Саламова Елена
Нохчийчоьнан амал муха хийцина Кадыров Ахьмадан васто
15 шо ду Кадыров Ахьмад вийна. Кремлехьа а ваьлла, муфтин оба президентан бедарх ша хийцина 4 шо кхаьчча, Советан эскаран Толаман Дийнахь Соьлжа-ГIаларчу "Динамо" стадионехь, тIеман гайтамехь, эккхийтира иза.
Бомба, баккхий кечамаш а беш, хьалххе йиллина, цундела ала дац "Басаевца, Масхадовца аьттехьа а доьзна ду" зулам, "…бехкениг кхин ницкъ бу", элира шен да лечу дийнахь Москох хиллачу Кадыров-жимхачо.
Эккхийтинчу дийнахь дуьйна десто долийна Кадыров Ахьмадан васт нохчийн политикан доцуш ца тору дакъа ду тахана. Кадыров-воккхачух къоман да олу махкарчу Iедало – цуьнан цIе лелайойту и тилла мел мегачу меттиге. Тоьлла ларалучу Соьлжа-ГIаларчу "Нохчийчоьнан Дог" маьждиго а лелайо ур-атталла цуьнан цIе.
Къайла ца хьо цхьаммо а Кадыров Ахьмад могIара стаг вацар. Ша Кадыров Рамзана дукха хазийна махканна а, дуьненна а шен ден возаллах лаьцна дешнаш. "Ахмат – иза васт ду, иза веза-воккхачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, Нохчийн Республикан хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан турпалхочун, Оьрсийчоьнан мостагIашца - террорхошца - айбинчу тIеман коьртехь лаьттинчу стеган цIе ю, президентца Путин Владимирца цхьаьна цо къелхьарадаьхна вай дуьненаюкъарчу террорах а, Оьрсийчоь йохарх а. Дерриг а дуьнентIехь эзарнаш политикаша а, спортхоша а дозаллица даржадо "Ахмат – сила!" [Ахмат – ницкъ бу"]", элира Кадыров Рамзана 2017-чу шарахь.
Кадыров Ахьмадан суьртех яьккхина ю таханлера Нохчийчоь. Цхьа а цец а ца воккху оцу хьоло. Деккъа дIа цкъа бен ца нисделла цунна дукха адамо ша резадоцийла Кадыров Рамзанна хоуьйтуш – футболан "Терек" тобаннна "Ахмат" цIе туьллучу деношкахь. Амма резабоцурш сихонца, "шайтIанаш", "де доцу нах", аьлла, дIалакъийра "паччахьо".
Ягарйина а вер вац Нохчийчохь "Ахмат" цIе мел йолу спортан секцеш, клубаш. Дукха хан йоццуш республикехь дIадаьхьначу спортан жимчу машений (карийн) къовсадаларшна тиллина цIе а яра Akhmat Race.
Оьрсийчохь Кадыров Ахьмадан сийнна тиллина цIе лелош хилла ца Iа Мосох урам, я хин паналла цоьсту хIордан кема - лелайо и цIе тIурненерчу "ЦIоькъа-лом" олучу седарчийн жуларо а тIехь. Жима волуш хала-атта динан институт чекхяьккхина а, 1995-чу шарахь Нохчийчохь муфти хIоьттина а лелла Кадыров Ахьмад цец-акъ вер вара, ден а велла, и дерриг а шена дIагича.
ЦIеноша, урамаша, хьукматаша Кадыров Ахьмадан цIе лелоро а, деладенна иза вуьйцуш хазаро а ондда нехан кхетамах доьзна цуьнан васт.
Хьалха Оьрсийчохь оьрсех воцучо а олура, сурт доккхуьйтуш ша хаза гайтархьама, балдаш дIаса а озош: "сыр!" ("нехча"), нохчаша хIинца цуьнан метта эриг ду "Ахмат – сила!". Иза а олуш кхоьссинера Москох метро чохь ша мерза мутт мелла ваьлча гIутакх цхьана нохчочо оьрсийчунна тIе. "Ахмат – сила" сийсаздина и кIант сихха меттавалийра ша Кадыров Рамзана – и дешнаш а багахь галдаьлларг кхин дер дац цуьнгара.
Лоьрийн уьрсашна буха нисбеллачул тIаьхьа, наркозах басталучу пациенташа а хьокху "Ахмат – сила!" мохь. Массеран а, масанхьа а, даима а ду – "Ахмат – сила!" , политикашна тIера косметикан туьканахь басар-подар духкучу мехкарийн биста кхаччалц.
"Кадыров Ахьмад – тхан къоман да ву-кх, уггаре дика нохчо, массарна а масал! – воккхаве 20 шо долу Ислам. Иза тешна ву Кадыров Ахьмада, "ша вуьззина нохчо хиларе терра", коьртара холхаз-куй цкъа а дIа ца боккхура бохучух. Ткъа "духар массо а наха лелорриг лелийна" цо, Исламна хетарехь (ца гиначух тера ду жимчу стагна, коьртахь куй а боцуш, я джинсаш, спортан духар доьхна Кадыров-воккханиг).
Илеса, Кадыров Ахьмадах лаьцна и шена шен бIаьргашца гина стаг хиларе терра дуьйцу. "Ахьмад-Хьаьжа наха лоруш стаг вара, къаношца мерза вара, ладугIура даима а. Цуьнга вистхуьлийла дара. Ткъа таханлерачуьнга ала йиш яц хIумма а", боху шен 65 шо долчу цо.
Илесна ца тов Кадыров Ахьмадах жайна дар, иза къаьсттина ца тов цунна. "Дац иза бусалба динехь. Суна хаьа иза ларавезаш стаг вуй. Дан а дара иза деза адам. Делахь а, ца тов суна тахана "кхара" лелориг. Мегаш дац оццул стаг ирхваккха. "Ахмат – сила" мохь хьоькху кхара! И хIун "сила" ("ницкъ") бу? И церан "сила" бу-кх, кхетий хьо!", элира Илеса журналисте.