Курскан кӀоштахь Украинан эскарша тIелатар дина ши кIира сов хан йолчу заманчохь, йуккъехула хIокху 25 шарахь ворхIолгIа Нохчийчу веара Путин Владимир. Цхьана дийнахь кхаа республикехь хилира мехкан куьйгалхо, амма Кадыров Рамзанца хилла цхьаьнакхетар шатайпа нисделлераа, тидам хилира Кавказ.Реалии сайто къамел динчу эксперташа дийцарехь.
Къайлаха вар
Путин Владимир Къилбаседа Кавказехула турне вахара марсхьокху-беттан 20-чу дийнахь - цхьана дийнахь кхаа регионехь хилира иза. ГӀебартойн-Балкхаройчохь цунна гайтира Iежийн хьийкъар, ткъа Къилбаседа ХIирийчохь хилира пачхьалкхан куьйгалхо хIокху 20 шарчхохь дуьххьара террорхоша дIалаьцна хиллачу номер 1 йолчу Бесланера школан спортзал чохь.
Цкъа а ца хиллачу кепара некъаш дӀакъовлар бахьана долуш, республикера бахархойн шеконаш йара президент вогIуш хила там бара бохуш. Дукха хьолахь меттигера бахархой цунах цец ца бовлу: Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан, йа цуьнан берийн машенийн ковра йогIуш некъаш къовлар – Iадат хилла даьлла мехкан бахархошна. Хетарехь, КадыровгӀеран дай баьхначу Ахмат-Юьртара Соьлжа-ГIала кхаччалц 54 чаккхарма бен йоцчу жимчу республикехь эха сохьтехь некъ къевлина битича тоаме хир дара. Амма коьрта некъ дӀакъевлина латтабо йуккъерчу барамехь аьлча, цхьана сахьтехь эха сахьтехь. Ткъа кхечу некъа тIехула ваха-ван а аьтто болуш ца хуьлу.
Шинарин сарахь Кадыров а, цуьнан свита а чекхъяларе сатуьйсуш, республика дIатийна хилар гучуделира, хӀунда аьлча, республикехь дIатарбина болу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а, тӀеман дакъойн а массо белхахой арабехира, ур-атталла мукъа хан эцна чохь сецнарш а цхьаьна.
Цхьаъ вогIучу хенахь оха берашна а цхьана ца магадо корах арахьийсар, цхьана Iовдало герз кхосахь а
Меттигерчу бахархошна йукъара тхан редакцица къамел динчу цхьаболчарна йуьхьанца моьттинера, Нохчийчоьнан хилла президент а, хӀинцалерчу куьйгалхочун да а волу Кадыров Ахьмад винчу марсхьокху-беттан 23-чу денна кечам бан буьйлабелла аьлла. И терахь доцург, республикехь шуьйра даздеш ду кхин цхьа де а – гIадужу-беттан 5-чу дийнахь даздеш долу Соьлж-ГӀалин де ду. И терахь цхьана а кепара доьзна дац Соьлжа-гӀалица, йа гӀала гучуйаларца – и доьзна ду Кадыров Рамзан винчу денца.
Джалкхера йахархочо редакцига ма-дийццара, марсхьокху-беттан 20-чу сарахь тидам бира цо, Гуьмсера Кадыровн резиденцехь хьеший тӀеоьцучу хенахь хуьлчул а дукха ницкъахой лаьтташ хиларан некъаца. Соьлжа-ГӀаларчу аэропортера Ахмат-Юьртара Кадыров Рамзанан хӀусаме боьдучу новкъахь (60 чаккхарма сов йу), хӀора 50 метр дӀайаьлча чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан белхахой бара дIахIиттийна. Путин дӀасавига леринчу некъаца масийттазза талламаш бира ФСБ-н белхахоша дийнахь-буса. Куьйгалла дийриш нохчийн белхахой а боцуш, Москвара "хьеший" бара.
Тхоьца къамел динчо хаьттина хиллера ницкъахошка, хIун хилла аьлла. Шога жоп делла хиллера цунна, цхьана шина сахьтехь кертара ара а ма йала, некъана гергга йанне а ма йола аьлла.
"Ишта хIума нисделча оха тхешан берашна а ца магадо корах арахьажар, цхьана Iовало герз тохахь а. ТIаьхьо хиира, цара ларвийриг мила вара а, оццул дукха машенаш улло йаьхна, цара дIасалелийнарг мила вара а", - дийцира Джалкхера йахархочо.
Республикан куьйгалхочун а, Ӏедалан а администрацин белхахочо Кавказ.Реалии сайте бинчу хаамца, президент Путин Нохчийчу вахарх лаьцна информаци къайлайаьхьна йара. Цо бахарехь, мехкан куьйгалхо схьакхачар хууш дацара йа цунна а, йа цунна администрацера бевзачу кхечарна а. Дукха хьолахь, коьртачу шахьарера хьеший богIуш хиларх царна тусало Москвара хьеший дукха чубахкарца. Уьш а къайлахьо, цхьа леррина структура йу олий, "Грозный-Сити" гIишлон цхьахйолчу гIат тIехь "Спецсвязь" олий кехат тIе а тухий.
Стенна оьшу Путинна Кадыров?
ХӀара ворхӀалгӀа Нохчийчу визит йу Путинан, иза а Ӏедалан коьрте хIоттинчу йоллу хеначохь. ХIинца республике веача, президенто дӀакхайкхийра Кадыровца доттагӀаллин йукъаметтигаш йу шен аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанас Айманин шен кӀантана мел динчунна баркаллица жоп луш, Путина элира: "ХӀара нийса хӀума ду, иштта хила а деза доттагӀашна йукъахь, даима вовшашна гӀортор йан йеза вай".
Ткъа цуьнан республике вар а боккъал а доттагӀаллин некъ санна хетара. Кадыровс Путинна гайтира шен бераш а, йуккъерчу кӀентан Адаман герз тохаран говзалла а, цхьаьна Кадыров Ахьмадан коша тӀе а баьхкира уьш, цул тӀаьхьа Кадыровн нена а, хӀусамнена а йолчу хьошалгӀа бахара. Нохчийчоьнан куьйгалхочо гайтира президентана иза схьакхачале цхьа де хьалха схьадиллина керла маьждиг а, Путинан цӀарах йолчу Соьлжа-гӀалин керлачу кӀоштан макет а. Кхечу хӀуманашца цхьаьна президентана йелира "Нохчийн сийлахь вахархо" цӀе а, КъорIан а кховдийра - Путина барт баьккхира цунна а.
Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Нохчийчуьрчу политолого Митришев Тимура (кхерамазаллин бахьанашца фамили хийцина) элира, Путинан Нохчийчу вар Къилбаседа ХӀирийчу а, ГӀебарта-Балкхаройчу а вахарх къаьсташ ду аьлла.
Москван протежен доьзална а, республикин бахархошна а йукъахь - йоккха херо йу
Экспертана хетарехь, Путинан Ӏедалан вертикалан агӀор уггаре а эвсаре регионан куьйгалхо ву Кадыров Рамзан. Шен Кремлера долахочун лаам хьалххе дуьйна хаа а хууш, сил къиза шен къам хьийзор долуш кхин нохчо хир велахь тамаш бу, аьлла хета политологна.
"Оцу маьӀнехь, элас шен вассалан мах мел бу а хууш, хадабо. Ткъа и йукъаметтигийн формат а йогӀуш йу Путинан империн пачхьалкхан модельца, ма-дарра аьлча, иза мафин корпорацин йу. И тIечIагIдира суна, Кадыровн доьзална Путина йинчу тергонца а, политикех цхьана а кепара кхеташ йоцчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанас а, хӀусамнанас Оьрсийчоьнан президентан леларан йинчу реакцино", - элира Митришевс.
Айманис а, Кадыровн хӀусамнанас Меднис а баркалла элира пачхьалкхан куьйгалхочунна деккъа цхьана "доьзална гӀо дарна а, цуьнан гӀайгӀа барна а". Царах цхьаммо а пайда ца ийцира "республика", йа "халкъ" бохучу дешнех. Экспертана хетарехь, оцу церан леларо уггаре а дика гойтуш ду, и "къинхетам" нохчийн халкъаца цхьа а уьйр йоцуш хилар а, Москварчу протежен доьзална а, республикера бахархошна а йукъахь - йоккха херо хилар а.
Кхин а цхьа Iалашо билгалйаьккхира политолого президент Нохчийчу варехь, - динан-пропагандистан. Республикехула Кремло сигнал йохьуьйту йиссинчу регионашна а, Оьрсийчуьра бусалбашна а. Уьш тахана Iаламат чIогIа оьшуш бу Москвана, Украинана дуьхьал тIом бечу йукъанна.
"Пачхьалкхана шу гуш ду, шун пусар до, шуьца ларам бу, ала хьийза. Цигахь Путина уба йаьккхира КъорIанах, дIогахь палестинхошкахьа "волу". Амма Москвахь маьждиг дарна дуьхьал дуккха а нах гулбаларна, йаккхийчу гӀаланашкахь оццу бусалба нахана йеттарна, уьш сийсазбарна, тIаме баха сиха боцчу националисташа, цунна Путин бехке вац", - боху Митришевс.
Путинан Нохчийчу лестар
Дуьххьара Нохчийчу веара Путин Владимир, хӀетахь Оьрсийчоьнан премьер-министр вара иза, республикехь шолгӀа тӀом боьдуш, 1999-чу шарахь гIадужу-беттан 20-чу дийнахь. ХIетахь цо теллира тӀемаш боьлхучу меттигна гергахь дӀахӀиттийна тӀеман дакъош.
1999-чу шеран гIуран-беттан 31-чу буса Гуьмсе веара Путин Владимир Оьрсийчоьнан эскархой декъалбан а, царна совгӀаташ дала а. 18 шо даьллачул тIаьхьа цо дийцира, ша тохаршна кIел нисваларх, Керлачу шеран салют йу моьттуш галваьлла. Президентан декхарш кхочушдийриг тIехь волу беракема охьахаон ницкъ кхечира, цул а масех сахьт хьалха Ельцин Бориса дIакхайкхийра, ша дарж охьадуьллуш хиларх.
КхоалгӀа визит хилира 2000-чу шеран зазадокху-беттан 20-чу дийнахь. ХIетахь Су-27УБ тӀеман кеманан урхалло деш вара Путин шолгIа пилот санна, Соьлжа-гӀаларчу "Северный" аэродромехь охьахиира кема. Цигахь иза вертолет тӀе а хиъна, Ханкаларчу тӀеман базе вахара, цигахь дакъалецира 98-чу Костроман дивизин 331-чу полкан гуттаренна а дислокаци йинчу Кострома новкъабохуш.
2004-чу шарахь марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнан президент Нохчийчу кхечира Соьлжа-ГIаларчу стадионехь йоьдучу парадехь хиллачу эккхийтарехь да вийначу Кадыров Рамзанан догэца. Карарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун да верна ФСБ-н белхахой дакъалаьцна хила мега бохучух лаьцна верси йу. Нохчийчоьнан куьйгалхочун да верна къайлахчу сервисийн белхахойгунахь хила тарло боху верси йу лелаш.
Цул тӀаьхьа Путин тIеийцира Нохчийчохь 2005-чу шеран гIуран-беттан 12-чу дийнахь меттигерчу парламентан керла кхайкхам болалуш, цул тӀаьхьа 2011-чу шарахь. Цул тӀаьхьа премьер-министр Путин веара Соьлжа-ГӀалин де а, Кадыров вина де а даздан.
Цу кепара, марсхьокху-беттан 20-чу дийнахь тӀаьххьара, Путинан ворхIолгIа официалехь визит хилира Нохчийчу. Адвокато а, бакъонашларъярхочо а Янгулбаев Абубакара редакцица динчу къамелехь мукӀарло дира, шена президентан Нохчийчу варехь символан бахьана доцург кхин цхьа а бахьана гуш дац аьлла.
"Суна хетарехь, пачхьалкхехула оцу кепара дIасалела Путин, пачхьалкхан бахархошна "кхерамзалла" йу аьлла, дIагайта Iалашонца, ткъа цуьнан Кавказе варо тоьшалла до, доза цуьнан куьйга кIел хиларан. Иштта делахь, хаттар хIутту: стенна оьшу Путинна Нохчийчоь, стенна ца воьду иза Курске? Мел а пайде хир дара цига ваханехь, доза доцу, даггара доцу Кадыров Рамзанан хьеставаларе ладоьгIучул а", - аьлла хета Янгулбаевна.
Цунна хетарехь, и визит Курскан агӀор Кадыровн дакъоша шайгара йалийтинчу ледарлонца доза тарлора халла. Амма кхузахь а дац Кадыровн ма-дарра жоьпалла, хӀунда аьлча, шен регионан цIарах иза тӀеман коьрта менеджер хиларе терра, оцу конфликтана дерриг а деш ду цо, низамехь доцуш набахтешкара нах тIамтIе а хьийсош, меттигерчу бахархойн коьрта бакъонаш а, маршонаш а йохош.
Украинхойн стратегин коммуникацийн, информацин кхерамзаллин центран экспертна Майоров Максимна хетарехь, Оьрсийчоьнан президенто Къилбаседа Кавказна тӀе тидам бахийтар бахьана хила мега, тӀом болчу хенахь кхуьуш йолу проблемаш регионехь стабилалла хиларх тешна хилар бахьана долуш.
"ХӀаъ, бакъдерг аьлча, Путинан ира проблема ю эшамаш йухабузар а, салтийн къоьлла а. Оцу хаттарехь Къилбаседа Кавказах тешна Iойла дуй цуьнан? Иза экономиках хьакъалуш хилла ца Ӏаш, кхечу тӀеман халонех а хьакхалуш ду. Нохчийчоь юьхьанца дуьйна а йара шатайпачу хьолехь, дукхьа хьолахь Кадыровн а, "Ахматан" дакъойна а пиар бахьана долуш. Ткъа хетарехь, кхин доккхачу хIуманна Оьрсийчоьнан Нохчийчоь кийча йац. Массарна а гуш кадыровхоша бакъ дина шаьш хIумана гунахь цахилар", - аьлла хета украинхойн экспертана Майоровна.
Къамелхочо тӀетуьйхира, Къилбаседа Кавказе йухайаьхкина шира проблемаш аьлла. Уьш йу динан буха тIехь ницкъбар, лелон магон, ца магон духарх лаьцна дийцарш дар. "Путинан сингаттам, муххале а, Кавказера кхин а эскархой хьовсор бац, амма бу Кавказехь гIаттам ца хилийта хьажар", - дерзийра цо.
- Z-блогераш бехкейира "Ахмат" салтийн баккъаш тIехьа лечкъарна, Курскан кIоштахь ВСУ-но тIелатар дале хьалха а.
- Курскан кIоштахь тIеман ницкъаша операци йолийчхьана Оьрсийчоьнан эскаран коьрта спикер хилла дӀахӀоьттина "Ахмат" олучу лерринчу ницкъийн буьйранча Алаудинов Апти, шен дӀахьедаршкахь бIостаналлаш йоллушехь. Муха хийцайелира Алаудиновн риторика, хӀунда хилла цунах тӀеман министраллан коьрта официалан спикер - йаздо Кавказ.Реалии сайтан материалехь.
- Оьрсийчоьнан эскаран 488-чу мототоьпан полкан 100 сов оьрсийн эскархо каравахна Курскан кӀоштарчу Украинан тӀеман ницкъашна, Нохчийчуьра эскархойн заградотрядаша тIе герз детта долийча. Британерчу Sky News телеканала эфирехь дӀахьедина цунах лаьцна тӀеман аналисто а, Паччахьан тӀеман Ӏилманийн институтан директор хиллачу Кларк Майкла а. Цо дийцарехь, 488-чу полкан салтий, Украинан эскарийн доккхачу декъана дуьхьал нисбеллачул тIаьхьа кӀелхьара бовла гӀоьртинера бевдда. Цул тӀаьхьа Украинан тIеман ницкъашна йийсаре бахара уьш.
- Курскан кIоштара нах арабаьхначу Глушково йуьртара телефонаш йухкучу туьканахь къола дина шина эскархочо - царех цхьаъ Росгвардин белхахо хилар гучудаьлла. Оцу структури йукъахь йу формалехь Курскана гергарчу позицешка хьажийна "Ахмат" спецназ. Бехкечарна таIзар де бохуш тIамехьа болу блогерш хилла ца Iа, ишта кхайкхам бина официалан наха а.
- Чиллан-беттан 20-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дӀакхайкхийра Гуьмсехь йолчу Оьрсийчоьнан спецназан университетана Путинан цӀе тилла сацам хилла аьлла. Соьлжа-ГӀалахь 2008-чу шарахь дуьйна йу Путин Владимиран проспект – и цӀе а тиллина цунна Кадыровс.