ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кисанахь лело Кадыровн муфтий". Къилбаседа Кавказера бусулбанийн Координацин центран керла куьйгалхо


Кадыров Рамзан а, Межиев Салахь а
Кадыров Рамзан а, Межиев Салахь а

Къилбаседа Кавказерчу бусулбанийн координацин центран коьрте хIоттийна Нохчийчоьнан муфтий, Кадыров Рамзанан бIанакъост а волу Межиев Салахь. ДIахьедарехь, цуьнан кандидатура цхьабоса тӀеэцна массара а. И дарже хӀоттор Кадыровна шен Ӏаткъамбар кхин тIе а чIагIдархьама йаьккхина рогӀера гӀулч йу, боху эксперташа а, къамелаш динчу динан дайша а.

Бусулба нехан координацин центро цхьаьнатухуш йу ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а, ГӀебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, Къилбаседа ХӀирийчоьнан а, Ставрополан а, Кубанан а, Адыгейн а муфтияташ. Цул хьалха оцу центран куьйгаллехь хилла Кхарачой-Чергазийчоьнан муфтий Бердиев ИсмаьӀал кхелхира марсхьокху-беттан йуьххьехь – 2003-чу шарахь дуьйна урхалла деш вара иза.

Иза нохчийн муфтий вац, иза Кадыровн кисанахь лело муфтий ву

Къилбаседа Кавказехь йерг йоцург а, Оьрсийчохь кхин а масех федералан муфтияташ йу – Оьрсийчоьнан Федерацин бусалба нехан Динан урхалла, Оьрсийчоьнан бусалбанийн Коьрта динан урхалла, Оьрсийчоьнан бусалбанийн Динан гулам а. И йоллу йукъараллаш, Координацин центр а санна, - Iедалшкахьа йу, бохура шен цIе йаккха ца лиъначу Оьрсийчоьнан политолого.

Кремло дIахIиттийначу мехкийн урхалхоша дIахьош йолу политика йаржораш хуьлу муфтех, тIетуьйхира къамелахочо. Делахь а, оцу йукъанна Координацин центран куьйгалхо Нохчийчуьра динан гIуллакхдархо хIоттавар – гуттарлера хилам бу, хIунда аьлча, и организаци кхин дIоггара нахана йевзаш а йац, тешна ву эксперт.

"Суна хетарехь, Бердиев кхелхинчул тӀаьхьа Кадыровс сацам бина шен хьехамча а, муфтий а цу дарже хьалхататта. Нохчийчоьнан куьйгалхочун гигантоманино, суна хетарехь, цунна хьоьху, йоккхачу регионашна йукъарчу бюрократин кхин а цхьана структуре цуьнан ойланехь долу тӀеӀаткъам шорбар совнах хир дац аьлла", - билгалдоккху политолого.

"Иза вевзаш мел хилларш цунах чам баьлла бу"

Межиев Салахьан 47 шо ду, Соьлжа-ГӀалара ду цуьнан схьавалар, цуьнан доьзал Нохчийчохь доккхачу ЧӀинхойн тайпанах бу. Къона волуш меттигерчу динан дайшкара КъорӀан а, Ӏаьрбийн мотт а Ӏамийна Межиевс. Шен 19 шо долуш, 1996-чу шарахь, динан школин – Имам ГӀазалин хьуьжаран директор а, оццу хенахь хьехархо а хӀоьттира иза. 2004-чу шарахь республикерчу муфтийн Мирзоев Султанан хьехамча хуьлу иза, цул тӀаьхьа гӀовс а хӀоьттира 27 шо долу Межиев.

2014-чу шарахь Межиев Нохчийчоьнан муфтий хаьржира, цул хьалха хилла Мирзоев дӀаваьккхира, могушалла дика йац цуьнан аьлла, велла дIаваллалц оцу дарже хIоттийна хиллашехь.

Межиев Салахь
Межиев Салахь

Межиев кхиаме кандидат вара, хӀунда аьлча, иза йеккъа цхьана нохчийн теологийн хьехамашца кхиийна вара, дозанал арахьа а, йа Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а бусулба динан Iилма Iамийна вац иза. Кадыровна гергара долчу суфийн исламан вуьззина чувоьлла вара иза, салафизмца (исламан динехь динан орамашна тӀеберза беза бохучу боламца) цхьа а шовкъ йоцуш вара иза, бохуш дуьйцу иза вевзаш хиллачу къамелхоша.

Оццу шарахь Межиев, Кадыровн омрица, республикан куьйгалхочун хьехамчин дарже хӀоттийра. ХӀетахь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна улло ваьлла хуьлу иза динца боьзна боцчу барамашкахь а цхьана. 2024-чу шеран марсхьокху-баттахь КъахӀирехь Имам аш-ШафиӀех лаьцна диссертаци чӀагӀйира цо, исламан Ӏилманийн докторан дарж а доккхуш.

Кадыровс хьалхатеттар бахьана долуш Межиев цхьа могӀа исламан организацешкахь декъашхо хилира. Царна юкъахь йу Пайхамаран тӀаьхьенийн Урдунан паччахьан академи а, Дуьненаюкъарчу Исламан Лиган Лакхара кхеташо а, Дуьненаюкъара синан урхаллийн фатваш арахецаран кхеташо а, кхин йерш а.

Де дийне мел долу могIарера хьаькам хилла ца Iаш, цунах хилира Кадыровн маьхькамхо

ХIокху доллу шерашкахь нохчийн лоруш волу Iелам стаг хилла Межиев Кадыровн рожан маьхькамхо хилла дIахIоьттира. Ишта комментарий йира цуьнан даржехь лакхаваларна махкара имамех цхьаммо (кхерамазаллин бахьанашца редакцино цуьнан цӀе ца йоккху).

"Бакъдерг дийцича, тхо массо а реза дара иза Нохчийчоьнан муфтий хаьржича, цул совнах, тхо тешна дара, иза воцург кхин оцу дарже хIоттон стаг вац аьлла. Цуьнан оьзда лелар, дика къамел дан хууш хилар – оцу дерригено а гойтура Салахь лидер хилар. Ишта тхан бIаьргашна ган а гуш, хийцавала волавелира кIант: де дийне мел долу могIарера хьаькам хилла ца Iаш, цунах хилира Кадыровн маьхькамхо. Тамашен хӀума ду, амма иза нохчийн муфтий вац, иза Кадыровн кисанахь лело муфтий ву. Иза вевзаш хилла кхинболу дуккхаъберш а санна, сан цунах бIаьрг бедда, тоххарлера кхин цунах хир ма вац", - боху къамелхочо.

"Куьйга лелон муфтий"

Нохчийчоьнан муфтийн даржехь волу Межиев Салахь дагахьвисина цхьа могӀа резонансе а, бIостане а къамелаш дарца. Масала, 2020-чу шарахь иза лийра никъаб (юьхь лечкъош йолу бусулба нехан коьртахь лелон хӀума йу, бIаьргаш бен гуш доцуш) лелош болчу мехкаршна. Динан гIуллакхдархочо иза "терроризмехьа йаьккхина гӀулч" йу элира. ЧГТРК-н "Грозный" телеканалан цхьана сюжетехь Межиевс массарна а хьалха зударшка никъабаш охьа а йахийтина, церан йаххьаш гучуйехира. Оцу йукъанна муфтийс Оьрсийчохь хьиджабаш лелон бакъо хиларх лаьцна къамел дира, уьш школашкахь лелор дехкар адамийн бакъонаш талхор ду бохура цо.

Цул совнаха, Межиевс къобалдира Нохчийчоьнан ницкъхоша лачкъийна, цул тӀаьхьа цара вийначу 1АДАТ телеграм-каналан администратор Тепсуркаев Салманна тIехь гIело хьегийтар. Нохчийчохь гейш хьийзош хиларх лаьцна таллам зорбане баьккхинчул тӀаьхьа цо кхерамаш тийсира "бекхам бийр бу" аьлла"Новая газетан" журналисташна; массарна а гуш-хезаш Францин президентах "номер 1 йолу террорхо" ву элира, хьехархо Самуэль Пати Нохчийчуьра схьаваьллачу стага вийначул тӀаьхьа.

Кху шеран чилан-баттахь Межиев хилира "Нохчийчоьнан турпалхо"- совгIат цунна дӀалуш, Кадыровс баркалла элира "СВО-н Iалашонаш кхочушйарехь дакъалцарна" (СВО олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша Укрианерчу тIамах.- Редакцин билгалдаккхар). Межиевс кест-кеста новкъайоху, йоллу пачхьалкхера йолахой кечбен"спецназан университет" йолчу Гуьмсера тIаме хьежон лаамхойн тобанаш. Цо масийттаза шен хьехамашкахь элира Укрианера тIом бусалба нахана гIазот ду аьлла.

Муфтийн карара Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхоалгӀачу кӀанта, 15 шо долчу Кадыров Адама, "Исламан динна гӀуллакх дарна" I-ра даржехь йолу орден схьаийцира. Соьлжа-ГӀаларчу СИЗО-хь Къуръан дагорна бехкевечу Журавель Никитана йиттинчул тӀаьхьа деллачех дара и совгӀат.

Къилбаседа Кавказерчу бусулбанийн координацин центран куьйгалхо Межиев хаьржина хила тарло Кремло кхин дӀа а ладам боцуш Кадыровна гӀортор йеш хилар дIагайта, боху Европерчу цхьана маьждиган нохчийн имамо: "Видео тӀехь долчун мах хадийча, цхьаьнакхетар дӀадаьхьира советан заманара партбюрон синхаамехь, цара а олура хаддаза "цхьа барт болуш хаьржина".

  • Чиллан-беттахь Нохчийчуьра 309 имамана LADA Granta машенаш йийкъира. Уьш эцнера Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Цунах олу "Кадыровн бохча". Машенийн догIанашца цхьаьна Кадыров Рамзана дийкъира имамашлахь I00 эзар соьмаш а.
  • Нохчийчуьрчу динан дайша кхайкхам бира Къилбаседа Кавказера массо а бахархошка а, Оьрсийчуьрчу массо а бусалба нахе а тIамтIе гIо аьлла. Стохка мангал-баттахь" SK SOS" бакъонашларъярхойн тобано дийцира, хьаькамаш а, буьйранчаш а санна, имамаш а декхарийлахь хиларх Украинана дуьхьал тӀом бан нах вовшахтоха.
  • 2022-гӀа шо чекхдолуш нохчийн муфтиятан векалш хилира Украинин къилбаседа-малхбалехь йолчу Оьрсийчоьнан эскарша дӀалаьцначу Мариуполехь. Цигахь Кадыров Ахьмадан цӀарахчу фондо меттахӀоттош ду бохучу маьждигехь хиллера уьш, республикерчу тӀемалошца "чулацаме къамелаш" а динера. Оьрсийчоьнан Украинана дуьхьал "гIазоте" тIом бу бохучу пропагандин тIаьхьало йара цига бахар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG