ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конспирологи трендехь йу. Малхбузен къайлаха бартбар муха лийхира Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Кадыров Рамзанна хетарехь, "бIеннашкахь миллионаш долларш кхачадо" Британино "Нохчийчуьра хьал талхон". Регионан куьйгалхо кест-кеста вистхуьлу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна а, Европан пачхьалкхашна а луьйш, ишта цо хаамбо Оьрсийчуьра хьал эгIийна ца Iаш, республикехь новкъарло йан цхьа къайлах бина барт бу бохуш.

"Путина дIахIоттийна тоти"

2009-чу шарахь Кадыровс бехкаш дохкура цIарах ца йуьйцучу малхбузен пачхьалкхашна, Оьрсийчоь хIаллакйан хьийза уьш, Кавказана тIехь контроль латтон бохуш. Цо ишта дIахьедора, Малхбузе йу Нохчийчохь тIемаш хиларна бехке а, иштта цунна тIехь ду Къилбаседа Кавказехь террорхойн тобанаш кхолларх а, царна ахча латторах а жоьпалла а бохура.

Оццу шен интервьюхь Кадыровс хаамбира, Оьрсийчоьно йист йаккха йеза "Украина а, Гуьржийчоь а санначу цамгарщца". Гуьржийн а, украинхойн а политикаш оцу дIахьедаро эргIад бахийтира. Гуьржийн халкъан "Цхьааллин халкъан болам" партин депутато Циклаури Нугзара нохчийн лидеран дешнашна жоп луш дIахьедира, "Кремлан планаш йу Кадыровс йуьйцурш" аьлла. Кхин а шога вара шен къамелехь Гуьржийчуьра нохчийн йукъараллийн Конгрессан куьйгалхо Алдамов Хизри, Кадыров "Нохчийчохь Путина хIоттийна тоти йу" элира цо.

2009-чу шарахь Харьковн кIоштан администрацин куьйгалхо хилла, Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн экс-министро Аваков Арсена дIахьедира, Кадыровс ша аьлларг йухаэца, "йа цуьнан метта и дан декхаре бу Оьрсийчоьнан лаккхара куьйгалхой" аьлла.

Дуккхаъчу шерашкахь Нохчийчоьнан урхалхочо Малхбузенах лаьцна мел олург, Кремлан курсаца цхьана догIуш хуьлу, аьлла хета Къилбаседа Кавказ толлучу Чемберс Гарольдана.

"Путинан риторика йу Кадыровс шен дIахьедаршкахь гойтург, Оьрсийчоьнан президентан а, цуьнан гонерчу наха а олу стандарте аларш ду уьш", - кхетийра Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь аналитико.

2014-чу шарахь Кадыровс Малхбузе бехкейира Украинан дозана тIехь бахархошлахь тIом болорна. "Малхбузено питанаш" лелорах регионалан лидеран а, "шаьш Украинан куьйгалхо ду бохучу, америкахоша хIиттийначеран а риторика" масех кIира хьалха Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, Украинехь бахархошна йукъахь тIом бала тарло аьлла динчу дIахьедарца цхьаьна дара.

Нохчийчоьнна субъекте хилар йухадалар

Кадыровс Малхбузен къайлаха бартбар лоьхучу заманчохь, Кремло хIоттийначу дийнан повесткаца хилла ца Iаш, шен интересашкахь а хуьлу иза. 2015-чу шарахь, Малхбузе говрийн бакъонаш талхорна бехкейеш, Нохчийчоьнан урхалхочо цхьана хеначохь жоп делира нохчийн лидеран говраша толам баккхарх догIург дIадала Чехин финансийн министралла дуьхьал хиларна.

2017-чу шеран охана-баттахь RT телеканалана йеллачу интервьюхь Кадыров Рамзана чIагIдо, Нохчийчоь Малхбузено билгалйаьккхинера "суверенитет йолу Оьрсийчоьнан пачхьалкх" йохон буламаллин кхерч санна.

"Дуйбахна террорхой" бу аьлла, Малхбузно кеп хIоттийнарш гIоьртинера нохчий маршонах баха

Цул тIаьхьа масчех кIира даьлча, дуьнено а дийцина, ММА-н ийначу кепехь латархо хилла, дуьненан чемпион волчу Амриев Мурадан нохчийн Iедалхой тIаьхьабовларх Нохчийчоьнан урхалхочо бехкейира Америка республикин гIуллакхашна йукъагIортарна а, йоллу пачхьалкхера "хьал талхон" гIортарна а. Спортхочунна кхерамзалла латтон йеза аьлла, Пачхьалкхан департаменто дIахьедар дича делла жоп дара и.

Кхин а бутт тIаьхьа Кадыровс дIахьедира, "Нохчийчоьнна а, цуьнан халкъана а дуьхьал цхьана Iалашонца, информационан, идеологин тIом бан дикка ахча делла" болх бу дIахьош. Цуьнан дешнашца, кхечу пачхьалкхашна ца тов, нохчийн республикехь унах цIена, дегIана товриг дан дезаш хиларх пропаганда йар,"кегийрхоша шайн дахар делах тешарна а, къоман интересашна а тIехь" кхуллу.

Прагера Карловн университетан социологин Iилманийн хьехархочо Дубровский Дмитрийс бахарехь, Кадыровн дIахьедарш – Нохчийчоьнна суверенитет йухайало кеп йу.

"Малхбузера мостагIаша Оьрсийчоь бехйина ца Iаш, Нохчийчоьнна а зен деш хилча – къаьстина субъекталла йалар ду и. Изза ду: "дуйбахна террорхой" бу аьлла, Малхбузено кеп хIоттийнарш нохчий маршонах баха гIортар санна, амма цкъа хьалха Кадыров Ахьмад, йуха Путинца цхьаьна Рамзан Ахматович веара, сийдоцчу Малхбузено латточу баланера къам кIелхьардаккха – бохура Кавказ,Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Дубровскийс.

Социологана хетарехь, Малхбузено къайлах барт бина бохуш, цхьацца заманчохь Кадыровс дина дIахьедарш Кремлан йукъарчу риторикера ду - хIинцалера тIом бакъбан гIерташ хьалхалерачу тIамех пайда а оьцуш.

Кадыровс дIагайтарца Нохчийчуьра тIемаш дуьхьаллатаран масал хуьлуш лаьтта

"Нохчашна ШолгIа дуьненан тIом – уггар аьтто болу масал дац, хIунда аьлча 1944-чу шарца хьакхалуш хиларна – нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махках дахарца, башха бIегIийла дац и дагалецар. Амма хьехон йиш йу Оьрсийчоьно Нохчийохь бина ши тIом, царех а, Кадыровс дIагайтарца, дуьхьаллатаран масал хуьлуш лаьтта", - аьлла хета экспертана.

Дубровскийс билгалдоккху, хIинцалера Кадыровн къамелаша дуьххьалдIа хьажаво, тахана Украинехь хуьлуш долчунна тIе. ХIунда аьлча, Кадыровна хетарехь, нохчий цигахь хIаллакхуьлу, даймохк ларбеш хиларна: Оьрсийчоь а, Нохчийчоь а.

Конспирологин трендехь хилар

2022-чу шеран чиллан-баттахь Украиана шуьйрачу тIамаца Оьрсийчоь чугIоьртина кхо бутт баьллачу хенахь шен телеграм-каналехь Кадыровс Малхбузе бехкейира тIом болорна. Оцу йукъанна Орсийчоьнан регионан куьйгалхочо дIахьедо, Украинехь хуьлуш мел дерг, 1999-чу шерийн йуьххьехь Нохчийчохь лайнарг ду.

Конспирологи – Оьрсийчоьнан Iедал тешаш долу коьртаниг и ду, аьлла хета политолог волчу Преображенский Иванна. Цо бахарехь, Кадыров шал шера кхеташ ву "ловзаран" барамех.

"Трендехь хилла ца Iаш, Кадыров даим а гIерта ша олучуьнца, йа Путин Владимиран ойланца вогIуш хила. Кадыровс цхьа хIума къадийнехь, и ду хьуна, Путина цуьнца цунах лаьцна хIинцале а дийцина хилар. Вайна цунах лацна ца хеза, шаьшшиъ цхьана волуш дина къамелаш хила тарло уьш", - кхетийра политолого.

Трендехь хилла ца Iаш, Кадыров даим а гIерта ша олучуьнца, йа Путин Владимиран ойланца вогIуш хила

Оцу йукъанна Нохчийчоь – Оьрсийчоьнна эгIазалла йоллу меттиг йу, оцу конспирологих пайдаэца мегар ду, Кремлера кхин а тIе ахча даккха, тIетуьйхира Преображенскийс.

ТIом баьккхина цхьа шой ахшой даьллачу хенахь Кадыров Рамзана йуха а карладаьккхира, Нохчийчоь коьрта дуьхьало йу Оьрсийчоь йохон гIертачу Малхбузена. "Россия 24" телеканалан эфирехь Кадыровс дIахьедира, Европера къайлаха сервисаш Украинан гIоьнца шена дуьхьал теракташ кечйеш йу, хIунда аьлча, ша новкъарло йо царна "Оьрсийчоь хIаллакйан" аьлла.

Кадыровн риторикехь "масонийн вовшахтохараллаш"

2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Кадыровс динчу дIахьедарехь Оьрсийчоь йохон хьийза Малхбузе Британина тIехкаччалц гатйелира. Оцу Iалашонна лерина "масонийн организацийн" омрашца миллионаш долларш дара хьажийна. Билгалдаккха догIу, Кадыровс дIахьедар дале кхо кIира хьалха хIетахь Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретарь хиллачу Патрушев Николайс бехкебира "англосаксаш" Къилбаседа Кавказехь экстремизм йаржорна.

Политологна Преображенскийна хетарехь, Кадыров Рамзанан аларшкахь Британи тIекхетар ду Путин Владимира а, цуьнан уллорчу гоно а дукха хан йоццуш Британин арахьарчу гIуллакхийн министро Кэмерон Дэвида динчу дIахьедарна йина реакци. Цо аьллера, британхйн герз лелон тарло Украино Оьрсийчоьнан дозанашна тIе тохарш деш.

Оцу тайпа, экспертана хетарехь, Орсийчоьнан регионан куьйгалхо рогIеран шен Iалашо кхочушйан хьийза: "Тахана Кадыровн глобале цхьа Iалашо бен йац – шен метта хIоттон волчун проект кхочушйар. Цуьнан муьлхха а лелар оцу кепара тида деза. Путин а, цуьнан го а шена муьтIахь хилар ду цунна оьшург. Уггар хьалха – конспирологин сценареш чIогIа йезаш, ша Кадыровгахьа кIезиг безам болчу къеначу ницкъахойн терго".

"Кадыровн къамелехь Британина омранаш ден "масонийн организацеш" хилар доьзна хила хьесап ду тоххарлера, дуьненан куьйгалла дечу "жидомасонех" конспирологин теорица, аьлла хета Дубровскийн Дмитрийна.

Оцу заманчохь, цунна хетарехь, палестинхойн-израилхойн конфликтан акторийн агIор хьажийна, цхьа билгало хила а тарло и: "ХЬАМАС-на маршалла: тхо, кIентий, шун вежарий ду, цу масонийн карах тхо а ду бала хьоьгуш. Жимма цакхеташ ду и, амма дукха дика тарло и, бусалба нах Оьрсийчоьнан йукъархой бу бохучу риторикана йукъа. Масонийн организацийн буьйраллашца лелаш йу боху Британи а, Оьрсийчоьно а, Кадыров Рамзана а къийсам латточу оцу дуьненан дукъан контрагент йу".

Экспертана хетарехь, Кадыровн дIахьедаршкахь кхо агIо хаало: иза турпалхо ву, цо Нохчийчоь Малхбузенан тIекхийдарх Iалашйо. Иштта цо ларйо Оьрсийчоь йохарх, и дерриг а дечу цо иштта Iалашбо, дуьненан масонийн къайлахчу берто бала хьоьгуйту бусалба вежарий.

  • Малхбузен пачхьалкхаш бехке йахь а, 2023-чу шарахь Нохчийчоьнан урхалхочо Европана бехкаш дехкира Ичкерина тIе ца хIттарна, 1990-чу шерашкахь ша йозуш цахилар цо дIакхайкхийча. "Со Ичкерица вара, тхоьга пачхьалкх ца кхоллийтинарш шу ду", - элира Кадыровс видеоца бинчу кхайкхамехь.
  • 2023-чу шарахь Кадыровс тIедожийра Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна шен нанна тоьхна санкцеш йухайаха аьлла. ХIетахь цо йуха а дIахьедира, Украина а, Гуьржийчоь а – "Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн проекташ" йу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG