Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан кийча ву миллион долларшкахь мах бала (Оьрсийчоьнан Коьртачу банкан официалан барамца – 73 миллион сом, официалехь йоцчу курсаца – 90 сов) Дудаев ДжовхIаран а Шейх Мансуран а цIарахчу украинхойн батальонийн буьйранчаш – Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болчу меттигах хаам бинчунна.
Охан-беттан 26-чохь телеграм-каналехь хIоттийначу аудио-хаамехь Кадыровс боху, командираш болчу меттигех хаамбинчунна миллион далларшкахь ахча лур долуш стаг ву аьлла. Йа "коьртеш даха" йа гечдар доьхуш, видео дIаязъяр хьехначу кадыровхоша оцу батальонийн куьйгалхой карарабовлийта мегар дац аьлла, тIетоьхна политико.
"Къамелаш дан майра ду шу, ткъа тIамтIехь… Аш муха тIом бина? Хьалхара тIеман кампани, шолгIа тIеман кампани – оха толам баьккхира", - билгалдаьккхина Кадыровс, Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIамехь сепаратистийн агIор тIемаш бар хьаха а ца деш.
Зазадокху-беттан 3-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо яздинера "украинхойн националистийн комнадирийн коьртех" совгIат лур ду аьлла. ХIетахь хIора вийначу дуьхьалончех, цIарах ца вуьйцучу "Оьрсийчоьнан патриото", 500 эзар Американ долларш лур ду аьллера. Оцу юкъанна политико билгалдаьккхира, шен дIахьедар регионан куьйгалхочо санна деш дац ша, "шен лаамерчо" санна до аьлла. ШолгIа бинчу кхайкхамехь и дисклеймер хьахийна а яц.
"Мах кхайкхор – зорбанан гIирсашкахь зевнечу цIерашца хаамаш баржийтархьама - рогIера Кадыровн яьсса пиар ю аьлла, хета суна. Доллу дуьненна а хаьа, Шейх Мансуран батальон йолу меттиг, цара и къайлахьуш а дац. Ткъа Кадыров – ваьсса стаг ву, хIуъа аьлла а, цхьаъ дуьйцур долуш", - хета оппозицин блогерна Халитов Хьасанна.
Тоххара Нохчийчохь а, Шемахь а лелийна геноцид ю Оьрсийчоьнан эскаро латториг
Кавказ.Реалиица къамел динарг цец ца вуьйлу, регионан урхалхочо бехктакхаман гIуллакх делла тарлун дIахьедарш дарх. Цунна хетарехь, "Оьрсийчоьно массарна а гуш тахана бойу зударий, бераш. Доллу дуьне тапъаьлла Iаш ду, оцу цIий Iеночу шоун терго а еш. Кадыровн дешнаш тергал дийр дац Кремло, хIунда аьлча, оцу Кремлехь болчу массеран а гоьлашка кхаччалц цIийх дуьзна ду куьйгаш. Маньякера оьзда, гIиллакхе хиларе сатийсар санна хIума ду иза".
ЖIаьла лета…
Украинехьа тIемаш беш ю нохчийн, шайн лаамехь вовшахкхетта Дудаев ДжовхIаран а, Шейх Мансуран а цIерашца батальонаш. Кремло хIоттийначу Кадыров Рамзана яппарш йина ца Iаш, хьалхо Украинан Iедалхой лийлира царна тIаьхьабевлла – стохка къоман кхерамзаллин Кхеташоно санкцеш ехира бIахошна дуьхьал.
"Суна хала ду, Ичкерин гауляйтеро хIоттийначу, дIоггара лартIахь воцчу блогеран дешнех лаьцна комментарий ян. Дуккха а хан ю тхох ахча лур ду бохуш, чIагIонаш ен", - элира Дудаев ДжовхIаран цIарахчу батальонан хьалханчас Осмаев Адама Кадыровн чIагIонех лаьцна.
ТIаьххьарчу шерашкахь шена масийттазза кIело йира, тIетуьйхира Осмаевс, иштта, цо чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн агIор а цхьана.
"Олуш ма-хиллара, барзах кхерахь – хьуьнха ма гIо. Суна доккха дозалла ду, Кремлан раж а, цо лецна нах хиллачу дуьненан зуламна дуьхьал тIом бечарлахь нисвалар", - дерзийра къамелдинчо.
2017-чу шарахь Мангал-беттан 1-чу дийнахь Киевехь лазийра Осмаев. Лаьцна киллер хиллера, криминалан гонашкахь Динго цIарца вевзаш волу, Денисултанов Артур. Ши шой, ах шой украинхойн СИЗО-хь даьккхинчул тIаьхьа хийцина иза, дIавелира сепаратистийн "ДНР-е". Осмаевна динчу тIелатарехь Кадыров Рамзанан лар хааелира украинхойн зорбанан гIирсашна. Масех бутт баьллачул тIаьхьа Осмаев а, цуьнан хIусамнана Окуева Амина а доьдучу машенна тIе герзаш диттира Киевн кIоштарчу Глеваха эвлахь йинчу кIелонера. Командирна юха а чевнаш йира, иза дийна виссира. Цуьнан хIусамнана елира.
"Киев Iалашъечу дозанан вовшахтохараллашна юкъа йогIу Шейх Мансуран цIарах батальон Украинехь ю. Кадыровна дукха дика хаьа и. Коьртачу гIалин гергахь тхайн махкахошна тIеIитталур ду аьлла хеташ даьхкинера тхо кхуза, амма уьш доллу Оьрсийчоьнан эскаршца оцу агIонехь эшна, юхабирзира", - иштта жоп делира шолгIачу батальоно Кадыровн дIахьедарна.
Шейх Мансуран цIарахчу батальонан информацин сервисан куьйгалхочо Чеченский Богдана Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь тIетуьйхира, "гIеххьачул а шайна ца тайра, шина батальнах Кадыровс миллион долларш бен ца далар" аьлла.
Экстремизмна таллар
"Йа субъектан куьйгалхо а, йа кхечу цхьаннан а бакъо яц "коьртах совгIат" кхайкхон. Амма иштта леларо стаг вер хьоьху, хадам боллуш олийла дац. Цунна "меттахвоккхуш Iаткъамбар" – бертавалор, эцар, совгIат лур ду алар – оцу зуламна хьалхататта цхьа стаг билгалваьккхина хила веза ", - аьлла, Кадыровн дIахьедарш бакъонехь кхетадо йохийначу "Мемориал" бакъоларъяран центран лакхарчу юристо Гурин Дмитрийс.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун аудиохаамтIехь экспертна го эктремизме кхайкхаман билгалонаш – Iедалан оцу къепехь пхеа шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо.
"Экстремизме гIуллакхаш дар бохучу кхетамехь Оьрсийчоьнан бакъонехь кхетам чIогIа шуьйра бу. Цуьнца догIуш ду, масала, политикан, идеологин, къомехь йолчу гамонца йа мостагIаллица, йа цхьахйолчу социалан тобанехьа цабезамца дина зуламаш, йа оцу тайпа зуламаш дан кхайкхамбар. Схьагарехь, коьртах совгIат кхайкхорца, и зулам тIелоцучо корта схьабаккха беза, иза вен веза. Хааман автор гIертий-те, коьртеш даха тIаьхьабовлучийн оцу нахе цабезам гIаттон, йа тоаме ду сутаралле кхайкхамбар – и хаттар таалламна а, кхелана а, эксперташна а дуьсу", - дуьйцу юристо.
Хааман автор гIертий-те, коьртеш даха тIаьхьабовлучийн оцу нахе цабезам гIаттон, йа тоаме ду сутаралле кхайкхамбар?
"Мемориалан" векало билгалдоккху, кхайкхам бинчу авторан дисклеймер ю, цо олург хьаькамо санна доцуш, могIарерчу вахархочун цIарах делахь а – бен-башха дац зулам санна тIеэцарехь.
"Шайна луъучу хенахь официалан статус латош, дIайойуш хила езаш цахилар ца дийцича а", - дерзийра къамел Гурина.
Дуьххьара дац зорбанан гIирсаша а, бакъоларъярхоша а Кадыров Рамзанна бехкаш дохкуш, шен политикан оппоненташ а, шена луьйш болу нах а байитарна. Бакъоларъяран органийн шеконаш яра, йа билггал тIечIагIдинера оьрсийн а, нохчийн а Iедалхой юкъара хиларх Украинерчу а, Францерчу а, Катарчу а, Австрерчу а, Германерчу а, Туркойчуьра а, Швецерчу а диаспорийн векалш байъарна а, царна кIелонаш ярна а.
2004-чу шеран Чиллан-баттахь Катарехь эккхийтира Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш хилла Яндарбиев Зеламха. 2019-чу шарахь Венехь вийра Кадыровн хилла хадархо Исраилов Iумар. ХIеттахь Дубайхь герз тоьхна вийра Ямадаев Сулим. 2017-чу шеран Гезгамашин-баттахь Киевехь эккхийтира Гуьржийчоьнан вахархо, нохчо Махаури Тимур. 2019-чу шеран Марсхьокху-баттахь вийра Масхадов Асланан а, Басаев Шемалан а накъост Хангошвили Зеламха. 2020-чу шеран Товбеца-баттахь Австрин Герасдорфехь тапча йиттира блогерна Умаров Мамиханна. 2020-чу шеран Чиллан-баттахь Францин Лилль гIалахь велла карийра, шен резонансе кхайкхамеш бен, Мансур Старый никца вевзаш волу Алиев Iимран. Иза верна шеко ю меттигерчу прокуратурин Нохчийчохь вехачу стагах
Украине тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа, Алиев Iимран вийнарг лоруш волу Мамадиев Iусман тIехь видео зорбане яьккхира. ТIеман барзакъ доьхна ву иза, Нохчийчуьра "шайн лаамехь" вовшахкхетта, Украинан дозана тIехь дакъалоцучарна юкъахь.