Нагахь санна нохчаша оьрсийн къоман нахалахь шайна веза лоруш стагга а велахь, царех лара догΙу Каляпин Игорь.
12 шо ду цо шена гонаха доьналла долу а, ксенофобех маьрша болу а нах - юьхьанца Нижний Новгородера, тΙаьхьо - ерриг Оьрсийчуьра - схьа а гулбина, Ιазапна дуьхьалояран комитет кхоьллина.
КΙиллой боцчу шен накъосташца, доккхачу декъанна уьш юристаш бу, Ιедалан цΙарх Нохчийчоь яьккхина нах а лоьцуш, бакъдерг цаьрга охьадуьллуьйту, бохуш, царна ток етташ, дегΙан межеш отуш хьийзачу тобанашкара юьйлу къизалла Ιорайоккху болх болийра цо.
Комитето и гΙуллакх долош, 2000-чу шерийн юьххьехь, алссам оьрсийн эскархой, милцой, ницкъаллин къайлахчу сервисийн белхахой-оьрсий хуьлура нохчашна тΙехь къиза хьийзарш, буса туьтмΙаьжигашкахь богΙий, нах дΙа а буьгий, охьуш-отуш, тΙаккха уьш доьза бойъурш. Ткъа тΙаьхьо Нохчийчохь нах охьу хьер нохчаша, аьлча а, Воккхачу а, Жимачу а КадыровгΙеран тΙеман уьйраша, оьрсашкара ийцира шайн кара. Каляпин Игора а, цуьнан комитетерчу накъосташа а дено-дено даладо цуьнан тоьшаллаш.
Бакъонаш ларъечу юкъараллашна Европехь а, Ιаьмеркахь а девзачех ду хΙара цхьаъ, масала.
Ши шо гергга хьалха Кадыровн ницкъаллин тобано, ОМОНхоша, Умарпашаев Ислам вадийра шен цΙера, цо интернетехь шен даггарчу нохчийн кегийрхошца йозанаш деш Ιаш шайх «гезарий» аьлла хиларна.
Кхаа баттахь латтийра 20 шо долу Умарпашаев, кест-кеста ваа дΙало, олий, ОМОНан набахтин цхьана чоьнаш чохь кхобучу берозалошний, черчашний герга а текхавеш.
Массех бутт баьлча дΙахецна иза, цо ша оцу беттанашкахь набахтехь вацара, Москох вара, бохур ду эшначохь, аьлла, чΙагΙо йича. Каляпинна хетарехь, кΙант Москох хиллачу цхьана эккхийтаран декъа вига гΙерташ хилла Кадыровн низамхой. Амма Умарпашаев Ислам кхера а велла дΙа ца лекъна, цо Соьлж-ГΙаларчу Каляпинан комитетан декъе дΙахаийтина шена тΙехь муха эрадаьккхира ОМОНо.
Иштта дΙадолийра кадыровгΙеран Ιазапхошца къуьйсучу Каляпина Умарпашаевна гΙелояр дуьненна а довзуьйту гΙуллакх. Оцу гΙуллакхца дозучу цхьадолчу зуламашна Ессентукерчу кхеле таΙзар дайта а гΙоьртира бакъоларъярхо. Ткъа ийшира кхелехь, даима а Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхошца хуьллучу кепара.
Кхелехь эшар Каляпинна-м дацара даккхийчех – евза цунна шен пачхьалкх, хаьа мел мах бо цо ша санначийн а, шаьш даржочу бакъдолчун а. Дуьсуш дерг цхьаъ бен дацара – Умарпашаев, цуьнца гамбеллачара венле къайлаваккхар.
Иштта шозлагΙа а вадийра Умарпашаев Ислам. ХΙинца и вадийнарг ша Каляпин вара, вадийра Кадыровн гонан къизаллах хьулвеш. Цо Оьрсийчу дΙавигира иза. Къар а ца велла, и ларван ха а даьккхира Ιедалера.
Умарпашаев цхьа масал бен а дац. Каляпинан алссам гулбелла нохчийн пекъаршлахь и санна кегийрхой.
Амма цо, Ιедал юьхьΙаьржа а хΙиттош, бехк гунахь боцчу нохчийн нехан агΙо лоьцуш хилар ца дисина Ιедалан тидамза. Цхьана агΙор тΙетаьΙна цунна шен цΙера, Нижний Новгородера, ФСБ а, полици а. Вукху агΙор ву – ша, Нохчийчоьнан администратор Кадыров Рамзан.
Шена Каляпин бен башха воцийла Кадыровс маситтаза хаийтина мехкан телевизионехула. Ткъа хууш ду, Кадыров реза воцчу бакъоларъярхойх Нохчийчохь хьовха, силайолчу Оьрсийчохь а хуьлуш дерг.
ХΙинца рогΙера болам бу ФСБ-но а, Талламан комитето а Каляпинна дуьхьал болабеш. Цо низам а талхош, шаьш дΙахьош долчу гΙуллакхийн къайле йовзийтина газеташкахула, аьлла, хаттамаш бан вигина иза кху деношкахь, Соьлж-ГΙала веана воллучуьра, махкарчу талламан комитето.
Делахь а, къарлур болучех вац Каляпин Игорь. Иза хаийтира Маршо Радиона цуьнан белхан хьалхарчу гΙовса Садовская Ольгас а.
Садовская Ольга: «ХΙора стаг а кхета хир ву, цо дийриг мелла а кхераме дуйла. Суна хетарехь, Каляпин дикачу маьΙнехь патриот ву шен халкъан. Деккъа дΙа, дийцархьама ма ца дуьйцу цо ша шен пачхьалкхах, махках дуьйцург. Иза тобан ма гΙерта иза.
ХΙара болх цкъа болийна стаг, кхунах цкъа а дΙа а ца къаьста, аьлла хета суна-м. Вукху агΙор, оха а ма туьйсу са нахера баркалла хиларе, халачу хьоле кхаьчначу нахана тхаьш а гΙо деш хиларе терра! Тхаьш ден дика меле ду бохучух, тхо а ма теша! Нагахь санна тхо гена даьлла хьийзош хилахь, нах а ма бевр бу тхуна орцах!»
Стенна оьшу хьуна, Ιедалан цΙарх карахь герз леладечу, хьайн дахарна а кхераме йолчу гΙеранашца къийсавала, ахь ларбечу нехан санна дилх а, церан санна даьнгарго атта лаца тарло дегΙ хьайниг а ма ду, аьлла, хаьттира Маршо Радионо цхьа-ши бутт хьалха къамел деш шега Каляпин Игоре.
Деза а дацара жоп лучу цуьнана дешнаш. Цамогу шена харцо а гуш, кху къинойх даьккхина лаьттачу дуьнентΙехь парггΙат ваха, бохура бакъоларъярхочо.
Каляпин Игорь: «Со дуьззина адам сайна хьалха хетийтархьама оьшу-кх суна иза. Иштта хир дара-кх сан шуна жоп. Таро-м ю, и проблемаш йоцурш а лоруш, ваха. Амма цхьаверг кхечу кепехь вина, кхоьллина а ма ву. Ткъа сан аьтто бер бац цкъа айса долийнарг дита. ХIунда аьлча, суна хаьа харцонаш лелийла, хаьа царна дуьхьал сайга цхьаъ далойла а.
Оццул доьхна хьал вайн Нохчийчохь ду, ткъа кхечу регионашкахь тхан мелла а аьтто болу нахана юридикан гΙо кхачон. Дукха бацахь а, 76 милицин белхахо ву оха тхайн талламашца набахте кхачийна.
И тайпа прецедент, масала, Умарпашаевн гΙуллакхца доьзна, тхайн Нохчийчохь а хир ю бохучух теша со. Теша, тΙаьххьара а оха декхаре йийр ю Нохчийчуьра талламан комитет эвсаре а, низамехь а болх бан, харцо лелош верг жоьпе озон.
Йолалой талламан комитет нийсса болх бан, хийцалур бу нохчийн полицин болх а. Полисхочо, ша зулам дича, шега хьоьжуш набахти юйла кхетча, ойла йийр ю, хьаькамо шена дина муьлхха а буьйр ша кхочуш дан дезий-те, я шена низамехь хилар тоьлу, аьлла».
Шеца яхначу заманашкахь а, историн хΙинцехь а тΙемаш бина долу оьрсийн къам шина хьесапехь тΙеоьцу нохчаша. Бу царалахь вайнахаца даиманенна а гамбелла нах. Церан амалш а евза нохчашна. Йовзаре терра хьажам а беха цаьргахьа.
Амма бу Ιедало харцо лелочохь, нохчашца и лелош елахь а, хьаьнцца а лелош елахь а, цунна, лам а хуьлий, дуьхьал лаьтта нах. Оьрсийн къоман дашо буьртигаш, генофондан аьхна бух бу и нах. Уггаре хьалха цара лардо дуьненна а хьалха шайн къоман сий, шайн къоман тоьлла сибат.
Ишттачех вара академик Сахаров Андрей а, журналист Политковская Анна а, адвокат Маркелов Станислав а, дуккха а кхиберш а. Царех ву Каляпин Игорь а. Амма тахана цуьнан маршонна тΙе а куьг кхийдадо нехан маршонах пусар деш а боцчу наха.