Италерачу L'Espresso газетано чIагIдарехь, хIинцале а 400 эзар оьрсий ву Лондонехь вехаш, и гIала шайн дола яккха уьш дагахь болчуха сурт а хIоттадеш.
Царна юккъехь, мел кIезга а, пхийттех ву миллиардашкахь таронаш йолу олигарх. Шех меттигерачу бахархоша а, журналисташа а Лондонград олучу британхойн коьртачу гIалахь массо а маьIIехь а хеза оьрсийн мотт, бохуш яздо журналисташа.
„Оьрсийн – доттагIий бац, амма уьш мостагIий а бац. Церан цхьа гIайгIа ю – ахча даккхар. Церан бераш тоьллачу университеташкахь доьшуш ду, церан зударий исбаьхьалла езаш бу. Уггаре а тоьллачу туьканашкахь буьйцуш бу оьрсийн мотт. Ткъа кIирандийнан Iуьйранна оьрсийн ортодоксийн килсана хьалхахь ягарйина ца валлал дукха Феррариший, Мерседесаший хуьлу дIахIитайой“, - бохуш яздо газетано шен агIонашкахь.
Цу наханана юккъехь Путинна дуьхьал хилар я цуьнгахь хилар мехала а дац, бохуш чIагIдо цара. Коьртаниг – ахча даккхар. Темзи тIера Москох, Жима Оьрсийчоь, Лондонград- цу гIалин цIе мухха а яккхахь а, цунах таронечу оьрсашна елсамане хилла, бохуш.
Оьрсийн олигархаш багарбеш, журналисташа хьахаво Березовский Борис, Путин Владимиран коьртачех мостагI, даханчу бIешеран девзткъе итталгIачу шерашкахь доза доцу бахамаш вовшахтоьхна волу. Ткъа иштта Ельцин Iедалехь волчу муьрехь цIеххьана миллиардашка кхаьчна волу Абрамович Роман а.
Бакъду, Березовский санна Кремлана дуьхьал а ца волуш, говзачу Абрамовичах Путинан стаг хилла, цуо шега аьл-аьлларг а деш, бохуш яздо газетано кхин дIа а. Иштта таронечу оьрсашна юккъехь хьахабо олигархаш Потанин Владимир а, Бородин Андрей а.
„Церан массеран а цхьа юкъара дакъа ду- уьш Лондонехь дIатарбелла хиларо церан инзаре баккхий бахамаш ларбо, цу бахамийн гаранти ю церан Ингалс-махкахь бехаш хилар. Коьртаниг – уьш Оьрсийчохь бехаш бац, политикана юккъе гIерташ а бац, цундела царна Путинас муьлхачу а цхьана бахьана бекхам бийр хиларна кхерам бац“, - яьлла тешна бу зорбан гIирс.
И нах Ингалс-махкахь бехаш хиларан кхин цхьаъ, уггаре а коьрта бахьана ду, журналисташна хетарехь, - ког-когах кхета, Путинна уьш гамлахь, я царна дуьхьала Оьрсийчохь зуламан гIуллакх схьаделлахь, уьш Оьрсийчу дIалур бац ингалсхойн юстицино, Оьсрийчуьрчунах шен бакъонашна тIехь хиларца къаьсташ йолчу.
Ткъа меттигера адвокаташ хIумаъ цу кепара оьрсий Лондонехь дIагулбарх вас хилла бац - цара миллионашкахь гонорараш йоху я оьрсийн пачхьалкхаца я шаьш вовшашца девнехь болчу керлачу оьрсашкара.