ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лачкъийначу нохчийн йоIах Сулейманова Седех хаамаш тIехь кехаташ диттина Петербургехь


"Стенгахь йу Седа?". Граффити, гайтаман сурт
"Стенгахь йу Седа?". Граффити, гайтаман сурт

"Седа стенгахь йу?" тIе йаздина, ткъа иштта кадыровхоша лачкъийначу Нохчийчуьра Сулейманова Седех лаьцна хаамаш тӀехь кехаташ летийнера Санкт-Петербургерчу цхьана тӀай тӀехь жигархоша. Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цӀе тиллина ду и тӀай.

"СК SOS" олучу кризисан тобане кехатийн а, стикерийн а даьхна суьрташ дахьийтина жигархоша. Вайначу стагах хаам бечу кепехь кечдина ду и кехат, цу тIехь боцца хаамаш бу Сулейманова лачкъорах лаьцна йазбина.

Дахначу кӀиранах Новосибирскера йахархо Тардасова-Юн Елена цхьана пикете йаьллера "Седа стенгахь йу? Зуда а адам ду, бежана дац" аьлла, йаздина плакат а карахь. Хьалхо Сулейманова лачкъорна тӀе тидам бахийта акцеш дӀайаьхьира Петербургехь – цигахь пикеташкахь хилира цуьнан доттагI Патяева Елена – иштта цхьа могӀа дозанал арахьарчу пачхьалкхашкахь а хIиттийра.

Иштта дахначу кӀиранах дийца даьккхира, Оьрсийчоьнан Талламан комитето Нохчийчу дӀакхачийна хилар, иза лачкъорца доьзна таллам федералан Ӏуналлехь латтор доьхуш Патяевас дина дӀахьедар. Ша латкъамхочо Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре бинчу кхайкхамехь билгалдаьккхира, республикехь Сулейманован гӀуллакх толлуш дац, иза лачкъийна хилла нах хьул а беш аьлла.

Стохка марсхьокху-баттахь Петербургехь Сулейманова дIайигинчу полисхошна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх долор доьхуш долу дехар а дӀахьажийра Нохчийчу. Зазадокху-бутт чекхболуш бен ца диллира йоӀ йерна бехктакхаман гӀуллакх а, эзарнаш бахархоша латкъамаш бинчул тӀаьхьа.

  • Цуьнан гергарчара шайга дIахаийтинчул тIаьхьа, Сулейманова Седа нохчийн ницкъахоша стохка марсхьокху-баттахь Петербургехь лачкъийна, нуьцкъала дIайигинера Нохчийчу. Хьалхо цӀера йедда хиллера йоӀ, ша бертаза маре йахийта хьийзаш бу аьлла. Цуьнан доьзало пайда ийцира даим шаьш лелочу кепах: Сулейманова къола дарна бехке а йина, йоӀ дӀайигира, хеттарш дан.
  • ЙоI лачкъийна йигина ахшо даьллачу хенахь бехкзуламан гIуллакх долийна адам деран артиклехула, гIуллакх долийра Патяеван дIахьедарца. Волайнхо йу аьлла оцу гIуллакхехь билгалйаьккхина Седин нана, ницкъахошка цхьана а тайпа дIахьедар чуделла а йоцу, хаамбора "SK SOS" тобано.
  • ЙоьIан гергарчара дIахьедо, чиллан-беттан 5-чохь йуха а иза цIера йедда бохуш. Оцу йукъанна чиллан-беттан 6-чохь "СК SOS" тобанан белхахоша телефон тоьхнера цуьнан шина гергарчуьнга, цара чIагIонаш йора, Седа шайна уллохь йу бохуш, амма телефон цуьнга дIакховдо дуьхьал хилира уьш. Чиллан-беттан 7-чохь "СК SOS" тобано дийцира Сулейманова йийна хила тарло бохуш. Информаци кхаьчнера цаьрга махкара вовшашца йозуш йоцчу шина хьастера.
  • Стохка гезгамашин-баттахь Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура видео зорбане хIоттийра, шен Сулеймановаца хилла цхьанакхетар гойтуш. Цу тIехь йоIа дош ца олу; хIетахь дуьйна йоIах лаьцна керла хаам хилла бац.
  • Кадыров Ахьмадан цIе тиллира 2016-чу шарахь Санкт-Петербургера Дудергофан канална, йукъаралло дуьхьало йеш шуьйра протесташ йиннашехь. Iедалхоша тергамза дитира, оцу хаттарехула рефередум дIайахьар тIедожош 100 эзар сов стага куьйгаш йаздар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG