ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIадирзина Лондонера Олимпин ловзарш


Британи -- 2012-чу шеран Олимпин ловзарш дIадерзоран церемони хилира Лондонерчу Олимпин стадионехь,12Марс2012
Британи -- 2012-чу шеран Олимпин ловзарш дIадерзоран церемони хилира Лондонерчу Олимпин стадионехь,12Марс2012

Товбеца-беттан 27-чу дийнахь дуьйна Марсхьокху-беттан 12-де тIекхаччалц егира Лондонерчу Олимпин стадионехь XXX-чу Олимпин ловзарийн цIе. Уьш хиллачу кху шина кIиранаха 200 сов пачхьалкхара баьхкинчу спортхоша къоьвсира мидалийн 302 комплект. Уьш ловзош яра 37 спортан кепехь.


Цу спортахошна юкъахь вара Оьрсийчура вахана волу нохчийн къомах волу кхо спортхо а: боксёр Бетербиев Артур а, охьатохархлатархо Отарсултанов Жамал а, йоьзаллаш айъархо Аухадов Апти а. Оьрсийчура ваханчу кхаа спортхочух лаьцна дуьйцу, царна хьажийна программа кечйинчу Чабаев Лемас.

Чабаев Лема: "27 шо долу боксёр Бетербиев Артур Хасу-Юьртара ву. 11 шо хьалха дуьненаюкъарчу кегийрхойн чемпионатехь йоьзан приз яьккхира цо, ткъа хΙинцачул 5 шо хьалха Оьрсийчоьнан чемпион велира. 2009-чу шарахь Бетербиев, деши а доккхуш, туьйлира Италехь дΙаяьхьначу дуьненан чемпионатехь. Иза Москохарчу спортхойн университетан студент ву карарчу хенахь.

ХΙинжа-ГΙалахь вина ву 25 шо долу паргΙатчу кепехь охьатохархлатархо Отарсултанов Жамал. Кхушара Оьрсийчоьнан а, кхузза Европан а чемпион велира иза.

Цо Лондонехь толам баккхаре сатуьйсу иза вевзачара а, Ιамош болучара а. Бух боцуш а бац и сатийсам – Жамала ши бутт хьалха Петарбухарчу Оьрсийчоьнан чемпионатехь, шена тΙех хало а ца еш, эшийра шозза дуьненан чемпион ваьлла волу Лебедев Виктор.

Болгарин коьрта шахьарахь Софияхь йозалла ойъуш бутт хьалха дуьненан чемпион велира хΙинца Лондонехь ша юха а гайта аьтто кхаьчна волу Аухадов Апти.

Шен дас Хьамзата ТΙехьа-Мартанарчу залехь кхиийна ву и спортхо. 390 кийла ду шен дегΙан йозалла 85 кийла бен а йоцчу Аптин штанга айаран шина а кепан лакхара жамΙ.

Нохчийн мехкаршка къайллаха хаам бойла ду: зударий балонза, доьзалш болон дезаш а ву Лондонерчу олимпиаде воьдуш волу кхуьй а жима стаг".

Марсхьокху беттан 3-чу дийнахь Лондонехь дIадирзира 85 кила хиллал беза болчу спортхоша йозалла ойъуш дIадаьхьна къийсадаларш. Оьрсийчоьнан тобанна юкъахь цигахь дакъа лоцуш вара Аухадов Апти.

Цу категорехь толам баккха мегаш ву аьллачу атлеташна юкъахь билгалваьлла вара 10-х стаг. Царна юкъахь а къаьсташ вара ГIажарийчура ши спортхо Ростами Киануш а, Моради Зураб а.

Царал тIаьхьавуьсуш вацара Кийтара Йонг Лю а, Полшера Зеленски Адриан а, ткъа иштта Пекинерчу Олимпиадехь шолгIа меттиг яьккхина волу Беларусера Рыбаков Андрей а, кхиберш а.

Оцу бевзаш болчу спортхошна юкъакхетна волу 19 шо долу Аухадов Апти юхавала дагахьа ца хиллера. Цул сов, цо дийриг тидаме а оьцуш, дIабахьа бийзира кхечу спортхойн шайн къийсам.

Амма эххаре а нисделларг дагахьбаллам ца буьсуш хуьлийла дацаца цхьана а спортхочунна. Аухадов ийшира Полшера Зеленски Адрианна, цхьатерра йозалла царшимма айъинехь а. Цу хIоьттинчу хьолехь суьдхоша толам дIабелира дегIана вай волчунна. Терзан тIеваьлча гучудаьлларг дара вайн махкахо 130 грамм, шен дуьхьалончулла а веза хилар.

Нохчийн спортхо воха оьшуш хIума дац, иза хIинца а жима ву ву. Цуьнан дахарехь кхин а хир ю Олимпиада бохуш, дуьйцу нохчийн вевзуш волчу спортхочо, Нохчийн къоман Олимпин комитетан куьйгалхо хилла волчу Бадалов Руслана.

Бадалов Руслан: «Цо шолгIа меттиг яьккхина, 385 кила хьалаайар а йисделла. Штанга шина кепара хьалаойуш. ЧIогIа боккха кхиам бу иза, Олимпин ловзаршкахь оццула жамI гайтар. ЧIогIа хала спортан кеп ю еза атлетка. Кхузахь ирс-аьтто а ца тоьана шолгIачу метте валар нисделла цуьнан.

ГIажарой бара цигахь дакъалоцуш, дуьненан чемпионаш а, дуьненан къовсадаларшкахь совгIаташ даьхна а болу. Царца къовсалуш 315 кила ойъур ю ша аьлла, хиллера цо. Амма вукхара и йозалла ца айъича кхо жимма лахара йозалла ехнера. Оцу муьрехь тренерш доккха гIалат далийтира. 10 секунд йисинчу хенахь тIевахара иза штанга айъа. Амма иза хьалаайар ца нисделира.

ЦултIаьхьа терзан бараме хоьвсича, Апти веза хилира. Цхьа а доха оьшуш а, халахета оьшуш а хIума дац. Толам баккхар ду иза. Дуьненчохь шен цIе а яьккхийтина, цIа веана-кх иза».

Кхин а ши де даьлча Лондонехь шен шолгIа латар дIадаьхьира Бетербиев Артура. Ах финале валар цуьнца къовсуш вара Украинера Усик Александр. Дуьйцу Нохчийн къоман Олимпин комитетан куьйгалхо хилла волчу Бадалов Руслана.

Бадалов Руслан: «Дуьххьара чIогIа дика леташ ву аьлла, вевзаш волчу Iамеркахочуьнца летира иза. Цхьатерра аьлча санна латар нисделира. ЧIогIа хала тасавалар дара иза. Цу латарехь толам баьккхира. ШолгIа латар нисделира цуьнан Украинерчу Усик Александрца.

Иза хууш ма-хиллара, стохка хIоьттина волу, дуьненан чемпион ву. Артур дукха оьшуш сурт а дацара, шега далуш дерг дан а гоьртира Артур. Цу шолгIачу латарехь эшар бахьана долуш, олимпин мидале ца кхечира иза. Иза жима а ву, тIедогIучу Олимпин ловзаршкахь дакъалаца аьтто болуш а ву. Иза тоьлур ву аьлла, тешна а ву-кх со».

ПIераскана дийнахь леташ вара Отарсултанов Джамал. Иза вевзачара сатийсина ма-хиллара, толам баьккхира цо. Отарсултановс дакъа лоцу къийсадалар шен тидамехь латтош вара ша а паргIат охьатохархлатархо хилла волу Бадалов Руслан.

Бадалов Руслан: «Жамала, шен говзалла гойтуш, цхьана секундана юхацаволуш, хьалхара меттиг схьаяккха ара а ваьлла къахьийгира. ЧIогIа дика летира иза. Вайн массеран а сий хьалаайира цо кху дуьненчохь».

Олимпин ловзарш дукха хенахь дуьйна хилла дерриг а дуьненан тидам шайна тIе бохуьйтуш. Ларамаза дац уьш дерриг а дуьнентIехь уггара мехала спортан къовсадаларш ларар.

Олимпин ловзарийн истори а ю хаа дог догIуш. Иштта ширчу заманахь ширчу Грецехь Олимпиадехь дакъалоцуш болу атлеташ къовсалуш хилла берзина. Кхузаманахьлера "гимнастика" олуш долу дош схьадаьлла ду ширчу грекийн маттахь долчу "gymos" олучу дашах. Ткъа иза гочдича "берзина" бохург ду.

Жимма хан яьлча атлеташна тIе хIуманаш йоха гIоьртина ловзаш вовшахтохархой. Ама цунах баш гIуллакх ца хилла. Цундела мелла а эхь-иман долчу атлеташа шайна хьалха шуьйра цуьргаш ухкуш хилла.

Историно дийцарехь, уггара хьалхара Олимпин чемпион хилла кхачанхо. Уггара хьалхара Олимпин ловзарш хилла вайн зама тIекхачале 776-чу шарахь. Чемпион хIоьттина Кореб цIе йолу пурнхо (кхаллардархо). Цуьнан аьтто баьлла 190 метр водуш толам баккха. ДоггIачура аьлча, хьалхарчу 13 Олимпин ловзаршкахь атлеташ къийсалуш бовдар спортан кеп а бен кхин хIумма а ца хилла.

Олимпин ловзаршкахь толам баьккхинчу чемпионашна даиман а ца хилла мидалш луш. Толам баьккхинчу спортхошна луш хилла зайт-диттан га а, яккхийчу кхабанашкахь зайтдаьтта а. ЦултIахьа чемпионашна луш хилла кхин а совгIаташ. Амма зайт-диттан генаш даиман а дисина чемпионан билгало санна. Ткъа шаьш спортхой-чемпионаш турпалхой лоруш хилла махкахоша.

Хьалхо вай хьахийна ма-хиллара, хьалхарчу 13 Олимпин ловзаршкахь спортхой къийсалуш хилла бовдуш хаьлха бовла. ЦултIаьхьа, вайн зама тIекхачале 700 сов шо диссинчу хенахь, 18-чу Олимпин ловзаршкахь тIетоьхна пхеа кепара къовсадаларш. Цу юкъахь хилла вадар а, геналла кхоссавалар а, гомукъ кхоссар а, тIулган экъа кхоссар а, охьатохарх латар а.

Вайн зама тIекхачале 688-чу шарахь царна тIетоьхна буйнаш тухуш латар, ткъа тIаьхьо – нохчаша хьлха заманахь "хьоркуна" олуш хилла, говраш йоьжна, гIудалкхаш хахкар.

Амма къаьстина шена тIе тидам бохуьйтург ду Олимпин ловзарш кхин а даккхийчу даздарийн цхьа дакъа хилла хилар. Ширачу Грецехь хиллачу коьртачу спортан къийсадаларех олуш хилла берригэллинийн ловзарш. Уьш лаьтташ хилла 4 декъах, шайна юкъахь Олимпин а, Пифин а, Истмин а, Немин а ловзарш а долуш.

Хууш ма-хиллара, зударшна дихкина хилла Олимпин ловзаршкахь дакъалацар. Амма нийсонна тIегIерташ долчу грекийн Iедалша юкъадаьхна леррина зударша дакъа лоцуш долу ловзарш. Толам баьккхинчу зударшна луш хилла зайт-диттан генех дина кочар а, кхалла хIума а, ша аьлча жижиган дакъа.

Вайн заманахь 390-чу шарахь керстанан дин тIеэцначу римхоша и спортан къийсадаларш лерина хилла дуккха деланийн динан базар. Цундела 394-чу шарахь Риман императоро Феодосий Хьалхарчо дихкина Олимпин ловзарш. Вайна хууш ма-хиллара, кхин а 15 бIаьшо даьлча, 1896-чу шарахь дендина Олимпин ловзарш.

Лондонехь дIадаьхьначу Олимпин ловзаршкахь а бара дуккха а, шайна тIе тидам бохуьйтуш болу бIаьрла хиламаш. Царах бу хIорш.

Уггара дукха Лондонехь 2012-чу шарахь хиллачу Олимпиадехь мидалш яьхнарг вара Iамеркера некадархо Фелпс Майкл. Цо яьккхина 6 мидал. Царах 4 дашо ю.

4x400 м хийцалуш божарийн бовдаш дакъалоцуш волчу Iамеркан спортхочо Митчел Мантеос шен рагI чекхяьккхира, ког кагбина а болуш. Иза вара веаннах кхоалгIа водуш. Нагахь иза сецнехьара Iамеркан тоба юкъараера йолуш яра цу къовсадаларна. Амма Митчел, лагI а ца луш, чекхваллалц ведира, кагбелла ког а болуш.

Казахстанерчу спортхоша 6 дашо мидал яьккхира Лондонерчу Олимпиадехь. Даймахкахь дуьхьал баьхкинчу наха тIеийцира чемпионаш къоман турпалхой санна. Амма цхьаболу Казахстанера бахархой халахетна бу, царна юкъахь цхьа а казахийн къомах волу стаг ца хиларна.

Дашо мидал яккхарна Казахстанерчу спортхошна дала лерина ду 250 эзар доллар. Дато мидалх лур ду 150 эзар доллар, ткъа борзана мидал яьккхинчу спортхочунна лур долуш ду 75 эзар доллар. Амма ахча ца луш буьтур бац Казахстанан Iедалша 4-гIа а, 5-гIа а, 6-гIа а меттигаш яьхна болу шайн спортхой а.

Шайн махкахь турпалхо хилла таррех леташ толам баьккхина волу Венесуэлера Лимардо Рубен. Цу махкарчу спортхоша Олимпин ловзаршкахь толам баккхаза дара 40 сов шо. Венесуэлан президенто Чавес Угос дIакхайкхийнра Лимардо къоман турпалхо хилар. Лимардо ларар кхин а алсам делира цуьнгахьа доглозуш болчу нехан, иза ша толам баьккхинчулла тIаьхьа стадионера ша вехачу Олимпин эвла юкъарчу автобусан тIехь вахар бахьана долуш.

Оьрсийчура охьатохархлатархочо Воробьева Натальяс (72) дашо мидал яьккхинчул тIаьхьа, журналисташа хьан кумир мила ву аьлла, шега хаьттича элира, ша латарехь Сайтиев Бувайсарх тера хила лууш ю аьлла.

Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхара 16 долу дзюдох латархо Шахеркани Войдан хиджаб а йоьхна лууш яра къийсадаларшкахь дакъалаца. Амма Дуьненаюкъарчу Олимпин комитетаца цу хьокъехь барт бан аьтто ца белира цуьнан тренерийн. Делахь а, дихкина Iаьрша йовлакх а долу, юкъаяьлла Шахеркани ийшира шен хьалхарчу латарехь. Пуэрто-Рико-пачхьалкхарчу МохIика Мелиссас охаьтуьйхира иза 82 секунд ялале.

Къилба Африкерчу брасс кепехь некадеш чемпион хиллачу ван дерг Бург Кэмерона дIахьедар дира, нека дан дIаволалуш ша харцо йира, бакъо йоцучу кепара куьйгаш а тоьхна аьлла. И бахьана долуш цунна таIзар дан дезаш дара, дашо мидал дIа а йоккхуш. Амма суьдхоша тергал а ца деш дитира тIехь дог цIеначу Кэмерона дуьйцург, хи бухахь цо хIун лелийна ца хаа, амма шайна гина цхьа а гIалат дацара аьлла.

Кхин цхьа хIума а ду. Олимпин ловзаршка хьовсучу вайнахана юкъахь наггахь а хир вацара, дега къоргенехь ма хаза хир дара, нагахь цигахь шайн байракхашна къеллахь, шайн тоба а йолуш, шайн меттиг а йолуш дакъа лоцуш нохчийн Олимпин тоба хилча аьлла, ойла ца кхоллаелла.

Дукхачарна хууш хир дац, и сатийсам кхочуш бан цхьана хенахь арабевлла лелла нах хиларх лаьцна. Царна хьалха ваьлла хилла ву кху программехь дакъалоцуш волу нохчех уггара хьалха Советан пачхьалкхан чемпион хилла волу Бадалов Руслан. Иза хIинца а дог диллина вац цу гIуллакхах. ТIейогIучу хенахь, кхечу къаьмнийн санна, шен олимпин комитет кхолла а, иза Дуьненюкъарчу Олимпин комитетан дакъа хилийта а аьтто хиларе сатесна ву ша бохуш, вара Бадалов Руслан.

Бадалов Руслан: «Вайн 1992-чу шарахь кхоьллина Олимпин комитет яра. Иза кхолла а кхоьллина, кхайкха а дина ца Iийра тхо. Шозза Швейцари а дахана лийлира тхо (цуьнан бох дIанисбан). Мичара долу ца хууш шайн уставехь политикан агIо юкъаяьккхир-кх цара, йозуш йоцуш ю аьлла, къобул йина йоцу пачхьалкх юкъаяхийта йиш яц аьлла.

ТIейогIучу заманахь муьххачу а хенахь иза хьалаайа йиш йолуш ду. Хьоле хаьжжина, Оьрсийчохь болчарна лууш ца хилча, хIинца иза дан чIогIа хала хир ду. Амма вайн къоманна йогIуш-м яра и агIо а».

РогIера 2016-чу шеран XXXI Олимпин ловзарш хила дезаш ду Бразилин коьртачу гIалахь Рио-де-Жанейрохь. 4 шо даьлча керла Оимпин чемпионаш бевр бу вайнахана юкъахь аьлла, сатуьйсийла юсуш ю вайгахь хIорангахь а.
XS
SM
MD
LG