ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн украинхойн йийсархой: санкцеш дIайохуш гIо дийр дуй-те цара Нохчийчоьнан куьйгалхочунна?


Кадыровн резиденцин дозана тIехь дIахIиттийна эскархой
Кадыровн резиденцин дозана тIехь дIахIиттийна эскархой

Американ Цхьанатоьхначу Штатийн санкцеш шен доьзална тIера йохург украинхойн йийсархой ша хуьйцур бу аьлла хьехна Кадыров Рамзана. Оцу хаамо эргIад бахийтира ур-атталла тIеман блогерш а – "адамаш духкуш" ву аьлла бехкевира цара Нохчийчоьнан урхалхо. Цул тIаьхьа элира цо шен дIахьедар "троллинг" йара, делахь а, Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш дина политологаш тешна бу: йуьхьанца дуьйна а баккъал дара цо аьлларг, делахь, Оьрсийчоьнан элитина малхбузено дуьхьалйаьхна санкцеш билггал шайн болх беш йу.

Америкера цхьана заманчохь хIордан пехотехь гIуллакх дина талламхо Риттер Скотт республике веанчу заманчохь эскархой гойтуш, уьш дIахIиттийначу барамехь йийсархой хийцар хьахийра Кадыровс. Ала догIу, Скоттер Оьрсийчоьнан позици йолуш ву, цуьнан аларех кест-кеста пайдаоьцу Кремлан пропагандо. Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира, "Донецкехь а, Луганскехь а лаьцна" украинхойн 120 тIеман йийсархо маьршаваккха кийча ву ша, нагахь санна, Американ Цхьанатоьхначу Штаташа шен гергарчу нахана йиттина санкцеш йухайахахь аьлла.

"Сан нана, хIусамнана, йоьIарий, вешин-йишин бераш, цара цкъа а дакъалаьцна дац политикан ловзаршкахь. Дош аьлла дац цара. Аса тIом бина. Аса тIом бийр бу Американ куьйгаллина а, малхбузен Европан пачхьалкхашна а дуьхьал. Суна дуьхьал шайна хьаштдерг даккха, амма сан доьзал ма хьебе", - аьллачу Кадыровн дешнаш далийна Оьрсийчоьнан пачхьалкхан агенталлаша а, цунна муьтIахь йолчу нохчийн медиаша а.

ЦIеххьана резадоцу реакци гайтира оцу хаамо Орсийчоьнан z-"военкорашна" йукъахь (тIамехь болу блогерш. – Редакцин билгалдаккхар). Кадыровс лелориг "шеконе махбар" ду элира "тIеман корреспонденто" Кац Александра, цо тIетуьйхира, "даймахкана гIуллакх дина хилар" къобалдар ду санкцеш тохар аьлла.

"Адамашца" манипуляцеш лелорна бехк биллира Кадыровна кхечу милитаристийн блогеро Котенок Юрийс: "Пачхьалкхал а лакхара хила гIертар го Оьрсийчохь йуха а. Диллина, цхьа протест йеш санна"

Телеграм-каналашкахь негативан тулгIе йаьржинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан урхалхо а, цуьнан го а гIоьртира йийсархой хийцарх дина дIахьедар забаре дерзон. "Грозный" ЧГТРК-н директоро Ахмадов Чингиза йаздира, оцу шен дIахьедарца Кадыровс Американ администраци "чолхечу хьоле" хIоттийнера. Нохчийчоьнан куьйгалхочо шена догIучунна элира, шен дешнаш "стомма троллинг" йара аьлла.

Йохк-эцар дан гIортар?

70 шо долу политикан нана Кадырова Аймани санкцийн тептаре йаьккхира Американ Цхьанатоьхначу Штаташа марсхьокху-баттахь. Бахьана дара цуьнгара Кадыров Ахьмадан цIарах йукъараллин фондан куьйгалхочун дарж, цу фондера ахча ду тIеман харжана хьежош. Зорбанан гIирсашкахь фондах олу Нохчийчоьнан куьйгалхочун "альтернативе бохча".

Кадыровга аьллачух тера ду, Путин кхеташ вац ахьа аьллачух

2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Американ персоналан санкцеш йехира официалехь политикан хIусамнаной лоручу Кадырова Меднина а, Хазуева Фатимина а – иза цуьнан шолгIа зуда лоруш йу, Ахмадова Аминатна а, Кадыровн кхоалгIа хIусамнана лоруш йу иза, дуьхьал. Ишта Кадыровн йоьIаршна Iайшатна а, Каринина (Хадижат) а, Табарикна а. Кхул а хьалха доьзал 2020-чу шарахь нисбелира санкцийн тептарехь.

Шен гергарчарна тоьхна дозанаш йухадаха аьллачу Кадыровс гайтира украинхойн тIеман йийсархой тIехь болу видео, и бохург хIун ду – хIара дIахьедар хьалхе дуьйна кечдина хилла, тидаме оьцу политолого Галлямов Iаббаза. "Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIагайтина, оцу санкцеша шен сагатдеш хилар. Активех кхоьруш велахь а, долахой бу аьлла шен доьзалхой бу цо билгалбаьхна, йа, масала, США-ца доттагIаллин уьйрашкахь йолчу ГIажарийн аймера пачхьалкхашка шен гергарчу нехан баха йиш цахиларна", - элира политолого.

Кадыровга аьллачух тера ду, Путин кхеташ вац ахьа аьллачух, цундела йухаваьлла важа, кхин дIа дийцира къамелдечо. Галлямовс тидам тIеузу официалан риторикаца бIостаналла хиларна: Нохчийчоьнан урхалхочунна ца тов шен активаш Москвана муьтIахь йолчу пачхьалкхашкахь хилар, цунна лаьа шен тешам боллу кхин а "тIаьхьалонан аэродром" хила.

"Хьенах ахча хьулдан хьийза иза? Путинан рожан хьал эшна догIуш хиларца, билггал шеконаш кхоллало, Кадыров тешаш цахиларх заманан йохалла тIаьхье дика хир йу аьлла, цундела америкахошца йохк-эцар лелон гIерта иза, шена кхерамзалла хилийтархьама. ХIара хIинца иштта хьовзийна дийцар а хир дуй хаьара, цо чIогIа эргIад бахийтина Оьрсийчуьра нах а, элита а", - дерзийра къамелдечо.

Кремль оьгIазйахийтар

Йуьхьанца дуьйна а Кадыровс аьлларг баккъал а дара, тешна ву украинхойн экспертийн "Сова" тобанан куьйгалхо, политолог Савва Михаил: "Цкъа делахь, республикехь латтош болу украинхойн йийсархой шен долахь бу моьттуш ву иза, шолгIа аьлча, доьзална дуьхьалйаьхначу санкцеша билггал новкъарло йо Кадыровна. Iаламат лазаме йу уьш цунна, шен мостагIчуьнга вистхуьлуш ву иза, дийцарш дан реза а волуш".

Республикехь латтош болу украинхой йийсархой шен долахь бу моьттуш ву иза

Дуккха а Оьрсийчоьнан хьаькамаш бу тахана санкцийн тептаршкахь, ткъа хIетте а Кадыровна эхь-бехкк ца хета шен доьзална тоьхна дозанаш дIадахийта лаарх дIахьедеш кхин дIа дуьйцу эксперто: "Москвано дендолчух уггар а шоганиг, - сигнал йалар, айхьа аьллачунна йухавала аьлла. Иштта нисделира хIинца а, Нохчийчоьнан куьйгалхо шен кхайкхам забаре берзо гIоьртича.

Оцу йукъанна Американ Цхьанатоьхна Штатийн персоналан санкцеш Кадыровна томехь а йу, ша дийриг негативе цара тIеоьцуш санна лору цо, элира политолого Дубровский Дмитрийс: Къаьсттина цундела цунна коьрта ду, "США-н номер 1" йолу мостагIчун статусехь ша хилар, боллу доьзалхошна йукъахь билгал ца воккхуш".

Оцу кепара хийцар хьоьхучу Кадыровс билгалдоккху, ша Американ Цхьанатоьхначу Штаташна йечу дуьхьалонехь чIогIа хилар, кхетадо политолого, цуьнан къамел дар "эмоционале реакци" йар ду а олуш. "Массарна а гуш-хезаш гIараваьлла политик хила лаьа цунна, кест-кеста Кремлан позицица бIостане а волуш. ТIаккха йухаийзон веза и. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга кхеттал дерг дIа аьлла, йийсархо хийцар – тIеман министраллин карахь ду, оцу кепара функцеш цуьнан кара кхочуьйтур йац аьлла", - бохура эксперто.

ГIараваьла политик хила лаьа цунна, кест-кеста Кремлан позицица бIостане а волуш. ТIаккха йухаийзон веза и

Арахьарчу политикан майданахь Кадыровн бакъонаш къаьсташ билгалйаьхна йац, тIетуьйхира Оьрсийчуьра Transparency International организацин куьйгалхочо Шуманов Ильяс: "Шеко йоцуш, йийсархой дIасахуьйцуш дийцарш дар губернаторшна тIехь дац. Оцу йукъанна вайна хууш ду, Кадыровн коммуникацин персоналан канал йолчу урхалхойн Iарбойн Эмираташ йукъахь йолуш дукха хан йоццуш дуккха а йийсархой дIасахийцина хилар.

Шен доьзална тоьхна санкцеш дIайахахь украинхойн йийсархой дIалур бу ша аьлла Кадыров дуьненайукъарчу майданахь а, Оьрсийчоьнан элитана йукъахь а шен мах лакхабаккха лууш вара. И дан цуьнан аьтто бер бара, цуьнан дIахьедар США-хь а, Украинехь а тергоне эцна хиллехь", дерзийра Шумановс.

  • Стохка стигалкъекъа-баттахь Чехира Нохчийчу дIайигира Кадыров Рамзанан Зазу цIе йолу говр. Политикна тоьхна санкцешна тIехула 2014-чу шарахь дийнат йохка а, йа дIасайаккха а бакъо йацара, амма кху шарахь говр лачкъийра. Йуьхьанца Кадыровс бахкбиллира чехийн Iедалхошна ледарло йалийтарна, цул тIаьхьа элира, шен омраца лачкъийна йу Зазу аьлла. Украинан къайлахчу сервисашца берта а вахна, церан гIоьнца цIа йигина говр бохура Кадыровс, амма лур ду аьлла ахча ша ца делла элира цо. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа и дIахьедар гIурт бу элира ткъа говр лачкъор – рогIера пиар йан гIортар ду. Кху дечкен-баттахь Чехин полицино дехар дира кхечу пачхьалкхашца, Зазу лачкъор толлуш гIо де шайна аьлла.
  • 2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхира. Урхалло цунна тIедиллира жоьпалла кхел йоцуш нах байарна а, гIело хьегийтарна а, дуьнено тIеэцначу адамийн бакъонашца доьзна кхиндолу низам талхон хIуманаш лелорна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG