепара хIума хила йиш йу аьлла, дIагайтархьама чекхбевлла уьш

"Доза хадор низаман хаттар хилла ца Iаш, Украинана а, Гуьржийчоьнна а дуьхьал Оьрсийчоьно лелочу гибридан тIеман цхьа дакъа а ду- ас къестамаш бийр бацара кхузахь. Тергамза уьш бахкар дита лууш бара аьлча, со ца теша. ХIан-хIан, кху заманан Гуьржийчохь оцу кепара хIума хила йиш йу аьлла, дIагайтархьама чекхбевлла уьш. Цундела негативе реакци йина гуьржийн жигарчу йукъараллин декъо", - кхин дIа дийцира Васадзес.

Оцу йукъанна Къилбаседа Кавказан бахархошка Гуьржийчоьнан дозанехь чIогIа лерина хьуьйсу, цара цхьана а тайпа низам дохийна дацахь а. Хьалхо хаамбира, гуьржийн дозанхоша дукха хьолахь Нохчийчуьра бахархой номер 222 йолчу кабинет чу бигарх, цигахь сахьташкахь хеттарш дой, тIаккха КПП-н гIишлочуьра арадовла олура, Оьрсийчу йухабахар тIе а дожош.

Чу ца буьтуш кара лучу кехата тIехь "Кхиндолу бахьанаш" аьлла, билгалдоккхуш хиллера. Оццу проблемех Iиттало кхинболу бахархой Къилбаседа Кавказан мехкашкара а, ткъа Тбилисихь цуьнца доьзна дуьхьалонан акцеш хIиттийра.

Васадзес билгалдаккхарехь, йуьхьанца 2010-чу шарахь Гуьржийчу боьлхучу Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказан бахархошна аьлла, йукъайаьккхинера визанашца йоцу раж. Уьш пачхьалкхе битарехь дуьхьалонаш йуьйлайелира Украине гIортале масех шо хьалха а дуьйна, кхин дIа дуьйцу къамелдечо.

"Тбилиси Кавказан политикан центр лоруш йу, дуккха а нах шена тIеозон центр. Визанаш ца оьшура къаьсттина Гуьржийчоьнан Къилбаседа Кавказца зIенаш тийса луучарна. И чIогIа ца тара Москвана. ОьгIазло дIайелира церан, Къилбаседа Кавказан мехкашкара бахархой къестамаш а лелош, дозанехь "йухаберзийча". ТIаккха кест-кеста а. ХIинца олийла дац, берш чу ца буьту, амма хьо Къилбаседа Кавказера вахархо велахь, тIаккха шеко йац хьуна атта хир ду ала", - кхетадо эксперто.

Кадыровца Ахметхановн уьйраш хилар къайле йац цхьанна а, боху нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара. Стохка марсхьокху-баттахь бизнесхочо Берлинера видео дIайазйира, дозанал арахьа "Оьрсийчоь сийсазйийраш" шен метта охьаховшор бу ша, "дан деззарг" царна дийр ду ша бохуш. Кадыровна ваIда дар дара и боху къамелдечо.

2017-чу шарахь "Юг-Нефть" директорийн кхеташонан куьйгаллехь хилла Ахметханов Асламбек лецира харцонца банкан гIуллакх лелорна шеконаш гIевттина. Талламан версица, лицензи а йоцуш, дийнна спектр банкан хьашташ кхочушдеш хиллачу нехан тобана йукъахь хиллера иза. 2019-чу шеран лахьанан-баттахь "Юг-Нефть" компани дIайохийра цуьнан коьртачу директоран а, номиналан долахочун Родыгин Сергейн а сацамца."Спартак-Интерфаксан" хаамашца, Ахметхановн кIант Рокъман хIоьттира цунах терачу "НК Юг-Нефть" цIе йолчу ОООн-н директор.

Ахметхановн Кадыровца уьйраш хилар – къайле йац

Ахметхановн кIентан компанин декхарш – ягорг, маьIданаш, металл дохкар ду. ХIетте а, финансех чуйелла чот нийса йелахь, цо банне а пайда ца бохьу цуьнан долахошна – 4 шарахь цо йина са 21 миллион сом йу. Оцу йукъанна "Юг-Нефть" микрокомпани лоруш йу, цуьнан штатехь официалехь ву верриг а 4 стаг.

"ШайтIа" цIе а лелош, криминалан авторитет ву аьлла хета Ахметханов готтачу гонашкахь, йаздира "Кавказский узел" гIирсо шайн хьасташна тIетевжина.

Церан хаамашца, Нохчийчохь цунна таронаш йеллера бизнес лелон, дуьхьал Кадыровна оьшучу проекташна хIора баттахь ахчанаш хьежон дезара, мехкан урхалхочун "альтернативе бохча" олучу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фонде.

"ЧГТРК "Грозный" каналан эфирехь Ахметахновн йуьхь йохучу хенахь даьккхина сурт
"ЧГТРК "Грозный" каналан эфирехь Ахметахновн йуьхь йохучу хенахь даьккхина сурт

2020-чу шеран бIаьста массарна а хьалха сийсазвира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Ахметханов. Зударшна йуккъе а хиъна, ковидан карантин йолчу хенахь къаьркъа моьлуш Ахметханов волуш видео йаржийнера машанехь.

Оцу хеначохь дирзинера, 2017-чу шарахь дуьйнна цунна дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх, бехк цунна тIехь а буьтуш. Бакъду Ахметханов бехке лерира 20 миллион ахча эцарна, йуьхьанца 160 миллион баьхнехь а. Эххар а арахь такха шо хан кхайкхийра бизнесхочунна.

Цхьа хан йаьллачу заманчохь, Кадыровца конфликт а йирзича, бехкбуьллуш гIуллакх а дирзича, даймахкара шен хIусаме вирзира Ахметханов. Оьрсийчоьнан ницкъахошна герга йолчу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало йаздира хIетахь, шена гечдарна дуьхьал Нохчийчохь йоккхачех шина проектана ахча дала деза цо аьлла.

"Стенна эшна иза Туркойчу вахийта, стенга ваханера иза Гуьржийчуьра, кхета хала ду. Кадыровхошна цигахь тIелетарш динера, царна йиттинера, цаьрга гечдарш дехийтира – иза кест-кеста хуьлу хума ду. Кадыровхоша сих-сиза леладо оцу кепара хIуманаш медиан майданехь тIом беш", - дерзийра Янгулбаевс.

***

  • Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а бIеннашкахь бахархой биссира Гуьржийчу ца бахалуш дозанехь - дуьйцуш бахьана а доцуш, дуьхьало йора царна меттигерчу дозанхоша. Гуьржийн Iедалхоша комментарий ца йира хьолах лаьцна. Кавказ.Реалии сайто къамел дира, пачхьалкхе ца битинчу цхьаболчаьрца.
  • Стигалкъекъа-беттан 19-чохь Тбилисихь охьадоьссира дуьххьара деа шарахь ца лелла Оьрсийчуьра кема. Гуьржийчоьнан президенто Зурабишвили Саломес элира, Украинехь боьдуш тIом а болуш, кеманаш дIасалела магийтар хилийта йиш йоцург ду. Оцу йукъанна гуьржийн Iедало а, урхалла дечу "Грузинская мечта" партино а" элира рейсаш йухайолорах лаьцна. Партихь билгалдаьккхира, Гуьржийчоьно санкцеш йохур йац Оьрсийчоьнна дуьхьал шайн пачхьалкхана цара зенаш дарна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG