Оьрсийчоьно журналисташ хьийзор а, царна тIехь ницкъ бар а сацо а деза, Камалов Хаьжмурд вер талла а деза, аьлла, ду Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто динчу дIахьедар тIехь.
Цу департаментан официалан векло Тонер Марка кху беттан 3-чу дийнахь Вашингтонехь хиллачу пресса маьрша хиларан дуьненаюкъарчу денна хьажийначу зорбан-конференцехь билгалдаьккхира, Камаловс толлуш дерш ницкъаллин структурашкахь коррупци лелорца доьзна гIуллакхаш хилла хилар.
Тонер Марк: Камалов Дагестанехь «Черновик» цIе йолу газета кхоьллинарг вара. Иза вийра шен офисана уллехь 2011-чу шеран ГIуран-баттахь. Камаловс критика йора коррупци лелорна а, меттигерчу ницкъаллин структураша адамийн бакъонаш йохорна а, адамаш дайарна а.
Иза а «Черновик» газетера кхин болу журналисташ а, царна дуьхьала бехк-такхаман гIуллакхаш схьа а доьллуш, жоьпе ийзо гIертара Iедалш. Царах цхьаберш дIа а лийцинера цара.
Камалов Хьажмурд вийра 2011-чу шарахь ГIуран-беттан 15-чу дийнахь буса шийттолгIачух ах долуш ХIинжа-гIалахь. Редакцина генадоццуш Гаджиев Мохьмадан урмехь зуламхоша 14-зза герз тоьхнера цунна. Еза чоьвнаш йина волу Камалов велира дарбанцIийне дIавуьгуш. Талламхошна хетарехь, журналист вер доьзна дара цо бечу балхаца.
Вашингтонерачу зорбан-конференцехь Тонер Марка Оьрсийчурча Iедалшка кхайкхам бира журналисташна ницкъ бар сацадахьара, аьлла. Цунна хетарехь, иза далур дац, нагахь Камалов а, кхин болу а журналисташ байина болу нах схьа а карийна, царна догIуш долу таIзар ца дахь.
Тонер Марка: Оха кхайкхам бо Оьрсийчоьне, цхьа а жоьплла а доцуш, журналисташ байитар саца де, аьлла. Жоьпе озо безаш бу Камалов вийнарш а, кхин болчу журналисташна тIелетарш динарш а.
Оццу дийнахь Iамеркан президентан администрацино кхайкхам бира кхин а цхьамоггIа пачхьалкхийн Iедалшка журналисташна тIехь ницкъ бар саца а де, зорбан гIирсаш маьрша хилийта оьшуш дерг а де, аьлла.
Журналисташ кхерош хилча, царна тIелетарш деш хилча, уьш набахташка бухкуш хилча, адамаш шаьш шайна цензура ян дуьйлало. Бакъдолчуьнан метта дIахIутту кхерам, ткъа и бахьана долуш эшам хуьлу ерриг а юкъараллина, аьлла, ду Iамеркан президенто Обама Барака цу хьокъехь динчу дIахьедар тIехь.