"Крокус Сити Холлехь" теракт йинчу шолгIачу дийнахь къилбехь а, Кавказехь а дIахьедира дозанаш тохарх а, кхерамзаллин барамаш чIагIбарх а. Волгоградехь "террорана дуьхьал рейдаш" йолийра мигранташлахь, цхьайолчу республикашкахь – антитерроран Iамораш. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, Подмосковьера терактана дуьхьал Iедалхоша муха жоп ло а, церан шеконашкахь мила ву а.
Дог оьцуш "диттина дозанаш"
Зазадокху-беттан 22-чохь "Крокус" концертан хIусамна тIелеттачул тIаьхьа Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Меняйло Сергейс кхеташоне схьакхайкхира Антитерроран комисси, тIедиллира школашкарчу каппашкахь бен болх сацор, ишта кIоштара "билггал кхераме йолчу объекташкахь ха дар. Цул совнах, ницкъахошна тIедожийра дуккха а адамаш гуллучу меттигашкахь эвакуацин некъаш билгалдахар
Теракт йина шолгIачу дийнахь Дагестанехь йукъахбехира нах вовшахтоьхна дIабахьа лерина боллу барамаш – мехкан куьйгалхочо Меликов Сергейс дIахьедира, "Подмосковьен дог оьцуш" и кепаш тIеэцна шаьш аьлла, Дагестанера "хьал тийна" доллушехь. Изза дозанаш диттира Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, кхин а ши де даьлча цигахь долийра антитерроран Iамораш.
ХIун деш йу ФСБ, оппозиционераш а, ЛГБТК+ а лоьцу?
Теракт хилале кхо кIира хьалха Карабулакехь тIемалошна дуьхьал леррина операци дIайаьхьначу ГIалгIайчохь а Iедалхоша дIахьедира "стратегин объекташкахь" кхерамзаллин барамаш чIагIбина шаьш аьлла. Мехкан урхалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас а дIакхайкхийра, зазадокху-беттан 23-чохь адамаш вовшахтоьхна самукъадаккха лерина хилла боллу барамаш "къаьстина омра даллалц" дIатоттуш. Делахь а, ши де даьлча Наьсарахь а, Магасехь а йохка-эцаран базар хир йу аьлла, дIахьедира, иштта "республикан доккха субботник" хIоттош хиларх а.
Регионан куьйгалхочо Владимиров Владимира хьийхира Ставрополь-махкахь адам гулдина барамаш ма хIиттабе аьлла. ХIетте а, официалехь дозанаш цхьана а кепара тIе ца чIагIдира – кIоштан спортан министраллехь къийсадаларш дIадахьарх хаьттича, "цхьана а тайпа дозанаш тоьхна дац" аьлла, дIахьедира, ткъа кхерамзалла чIагIйеш барамаш билгалбоху оцу меттигашкахь ницкъахоша а, барамаш вовшахтухучара а.
Тезет кхайкхийначу дийнахь дIатеттира Кубанехь барамаш, зазадокху-беттан 24-чохь, ткъа луларчу Ростовн кIоштахь хьийхира барамаш йукъабахар а, дешархошца дистанцихь болх бар. Делахь а цIахь дешийта аьлла, цхьа а ца винера декхаре, цуьнан метта берашца "планехь йоцу инструктаж" дIайаьхьира, штатан рожехь болх кхин дIа а хьош.
"Къобалдаран кеп"
"Крокусехь" теракт йинчул тIаьхьа йоллу пачхьалкхера дешархошка хаамаш кхочура йохкаран центрашкахь ахчанах минаш йахка бохуш, - церан скриншоташ зорбане йехира "Кхерамзаллин интернетан лигин" куьйгалхочо Мизулина Екатеринас. Цуьнан хаамашца, иттаннашкахь гIаланашкара дешархошка кхечира иштта хаамаш, Волгорадера берашка а цхьаьна. Оцу кепара хаамаш кхечира иштта Къилбаседа ХIирийчуьра дешархошка а, республикин куьйгалхочо дIахьедира, и йозанаш кхоьхьуьйтурш Украинехь регистраци йина бу аьлла.
Iедалхоша дIакхайкхийра, кхерамзаллин барамаш шаьш чIагIбина аьлла, амма дIоггара хаалуш дац
ХIинжа-ГIаларчу сихха реакци йечу сервисашка масех хар телефон туьйхира минаш йу йехкина аьлла – оцу тIехула зазадокху-беттан 25-чохь аэропортера нах арабехира. Бомбанаш йахкарх информаци бакъ ца йира, оццу дийнахь аэропорто шен болх болийра. Лакхахь хьахийна хаамаш дагестанхойн дешархошка кхаьчна хиларх тоьшаллаш дац хIинца а, амма цуьнан кхерам хиларх дIахаийтина меттигерчу бахархошка ХIинжа-ГIалин мэран гIовса Раджабова Эмилияс. Шайн берийн телефонаш чохь тамашен дина йозанаш дуй хьожуш, таллам бе аьлла, дайшка-наношка кхайкхам бира цо.
Делахь а, "Крокусехь" теракт хиллачул тIаьхьа цхьана а кепара коьртера хийцамаш ца хилира ХIинжа-ГIалахь – массарна а хезаш Iедалхоша дIакхайкхийна барамаш республикехь кхочуш ца бира. Цунахь лаьцна Кавказ.Реалии сайте дийцира дагестанхойн журналисто, йукъаралхочо. "Ца магийначу" организацин хьокъехь йукъадаьккхина репрессийн низам хиларна, шен цIе йаккха ца хIоьттира иза.
"Цхьайолчу меттигашкахь, организацешкахь а цхьаьна, гIаролна алсамбаьхнера полисхой, школашкахь кхетош къамелаш дора – цунах лаьцна а Iедалхоша дIакхайкхийра, амма кхин дIоггара гуш дацара. Цхьа дайн чIагIдинера", - элира спикеро.
Кхераме некъаш кховдийнера дешархошка бохуш дIахьедар – иза паника йаккхар ду, аьлла хета антропологна Архипова Александрина. Цунна хетарехь, террорхоша вербовка йарх имитаци йар – сингаттам дIабаккха а, шега цхьаъ далур дар-кх аьллачу ойлано адам цхьаъ барт болуш ду аьлла хетар ду –бер школе ца дахийтар, масала; ткъа Iедалхошна и кеп йу, шаьш деш долу хIуъа а къобалдайта, билгалдоккху Iилманчас.
ХIинжа-ГIалара аэропортехь "минаш йохкучу" дийнахь Волгоградехь "Мармелад" цIе йолчу йохкаран центрера адам арадаьккхира – кинологаша, лерринчу сервисаша, Росгвардино теллира гIишло, цигахь йоьллина бомба йу аьлла, хаам кхаьчначул тIаьхьа. Кхечу Волгоградера йохкаран центрашкахь хиллачу наха билгалдаьккхира, цхьйолчу центрашкахь ха деш кинологаш бу аьлла.
Теракташ йинчул тIаьхьа кхерамзалла чIагIйар, йетт байначул тIаьхьа гIуй боллар санна хIума ду, билгалдоккху "Волгоградера дозор" проектан белхахочо Худоярова Марьяс. Цунна хетарехь, практикехь цунах гIо ца хуьлу – "Крокусехь" гураш дара, ха дара, тIоьрмигаш чу хьийсара, амма цо а террорхой ца совцийна, элира цо.
Iалашваран барамаша объектийн белхахойн а, цига оьхучу адамийн а дахар чолхе доккху. Цуьнан тоьшалла деш жигархочо масал далийра Волгоградера аьчкан некъан вокзалера хьал хьахош. Цигахь 2013-чу шарахь теракт йинчул тIаьхьа цхьа неI бен йац чувоьдуш, йиссинарш дIакъийлина. Цундела хIинца оцу неIарехь раьгIнаш хIуьтту, 50-70 стаг хадархоша толлучу хенахь, - кхерамзаллин барамаш чIагIбарна адамашка "хьалххе цига схьадуьйла" олу.
"Суна хетарехь, нах лаьттачу меттигашкахь контроль чIагIйеш болхбан ца безара, теракташ ца хилийта хьовса дезара ХIун болх беш йу ФСБ, оппозиционераш а, ЛГБТК+ а лоьцу? Шайн агенташ къайлабаьхьна террорхойн гарашна йукъа а бахийтина, и зIуганан бен дIасакегийча дика хир дацара? Йа оцу гIуллакхна ФСБ-н хьекъал, йа доьналла а ца кхочу?", - хеттаршка йуьйлу къамелдийриг.
"Кхел а йоцуш, бина таллам а боцуш цабезам"
Терактах лаьцна ларамза социалан машанашкахь дош аларна нехан кочаоьхуш кампани йолийна социалан машанашкахь, кхерамзаллин барамаш чIагIбеш, дешаран а, планехь йоцу а эвакуацеш йечу йукъанна.
Оцу тIехула тергоне ийцира Шахтера Разинькова Ольга. ТIемалой бу бохурш шогаллица лацарна эргIадйахначу цо, ролик хIоттийнера: "Лаьттахь эгош вара иза, йа кхоьруш хиллехь а, йа шеллуш велахь а; сан дог эккха доллура - ала лиира суна: "Куртка мукъна а йохийша цунна тIе". Кхин дIа шен кхайкхамехь Разиньковас йемалйира теракт, "оцу нехан коьрта чохь хIун хуьлу-те" бохуш, ца кхеташ.
Iедало аьллачунна белха мега, цара аьлларг – ца веза а. Кхел йоцуш, таллам боцуш
Машанехь цхьа хадийна видеоролик йаржийна- "Кхерамзаллин интернетан лиган" куьйгалхочо Мизулинас йаржийна хила тарло и, дIахьедеш: "Блогер хила хьийзачун дог лозу террорхойх сийсаза дIахьедаршца" аьлла. Разинькована сардамаш духкуш комментареш йитира – цул тIаьхьа массарна гуш-хезаш шена къинтIера довлар дийхира цо, кхетийра "ненан инстинкт" хьалхаиккхинера шен, "оцу боьхачу хIуманех" цкъа а дог лезна йац ша аьлла.
Говза моттбетта нах кхиош йу Мизулина: цо ша дехар до дешархошка, "хьаштдоцург" аьлла хIума нислахь, шега видео йаийта бохуш, билгалдоккху Ростовера "Йиллина Оьрсийчоьнан" декъан координаторо Шевченко Анастасияс.
"Цуьнан фишка стенца йу аьлча, камерана хьалха адамаша гечдар деха деза аьлла хетарца, - Москвара цхьа Кадыров йу-кх. Къинхетамна меттиг а боцуш, цхьа цабезаман атомсфера йу. ХIунда аьлча, дог лазийта мегаш ду Iедало магийначохь, ца веза деза Iедало билгалваьккхинарг – кхел а, таллам а боцуш", - билгалдаьккхира къамелдечо.
Iедал "шайн боцчарна дуьхьал ду"
Теракт хиллачул тIаьхьа шеконаш йехира Йуккъерчу Азира, Оьрсийчоьнан бахархой хиллачу белхан мигрантийн хьокъехь. Москвана тIаьххье Волгорадан гергахь "антитерроран" рейдаш йолийра полицино кхечу мехкашкара белхаш бечу сурсатийн базехь, базарашкахь, аренашкахь. Ницкъахошца цхьаьна оцу тIеталларехь дакъалецира гIалгIазкхаша а, "Лаамхойн халкъан дуружинан" декъашхоша а куьйгех цIен цуьргаш дихкина.
Изза рейдаш йира Волгоградехь а: йохка-эцаран меттигаш теллина ца Iаш, ницкъахоша талламаш бира хьешан хIусамашкахь а, хостелашкахь а. Оцу тайпа леларшца Iедалхоша йукъараллехь адам дуьхьалдоккху белхан мухIажаршна, билгалдаьккхира украинхойн экспертийн "Сова" тобанан куьйгалхочо Савва Михаила.
"Мигранташна тIеталларо дIагойту йукъараллина, Iедал "шечаьргахьа" хилар а, "шайн боцчарна" дуьхьал хилар а. Цо чIагIйо ксенофоби, хIунда аьлча мигранташна дуьхьал истерина тIебоьрзу, хIинццал оцу кепара хIума шайна магийна доцу нах а цхьаьна. ХIунда аьлча, кхоьрура. Амма "Iедал цаьрца" хилча, дерриг а мегаш ду", - элира цо.
Телеграм-каналашна тIехь мониторинг латточу Оьрсийчоьнан ультра аьтту боламийн талламхойн "Сова" центрана хаайелира "Крокусехь" теракт йинчул тIаьхьа тIелетарш дина йалх видео. Уьш кочабахнарш мигранташ бара – нуй хьоькхург а, курьераш а, - ткъа тIелетарш "бекхамбар" ду бохура цара. Бохамна жоп луш националисташа бохабо церан бахам – машенийн чкъургаш лоьлхуьйту Узбекистанан а, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а номерш йолчу машенийн.
"Ксенофобин керла тулгIе йу олийла ду, аьлча а, кхечу къомах болчаьрца мостагIалла лелор. Уггар хьалха и ксенофоби хьажийна кхечу къаьмнех, динех болчу мигранташна дуьхьал. Къаьсттина чIогIа и хуьлийла дац, хIунда аьлча "кхечарна" дуьхьал йолчу гамонан градус пачхьалкхан пропагандо гIаттийна хиларна, уггар а хьалха Украинана дуьхьал агресси а йолийна", - дерзийра Савва Михаила.
- Заздоккху-бетта 22-хь, пIераскан сарахь масех эскархойн духарш доьхначу наха маса тоьпашца герз детта долийра Москван йистерчу концертан хIусамехь. Йуха эккхар хиллачул тIаьхьа йоккха цIе йелира. ТIаьххьара хаамашца терактехь беллачийн терахь ду 143 стаг, царлахь кхо бер ду. Лазийна лаххара а I80 стаг.
- Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира зазадокху-беттан 25-чохь хиллачу кхеташонехь концертан хIусамехь йина теракт йуьйзира Украинаца. Цуьнан дешнашца талламхойн тоьшаллаш дац. Подмосковьера тIелатарх жоьпалла шайна тIелоцуш дIахьедар дира "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан афганхойн гарано. Герз диттинчу цхьаннан дегIа тIе тесначу камеро дIайаздина тIелатаран видео йаржийра цара.
- "Крокус Сити холлехь" теракт йинчул тIаьхьа ГIалгIайчохь лаьцна террорхойн ДаIиш тобана гIо латтийна ву аьллачу шеконашца джиу-джитсун дуьненан чемпион Имагожев Сейд-Iумар. Карабулакехь герзаш деттачу хенахь вийначу цхьана гIаттамхочунна накъосталла дина цо боху.