ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровс шен бераш стенна ца дохуьйту цига?" Нохчийн ницкъахой а, Путинан тIом а


Кадыровн спецназхой
Кадыровн спецназхой

Нохчийчоьнан куьйгалхо массо а агIор дIахаийта хьийза, шен куьйгакIелара нохчийн эскархой Украине хьежош бу, йа хIинцале а цигахь бу уьш бохуш. Луларчу пачхьалкхана динчу тIелатарехь дакъалаца билггал маса стаг вохуьйтур ву, муьлха эскарш хир ду а ца дуьйцуш, иттанаш эзарнашкахь нах герза буха хIиттон кийча хиларх дIахьедарш до Оьрсийчоьнан регионан урхалхочо зорбане йохучу сторисашкахь, яздо Кавказ.Реалиино.

Маца, маса ницкъахо хIинцале а Нохчийчуьра Украине хьажийна - шеконашкахь дуьсу. Хьуьнчохь ламазаш деш нохчий гойтуш Кадыровс хIоттийначу видеоно дуккха а хеттарш хIиттийра тIеман операцехь республикан бахархоша дакъа лацарх.

Нохчийчуьра дIабахначу эскархойх официалехь пресс-релиз гучу ца елира ур-атталла Украинана Оьрсийчоь тIелеттачу шолгIачу дийнахь а. ХIетахь эзара Росгвардин эскархо Соьлжа-ГIаларчу коьртачу маьждигна хьалха дIахIоттийра – майданара уьш дIабахара лерринчу техникана тIехь. Iедалшна муьтIахь йолчу пабликаша социалан машанашкахь яздира, салтий Украине боьлхуш бу, бохуш. Телеграм-каналашкахь хабарш даьржира, омра даре а хьоьжуш, гIалин тIемашкахь дакъа лаца кийча ву итт эзар кадыровхо, аьлла. "Чечня Сегодня" агенталло яздора, 12 эзар эскархо ву, бохуш, Украинерчу президенте гечдар деха аьллачу Кадыровн дешнаш а далош.

ТIаьхьо, оцу дийннехь къаьстира, телекамерашна хьалха маьждигна уллохь сурт хIиттийна ницкъахой цхьанхьа а боьлхуш боцийла, ткъа Кадыровс дIахаийтира журналисташка, уьш дехьабахарх цхьа а сацам бина бацара, аьлла. Цо билгалдаьккхира, нохчийн ницкъахой кийча хиларх, "Оьрсийчоь Iалашъярахьама, муьлхха а леррина операци, муьлххачу дозанехь чекхяккха".

Регионерчу низам лардаран органашкарчу Кавказ.Реалиин хьостано тIечIагIйира информаци, Кадыровна муьтIахь болу Росгвардин эскархой Нохчийчуьра Украине боьлхуш бац, аьлла.

Леррина Кремльна герз декор

Кадыровн самукъадолу герз ловзош, кхерамаш туьйсуш, Путинна муьтIахь хилар дIагойтуш – иштта мах хадийра, нохчийн салтий Украине хьийсон тарло аьлла, баьржиначу хаамна нохчийн оппозицин 1ADAT телегрм-канало.

"Ши батальон, "Юг" а, "Север" а, хьажийна Украине тIом болалучу муьрехь, ткъа Чиллан-беттан 25-чохь – Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан цхьа дакъа а. Майданара эзар эскархо а гулвина, хIоттийна сурт – рогIера цирк яра", - билгалдаьккхира 1ADAT-н администраторо.

Цо дийцарехь, цхьаволчу кадыровхочо, хетарехь, "Север" батальнерчо, дIаязйина аудио социалан машанашка кхаьчна. Цу тIехь цо боху, шайн тоба дронашца хIаллакйина.

Иштта 1ADAT-н векало хаамбина, Нохчийчоьнан куьйгалло шен ма-хуьллу Iуналла деш ду тIаме хьежочу нахах лаьцна йолчу информацина тIехь. Хиллачу эшамех хаамаш къайладахьаран Iалашонца, Нохчийчуьрчу полицино цига хьажийначу нехан гергарчарна дихкина ду интернетехь цунах лаьцна дийца а, яздан а, чIагIдо оппозицин телеграм-канало.

ЦIа хьажийнера, кхузахь дIавоьллина. Цул тIаьхьа со сайн кIант а эцна, гIалара юьрта дIаяхара, ткъа ши де даьлча юхаеара

Соьлжа-ГIаларчу яхархочо Алинас дийцина Кавказ.Реалиин корреспонденте, масех кIира хьалха Донбассе хьажийна хилла шен цIийнда дахначу кIиранах вийна цIа веара: "ЦIа хьажийнера, кхузахь дIавоьллина иза. Цул тIаьхьа со гIалара юьрта дIаяхара, ткъа ши де даьлча юхаеара сайн хIуманаш дIаяхьа. Со цIа ма кхаччара, тIеман барзакъца нах баьхкира, тхан меттигерчу декъан полисхо а цхьаьна. Цунах лаьцна хаамаш нахалабохур бац аьлла, кехатна куьйг яздайтира соьга. Ас куьйг таIийра. Стенна дийца дезара ас цунах лаьцна? Иза наркоман вара, дукха хан йоццуш набахтера ара а ваьлла, со цуьнца Iаш йоцу кхо шо а дара".

Оьрсийчоьнан тIеман тобанийн могIаршкахь Украинана тIелеттачу шайн цIийндайх лаьцна йозанаш ницкъахоша социалан машанашкара оцу зударшка дIадахийтира, боху Алинас.

"Тхайлахь оха оцу салтех "пондарчаш" олу. ТIаме буьгу уьш, цигахь "мукъам олий", когаш хьалха юхабогIу", - тIетуху къамел динчо.

"Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн могIаре язйина) центран бакъоларъяран кхеташонан декъашхочо Орлов Олега хаамбира, Украине хьежочу нохчийн ницкъахойх шена хууш ду аьлла.

"Нохчийчуьра эскархой билггал оьсийн-украинхойн дозане бохуьйтуш бара. Схьахетарехь, дIалецначу дозанашна тIехь Iуналла дан. Ткъа мел ву цигахь тIом беш верг, хууш дац. Кадыровна чIогIа лаьа цига нохчий бахийта. Цунна хазахета, шен куьйгакIел долу эскарш Шемахь жигара хьийзаш ду, хIинца Украинехь а ду бохуш, пропаганда еш. Боккхачу барамехь, йан а ю иза пропаганда", - билгалдоккху бакъоларъярхочо.

"Шайн дагахь украинхошна сагатдо цара"

Кадыровхойн дакъойн ницкъ гайтар Кремльна оьшуш ду, ткъа украинхой кхерош бу майрачу нохчашца, боху политолого Кутаев Руслана.

"ХIара шоу ю. Украинан агIонна лерина фейкометаш. Цига богIуш иттаннашкахь эзарнаш тIемалой бу, бохуш. Ма-дарра аьлча, 500 вахийтина хир ву цига", - хета Кутаевна. – Росгвардин федералан сервисийн а, тIеман министраллан а дакъош ду уьш. Нохчашца гIуллакх долуш дац. Уьш кхета, шаьш шайн боцчу тIаме доьлхуш хиларх. Бакъонехьа болу нохчий а, талораш лелон нохчий а, - уьш тайп-тайпана нах бу. Шайн дуьхьа боьлхуш бац уьш, амма бу Путинан амбицийн дуьхьа".

Бакъонехьа болу нохчий а, талораш лелон нохчий а, - уьш тайп-тайпана нах бу. Шайн дуьхьа боьлхуш бац уьш, амма бу Путинан амбицийн дуьхьа

Кутаевс дийцарехь, дукхахберш шайн лаамехь бахийтина бац: "Оцу салтийн цхьаъ бен йоцу Iалашо ю – дийна Украинера юхаберзар. Со теша, украинхошкхьа цабезам бац церан. Со теша, шайн дагахь украинхошна сагатдо цара".

Нохчийн ницкъахойх цхьанна а ца лаьа тIамехь вала. Къевлинчу чаташкахь шайна хетачух а, кхийсаршна кIел нисдала шайгахь кхерам латтарх а яздо цара, боху Туркойчохь вехачу оппозицин нохчийн блогеро Халитов Хьасана.

"Цара вийцаре во Кадыров, хоьтту, тIом бан шен бераш хIунда ца дохуьйту цо? Уьш Iадийна бу. Къевлинчу чаташкхаь дуьйцуш делахь а, шога къамелаш до цара", - боху Халитовс.

Блогеро чIагIдо, Украинехь пхийтта Нохчийчуьра вахархо вийна аьлла, шегахь хаамаш хилар. Официалехь и информаци тIечIагIйина яц.

Оцу юкъанна нохчийн ши батальон – шейх Мансуран а, Дудаев Джохаран а цIарах- дакъалоцуш ю Киевхь латточу дуьхьалонехь Оьрсийчоьнан эскаршца тIом беш. Украинехь вехачу жигархочун Бакаев Iелин дешнашца, нохчий а, Къилбаседа Кавказера кхечу къоман векалш а кийча бу дозанаш тIехь дуьхьало латтон агрессоршна.

Киеверчу диаспоран векало Сидаев Руслана Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь тIетуьйхира, Киев Iалашъеш гIалгIай а, дагестанхой а бу аьлла. Оьрсийчоьнан эскархошна дуьхьал лаьтташ Къилбаседа Кавказера билггал маса стаг ву ца аладелира къамел дечунга – "200-300 стаг хила тарло", элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG