ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло омра дина? Стенна ваьлла Кадыров Талибанехьа


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша даржадо Оьрсийчоьно а, дуккха а пачхьалкхаша а террористийн тоба лоручу "Талибан" боламна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIекарло ярх лаьцна. ГIеххьачул политикан само шеца хиларе терра, Кадыровс дIахазийна арахьарчу гIуллакхийн министралло яржонза йитина Кремлера месседж, боху Кавказ.Реалиица къамел динчу эксперташа.

Шен Кадыровн агIо дIакъевлинчул тIаьхьа цо лелош йолчу шен йоцчу ya_pomoshnik_kra_95 аккаунтан сторисехь – цунах "туризман сайт" аьлла – нохчийн политика къобалйо "Талибан".

"Ша дийр ду боху массо а дика гIуллакх "Талибано" кхочушдахь, со цуьнгахьа ву. Нагахь санна цара низамаш а, дуьненаюкъара бакъонаш а, Конституци а ларъяхь, хазахетар ду суна – цара баха ма бохий шаьш муьлххачу а терроран тобанашна дуьхьал ду, цаьрца къийсам латтон беза", – дIахьедина Кадыровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дин хьоьхучу гIоьнчас Шахидов Адама хьалхо "красавчикаш" ("тайна кIентий") цIе тиллира талибашна, уьш "матуридиташ а, ханафиташ а" (динера гаранаш) хиларе терра, ша цаьргахьа вуйла а хоуьйтуш. Уьш шена "кхераме ца лору Оьрсийчоьно, цо беза хьеший бина тIеоьцур бу уьш", - бохура Шахидовс. Оьрсийчуьрчу низамхошна ца гира оцу дешнашца террорна гIортор яр.

"Талибанан" некъах бIобулуш хилар къадийначу Кадыровс хазийтина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллин позици.

Ша "бусалбанийн лидер" а хеташ, лелхий-те иза арахьарчу гIуллакхийн министраллал хьалха, цо а дале и тайпа дIахьедарш дарца, дуй-те цо ден дIахьедарш Москван позицица догIуш?

Талибаш Кабулан урамашкахь
Талибаш Кабулан урамашкахь

Афганистанах жоп лой "Талибано"?

Талибаша, шаьш кийча ду дийцарш дIадахьа, лаам бу терроризм эшон, шаьш гIертар дац луларчу пачхьалкхийн гIуллакхашна юкъа, дуьхьал ду наркотикаш йохкийта, боху, билгалдоккху Евроазин аналитикан клубан куьйгалхочо, Юккъерчу Азин экономикан, дуьненаюкъарчу терроризмца латточу къийсаман аналитика Мендкович Никитас.

Нагахь санна "Талибано" ша ден дIахьедарш кхочушдахь, хьехон доло мегар ду иза къобалъярх дерг, аьлла хета Кадыровна – ишта туьду эксперта.

Талибашка латталур ду махкахь низам, амма цуьнга меттахIотталур яц йоьхна пачхьалкх, нагахь цо адамийн бакъонашка, маршонашка, къаьсттина зударийн бакъонашка а, кхелан низамалле а болу хьажам нис ца бахь, аьлла хета кхерамзаллин политика толлучу Вашингтон Джорджан Университетерчу (Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ) говзанчина Хейнс Лилана.

Нагахь санна "Талибано" ша ден дIахьедарш кхочушдахь, хьехон доло мегар ду иза къобалъярх дерг

"Дуккха а хаарш долу нах дIабахна ОвхIанистанера. Социалан тергам чIагIбаро, зударий профессионалан дахарх дIахербаро, нах лецаро, байъаро новкъарло йо пачхьалкхан боларна, оцу хьоло кхин а дукха говзанчаш аратоттур бу махкара", – билгалдоккху Хейнса.

Цо дийцарехь, ОвхIанистанехь хилла Iедал, къаьсттина халкъаца биллина контактехь хуьлучу лахарчу тIегIан хьаькамаша, "маьттаза коррупци" яржийра пачхьалкхехь, цундел боху "Талибано" ша коррупци дIайоккхур ю.

Кадыровс хьовха, кхечу политикаша а къобалйойла ду "Талибан", цо ша бохург чекхдаккхахь

"Нагахь санна цара шаьш хьалха лаьттинчу махкарчу Iедалал кIезиг коррупцинераш хилар гайтахь – иза дика ду. Амма пачхьалкхах жоп далалуш бац уьш цкъачунна. Хьалхо бехира "Талибанан" куьйгалло, ша кхерамзаллин урхаллашкахь болх бинчу, арахьарчу ницкъашца хиллачу наханна амнисти йийр ю, ткъа хIинцале хаамаш кхочу, оцу хьокъехь делла дош дохийна, нах хIаллакбо, бохуш. Цкъачунна кхеташ дац, талибийн урхаллаша бойъу нах я церан олаллехь боцчара бойъу", - дуьйцу Хейнса.

Иза тешна ю, талибийн халкъах урхалла дан ницкъ кхочур бац, нагахь санна Кабулерчу куьйгалло шена тIелаьцна декхарш кхочушдеш цахилахь бохучух – кхерам бу коррупци кхин а сов естарна.

"Талибанан" дIахьедарш, Кадыровс хьовха, кхечу политикаша а къобалдойла ду, нагахь санна дуьйцург дечух къаьсташ ца хилахь, боху "Талибан" болам толлучу политолога Серенко Андрейс:

"Ша "Талибанехьа" хир ву, цо нагахь санна шен дIахьедарш кхочушдийр делахь, аьлла Кадыровс – иза ду коьртаниг. Амма цхьана а политикан боламо ца олу ша нах хIаллакбеш хьийзар бу, ша зуламе хир бу".

Оцу контекстехь Серенкос дагалоьцу Оьрсийчохь магийна йоцчу ДАIИШо деш хилла дIахьедарш.

"Исламан пачхьалкхо", аш цуьнан декларацеш ешнехь – кортош боху видеошка хьийсарал совнах – бохура, ша "бусалбанийн бакъонаш ларъян, нехан ламастш Iалашдан" йоллу . Изза ду "Талибанано" бохург а, амма иза тIех къаьсташ а яц "Исламан пачхьалкхах", - билгалдоккху политолога.

Террористашна елла франшиза

"Талибано" кху иттех кIиранах йоху гIулчаш яц цхьана лорах, дийриг ца дозу шен дIахьедаршца, ца гайтина ша политикехь аьхна, аьлла го сурт Серенкона. Цо бахарехь, "ницкъаций, герзаций урхалла ден джихIадан террорхойн тоба ю иза цкъачунна".

Ахча хуьйцу базар
Ахча хуьйцу базар

"Талибано" Казай Хьамидан а, ГIани Ашрафан а (ОвхIанистанехь президентан даржехь Iийнарш) Iедалца ша къийсалучу муьрехь бохура, эшон еза коррупци. Советан Iедал доьхча меттахIиттинчу пачхьалкхашкахь а санна, ОвхIанистанехь вуно шуьйра даьржина лела и зулам.

Умма ОвхIанистанехь хуьлуш лаьттачунна тIе лерг диллина Iаш хилар гойту Кадрыровн дIахьедаро

"Эшийний "Талибано" коррупци я ца эшийна – иза таллалуш дац цхьангге а. Официалехь экономикан болар сецна, индустри дIалекъаш лаьтта, оцу хьелашкахь оьшуш дац цхьанна а миллионашкахь кхаьънаш кхийдо. Вукха агIор аьлча, тIемалошна луш долу алапа ду сов лахара (50 афгани гергга ло дийнахь – Оьрсийчоьнан 40 соьме кхоччуш), меца беха уьш, ловзаргашкахулий, тезеташкахулий лела – цигахь карайо юург, герз карахьдерг эккхор ма ваций цхьаммо а. Пачхьалкхехь ахча доцчу хенахь, караеъна жижиган юьхк а лара догIу кхаъ эцар", – аьлла хета Серенкона.

Толамца джихIад дIадахьарца бусалба дуьненан тергоне йирзина ОвхIанистанера "Талибан", цу тIе, цо кхойкху бусалбанаш шегара масал эцаре. Экспертна хетарехь, кестта накъостий карор бу талибашна Юккъерчу Азерчу радикалашлахь, Къилбаседа Кавказехь, Идал-хин йиштошкарчу регионашкахь, Оьрсийчуьрчу бусалба мигранташлахь, Палестинехь, Къилбаседа Африкехь, Европехь, Америкехь.

"Умма ОвхIанистанехь хуьлуш лаьттачунна тIе лерг диллина Iаш хилар гойту Кадрыровн дIахьедаро. Оьрсийчоьнан арахьарчу министраллин цхьаболчу векалийн логикаца а догIу цуьнан къамел, амма ца догIу ницкъаллин урхаллаша дIахьочу балхаца. Деношкахь Екатеринбургехь "Талибанехьа" лаьтта нах лецна, терроран тохар дан кечлуш хилла, боху, уьш. Цуьнца муха доза деза "талибех накъостий бар" а, цаьрца, террорхошца, "диалог" йоло еза бохург а? Иза кхеташ дац, иза Оьрсийчоьнан политикан "галморзахъяьлла шизофрени ю", - билгалдоккху тергамчас Серенкос.

Кадыров Рамзан пачхьалкхан политикан хьесапаш девзаш стаг ву, гарехь, цо шен дIахьедарца къадайо Iедалан позици, аьлла хета Серенкона. Кадыровна, цо бахарехь, ша бусалба нехан хьалханча хета, цундела "леладо цо бусалбанашца шен ловзарш".

***

"Талибано" Iедал караэцначул тIаьхьа зударшна а, зудаберашна а ОвхIанистанехь гIелонаш ян йолорах лаьцна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, кхечу пачхьалкхаша а дIахьедарш дина. 1996-2001-чу шерашкахь, талибаш Iедалехь болчу заманахь, зударийн бакъо яцара гергара борша нах уллехь боцуш дIасабаха. Дехкарш лелара зударшна дешарехь а, балха хIиттарца а. Хьиджабаш, никIабаш лелор дара тIедожош. Низам дохийначарна хIаллакбечу кхаччалц таIзарш дора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG