ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонаш ларйечу меттана прокурор йу? ГIалгӀайчохь берийн омбудсмен а, доьзалехь ницкъ бина нах а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГӀалгӀайчоьхь берийн бакъонаш ларъйан векал йинчу Чахкиева Заремас йуха а латкъам бина доьзалехь ницкъ биначу зудчух лаьцна. Сагопши юьртахь ши шо долчу беран куьг кагдира ненан майрчо – бехкехетарг полицино лаьцна, нана а, бер а дарбан цӀийнехь кхачийра. Чахкиевас прокуратуре латкъам бира, доьзалехь ницкъ бина кхерам хилар бахьана долуш "хьакъ йолчу хьукматашца зӀене ца йаьллачу" зудчунна талламаш бар доьхуш. ГӀалгӀайчуьрчу берийн омбудсмена цу кепара латкъам бар дуьххьара дац.

ГӀалгӀайчохь доьзалехь ницкъ барехь уггаре дийцаре дина - ворхӀ шо долу Ажигова Ӏайшина тӀехь Ӏазап латторан гIуллакхах. Да-нана дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа нуьцкъала ненера схьайаьккхина хилла йоӀ дехоша. И бер кхиийна дейишас Ганиева Маккас а, цуьнан цIийндас, полицин белхахо хиллачу Марзиев Ӏийсас а. Официалан версица, эха шарахь цара хаддаза йетташ лелийна Iайша, доьхка а, шланган кийсак йетташ– иза хиънера Наьсарарчу дарбан цӀийнан реанимаце дIакхачийча. Берана тIехь дуккха а чевнаш йара, цул сов, куьг дахкалуш а хиллера цуьнан. Лоьрашна карийна йоьӀан дегӀа тӀехь а, коьрта тӀехь а йиттина шира муонаш а, йагийна меженаш а. Iайшин аьтту куьг дӀадаккха дезара.

ТӀаьхьо кхело 6 шо хан туьйхира Ганиева Маккина колонин юкъарчу рожан йаккха, ткъа цуьнан цIийндена Марзиев Ӏийсанна шиъ ах шо хан, луьрачу рожера набахтехь даккха.

И гIулакх тидаме а эцна, гIортор йира цу хенахь Оьрсийчоьнан Федерацин президентан берийн бакъонаш ларъйарехь векал йолчу Кузнецова Аннас. Цуьнан гӀоьнца Ӏайшин ненан Евлоева Лидин аьтто белира дарбан цӀийнехь йолчу йоӀана тIехIотта а, цул тӀаьхьа шен йоӀ доьзале йухайерзо а. Ӏайша йоцург, кхин а ши бер ду Евлоеван ненаца дисина, адвокато Абубакарова Маликас дийцарехь, доьшуш а, шайна оьшург дерриг а долуш бара уьш.

Г1алг1айчоьнан берийн бакъонаш ларъйаран омбудсмен Зарема Чахкиева
Г1алг1айчоьнан берийн бакъонаш ларъйаран омбудсмен Зарема Чахкиева

Амма ГӀалгӀайчуьрчу берийн бакъонаш ларйархочо Чахкиева Заремас вон къамел дира Евлоева Лидих лаьцна. Омбудсмено бехке йира Евлоева шен лаамехь йоӀ дӀатесна аьлла, иштта дӀахьедира, Лидин ненан синхаамаш "самабевлла" бац, "бакъйолчу" ненера бер схьадаккха цхьаннан а йа ницкъ, йа бакъо йац аьлла.

Амма, ГӀалгӀайчохь, зуда йитарца, йа да дӀакхелхича, бераш ненера дӀадохуш Iадат лелаш ду. "Нана йоцу Кавказ" цӀе йолчу бакъонашларъяран проекто дийцарехь, ненан бакъонаш ларъйарехь, шайгара орца доьхуш хIора баттахь иттанашкахь зударий хуьлу.

Тийна таллам

Кхин цхьаъ а гIарадаьлла гIуллакх - Малгобекан кӀоштахь 4 шо долу Муцольгова Самира йалар. 2023-чу шеран оханан-баттахь кхетамчохь йоцу иза дарбан цӀийне кхачийнера. ЙоьӀан дегӀа тӀехь йиттина билгалонаш йара схьагуш, иштта коьртах йина чов, лазийна бIаьрг а. Цу тIе, хьийзийна хила тарлун шеконаш а кхоллайеллера. Стигалкъекъа-беттан 16-чохь йоӀ йелира, официалан версица -лейкоз хилла аьлла, дIакхайкхийра. Цул тӀаьхьа эзарнаш ГӀалгӀайчоьнан бахархой баьхкира Самирин тезета, амма цуьнан ден агӀор гергара нах бацара цигахь. Республикерчу бахархоша дийхира нийсо меттахӀоттор а, бер даларна бехке берш лахар а.

2023-чу шеран марсхьокху - баттахь Пятигорскерчу лоьраша зорбане даьккхира шайн экспертизан жамӀаш: цуьнца а догӀуш, йоӀана ницкъ бина лараш ца карийна аьлла, амма иза нийсса бӀостане ду гӀалгӀайн лоьрийн сацамца .

Самирина тӀехь ницкъ барна бехкехетарг 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь лаьцна 45 шо долу ГӀалгӀайчуьра вахархо Ведзижев Башир, амма чиллин -баттахь СИЗО-ра маьрша ваьккхира иза. Иштта талламан урхалло официалехь хаам ца бира, бехке верг лацарх а, йа иза дӀахецарх а.

Ницкъаллин структурийн белхахой цецбовлу Чахкиевас  "жигара" бинчу белхашна,  массо а ницкъаллин структурийн белхахошна хьалхара

Самирин нана бехке йира дегӀана чолхе зенаш дарна, цунна дуьхьал талламан гӀуллакх схьадиллира, кегий бераш кхиорехь декхарш нийса кхочуш цадарна. ХӀинца цу гӀуллакхехь хӀун хуьлу хууш дац. ТӀаьххьара ГӀалгӀайчуьрчу Талламан комитето хаам бира Самирин гIуллакхан хьокъехь таллам муьлхачу хьолехь бу дуьйцуш 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь.

Цуьнца цхьаьна ГӀалгӀайчуьрчу берийн бакъонашларйархочунна Чахкиева Заремина а, республикерчу берашна тIехь Iуналла дечу хьукматашна а дуьхьал таллам болийра. Самирин гӀуллакхана йукъаваха Iалашонца ахшо гергга хан йайъинчу адвокато Беков Мохьмада дӀахьедар дира, 2015-чу шарахь дуьйна шен даржехь йолу Чахкиева а, ГӀалгӀайчоьнан берийн бакъонаш ларъйаран йерриг аппарат а "шайн декхаршца ларош йац" аьлла.

Чахкиева шен даржера дӀа ца йаккхира таллам дӀахьочу муьрехь, иштта муьлхачу зиэрийн хьолехь ду гIуллакх талламан комитето а хаам ца бина цхьана шарахь сов.

"Кхелехь хьо никъаб йоьхна хилахь, со йогӀур йац"

"Нана йоцу Кавказ" проект кхоьллинчу Михальченко Лидияс Кавказ.Реалии сайте дийцира, ГӀалгӀайчоьнан берийн омбудсмено дай-нанойн бакъонаш ларъйарехь гӀо доьхуш наноша бинчу кхин а шина латкъамах лаьцна.

Бакъонашларъйаран организацино Iуналла дечарех цхьаъ йу Пацаева Хеда, цIийндеца дIакьаьстинчул тIаьхьа, цуьнгара ши шо а, 4 шо а долу кӀентий схьабаьхнера. Зудчо дийцира "берашца зӀе латторан къепе къастош" кхел хила герга кхаьчча, Чахкиевас шега аьллачух: нагахь санна, Пацаева никъаб йоьхна йагIахь, ша цунна кхелехь гӀо дийр дац аьлла.

"Ткъа Баркинхоева Индира! Ма чӀогӀа йиттира цунна цIийндас а, марвешо а, арматурица а цхьана. Амма шена некъ майраллица схьабиллира цо, шегара схьадаьхна шен кегий бераш а дӀадигира. Амма Индирина дуьхьал дӀахьедар йаздира Чахкиевас. Цул тӀаьхьа Баркинхоевана административан гӀуда туьхийра, дай-нанойн декхарш нийса кхочуш ца дарна. Берийн бакъонаш ларъйархочо а йаздира Хедина [Пацаева] дуьхьал латкъам, амма оха и гӀуллакх нахала ма-даккхара, гӀуллакх сецира", - боху Михальченкос.

Цо гӀо дан деза, амма цуьнан метта прокурор, чалтач а болх беш йу иза

Цо бахарехь, полицин белхахой а, кхиазхойн гӀуллакхашкахула болу инспекторш а шаьш цецбуьйлу, Къилбаседа Кавказехь кест-кеста берийн массо а сингаттамна наной бехкебен регионера ницкъахой Чахкиевас эшорах",

Михальченкос дӀахьедира, зударийн гӀуллакхан хьокхехь массийтаза йаздича, ГӀалгӀайчоьнан берийн бакъонашларъяран комиссаре, хьаькамо тергал ца бира шайн кхайкхамаш аьлла.

"ГӀо дан дезаш йу иза, амма цуьнан метта прокурор а, чалтач а болх беш йу иза", - бохуш, дуьйцу Михальченкос берийн омбудсменца юкъаметтигаш лелорехь шена зеделлачух.

Къилбаседа Кавказерчу зударшна гӀо даран "Марем" проектан куьйгалхочо Анохина Светланас дуьйцу, нанна шен бераш йухадерзо, йа кхелехь къоьвсина схьадаха, йа лачкъийна дIадига а аьтто баьлча, шен доьзале йа кIошта йухайирзича, хIета а, карайо иза кхераме хьолехь. Цо дийцарехь, йеккъа цхьана "регионан спецификах" лаьцна дац иза, шен карахь кегий бераш а долуш, цхьалха йисина зудчун гIелонех лаьцна ду.

"Дукха хьолахь, зудчо дӀайаха сацам бо, Масала, йедда кIелхьара йала цуьнна аьтто болу. Тайп-тайпана организациша лучу хӀуманца а, хIусамца а гIо до цунна, цу хIумнашна сагатдан оьшуш ца хуьлу иза. Амма, юкъараллица зӀе нислушшехь, зуда гучуйолу, йух-йуха а кхераме хьал кхолла цунна : масала, цо бер лоьрана тIе, йа школе дигина, йа берийн беша дIайаздина. ТIаккха, цунна тӀаьхьабевлла лелачу нахана сихха схьакарайо иза. Ткъа Кавказехь дукха хьолехь зударий хьийзош бу шайн марзхоша, шен доьзало а. ГIалгIайчоь, цу хьокъехь Нохчийчоьнах башха къаьсташ йац" - элира Анохинас.

"Нана йоцу Кавказ" проекто зорбане баьккхина шайн талламан болх, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а бераш нанойх къастаран бахьанаш а, терахьш а дуьйцуш. Нанойх дIасакъасточу хенахь берийн юккъера хенаш 2 - 11 шаре кхаччалц йу, иштта ах шо кхачаза долу бераш нанойн карара дӀадаьхна меттигаш а нисйелла.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Оьрсийчоьнан Федерацехула йолчу лерринчу докладхочо Кацарова Мариянас Оьрсийчохь адамийн бакъонех лаьцна шен шолгӀа рапорт зорбане даьккхина, Къилбаседа Кавказерчу зударийн хьолах лаьцна лерина параграф а йолуш. Цу кехата тIехь йаздарехь, дуьххьара рапорт зорбане даьккхинчул тӀаьхьа, Кавказан а, кхийолчу Оьрсийчоьнан регионехь а зударийн хьал кхин а телхина го. Нагахь санна, 2022-гӀа шо тӀекхачалц зударша кест-кеста Европерчу адамийн бакъонаш ларъйечу кхеле дехарш деш хиллехь, ткъа хIинца церан Iуналлера Оьрсийчоь дӀайаьлчхьана, зудчун и аьтто а дIабаьлла.

Цул сов, рапортехь тидам тӀебохуьйту шаьша пачхьалкхера арадаха бохуш, ден дехарш алсамдовларна, иза тӀечӀагӀдо тхан къамелхочо Анохина Светланас а. Цуьнан хаамашца, доьзалехь ницкъ бина а, нуьцкъала бераш дӀадаьхна а болу зударий ницкъаллин структурийн белхахошка гIо ца доьху, Ӏедалх тешам ца хиларна.

"Зударшна хаъа, регионехь система муха болх беш йу а, тIаьххьаре а массо а хӀуманна бехке шаьш хир дуйла а", - боху Анохинас.

Нагахь санна, Кацарова Марианнин хьалхарчу рапортехь Къилбаседа Кавказан республикашкара зударшна эвакуаци йарх лаьцна дуьйцуш хидахарх лаьцна хеттарш ду, хӀунда аьлча, "карарчу хенахь адамийн бакъонан низамаш дохош йолу системина пачхьалкхо гӀортор йо.

ГӀалгӀайчуьрчу берийн бакъонаш ларъйаран комитетера цхьа а комментари йац редакцин.

  • Бакъонашларъярхойн "Ад Рема" олучу тобано стохка шо чекхдолуш зорбане йаьккхира Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а, Дагестанехь а доьзалера бераш лечкъорх лаьцна рапорт. Доьзалера бераш лачкъор бохург ду, дас йа ден гергарчара бераш ненах дӀа а даьхна, зӀе ца хилийта, бер къайладаккхар. Бакъонашларъярхойн тобано дийцарехь, и хIума къаьсттина алсам ду ГӀалгӀайчохь а, Нохчийчохь а, кӀеззигчу барамехь Дагестанехь а.
  • Доьзалехь шена тIехь латточу ницкъах йеддачу Самусенко Ангелинин бахам дIалаьцна Калининградехь кӀоштарчу кхелан пуьрстоьпийн Федералан хьукмато, цуьнан цIийнден Сосланбеков Асланан дехарца. Хьалхо, цо полицига латкъам бина хиллера, шена а, шен йоӀана а йиттина, шаьш дайа кхерамаш тийсина аьлла.
  • Кхо шо хан йу Юлия Нохчийчуьра схьаваьллачу Сосламбеков Аслана тIаьхаваьлла хьийзош йолу. Сосланбековс йетташ, синIаткъам беш, ницкъбина цунна. Цуьнах кIелхьарайалархьама Юля кхечу кIошта дIайахара, цул тIаьхьа Оьрсийчуьра кхечу пачхьалкхе а. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу цуьнан исторех лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG