ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киселевн рогIера фейкан хаамаш


Шемахь Дума гIалахь Асадан эскарша дIаьвшен тIелатар ца дина, ткъа и бохам хилла хиларан тоьшаллаш ду бохуш гойтурш леррина хIиттийна сурташ ду ала шина исбаьхьаллин филмана юкъара кийсагаш гайтина Оьрсийчоьнан телевизионаш, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Хьалхарниг ю Шеман президентан Асад Башаран Iедало тIедилларца яьккхина пропагандин филм. Ткъа шолгIа ю, 2013-чу шарахь Iедалан тIеман ницкъаша зарин олу дIовш тьохна адамаш дайарх лаьцна Асадана дуьхаьл йолчу оппозицино яьккхина филм.

Шермарчу Дума гIалахь Оханан-беттан 7-чу дийнахь дIаьвшен герзаца тIелатар дира Асадан Iедало. И бахьана долуш, ракеташ тоьхнера Iамеркан тIеман ницкъаша Шеман тIеман объекташна. Цул тIаьхьа, Оьрсийчуьра телеканалаш бериг а шайн ницкъ тIеберзийра, Думахь дIаьвшен тIелатар дина бохург харц хиларх шайн хьвсархой тешорна.

Оьрсийчоьнан телевизионан пропагандхой ала гIертарг дара, цхьана а кепара Асадан армино дIаьвшен тIелатар дина дац, ткъа Шеман махкахойн маьрша адамаш лардаран "Къайн йоьза куйнаш" олучу орцаллан тобано дIовш тоьхначу меттехь а, цул тIаьхьа дарбанан хIусамехь а яьхна видеороликаш леррина хIиттийна сурташ ду бохург.

Оханан-беттан 15-чу дийнахь Bellingcat цIе йолчу талламан тобанан куьйгалхочо ХIиггинс Элиота тидам тIебахийтира, Оханан-беттан 9-чу дийнахь "Вести в 20.00" программехь Кисилев Дмитрийс Думахь хиллачух лаьцна дуьйцуш гайтинчу сюжетехь "Къайн йоьза куйнаш" тобанах лаьцна пропагандан исбаьхьаллан филмана юкъара кийсаг гайтина хиларна.

Цу филман цIе ю "Стаг-революци". SANA олучу Шеман пачхьалкхан хаамийн агенталло иштта буьйцу цу филман боццу чулацам: "Журналист, Iедало елла бакъо а йоцуш, Шема вогIу, тIамах лаьцна сурташ а, видео а яьккхина, дуьненаюкъара совгIаташ даха Iалашо йолуш. И дан шен аьтто ца хилча, цо террорхошна гIо до дIаьвшен тIелатар дина аьлла, сурт хIотто, ша цигахь даьхна суьрташ дерриге а дуьенна гIарадаха".

"Къайн йоьза куйнаш" тобано дIаьвшен тIелатар дарх лаьцна исбахьаллин кинон сурташ ган аьтто бу цу филман Фейсбукерчу официлан агIона тIехь. И видео ю Кисилевн программехь гайтинарг.

ШолгIа. Оханан-беттан 22-чу дийнахь "Вести неделино" а, Хьалхарчу канало а сюжеташ гайтира, "Къайн йоьза куйнаш" тобано хIиттийна кадраш ду аьлла тоьшалла далош. Иза яра Шемарчу режиссеро Хусари ХIумама яьккхинчу филман кийсиг.

И йоцца кино (short film) яьккхина 2016-чу шарахь, оппозицин тIеман тобанаша шайн Iуналлехь латточу Димашкан кIоштахь. Цу филмехь дуьйцуш ду Асадан эскарша Малхбалерчу Гутехь 2013-чу шарахь зарин даржорах лаьцна.

И филм йоккхуш дакъалецира актераша а, "Къайн йоьза куйнаш" тобанан векалша а. Ткъа 2016-чу шарахь оццу "Къайн йоьза куйнаш" тобанан векалша дакъалецира Mannequin Challenge олучу флешмобехь – видео йоккхуш дакъалоцуш дIовш даржийначу меттехь болх беш болу нах меттах ца бовлуш совцу, ткъа видео йоккхуш волу стаг, латийна камера а йолуш, царна уллехула чекхволу.

Mannequin Challenge флешмобана шаьш видео йоккхуш цара пайда ийцира, бомбанаш тоьхна лазийна нах къелхаьрбахар бахаран сценех. Иза динера режиссеро "Къайн йоьза куйнаш" олучу орцанхойн белхана тIе тидам бахийта.

Асадан агIончаша цу филмах пайда ийцира "Къайн йоьза куйнаш" тобанан ролик леррина хIоттийна кеп хиларх лаьцна дуьйцуш.

Оьрсийчоьнан телеканалаша Думахь дина дIаьвшен тIелатар дуьйцуш пайда эцначу кхин цхьана хIуманна дIадаханчу оршотан дийнахь тIе тидам бахийтира Iамеркерчу The Intercept зорбанан гIирсан корреспонденто Макей Роберта.

Юьйцург ю "Россия 24" телеканалан корреспонденто Поддубный Евгенийс Шемахь 11 шо долчу Диаб Хьасанера эцна интервью. И кIант ву "Къайн йоьза куйнаш" тобан векалша дакъалоцучу видео тIехь Думахь, дийцарехь, дIаьвшен тIелатар динчул тIаьхьа, дарбанан хIусамехь ваьккхина.

Диабца интервью гайтира Оханан-беттан 22-чу дийнахь Киселевс. КIанта дуьйцург тидаме эцча, хетало иза дIаьвшен зонехь ца хиллашехь, тIе хи а детташ, дIовш деллача санна лелийна а, гайтина а хилар.

Макейс таллам бича гучудаьлла и кIант Оьрсийчуьрчу журналисташна карийна хилар оьрсийн эскархоша гIо а деш, ткъа интервью Оьрсийчоьнан эскарш дIатардинчу меттехь йина хилар. Видео тIехь цу кертахь гуш бу Оьрсийчоьнан эскархой.

Цу кепара, Iамеркерчу журналистана хетаарехь, йоккха шеко ю 11 шо долчу Диаба а, цуьнан дас а (иза а ву кIантана уллехь) бакъдерг дуьйцуш хиларх, шайна "нийса доцург" (Оьрсийчуьрчу журналисто хьохург ца дийцахь) дийцарна таIзарна дан кхоьруш.

Оханан-беттан 7-чу дийнахь Думахь дIаьвшен бомбанаш тоьхна вийра 47 стаг, коьртачу декъана уьш дара бераш. Кхин а 7 де даьлча Iамерко а, Британино а, Францино а ракеташ туьйхира Шемарчу тIеман объекташна.

Москохо а, Димашко а чIагIдо дIаьвшен тIелатар Думахь хилла дац бохуш. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхерамазаллин кхеташонна ца карийра маслаIат цу хаттарехь. ТIаьхьо Кхерамазаллан кхеташоно юхатуьйхира, Малхбузено Шема ракеташ тохар емалдеш, Оьрсийчоьно кечйинчу резолюцин проект.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG