ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъорIан Iалашдийриг? Оьрсийчохь бусулбачийн бакъонаш хьешар тергамза хIунда дуьту Кадыровс


Президентан "Каср Аль Ватан" шахьарахь ву Кадыров Рамзан, Iарбойн Цхьанатоьхна Эмираташ, 2019 шо. Гайтаман сурт
Президентан "Каср Аль Ватан" шахьарахь ву Кадыров Рамзан, Iарбойн Цхьанатоьхна Эмираташ, 2019 шо. Гайтаман сурт

Швецихь исламисташна дуьхьал йолчу датхойн Stram Kurs ("Шога курс") партин лидеро Палудан Расмуса массарна а гуш КъорIан дагийна, "Туркойчохь маршонаш къовларна" дуьхьал вистхуьлучу заманчохь. Украинера тIом бакъбеш а, "тапъаьлла Iачу" Европера шен оппоненташна критика йеш а пайдаэцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо цу акцих. Оцу юкъанна, цул а де хьалха тергамза дитира цо хьиджабаш лелош хилла Нохчийчуьра а, Дагестанера а зудабераш дIадахар Ростовн медколледжера.

Дозанал арахьа ислам динца собаре боцуш меттиг нисбелча Нохчийчоьнан куьйгалло луьра реакци йеш, ткъа Оьрсийчохь оцу кепарниг нисделча тергамза дуьтуш къаьсттина хаало тIаьххьарчу шерашкахь, боху Кавказ.Реалиин редакцица къамелдинчара. Шина кепара стандарташ лелор лору цара иза.

Нохчийчуьра пропагандо Кадыров гойту "дезачу КъорIанан гIуллакххо, исламан турпалхо, Мухьаммадан суннаташ Iалашдийриг" санна. Мехкан урхалхочун Гергарчу Малхбалера пачхьалкхашкара векало Даудов Туркос бахарехь, доллу дуьненара бусулба дин лелочарна гергахь исламна дуьхьалболчаьрца лелочу "къийсаман символ" ю Кадыров. Хууш дац, хIун динчунна сил вазвина иза.

Къеста а беш реза ца хилар

Бусулбанашна деза жайна Стокгольмехь дагийначул тIаьхьа Кадыровс бух а боцуш бехкебира Швецин Iедалхой, цара "мах белла" хIоттайайтина йара и акци аьлла. Масех де даьлча, дечкен-беттан 23-чохь, къаьстира кхин а цхьана оцу кепарчу акцих лаьцна – нидерландхойн исламна дуьхьал йолчу PEGIDA организацин хьалханчас Вагенсвельд Эдвина нахана хьалха дIа а хIоьттина этIийра КъорIана юккъера агIонаш.

Маса оцу инцидентийн тергойира Нохчийчуьра лаккхарчу даржхоша – мехкан урхаллина сихха схьакарийра националистийн партешна а, тIамна а юкъара "зIе", оцу кепара бакъдира цара Оьрсийчоьнан эскарш тIамца Украине гIортар.

Цхьа могIа республикера хьаькамаша юьхьйаьккхира къобалйазчу Ичкерин суверенитетан агIончийн, уьш "бист ца хуьлуш" Iарна. Масала, пачхьалкхан "Грозный" пачхьалкхан телеканалан директоро Ахмадов Чингиза оьгIазе а, сийсазе а кепехь кхайкхамбира Кадыровн рожан критикашка, Европехь протестан акци довла аьлла.

Ала дашна, официалан Нохчийчоьнан реакци дIоггара чIогIа а йацара стохка охан-баттахь Ульяновскан кIоштара колонихь болчу тутмакхаша- нохчаша а, гIалгIаша а – ФСИН-н хьукматан белхахоша КъорIан сийсаздира аьлла, латкъамбинчу хенахь. Меттигерчу ФСИН-н урхаллин белхахоша хIаллакдира тутмакхийн жайнаш а, ламазан кузаш а церан динан а, къоман а билгалонашца, хаамбира хIетахь оцу зенаш динчийн дешнашца Gulagu.net проекто. Бакъонашларйархоша чIагIдо, дуьхьало йеш иттаннашкахь тутмакхо шайн куьйгаш а, геш а хедийнера, ткъа бIе гергга стага мацалла кхайкхийра бохуш.

Цига хьажийначу Нохчийчоьнан адамийн бакъонаш Iалашйечу Солтаев Мансурна "ца карийра" махкахойн-тутмакхийн бакъонаш хьешна меттиг: цо бахарехь, "нахана гергахь гIовгIа йаккха гIертачу провокаторша пайдаэцнера" таIзар токхучу нохчех.

Диаспора йист ца хуьлу?

Швецира а, Нидерландашкара а акцеш йемалйеш бистхилира Европехь беха цхьаболу блогерш а, жигархой а, амма цхьана а кепара протесте барамаш оцу хьокъехь хIиттон дагахь бац.

"Цкъа делахь, тхо тапъаьлла Iаш дац. Оха, гуттар а санна, цунна дуьхьал тхаьш хилар дIахаийтина. Низаман гурашкара а девлла тахана хIуммаъ леладойла йац тхан. Тхо ду кхуза даьхкинарш, хIорш бац вайна тIебаьхкина. Кхеран шайн къепеш ю. Амма иза ишта делахь а, тхайна цхьаъ ца тахь, тхан бакъо ю дистхила, динан гурашкахь оха тхешан дуьхьало дIагойту", - боху Францихь вехачу нохчийн юкъараллин гIуллакххочо, динан Iилма карадерзийначу Албаков Шемала.

Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь, иза тIетовжу динан Iилманчашна, цо бахарехь, цара дIахьедора "цадашарца букътоха" беза питанашна, оцу пачхьалкхехь бусулбашна ца магийна хIума а ца лелош.

Тхан цигахь [даймахкахь] нохчий бойу –цуьнан терго алсам йан еза оха, КъорIан, Библи, йа цхьа кхин жайнеш дагийча йечул а

Венера "Ичкерия" культуран центран куьйгалхочунна, Исханов Хьусейнна хетарехь, Европера диаспоран векалша оцу кепара акцеш тергамза йита йеза, хIунда аьлча, делах тешачарна радикализаци йан а, керстанийн пачхьалкхашкахь церан хьал кхин а тIе талхо хьажийна хIуманаш ду уьш.

" Тхан цигахь [даймахкахь] нохчий бойу –цуьнан терго алсам йан еза оха, КъорIан, Библи, йа цхьа кхин жайнеш дагийча йечул а. Царна (Нохчийчуьра Iедалхошна.- Редакцин билгалдаккхар.) бен-башха дац, мила ву бусулба, мила – вац. Меттигера оккупацин Iедал ду иза, цара оккупанташна луъург до. Дан амал доцуш доллу нохчийн къам ду тахана балехь", - аьлла хета Исхановна.

Хьиджаб, никIаб ца оьшу

Стокгольмехь акци хIоттайале де хьалха дийца даьккхира, Ростовн кIоштара Новочеркасскера лоьрийн колледжера хьиджаб лелорна пхи студент дIайаьккхина аьлла. Олийла дац, цунах лаьцна хаам Нохчийчоьнан куьйгаллина тIехбелира – йаздора цунах лаьцна Iедалхошкахьа йолчу гоьйевллачу социалан машанашкара аккаунташкахь а. Амма шен Кадыровн агIонаш тIехь хIинца а йаздина дош дац оцу инцидентах.

Оцу юкъанна изза бахьана, амма малхбузерчу пачхьалкхехь хилла долу, 2017-чу шеран зазадокху-баттахь тидамза ца дитира Кадыровс. Белхахошна хьиджаб лелор дехка бакъо йала йеза балхатIера хьаькамашна аьлла, Евробертан кхелан сацам "къайлах тIом кхайкхор" лерира куьйгалхочо. Ишта-м Оьрсийчуьра дешаран хьукматашкахь динан бедар лелор дихкина дукха хан ю – 2015-чу шарахь Лакхарчу кхело низамца тIеэцна сацам бу элира школашкахь динан артибутика а, йовлакхаш а лелор дехкар. ТIаьхьо, 2017-чу шеран дечкен-баттахь Кадыров вистхилира, Оьрсийчоьнан дешаран министр Васильева Ольга бехкейеш, школашкахь дешархоша хьиджабаш лелон ца йеза аьлла, шена хетарг юкхъараллина тIедожорна.

Иштта стохка гезгамашин-баттахь Кадыровс тIедиллира республикерчу парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна Астраханерчу пачхьалкхан медицинан университетера хьолан "йистйаккха" аьлла, цигара студенташа латкъамбинера нохчийн хаамийн гIирсашка хьиджаб ца лелайойту шайга аьлла. И проблема цигахь йолу дукха хан ю, дийцира редакцига дешархоша. Нохчийн парлментарийно бинчу "талламан" жамIех тахана хууш хIуммаъ а дац.

Ковидан 2020-гIа шеран чакхенехь Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа меттигера ворхI йоьIан юьхьйаьккхира никIаб лелорна – бIаьргаш бен гуш а доцуш, юьхь къовлу коьрта туьллург ю иза. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан камерашна хьалха а хIоттийна, юьхь йастийтира цаьрга, ткъа никIаб "динца хIума доцуш, Гергарчу Малхбалера къаьмнийн духар" ду элира.

Цхьа суфизм

"Бусулбачийн бакъонаш къуьйсучу" Кадыровс республикехь дIахIоттийна официалехь доцуш суфийн тIарикъат бен лелон цамагор. Ша политик оцу кепарчу суфизман тIаьхьенах ву, цигахь безачу нехан культ ю лелош – беллачу эвлийаашка доIанашкахь орцадоьхуш. Оцу Iилманан принципашна резавоцчцу муьлххачух а негативе, къаьстина йоцчу терминехь "ваххабист" олу Кадыровс. И дош гуттар а лелош ду цо шен къамелехь "экстремист", "террорхо" дешнийн цхьана могIарехь. Ма-дарра аьлча, салафиташ ду шаьш баьхначу, хьехамчан Мухьаммад ибн Iабдул-ВахIабан агIончех олу иштта.

Амма, хетарехь, Нохчийчоьнан Iедалхойн цуьнца бала бац – церан ваххабистех шайн хьажам бу. Масала, республикерчу муфтийн гIовса Ильясов Адама кест-кеста оьгIазе дуьйцу Соьлжа-ГIаларчу коьртачу маьждигехь, "ваххабисташ" хIаллакбан беза, меженаш а йохуш. Кадыровн динан дайша чIагIдарца, изза дан деза оппозицин ресурсех а, кхечу "Малхбузенан проекташца" а боьзначарна ( 2020-чу шеран гезгамашин-беттан 11-чу дйинахь йина "хьехаман" аудио ю редакцигахь. – Билгалдаккхар.).

2008-чу шарахь Кадыровс сагатдора махкарчу "маьждигашкахь гуллучарна". Муфтиятна а, кIоштийн къедашна а критика йира цо, цхьайолчу идеологишна дуьхьал болх эвсара цабарна: "Ваххабизман пропаганда вайн махкахь йеш мила ву, маьрша бахархой а, Iедалан векалш а байа бохуш, кхайкхамаш бийриг а мила ву шу хаа дезаш ма ду (орфографи ша ма-йарра йитина.- Редакцин билгалдаккхар.).

Кхечу хьехамна тIаьхьабевллачийн хаъал тобанаш тахана республикехь йоцуш ю, шена юкъа готта агIонаш йолу суфизм йоцург а, иштта салафизм а. ТIаьххьарчуьнца берш тарло лечкъо, ницкъбан, хатI бахьана долуш шайггара кхоьллинчу гIуллакхашца таIзардан а. Нохчийчуьра кест-кеста хаамаш кхочу, юьхьанца дуьйна меттигерчу ницкъахойн "профучетан тептаре" йазбина нах лечкъорах лаьцна.

Бакъонашларйаран "Мемориал" центро хаамбора, 2015-чу шеран тIаьххьарчу беттанашкахь Нохчийчуьра йоллу гIаланашкахь а, йаккхийчу ярташкахь а Нохчийчуьра ницкъахоша, Кадыровн Нохчийчоьнна гергахь "ламастин доцчу" исламан гараца болу нах лечкъош рейдаш. Мекхаш доцуш маж лелор мехкан урхаллина – оцу гаршца хиларан билгало хета.

Салафизман могIаршкахь болчарна дуьхьал Нохчийчохь репрессеш лелош хиларх дIахьедира 2020-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дуьненаюкъарчу динан маршонан Комиссин рапортехь. Оцу бахьанца Оьрсийчоь Iаьржачу тептаре йазйина США-но дин лелочийн бакъонаш талхорна, ткъа зорбанан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш йаха аьлла, кхайкхамбира комиссино Вашингтоне.

"Кисловодскера санаторий йац"

Оьрсийчоьнан колонишкахь Нохчийчуьра бахархошлахь, йоллу Къилбаседа Кавказера а санна, ира лаьтташ проблема ю къомана а, динан а билгалонашца тутмакхаш хьийзош. Чубоьхкинчийн гергарчара наггахь орца доьху Кадыровга. Амма 2019-чу шарахь йоьдучу пресс-конференцихь цо жоп делира, ша царна гIо дийр дац аьлла, цо чIагIдора проблема "шайггара кхоьллина" бохуш.

"Царна шаьш курорте дохуьйтур ду моьттура? Цара зуламаш лелийна: нах байина, лечкъийна, талораш лелийна, машенаш лечкъийна. Набахте ма ю и. Кисловодскера санаторий йац. Дера хьелаш ледара хир ма ду", - жоп делира журналисташна Кадыровс.

"Гражданское содействие" фондан куьйгалхочунна, бакъонашларйархочунна Ганнушкина Светланина хетарехь, "бусулбачийн бакъонаш ларйарехь" мехкан урхалло шалха стандарташ лелор доьзна ду куьйгаллица дов ца хилийтархьама.

Тахана могIарера хIума ду – дозанал арахьарчунна дов дар. Москварчу Iедална товш долччу кепехь лела уьш

"Хууш ду стенна – вайн Iедалхошца гIуллакх дан ца лаьа [​Нохчийчуьра Iедалхошна]. Тахана могIарера хIума ду – дозанал арахьарчунна дов дар. Москварчу Iедална товш долччу кепехь лела уьш. Ткъа КъорIан дагор, муьлххачу а дезачу жайнийн сий дайар – иза магон йиш йоцург а, эргIад вохуьйту а хIума ду", - боху Ганнушкинас.

Шена дага ца догIу боху бакъонашларйархочо, динан билгалонца хьийзиначу бусулбанаша нохчийн Iедалхошка арз а дина, цара гIо дина меттигаш хилла: "Амма тхоьга латкъамаш бина. Со Кемероверчу колони йахара, цигахь КъорIан сийсаздина, бунт гIаттийра, дIоггара йоккха ца хиллехь а. Тергамаза ца дисира и гIуллакх – оха къамел дира куьйгаллица, уьш кхийтира, иштта хIума дан мегар доцийла.

Оьрсийчуьура бусулбачийн бакъонаш хьешар цхьана а агIор дустийла йац Европан мехкашкахь хуьлучуьнца, юха а карладоккху Албаков Шемала.

"Оьрсийчохь уьш хьийзабо, церан динца йолу дог-ойла аьшнашйо. Набахтешкахь хуьлуш долчух кхетархьама, тоаме ду [бакъонашларйаран Gulagu.net проектан куьйгалхочо Владимира] Осечкина зорбане йаьхначу материалийн гигабайташка хьаьжча", - аьлла хета жигархочунна.

Стокгольмехь КъорIан дагош хIоттийначу акцина комментарий йеш Албаковс тIетуьйхира, Оьрсийчоьнан колонишкахь лелош хIума ду адамийн сий дойуш, леррина бусулбанашна йеза хета атрибуташ аьшнашйеш, амма Нохчийчоьнан куьйгалло оцу инцидентийн терго ца йо.

Кадыровна муьтIахь йолу Кремлан раж "йоха новкъайаьлла", цундела цуьнан реакци башха коьрта а йац аьлла хета "Европера нохчийн Ассоциацин" куьйгалхочунна Муртазалиев Асланна.

"Шалха стандарташ, манипуляцеш а, оцу тайпа кепаш а гуттар а коьрта арсенал хилла ю вочу политикийн карахь. Оцу бакххийчу хиламашна юккъехула шаьш нохчаша цхьа наггахь бен хьахош а вац хIинца Кадыров. Массо а кхеташ ву, баккхий хийцамаш хила гIертий, цундела уьш кхета, муьлхха чакхе хилахь а, Путинан раж герга кхаьчний", - аьлла хета цунна.

Ткъа сийсаза акцеш хIитторна реакци ца йина бохуш, "Путинан векалийн рожан" критика нохчийн диаспоро тергал ца йо, дерзийра къамел Муртазалиевс.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо 2022-чу шеран гIуран-баттахь видео яржийра китайхойн, Iарбойн, ингалсан меттанашкахь дуьнечуьра бусулбанашка НАТО-на дуьхьал тIугулло аьлла.
  • Кавказ.Реалиин редакцино тергойира Украинера тIом болабелчхьана муха хийцалора Кадыровн риторика хьожуш: "Киевна штурм йоло омра де" бохучунна тIера Оьрсийчоьнан тIеман министраллина критика йарна а, зарратан герзах пайдаэца бохуш, провокаци лелорна а, маьршачу гIаланашна тIе бомбанаш йеттар къобалдарна а тIекхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG