Кху деношкахь ЦИМЕС олучу социологин центро таллам бина интернетах пайдаоьцучу нахана юкъахь, Немцов Борис верна хьалха тоьттуш йолчу масех версех царна бакъйерг муьлха хета къастош. Талламанна юкъаозийнера 26 эзар 211 стаг. Царна юкъахь бу кхечу пачхьалкхашкара нах а.
Респонденташа уггаре а алсам делла жоп ду Немцов верна кхечу пачхьалкхашкара леррина сервисаш бехке ю бохург. Цу нахах хIора веанна хета цара иза Оьрсийчура политикан хьал карзахдаккха дина аьлла.
Оьрсийчура бахархошна юкъахь кхечу пачхьалкхийн къайлахчу сервисийн агенташ Немцов вийна аьлла хеташ алсам нах бу, кхечу мехкашкара бахархойл а. Коьртачу декъана цу кепара ойла ерш бу 35-44 шо кхаьчна болу нах. (36 %)
ШолагIчу меттехь ю Немцов Борис Оьрсийчура къайлахчу сервисан белхахоша вийна боху верси. 18 процентана хета Немцов вийна аьлла, иза Оьрсийчоьнан Iедалшна новкъа хиларна.
Цу тайпа позици лаьцнарш бу коьртачу декъана либералан гонашкара нах а, оппозицин декъашхой а, ткъа иштта Украинехь бехаш болу нах а.
ХIора иттолгIа тешна ву Немцов Борис вийна хила мега Украинин керлачу Iедалийн лаам а хилла бохучух. И жоп кхолагIчу меттехь лаьтташ ду.
10,6% респонденташ тешна бу Немцов а вийна «Оьрсийчохь Майдан» йоло дагахь хилла цхьа ницкъаш бохучух.
Уггаре а ледара верси хета социологаша бинчу талламехь дакъалаьцначу нахана, Немцов вейтина Донецкера а, Луганскера а сепаратаисташа бохург а (1,6 %), ткъа иштта Немцов вийнарг Ярославлера зуламхойн тобанаш ю бохург (1,8%).
ХIара таллам бинера Немцов верна бехке хила мега аьлла 5 стаг лацале. КIирандийнахь Басманан кхело Охан-беттан 28-чу дийне кхаччалц лаьцна Дадаев Зуар а, Губашев Анзор а, ШахIидд а, Эскерханов Тамерлан а, Бахаев Хьамзат а. Уьш бехке беш бу Немцов вуьйш дакъалацарна.
Суьдан сацам кхайкхош суьдхочо билгалдаьккхира, Дадаевс даре дина хилар ша Немцов вер. ГубашевгIара шаьш бьехке дац бохуш чIагIдо.
Журналисташа шега царах лаьцна хаьттича Малгобекехь ехачу ГубашевгIеран а, Дадаевн а гергара зудчо Губашева Луизас иштта жоп делира.
Губашева Луиза: « Iуьйринна 8-чух ах долуш гIазакхий баьхкира, цара шаьш ФСБ-ра ду бохура. Уьш Москохара баькхина бара. Леррина тIедиллар кхочуш дан даьхкина ду шаьш бохура цара. Таллам бира цара, дерриг а тIекъелтесира хIусамехь.
Массанхьа хьевсира уьш. Дуьххьара хIумма а ца дийцара цара, тIаьхьо хетта буьйлабелира уьш Губашев Анзорах лаьцна. Иза тхоьга хьошалгIа веанера, амма кхузахь вацара иза уьш баьхкича. Иза стомара дара, тIаьхьао хиира тхуна уьш дIабигиний, Вознесенская станицера».
Зорбанан гIирсаш дийцарехь, кхин цхьанан и зулам дарна бехке хила мегачу стага ша гранатийца эккхийтина Соьлж-ГIалахь, ша полицин белхахоша схьалоцуш.
Немцов верна бехк шена тIелаьцначу Дадаев Заура чIагIдо Немцов ша веран бахьана цо ислам сийсаз дар ду бохуш.
«Исламан экстремистийн лар» яра Оьрсийчоьнан талламан комитето Немцов вийна шолагIчу дийнахь (Чиллан-беттан 28-чу дийнахь) дIакхайкхийначу версешна юкъахь. Талламан комитетан векло Маркин Владимира дIахьедар дира, Немцовна кхерамаш тийсинера Шарли Эбдо журналан белхахой байинчул тIаьхьа Немцов дийцинарг бахьана долуш аьлла.
Амма Немцовн накъостий тешаш бац цу версех. Иштта Немцовн юххера накъост хиллачу, «РПР-Парнас" партин дакъашхочунна Яшин Ильяна хетарехь, оппозиционер вийна политикан бахьанашца. Би-би-си-на еллачу интервьюхь Яшин элира, ша цатеша исламан экстремизмаца йоьзначу версех аьлла.
И верси мегаш ю Iедалшна, «цуьнца цхьаьна кхета деза вай цо Путин къелхьара воккхуш хиларх» аьлла яздина Яшина шен Фейсбукерчу агIонна тIехь.
Яшина дийцарехь, Немцов цкъа а дуьхьал хилла вац Делах тешачу нахана. Шарли Эбдо журналехь хиллачунна комментари еш цо критика йинарг террорахой бара, Ислам дацара боху Яшин Ильяс. Яшинна хетарехь, баккъалла а и зулам дайтина нах карор болчух тера дац.