Нохчийчоьнанан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна критика ечу, дозанал арахьа вехачу веа блогеран 17 гергара стаг дIавигина цхьана дийнахь-буса. Лечкъийна нах кхобу меттиг хууш яц, дийцарехь, Iазап латтадо царна тIехь – ткъа блогерашка бевзаш боцчара хаашмаш кхоьхьуьйту, шайн нах бойъийла ца лаахь, критика йита, бохуш.
Шен гергарнаш бовдорах лаьцна дуьххьара хаам баржийнарг вара телеграм-каналехула Швецехь веха блогер Абдурахманов Тумсо. Цо дийцарехь, ГIура-беттан 22-чу буса Кадыровн гонерчу ницкъхоша ден а, ненан агIор волу 6 стаг лачкъийна цуьнан: Мовлди, Муса, Мовсар, Мохьмад АбдурахмановгIар а, Саламбек, Муслим ХасаровгIар а. Царна хьалхо кхерам теснера, Нохчийчуьра Iедалхой емалбар Тумсос саца ца дахь, шаьш цаьрга чIир кхайкхор ю, аьлла. Хьалхара ялх стаг вадийна буьйса дIаяьлча, кхин а кхо цIийнан стаг дIавигина критика ечу блогеран: шича Абдурахманова Тахмина а, йишин воI Дени а, ткъа етташ вигина цаьрца цхьаьна Абдурахмановн шича Цукаев Мохьмад.
Бот-каналехула Тумсон телеграме хаам кхаьчна цул тIаьхьа вевзаш воцчу абонентера, нагахь санна 24 сахьт чекхдалале цо шена мохк къинтIера боккхуш видео ца язъяхь, шаьш цуьнан гергарнаш хIаллакхбийр бу, иза деш даьхна суьрташ а кхачор ду цуьнга, аьлла. Талламчас-журналиста Грозев Христон аьтто баьлла хаам хьажийна телефон хьенан ю хаа – Кадыровн куьйга кIел болчу лерринчу ницкъийн - СОБР-ан - 28 шо долчу эпсар ву иза. GetContact хьостано бахарехь, Мага (я Мохьмад)ю телефонан ден цIе, WhatsApp-ехь а ю цуьнан шен сурт а долуш изза аккаунт.
Юьхьанца блогерна хетара, Нохчийчуьра куьйгалхой дарбинарг шен вашас Абдураманов Мухьаммада парламентан спикере Даудов Мохьмаде, цуьнан а, Кадыровн а Туркойчуьрчу оппонетех лаьцна дина видеокъамел ду аьлла. Амма тIахьо шайн-шайн гергарнаш лечкъийна даймахкахь, аьлла, дIахьедарш даржийна кхечу оппозиционераша а.
"Шуьйрра дIаяьхьна операци ю иза, шеко а йоцуш, оцу хьесапехь дукха цхьана дийнахь-буса ца нислора нах идош, цIеххьана дагадеъна иза, я хьалхе дуьйна кечйина операци ю, хала ду ала. Лецаршна кечлуш ца даийтира цхьа а хабар. Ткъа соьга хаам язбина бот – иза баккъал а дан лерина хила а мега ша дийр ду бохург", – элира Абдурахмановс Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.
ГIуран-беттан 24-чохь лецначу Абдурахмановн исс гергарчух ялх дIахецна аьлла даржийна блогеро. Амма хууш дац йишех а, ненавешех Хасаров Саламбеках а, шичех Абдурахманов Дених а хилларг хIинца а.
Кавказ.Реалиин корреспондент зIене вала гIоьртира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллица, амма схьа ца ийцира цигахь телефон.
Массо а гергарнаш дIабигина, ненан а, ден а агIор, зударий а, божарий а. Хьийзош бу уьш, етта, гIело йо
Шен массо а гергарнаш ГIуран-беттан 23-чохь дIабигарх лаьцна хаам бина масех шо хьалха Нохчийчуьрчу Iедална видеокритика ян волавеллачу Мализаев Микаила а. Иза Германехь веха, амма дуккха а бисина цуьнан цIахь гергарнаш. Цо бахарехь, Нохчийчуьрчу Iедало дIакъастийна цунах цуьнан зуда, ваша кхачийна вешина тIе доцург кхуллуче. Мализаевгахь йолчу информацица, цуьнан гергарнаш ницкъхоша лечкъийна ГIуран-беттан 21-чохь. Билггал масса стаг ву вигинарг, муьлш бу, ца хаийтина цо.
"Массо а гергарнаш дIабигина, ненан а, ден а агIор, зударий а, божарий а. Хьийзош бу уьш, етта, гIело йо", – элира Мализаевс. Лечкъийначара суьрташ дахкийтина шена, нана а, зуда а ю царна тIехь ерзина яьккхина, элира цо. Бохаман хьокъехь гIо доьху Мализаевс, журналисташа а, бакъоларъярхоша а зулам гIарадаккхаре са а туьйсу. Орца ца даржадахь, уьш байъа а сахьт дац, Мализаевна хетарехь.
Мализаевца сихха зIене яла аьтто ца хилира Кавказ.Реалиин.
"Лечкъийнарш кхин а дукха хила а мега"
"Дождь" телеканална (Оьрсийчоьнан арахьарчу агентийн статусехь ю иза. – Ред.) ГIуран-беттан 21-чохь интервью еллачу, шен дахар кхерамна кIел хиларна Туркойчохь сецначу оппозицин блогера Халитов Хьасана элира, шен деца а, вешица а зIе хаьдда шен. Хьалхо цуьнан вашас аьллера цуьнга, кадыровхоша шайн доьзал хIаллакбийр бу боху, нагахь санна иза критика ечуьра ца сацахь. Ткъа цуьнан дас Халитов ГIанис видео яржийра, Хьасан шен мостагI ву, аьлла – иза дIасаяржийнарг вара Нохчийчоьнан парламентан депутат Хамбиев Мохьмад.
ГIуран-беттан 24-чу буса Халитов Хьасана хаам бира, да а, ваша а воцург, кхин а пхи гергара таг вайна шайн, аьлла: Муслим а, Мохьмад а УзаровгIар, Авдаев Абу-Муслим, деваша Халитов Мохьмад, кхин а цхьа Iадлан йолу гергарниг а. Царех цхьаберш Халитовна бевзаш а бац.
Шен гергарнаш лачкъорах лаьцна даржийна Европерчу нохчийн бакъоларъярхойн "Вайфонд" ассоциацин куьйгалхочо Садулаев Мансура а. Йолчу информацица, ницкъхоша дIавигина цуьнан ненан агIор волу кхо шича: ХасановгIар – Хьасан а, Хьусайн а, Хасиев ИбрахIим а. Ассоциацин векалша бахарехь, уьш бовдинийла хиина цхьана шен цIе ца йовзийтинчу стага кхерам тосуш къамел дича.
"Лечкъийнарш кхин а дукха хила а мега – тхоьгахь йолу информации за бен яц. Кхерамаш тхуна даима а туьйсу, доьлла тхо, амма "Вайфондан" балха а цхьа дакъа кхочуш а боцу нах бигар – иза кадыровхой буьззина кхетамчуьра бовлар ду. ОьгIазалла дозанал тIехъяьлла цаьргара, кхета а хала царех", – боху ассоциацин векалша.
Кадыровна хьалха бехк шен дIацIанбеш, тхан наханна питана дина цо, суна иштта го
Ша Садулаевс дийцарехь, лаххара а ворхI шо ду иза Нохчийчохь лецначу шен гергарчу нахаца зIене валанза. Тамаше хет унна хIинца уьш лецар – шо сов хан ю цо цхьана кепара видеокхайкхам банза.
"Цхьа верси бен яц коьрте хIуттуш, Мицаева Рубатица йоьзна, дукха хан йоццуш цIаяхна иза Германера, Закаев Ахьмадан "даккхийчу гIуллакхийн министр". ТIаьххьарчу шерашкахь шен ма-хуьллу суна зуламаш дан гIиртина иза, иштта Абдурахманов Тумсона а, тхоьца уьйрех мел волчунна а. Интернетехула эладитанаш даржош, Европерчу Iедалшка тхуна аьрзнаш деш, тхо исламисташ ду, террористаш ду, бохуш хьйизара иза", – дуьйцу Садулаевс.
Цо бахрехь, "юьхьанца дуьйна а дара кхеташ" и инициатива Кадыровн агIончашкара схьаэцна дIакхоьхьуш юйла Мицаева Рубатис.
"Иза цIаяхча, суна хетарехь, шен болх дIаболийна цо цигахь, Кадыровна хьалха бехк шен дIацIанбеш, тхан наханна питана дина цо, суна иштта го. Кхин дац тхан гергарнаш леца суна гуш бахьана", – элира "Вайфондан" куьйгалхочо.
Мила ю Мицаева Рубати?
Ичкерин лидерех волчу Закаев Ахьмадан агIонча яра Мицаева Рубати – Ичкерин министрийн кабинетан векал ларалора иза. Шина а тIамехь дакъалаьцна цо Нохчийчохь, медйиша лелла, делира цунна Ичкерин лаккхара совгIат - "Къоман Сий" орден. ТIаьххьара итт шо Германехь даьккхина Мицаевас.
Европерчу нохчийн бакъонашкахьа лаьттина иза, луьра емалбина Кадыров а, цуьнан го а, амма ГIадужу-беттан юьххьехь цо видео яржийра Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга шена даймахка юхаян магор доьхуш.
Оцу юкъанна шен ши йоI Соьлжа-ГIала хьажийра Мицаевас, цхьаъ царех кхиира Кадыровн ненан сурт дуьллучу конкурсехь тола, информацин министран Дудаев Ахьмадан карара совгIат схьаэца а.
Мицаевана магийра Кадыровс цIехьаерза, Европе дIабаханарш юхаберза мегаш ду, "низамашца шайн проблема ца иккхинехь", бохура цо. Зуда Соьлжа-ГIала кхьачча, кеманна дуьхьалбахара цуьнан Ичкерехь накъостий льттина, КадыровIаьргахьа бевлла болу на: парламентан депутат Хамбиев Мохьмад а. Турлаев ШаIа а, Дадаев Муса а. Хелха а бийлира цигахь.
ТIаьххаьрчу хенахь уьш бIаьрга схьабан ца безара суна. Борша бац, суна накъосталлина ца хилира уьш
Мицаевас элира, шена ша "Ялсамане кхаьчча санна хета".
Iедалан "Грозный-Информ" агенталле Дудаев Ахьмада дIахьедира, Мицаева цIехьаерзар коьртачу декъанна дозу Нохчийн Республикехь "машар а, токхе а хиларца".
Даймахка дIаяха бут буьсуш цхьаццаболчу нохчийн оппозиционерашна лен йолаелира Мицаева. Масала, Соьлжа-Галарчу Iедалца йолчу цхьацца пабликаша видео яржийра Мицаевас Абдурахманов Тумсо емалвеш – иза таьжгенаш лелош ву, ша хьизаво Нохчийчуьрчу Iедало аьлла, цхьамма а шех пIелг Iоьттина а боццушехь, ведда иза махкара, бохура цо.
ТIаьхьо Нхчийчуьрчу Iедалхошца цхьаьна синкъерамехь Iаш цо вочу дешнашца хьехийра хьалха ша къобалбеш хилла оппозиционераш.
"ТIаьххаьрчу хенахь уьш бIаьрга схьабан ца безара суна. Борша бац, суна накъосталлина ца хилира уьш, бийца а стенна буьйцу вай и нах? Цара хIун пачхьалкх кхуллур яра? Со яц тешнабехк бинарг, шу ду. "Рамзан – сила", – боху ас, элира Мицаевас.
Мицаева Рубати таханлерчу Нохчийчохь "пропагандин гIирс" бу, цуьнга махкара Iедал хестадойту хIинца, хиндерг Кадыровс бен кхуллуш дац, бохуьйту, аьлла ю оппозицин 1ADAT боламо йина комментари.
***
Денош хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийна, царна чохь Кадыровс боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна видеоматериалаш яржийра махкарчу телегойтийло шен эфирехь а, инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.