ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровс болх ца бойтура". Суьдхочун статусах ваккхарх дуьйцу Янгулбаев Сайдис


ЯнгулбаевгIарна дуьхьал Соьлжа-ГIалахь хIоттийна митинг
ЯнгулбаевгIарна дуьхьал Соьлжа-ГIалахь хIоттийна митинг

Нохчийчуьрчу суьдхойн квалификацин коллегино Чиллан-беттан 3-чохь кхелахочун статусах ваьккхина мехкан Лакхарчу кхелан суьдхо лаьттина бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран да, лаьцна латточу Мусаева Заремин хIусамда Янгулбаев Сайди. Спецстатусах ваьккхинчул тIаьхьа цунна дуьхьал даккха тарло бехктакхаман гIуллакх.

Суьдхочун бакъонаш совцон "Оьрсийчоьнан Федерацин кхелахойн статусех" долчу Федералан низаман масех бух бу. Ду царлахь, кхечу пачхьалкхан вахархочун паспорт эцар, йа ханна ваха цхьахйолчу пачхьалкхо хьуна бакъо ялар, арахьарчу банкашкахь чоьташ еллар, йа цигахь чу-ара ца баккхалун бахам эцар, цхьа низам дохош хIума дар.

Оцу бахьанашлара квалификацин коллегино къастийна "балхара мукъаваьллачу суьдхочун тIедахкаршца вогIуш цахилар". Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан куьйгалхочо Гардалоев Iалавдис дIахьедина, "шен ницкъ мел берг до Янгулбаев Сайдис, Нохчийчуьрчу бахархойн паргIато йохош, юкъара барт эгIорхьама" аьлла. Муха – балгал ца даьккхина цо.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьхь Янгулбаев Сайдис дийцина Нохчийчуьрчу кхелан системин шатайпаллех а, мехкан республикан урхалхочуьнгара Кадыров Рамзанера муьлха гIулчашка сатуьйсийла ду а.

– Нохчийчуьрчу кхелахойн квалификацин коллегино бина сацам билггал къовсур буй ахь Москварчу суьдхойн Лаккхарчу квалификацин коллегехь? Стенах доьзна хир ду иза?

Янгулбаев Сайди
Янгулбаев Сайди

– Cацам къовсар дан тарлург ду. Соьгара спецстатус дIаяккха могуьйту цхьа а бахьана ца даьлла соьгара, сан арахьарчу мехкан вахархочун паспорт а дац, йа ханна ваха елла бакъо а яц соьгахь. Цхьана ханна Оьрсийчуьра дIавахна со, сан хIусамненах Заремех йист яллалц, тIаккха юхаван дагахь а ву. Цкъачунна дозанал арахьа вуьсу со, суна а, сан йоIана а гIо деш ю дуьненаюкъара бакъоларъяран организацеш. Суьдхочун статус бехъеш дIахьедарш а ца дина ас, йа соьгара даьлла хIума а дац.

Тахана санна, "Суьдхойн квалификацин коллегин белхан къепен" низамаш шога хьоьшуш, 2015-чу шарахь ас кехат чулучу дийнахь кхин соьга аьлла хIума а доцуш, бакъо йоцуш балхара вохийра со. ХIинца а изза дан дагах бу уьш, соьга схьахаийтина а доцуш, Iалашвала суна некъ а ца буьтуш.

Ала догIу, масех шеран пенси а ду суна хIинца а схьадаланза. Сан адвокат Москварчу Мещанскийн кхеле ваьллера суна жоп дала дезарг волчу меттиге – Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхелерчу кхелан департаменте (карточкица а догIуш, гIуллакх цигахь толлуш дара.- Редакцин билгалдакхар.

– Нохчийчуьра кхелан система йозуш яц олийла дуй? Ярий иза йозуш йоцуш, ахь Лакхарчу кхелехь болх бечу заманчохь а?

- Гуш ду, йозуш йоцуш ю олийла цахилар. 2012-чу шарахь со Лакхарчу кхеле дехьаваьлча, цуьнан куьйгалхо вара, Советан заманахь дуьйна оцу системехь болх беш схьавогIу Заурбеков Зиявди Саидович. Кадыровн администрацина иштта "бухахь" вацара иза, мел а шен лаамехь вара иза. ХIинца волу Лакхарчу кхелан куьйгалхо Гардалоев а, цул хьалха хилла Каратаев а верриг а воьзна вара Кадыровх, цуьнан гIоьнца дIахIиттийна нах бара уьш, цундела цунна декхаре а бара.

Манти дIа ца хецалуш, Кадыровна а, цуьнан администрацина а дагадеънарг кхочушдеш схьабогIу

Зарема лачкъийначул тIаьхьа хьайн коллегашца вистхтлар нисделлий хьан? Хьан дог оьцуш дешнаш бехирий цара?

– ХIан-хIа, белхан накъосташца цхьаьнца а къамел хилла дац сан цул тIаьхьа.

Хьайн белхан накъосташка - Нохчийчуьрчу суьдхошка - хIун аьлла вистхир вара хьо?

– Суна царех даггара къахета. Со суьдхочун болх беш волчу заманахь, аса олура цаьрга: вай балха хIиттийначу Оьрсийчоьнан президентан цIарах юкъара кехат яздей вай, Кадыровс а, цуьнан администрацино а бакъонан гурашкахь вайга болх ца бойту алий. ТIедехкина гIуллакхаш кхочура Нохчийчоьнан Лакхарчу кхеле, уьш республикан прокурор волчу Абдул-Кадыровс схьакхоьхьура. И гIуллакхаш шен тергонехь латтадора цо духе кхиарехь таллам бечу хенахь а, толлуш а, кхелехь а.

Шайна оьшшу сацамаш бора хьалхарчу инстанцийн кхелаша. ТIаккха апелляцин аьрзнаш кхоьхьуьйтура бехкебечара Нохчийчоьнан Лакхарчу кхеле, ткъа тхуна, суьдхошна, IатIкъам бора. Тхайн ма-хуьллу Iалашдала гIертара тхо, амма керла куьйгалла тхуна тIе ца хIуттура. ДагадогIу суна, прокуроро юьхь-дуьххьал кхерамаш туьйсуш: хьалхарчу инстанцин кхелан сацам аш юхабаккхахь, со Даудов Мохьмаде вер ву (Нохчийчоьнан парламентан спикер.- Редакцин билгалдаккхар.), цо Кадыровга дIадуьйцур ду, тIаккха девне кхойкхур ду шу, цигахь хуьлург – дика хаьа шуна, къамел дIа а ца дойтуш, коьртах хIума еттар ю, бохуш.

Митингехь
Митингехь

Со дохко ца ваьлла, нохчийн кхелан системера суо дIаваьлла. Къинош ца гулдойтуш, Дала кIелхьарваьккхина со. Тахана сан белхан накъосташа лелочух цецвуьйлу со. Пенси баха йиш йолуш царах дукхахболчийн белхан дуккха а зеделларг ду, амма хIетте а, оцу мантих тийсабелла Iаш бу уьш, Кадыровна а, цуьнан администрацина а луъ-луъурш деш. Бакъдерг аьлча, со кхеташ вац, суна дуьхьалкхетча сан бIаьра уьш муха хьовсур бу.

Хьан хIусамнана тахана закъалтхо нисъелла?

– Иза иштта ду. Юьхьанца дуьйна нохчийн ницкъахой петарчу гIертачу хенахь, ас дIахьедора, талламхочо со а, Зарема а тIедаладе аьлла, делла документ низамехь дац, бохуш. Закъалтхо санна иза лаьцна дIайига, цуна дуьхьал административан гIуллакх даккха, хIинца бехкузаламан а цхьана, иза Соьлжа-ГIалахь йита цхьа формале бух бара иза царна. ХIусамнанна гIо хир дуненаюкъараллин резонанс кхин а дIа яхъяро. Кадыров сацон а, де доцчу зудчунна дуьхьал лело харцо лакъон а таро яра Путинан, иза маьршаяккха аьлла, тIе а дожийна. Со кхеташ вац, цо и гIуллакх тергамза стенна дуьту. Нохчий къам ца хета-те цунна, йа Оьрсийчоьнан бахархой ца хета? Нагахь санна Кремльна нохчий буьззина Оьрсийчоьнан бахархой хетахьара, тарлора цо терго ян а, Кадыров юхаозон а.

Хьуна хетарехь, саца стенна ца соцу Кадыров, хIара истори юх-юха кегош, кхин а керла-керла информацин бахьанаш дохуш?

– Юхавала эхье хета цунна, Зарема лачкъорна а, тхо тIедаладе аьлла, кадыровхой омраца, "филькинан кехатца" бахкийтарна а ша бехке хета цунна. Вайна хууш ма-хиллара, шина кIиранчохь цхьана а кепара хеттарш дина ма дац. Ас юха а боху, Зарема закъалте лацархьама формале бахьана дара иза дIайигар.

***

Оьрсийчоьнан президентан омраца Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан суьдхо хIоттийнера Янгулбаев Сайди 2012-чу шеран Марсхьокху-баттахь. Бехктакхаман гIуллакхашкахула йолчу кхелан коллегехь болх беш вара иза, оцу юкъанна, тIаьххьара 2015-чу шеран Товбеца-баттахь суьдхо Янгулбаев юкъахь а волуш, теллина гIуллакхаш йиллинчу тIекхочийлехь ду. Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан сайтехь инфрмаци ю, 2015-чу шеран Лахьан-баттахь Янгулбаевн белхан бакъонаш совцош суьдхойн квалификацин коллегино бинчу сацамах лаьцна.

Кхелахочун жимахволчу кIанта Янгулбаев ИбрахIима дийцира Кавказ.Реалиина шен да балхара вохорах билггал долчу бахьанех: Кадыровн рожана критика еш кIанта социалан машанашкхаь лелош масийтта тоба хиллера. 2015-гIа шо чекхдолуш Янгулбаев Сайди шен кIенташца дIавигинера Нохчийчоьнан куьйгалхочун резиденци, цигахь гIело латтийра царна тIехь. Эхашарахь чохь латтийра Янгулбаев ИбрахIим, цул тIаьхьа гIуллакх диллира гамо йа мостагIалла гIатторна аьлла – и гIуллакх юкъахдаьккхира, Зуламан кодексан оцу Iедалан къепенна декриминализаци йинчул тIаьхьа. Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан суьдхочунна тIедожийра балхара дIавала, цул тIаьхьа бен маьрша ца вьккхира ИбрахIим.

  • Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинчу Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша, бертаза лаьцна Соьлжа-ГIала дIайигира Мусаева Зарема Дечкен-беттан 20-чохь теше санна хеттарш дан, тIе хIума юха а ца юьтуш. Дуьххьара 15 дей -буьйсий туьйхира цунна административан гIуллакхехь полисхо сийсазварна, тIаьхьо бехктакхаман гIуллакх диллира – протокол хIотточу полисхочунна тIеллеттера аьлла.
  • Соьлжа-ГIалахь митинг дIаяьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал. Нохчийн Iедалхошна хетарехь, Кадыровн урхаллина критика ечу 1АДАТ анониман телеграм-каналца боьзна бу церан доьзал. Митингехь дагийра, когашца хьийшира, этIийра доьзалан векалийн суьрташ, царна биллина кхерамаш а туьйсуш. Нохчийчоьнан Iедалхойн зерашца, митингехь вошахкхеттера 400 сов стаг. Бозуш боцчу тергамчийн лараршца, 20-зза лахара дара митингхойн терахь. Меттигерчу хаамийн гIирсаша элира митинг Iедалхошна хууш хIоттийна яцара аьлла, бакъду, мехкан бюджетан белхахошка хаамаш кхехьийтира социалан машанашкахула митингехь дакъалацар тIедожош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG